http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дашо туьйранаш Печать Email

Шамин Альбика

 

СТОГАЛЛИН Х1У

 

Хесахь, жим-жимма

Харш а доккхий,

Тосу-кх массо

Х1уманан х1у.

Делан беркат,

Цуьнан лаамца,

Хир ду къахьегахь

Массо а х1ух.

 

Стогалла массарна

Ца кхочу,

Г1ертарх ц1арца

Дезарш дан.

 

Массо а хоршахь

Х1у а ца долу

Ойла ц1ена

Яцахь хьан.

 

 

Г1АЙГ1А

 

1аьржачу буьйсанал 1аьржа

Садууш, т1ееа г1айг1а.

Беттасин б1аьра а хьаьжна,

Со г1ерта и хьао сайха.

 

1уьйрана кертара тхишлахь

Т1адабеш берзина ког,

Лаьар-кха, эрна дуй хуъушехь,

Зезаге сайн дог а далхо.

 

Ломара шовда шал-шийла,

Мазал а маьрзаниг ирс –

И ший а лаьар-кха мийла,

Д1айоккхуш кийрара йис.

 

 

БЕЗАМАН

Г1АЛА

 

Ц1арула ц1ийелла йогуш,

Хаза ю аьхкенан суьйре.

Чекхдаьлла дийнах дерг огуш,

Бакъдолчу кхиэле цо дуьллу.

 

Къоначохь ас йина ойла,

Доь дайна, яьгна, д1аяьлла.

Безамна йоьттина г1ала,

Бух боцуш, йохийна яьлла.

 

Вайшиннан безаман г1ала

Вайшиннан дегнашкахь еги.

Дош доцуш кхин вовше ала,

Иэгадеш шелдели к1еги.

 

 

ИРСАХ ЛАЬЦНА ИЛЛИ

 

Нанас дийцина

Дашо туьйранаш,

Замано хийцина

Генна ду д1ахьош.

 

Буха ца дисина

Ирсах илли бен,

Пхенашкахь ц1ий чехош,

Ц1арца кхирстина.

 

Ирсах хьаьгна сан

Дог ца 1абало,

Дашо туьйранаш

Юха ца дерзало.

 

 

САН ДЕГАН ПОНДАР

 

Бераллехь дуьйна а безна

1адхьокху пондаран мерзаш.

Хетало, дайшкара хезна

Долчунна цо х1оттош терза.

 

1адхьокху пондаро гойту,

Яхначу заманан лар.

Дагера г1айг1а а йойу,

Теш эшац цунна жам1 дан.

 

Бекахьа сан деган пондар,

Аьхначу мукъамца хьайн.

Шен дагах ц1елетта вог1ург,

1абавеш ирсаха цкъа.

 

 

САХЬИЙЗАДО ДОГ

 

Ма ч1ог1а язъели ойла.

Ма ч1ог1а дуткъадели дог.

Г1айг1анан пардо т1етесна,

Азалле цо етта ног.

 

Къежъелла, къежъелла ели

Хьан дашо хилла месаш.

Кийрара сингаттам к1айбели,

Идийна дахаран мехаш.

 

Ах б1е шо дахаран чекхдели,

Йисна хан хаац ю маьлла.

Таьлсаш сайн къинойх ца дуьзи,

Саг1анех хир юй-те ял а?

 

Дуьненахь цхьалха ма йисна,

Синтеме со лацалац.

Кхаьрдара яц сайн некъийн ачах,

Сайн дикан теш лоьхур вац.

 

 

ЗАМАНАН УРЧАКХ…

 

Д1аоьху шераш, гуо туьйсуш,

Хилларш а д1аидош вайн:

Г1айг1анан уьйриг бу хьийзаш,

Бералле кхачош шен тай.

 

Дагаоьху тхайн жимчу учахь,

Латайой пешара ц1е,

Нанаса доттура кхерчахь

Мохь тоьхна мижаргаш ц1ен.

 

Тхо гуллой уйчахь ма 1ара,

Сенин кор диллина схьа.

Ч1ег1ардиг уча а дог1ура,

Б1аьра а хьоьжура тхан.

 

Ма хаза хилла и зама:

Бералла, нана йолуш схьа…

Х1инца-м со-суо ю учахь,

Заманан урчакх карахь.

 

 

Б1АЬСТЕНАН ЛО

 

Йолучу б1аьстенна

Х1уьттаренна ва санна,

Лайн чимаш стиглара

1енара сийсара.

 

Ткъа буьйса-м д1айижна

Ков-керт а дижна,

Маьршачу лаьтта т1ехь

Ойла а сан йижна.

 

Уьйт1арчу болла т1е

Латийна к1айн заза,

Доллучух цецдаьлла,

Лайн к1елахь дисна.

 

 

Б1АЬСТЕ

 

Дитташ т1ехь г1а хеца доьлла,

Шаптал т1е ц1ен заза даьлла.

Делахь а йог1учу б1аьстенах,

Х1инца а шело-м ца къаьстина.

 

Де дог1у – сирла малх кхетта,

Шолг1а де – дог1анца доьлху.

Х1етте а б1аьстено сан дагна

Тем ца бо, мелла а хьаьстина,

Шийлачу хьунах къастийна.

 

МА К1ЕЗЗИГ ДЕХА ВАЙ...

 

Ма к1еззиг деха вай,

Дуьненахь деха.

Кхерч ваьшна бог1але,

Бохбина балале

Беркате доьзал

Иманехь кхиале,

Ма к1еззиг деха вай,

Дуьненахь деха.

 

Х1етте а денна вай

Г1айг1анаш уьйзу т1е,

Дуьненан рицкъанаш,

Уьйуш цу эхарте.

 

Вай стенна лехьадо

Ца оьшу бахамаш,

Бахьанца летадеш

Мор буззий къинош?

 

Ма к1еззиг деха вай,

Ма к1еззиг деха,

Доьху Хьоь, Дела,

Къинхетам бехьа.

 

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.