http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Мизан терза диц а дой Печать Email

Солтаматова Иман

 

ДIАЯХА ГIАРАГIУЛЕШ

 

Юха а г1араг1улеш

къилбехьа йоьлху,

Аьхкенах йисина

йовхо д1ахьош.

Цхьа г1ийла ойланаш

сан коьрте оьху,

Г1ийлачу г1айг1ано

кийра бакъош.

 

Хин к1орге д1абоьду

ч1ераха терра,

Цхьа генна паналле

д1аяха уьш.

Царна т1аьхьа сан б1аьрса

х1ун аьлла сецна,

Юй-теша кхолламо

тахна со зуьйш.

 

 

НОХЧИЙЧОЬ

 

Беза суна Нана-мохк,

Еза суна Нохчийчоь –

 

Хьуьнхахь дека

Олхазарш,

 

Генара зевне

Пондаран аз,

 

1аьнарлахь г1уьтту

1уьйренаш.

 

Хьоьжу, б1аьрго

Схьа ма лоццу,

 

Хьан бос сийна

Арене.

 

Г1араг1улешка

Маршала а хоттуш,

 

Куьг ластадо

Дуьнене.

 

Сан маршалла

Ду хьоьга,

 

Кхуьуш йог1у

Нохчийчоь!

 

Сан са ду хьо ,

Деган мерз а,

 

Сан дай баьхна

Нохчийчоь!

 

 

ДОЦА ДУ ДАХАР...

 

Маржа я1, доца ду дахар,

Ойла еш хийла 1а со.

Аганара доьссина довлале,

Кера 1аса кховдайо цо.

 

Адамийн амалаш йовззалц

Цхьа жиммаъ собар ца до.

Жималло, сонталло айадой,

Бух боцчу 1ина йисте хьо.

 

Хьийзадой, ловзадой т1аьххьара

Къаналле цо кхачадо.

Дуьненах 1ехалой лела вай

Эхартана ойла ца йо.

 

Г1ийланиг, мисканиг д1атоттий

Хьолаха вай эла во.

Мизан терза диц а дой лела вай,

Къинах а таьлсаш юзу вайн.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.