Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


"Шовдана йистехь" Яралиев Юсупан цхььана гуларах ойланаш Печать Email

Абубакарова ПетIамат

(Дагалецамийн эссе)

 

УьтталгIачу классехь доьшуш яра со хIетахь, 1989 шарахь, суна Дидигов Билухьаьжин (Дала декъалвойла иза) мукъамаш безалучу хенахь. Ткъа цу башхачу мукъамаш тIехь олу дешнаш ша-шах дагахь дуьсура: «Суьйре йоцург накъост воцуш, Со ган лууш, со ца вогIуш, Сагатдеш хьо ю, ма боху, Къайлах даккхий синош дохуш…», «Дайх ала дош доцуш, Даймахкахь каш доцуш, Дала ма лайла вай, кIентий», «Йоккха стаг, хьо дийна юй-те? Йоккха стаг, хьо могуш юй-те? Мацах ахь аьлла дешнаш Тахана сан новкъахь эшна…», «Буйннал бен йоцу, хIай, сан Нохчийчоь, Сиркхонийн мох хьоькху хьан деган кхерчахь. Осала некъаш ду хьан некъах хьерчаш, Доьналлин юьхь йина сан Нохчийчоь!..», «Ас сайн ойла, Iехаелла, хьан эшарех тешийнехь, Бехк ма била: ойла тилла хилла хьуна со хIетахь…», «Бакъ ду хьуна, хьоьга са ас тийсина…» … иштта кхидIа а.

Мукъам хаза хилла ца Iаш, дагах чекхболуш бара цу иллийн хIора могIа, цкъа ла ма-доьггIинехь иэсехь буьсуш. Хаддаза ла а доьгIура ас цу иллешка кийрара са, цкъа тIома долуш, тIаккха гIайгIане дужуш. И иллеш тIехь долу экъа а яра сан чIогIа ларъеш, лерина Iалашъеш лелош.

Со байташ язъеш хиллехь а, хIетахь со тIаьхьа ца кхиира, Билухьаьжас дIаолучу цу иллийн дешнийн автор мила ву…

Дезткъе уьтталгIачу шерашкахь гIала деша охьаяхча, цхьана киоскехь нисъелира суна элтара басахь йолчу мужалта тIехь диллина ламанийн чхаран тIулгех бухдуьйлучу сирлачу шовданна кIел хаьрцинчу кIудалан сурт долу жима жайна. «Шовданехь суьйре» яра жайнин цIе. Ткъа авторан цIе – Юсуп Яралиев.

Дагна хьоме мукъамаш тIехь даьхна долу дешнаш кху тIехь карийра суна! Езткъе еа агIонах лаьтташ йолу и жима гулар, мехала деза жайна дина, сайн тIоьрмиг чохь къайлаяьккхира ас. Суна моьттура, иза сайгара дIаяккха шаверг а тIаьхьа вер ву. Iаламат чIогIа дукхаезара суна нохчийн литература, къаьсттина поэзи. Сан дахарехь суна дуьххьара бевзинчу шатайпанчу яздархойх вара поэт Яралиев Юсуп.

ХIинццалц кара мел йогIу киншка, цкъа уггар хьалха Ленинах я Октябран байракхах хастаман ода ца хилча, йола а ца лора.

Ткъа кхуьнан дуьххьара араяьллачу киншки юкъа яхана байташ «Дарц» стихотвореница йолалуш яра. Иза ша-тайпа символически маьIна долуш гора.

 

Дарц дара. Тен ца туьйш,

юткъа шок етташ,

БIаьрг белла ца вуьтуш,

юьхь тIе даш детташ,

Буьрсачу цу дорцо со бIарзвинера,

Са кхачо гIерташ, цо гIаддайъинера.

Къарлой ма гайталахь

шена хьо, бохуш,

Зевнечу шен озехь луш суна гIора,

Сел холчахIоьттина со йохье вохуш,

Малх санна, цу дорцехь

сан кхане гора!

СССР-пачхьалкх йоха кечъеллачу муьран юьхь ю иза. Дорцана дуьхьала лаьтташ ву лирически турпалхо, иза кийча ву хила тарлучу бохамашна дуьхьал латта а.

«Буьрсачу цу дорцо… са кхачо гIерташ» бIарзвина, иза-тешна ву малх санна хинйолчу кханенах.

Дукхе-дукха трагически хиламаш хьаьлхира цул тIаьхьа йоккхачу пачхьалкхе, къаьсттина Нохчийчу. Дорцан юьхь ира хааелира башха похIма долчу поэтана а. Кегаделлачу дахарх ойланаш яра поэта йийраш шен дуьххьара араяьллачу стихийн гуларехь.

И киншка тишъяллалц ешначул тIаьхьа, сан библиотекехь ханна тапъаьлла тийра. Цул тIаьхьа тIемаша, бохамаша бIарздина уьдучу адаман дахарера лирически жанр къайлаелира, прозин луьра бакъдерг туьйлира. Массо а кхетам болу стаг воьхна вара, хиндолучух ца кхеташ.

Дуьненан йолхалгIа дакъа хилла лаьттина Советийн мохк буьйхира. Нохчийчоь тIемаша этира, дуккха а адам хIаллак а хилира.

Дарц дIатийра… Мелла а дIатийра. Дендала дуьйлира дахар а, цхьацца бахьанашца. Юха а кхоллараллин цхьаьнакхетарш. Юха а поэзин агIонаш. Керла лехамаш. Керла хьежамаш а. Керла талламаш а.

Дуккха а зама яьллачул тIаьхьа, со юхайоьрзу синна тIеIаткъам бинчу поэтан кхоллараллехьа, ас юх-юха а йоьшу цуьнан байташ. БIарлагIа санна карладолу дIа мел даханарг, къомо лайнарг, амма тIеман кIуьрлара довла Iеминчу сирлачу иллеша дегайовхо кхуллу, дахар кхин дIа а лаьттарг хиларх.

Яралиев Юсупан байташ авторал дуккха а хьалха евзинчу суна чIогIа аттта ду цуьнан стихех тахана дуьззина дош ала. Халахеташ дерг ду цуьнан хIинццалц и цхьа гулар бен араяьлла цахилар.

Шен цIе а, шен кхолларалла а йовзийта гIерташ мохь беттачарех вац Яралиев. Поэтан коьрта Iалашо ю кху дуьненахь цIена вахар, бакъдерг лехар, харцонца къийсар.

«Шовданехь суьйре» гуларна юкъаяхана стихаш билгалйовлу тематикин шораллица; философин лехамаш, даймахках, безамах, Iер-дахарах ойланаш ехкина поэта ешархочун кхеле. Стихийн хIоттор а ду, классически барамашна тIера верлибрана тIекхаччалц, паргIатчу кепехь а, еша аттачу хотIехь а нисдина. Муьлхха байт схьаэцча, иза маьIнех юьзна а, васташ исбаьхьа-говза долуш а карайо.

Хьовсур вай цхьайолчу байташка.

Алаза дисинарг деши ду,

Къаноша баьхна.

Сан деган тIорказахь

И бахам гулбелла дукха.

Хьех-мерх и чекхбаьлла.

ТIехйина наб санна, хьаьхна.

Дешан ницкъ, олхазар,

Ваккха со цу хьолах мукъа.

ХIокху байташкахь авторо ловзайо халкъан кхетамехь кхиъна афоризм: алаза дисинарг – деши ду. Халкъо боху, аьлла даьлла дош аьллачун долара долу; и дош хьекъале делахь-м, дика ду, амма дош сихаллехь аьллехь, иза сонталла ю.

Стаг дохковоккху сихвелла аьллачу дашо, дагахьбаллам бо. Цундела олучу дашехь собаре хила веза стаг, алаза дисина дош дешин меха ду. Халкъо бечу хьехамна ванне а дуьхьал вац поэт, амма цунна ницкъ бо кийрахь гIуьттучу тIам сийначу ойланаша-олхазарша, бIаьрахьалха хIуьттучу исбаьхьчу васташа. Уьш ма-дарра адамана дIагайта цо коьртехь луьттучу дешнийн архаша къуьйлу экам са.

Дош, иза дашо делахь муххале а, маьршадала гIерта, орца доьхуш иллин даше! Дашочу дешан ницкъ бу поэта шен «деган тIорказахь» гулбелла бохург.

Метафора «дешан ницкъ – олхазар», эпитет «деган тIоркIазахь», дустар «тIехйина наб санна», фразеологизм «хьех-мерх» – и ша дерриг халкъан дахарера схьаэцна васташ а, аларш а ду.

Поэт, стиглара охьавоьссина а воцуш, халкъана гергара, могIарера вахархо хилар а гучудолу ешархошна, и байташ ешча.

Дешан ницкъ чIогIа хилар а, илли – син кхача хилар а, къомо бинчу бIешерийн некъан лар иза хилар а гойту авторо шен кхечу стихотворенехь:

 

Илли ду, нур ду и –

Дайх дисна дахар!..

Вайн йиш яц кху лаьттахь

Лар йоцуш даха,

Вайна а дисна хир

цхьа кIеззиг иллеш!

Халкъан дахар а, къомо бина бIешерийн некъ а, яхь йолчу кIенташа а, оьздачу мехкарша а шайн лардинчу сийн нур а, илли а цхьаьна могIаре нисдина поэта.

Нагахь санна философи – иза, хIуманан духе кхиа гIерташ, ойланаш яр делахь, философин тема шуьйра яьстина Яралиев Юсупа шен «Кад» стихотворенехь.

ХIун ца до адамо,

дуьненахь лелаш?

Чолхе ду адамийн

кхолламийн некъаш.

ХIораммо цхьацца до:

верта, нох, цIенош…

Ткъа пхьеро кад бина,

ЦIена кад бина цо нахана лело.

 

Хууш дац цу кедахь наха хIун лелор:

Цхьаммо-ма ша ваха

чохь ялта хьекхор,

Ткъа вукхо-м ша вахо

чу къаьркъа Iенор, –

Пхьеро-ма кад бина,

ЦIена кад бина цо нахана лело.

Хаьий ткъа кхиволчо

цу чохь хIун лелор?

Цхьа ямарт, дIаьвше хьоькх

цо пхьерах елор

Я дашо седарчий кеда чохь къегор, –

Ткъа пхьеро-м кад бина,

ЦIена кад бина цо нахана лело.

Адамех доьзна ду дерриг и Iедал –

Кеда чу дахаран тIадамаш эгар.

Адамо диннарг ду хиндерг цу кедан.

Ткъа пхьеро кад бина,

ЦIена кад бина цо нахана лело.

Кад, цIена лелабахь, цIена хир беца.

Бехлур и, боьхачу куьйгаша лецахь,

Боьха дерг, ца луьттуш,

кеда чу хецахь.

Вайн пхьеро кад бина.

Ткъа вай и цIеначу куьйга дIаэца?!

Пхеа строфах лаьтташ ю байт, пхиппа могIанех; кхоккха дешдекъан дактилехь, рифманаш шина дешдекъехь йолу барам.

Дешархо ойлане воккху риторически хаттарца дIайолийнчу говзаро: «ХIун ца до адамо, дуьненахь лелаш?»

Адамийн дахаран некъаш чолхе хиларе терра, цара кхочушден хьашташ а хуьлу я дог цIеналлица, я дог Iаьржаллица къаьсташ. Цхьадолу адам шайн яххьаш шера, цIена йолуш, диканиг бен шайгара ца долуьйтуш, зуламах къехкаш хуьлу; ткъа кхидерш –деган волла тIейолий, шаьш муха тешанбехк бийр бара ца хууш. Муха ваха веза стаг? ХIун лело деза цо шена Дала схьаделлачу Дахарехь?

Цу хаттаршна жоьпаш карор ду-кх ойла ян хуучу муьлхачу а ешархочунна, хIара стихотворени теллинчунна. Адамо ша диннарг карор ду адамна – дика а, вон а. Бакъо яц цуьнан шена делла дахар дикачу гIуллакхашца ца дуза. ГIиллакхе, оьзда, цIена вахар ю дахаран Iалашо. ЦIеналла – синоьзданагалла ю. Эрна дац поэта «цIена» боху дош юх-юха а тIечIагIдар.

Адам деха дуьненахь шен ма-хуьллу диканиг дан ойла йолуш. Амма дика а, вон а шен-шен агIо йолуш ду. «Кад» бохучу дешан ассоциацеш дукха хила тарло – дуьне а хила тарло цу кедахь, дахар а, цIена дерг а, оьзда доцург а. ХIора стаг декхарийлахь ву оьзда ваха, пхьеран цIеначу ойланца вогIуш хила.

ХIара стихотворени дешаран хрестоматина юкъахь ю, моьттуш ю со, хила хьакъ а йолуш. Дешархой кхетош-кхиорехь дахарх кхетам бала а, оьздангалла чIагIъян а мехала байташ ю хIорш, муьлххачу а заманна йогIуш. Шедевр ю, эр ду-кх вай литературин Iилманан маттахь.

Кхин а дукхха а ю Яралиев Юсупан дика байташ, шайх лаьцна яздан а, дийца а.

Амма заманан йохалла йицяъла ца тигинчу Юсупан «Шоданехь суьйре» киншкех айса ала лерина дош дерзо луур ду уггаре а экамчу, ша бахьнехь дуьне лаьттачу, дахар кхелинчу синхаамах – безаман темех лаьцна хьахорца.

Муха гайтина поэта кIентан а, йоьIан а къоналлехь хуьлу оьзда юкъаметтигаш, цара вовшашна къайлаха гатден са, церан безаман хазалла?

ХIокху киншкин цIе а тиллина авторо, безамах йолу стихотворени схьаэцна.

Поэтан ойла тIейоьдург юха а тIаккха а Безам бу. Безам ца хилча, поэт а хир варий-те? Я хIара киншка а хIотталур ярий-те? Чулацаме а, кIорга а ду цу дешан маьIна, даьстина ца валлал.

Тамашийна исбаьхьа ю «Суьйре шовданехь» стихотворени. Лирически турпалхо таьIна ца го вайна, иза безамах воккхаверан м1аьргонаш ю хIокху байтийн хIора бIогIамехь.

 

Хьан кIадделла хьажар

Iена шовдан чу.

Маьлхан цIеста зIаьнар

Хьоьца ловзуш ю.

Хьан Iуьйренийн эшарш

СовгIатана луш,

Хьан хьогалла Iена

Сарахь шовдан чу.

Цу чохь хьайн сурт довзахь,

ГIайгIа эша е.

Хьан дуьхьа и шовда

Дуьйлу эшаре.

Хьо еанчу новкъахь

Сийна богу бай.

Сатийсамийн полла

Цу новкъахь дIабай.

Хьан дагара гойтуш

Ю хьан некъан лар,

Гойтуш сох ен ойла

Ахь даггара яр.

Вай гIон долчу новкъахь-м

Дика мел дерш дай,

Малхе леста полла

Геланча бу вайн.

Хьан сакъерадалар

Iанахь шовдан чу,

Маьлхан цIеста зIаьнар

Сица ловзур ю.

ТIехьийзачу йоьIан васт гIайгIане го юьхьанца («кIадделла хьажар», «гIайгIа эшае»), ткъа и безаман гIайгIа йовзарехь, и ша бахьанехь еш юйла хаарехь, шовкъе дуьйлу лирически турпалхочун са. Иза чIогIа тешна ву ирсечу чаккхенах:

 

Вай гIон долчу новкъахь-м

Дика мел дерш дай.

Малхе леста полла

Геланча бу вайн».

 

Цхьаммо а ца яьстинчу кепара яьстина поэта безаман тема: «СтелаIад», «Безам», «Бехке дуй и, бехке?», «Хьоьга хьоьжуш», «Хьуна ца хаьара», «ТIаккха а ца хаьа-кх суна», «Хьо Iехаялар бу-кх тамаша», иштта кхидIа а – ешархоша езаш тIеэцначу байташкахь.

Ма-дарра безам буьйцуш нохчийн къоман Iадатехь дан а дац, я товш а ца хета. Цундела хир ду поэта цхьайолчу байташкахь забаран кеп лелаяр а.

Баккхийчийн шатайпанчу синIийжаме уьйрех, доккхачу шина стеган вовшашна сагатдарх лаьцна ю Ю. Яралиевн «Безам» цIе йолу стихотворени.

«Тхешан юьртара цхьа воккха стаг волчу хьажа-хIотта ваханера со 1976-чу шеран аьхка, тхан дас гIо а аьлла. Йоккха стаг, базара яхана, цIахь яцара» яздо поэта эпиграфехь.

 

Малх бузу хан яра.

ЦIен зIаьнарш хьуьйсура

Корах чу, сахьийзош, гIийла.

Меттара воккха стаг

Уьш ларъеш Iуьллура,

ЗIаьнаршца ойлане тийна.

– Йоккха стаг а яц йогIуш, –

Элира сихдина, –

ХIун хилла хьеелла-те и?..

Чухьуьйсу цIен зIаьнарш

ГIагIъаьлла йилхира,

Я иштта хийтира-те и?

ТIаккха соь элира,

БIаьрхиш а делийна,

Ас шега ладоьгIий хиъна:

– Кегийчийн хIун бехк бу,

Сел ойла гIелйина,

Ас а сел сагатдеш хилча?..

 

Йоккха стаг цIа яре хьоьжуш, гIийла ойланаш еш Iуьллу воккха стаг. Бен-башха а дац жима, воккха хиларх, сагатдар, сахьийзар массеран а юкъара хуьлу. Лирически турпалхочунна хьалха бехк лоьцу цо, иза шен дагах кхеттий хууш:

 

– Кегийчийн хIун бехк бу,

Сел ойла гIелйина,

Ас а сел сагатдеш хилча?..

 

Мел хаза аьлла ду и! Иштта эхье, цIена хилла-кх нохчийчун безам даима.

Дукха ешарх кIордош йоцуш, кхетаме чулацам болуш, синхаамийн кIоргалла йолуш, дешархо ойлане вохуш, оьшучохь беламе сурт хIоттош, дагна хаза тIеIаткъам беш ю Яралиев Юсупан стихаш. Стихкхолларан технике диллича, уьш цхьана бустамехь язйина а яц. ХIора стихотворенин шен-шен барам бу, размер ю, шен-шен кеп ю, шен-шен хатI ду.

Массеран а аьтто хир бац цуьнан «Шовданехь суьйре» гулар юкъара байташ еша. 1989-чу шарахь арахецна йолу иза хIинца атта карор а яц, схьахетарехь, ас санна лачкъийна, жовхIар дина лелийнехь хIетте а.

Тамашийна дерг хIун ду аьлча, Юсупан и цхьа киншка бен кхин зорбанехь араяьлла ца хилар ду.

Поэзиезархошна доккха совгIат хир дара цуьнан керла гулар араяьлча.

Суна хууш, дукха хенахь дуьйна зорбанеяккха кийча ю цуьнан керла гулар а. Амма иза стенна делахь а башха саготта вац шен говзарш зорбане яха. Адамийн дегнаш тахана чIогIа херадевлла хета цунна поэзина а, йозанехь долчу дашна а. Цхьа хан йогIур ю, поэтана хетарехь, адамийн якхделлачу дегнашна поэзин исбаьхьчу куьцашца кхелина дош оьшуш.

/1989-2013 шераш./

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта