http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Доьху, ас доьху... Печать Email

Исраилова Луиза

 

Докъаза к1ентий байначу а, цхьана дийнахь масех к1ант лахьти чу верзийначу а мискачу наной къина…

Делхаран къурдаш лечкъош, шайн б1аьрхих а кхийринчу декъазчу буоберийн къина…

Шен доьзалхо веллачохь велха бехк лийцинчу къеначу дадин къина…

Х1ара малх кхета к1айн дуьне ган йиш йоцуш, шайн дахарехь цхьа 1аьржа бос бен ца гиначу б1аьрзечийн къина…

Валаран лазар кхетта, 1азап хьоьгуш, бала лайначу лазархочуьн къина…

Шен мецачу к1орнешна, даларх уьш хьалхадаха, ижу йохьуш хьаьдда дог1учохь, син метта топ кхетта, деллачу экханан къина…

Шайн х1усамех баьхна, Даймахкаца йолу з1енаш хедийна, генарчу Сибрехах шайн мецачу доьзалшка, дан амал доцуш, г1ийла б1аьра хьийжинчу нанойн къина…

Т1аьхьа доккхуш саг1а а, я каш даккхар, д1абохкар доцуш, эрна арахь, кошан борзах хьоьгуш 1ихкинчу декъийн къина…

Хьайбахахь дийна доллуш дагийначу синойн къина…

Шен дагна хьоме во1 т1ам т1е хьажийна, цуьнга ладоьг1уш синтем барна, дилха дог дуткъаделлачу дайн-нанойн къина…

Сел лерина 1алашдеш лелийна долу, мостаг1чо марчо дагийначу цу бабин къина…

Кхойтта шарахь шен мискачу къомана сагатдеш, къежъеллачу яртийн а, ша хьаналчу куьйгаша кенашкахь схьаоьцуш, дог 1аббалц маларе сатийсинчу сирлачу шовданийн къина…

Дог-ц1ена б1аьргаш шайга дозаллица юха а хьежа лууш, ладег1начу б1аьвнийн къина…

Массо а дикачу адаман дуьха… Хьайн къена чкъор лар а деш, къона чкъор ийманца кхиош, яхалахь, НОХЧИЙЧОЬ, тхуна!..

 

 

 

КIАНТ ВЕЛЛАЧУ ДИЙНАХЬ

 

(г1ан)

 

Са а тасале Доккин (вешин к1ант) телефонан горгалино самайоккху... Ма сиха кхийтира со Заурина цхьаъ хилла хиларх… Машен хаьрцина, лазийна… я велла, я дийна ву а ца хууш 1уьллу масех де дара. Ма ца лаьара и ирча кхаъ хозийла. Ма йоккха миска яр-кх цуьнан нана Румиса а... Цхьа эг1аза, г1ийла… Амма догц1ена… Сан уггаре а дикачу доттаг1чуьн нана. Цаьргахь хьалакхиина ю ала а мегар дара со. Вели-кх церан и к1ант… Ма жима вара и… ткъех б1аьсте бен гинерий цунна… Ша ма вара, цхьа цициг санна, к1айн корта а болуш, цхьа тийна бер дар-кх… Делахь а х1ун дийр ду?.. Делан болх бу-кх и… Виснарг кхин д1а ца ваьхча а ца волу… Амма доьналла-м дала ма лой цу Сийлахьчо… Т1ех1отта каш доцуш йисина нана-м Румисех а хир ю хьегна… Хийла хир бу и саннарш а, мел хала хетахь а…

…«Хьажахь, вели-кх церан и…», «Муха ловр ду-те Румисас а, 1умара а?», «К1ант вели-кх церан…шел хьалха шен доьзалхо валарал лан хала х1ун ду те?..» – цу ойланашца юха дагайог1у Айдамиров Абузаран «К1ант веллачу дийнахь» дийцаран ц1е. «К1ант веллачу дийнахь»… Цу ойланашца наб озаяр а дац доккха х1ума?! Юха г1ан а ма го… Доггаха со йоьлху г1ан… Таханлерчу дийнахь вайна ваьшца дуй а ца хуу, д1о-о геннахь кийрахь дуй-м хаьа, амма т1е ца лоцу сакхташ. Летадо къинош… Г1ийбаташ… Уггаре а Далла ца деза х1умнаш… Х1ун дича кхуьур бара те вайн и синкхетам? Абузара к1оргга ойлайина, шена 1аьткъинарг-м д1а а яздина, дийцар ма диний цунах – «К1ант веллачу дийнахь», – аьлла. Х1орамма а деша дезар-кх и дийцар. «Деана вон а долуш, к1ант веллачу ден-ненан г1айг1а йайъян баьхкинчу наха т1аьхьа дуьйцурш-м хаза х1умнаш дацарий… «Вай, церан чу тоьхна кира ца гира шуна, пешан го а ма бара, коржамаш а йийлина, докъанна т1етесна юрг1а ца гира шуна?...» – иштта божарша а дуьйцурш х1ун ду… шаьш мацах цкъа къийрина са, кегирхойн духарш дийцар… царна лер.

Т1аьххьар а, дакъа айбина х1орш бохкуш, 1одара яьккхича санна, машенашкахь зуда ялош берш а лелха-кх , шайн эшарш а лоькхуьйтуш, т1ех. К1ант веллачу ден хиллачу чевна т1е т1аьххьар а т1е туьха тосу-кх цара. Абузара эццахь вайн къоман шира г1иллакх а ма доккху карла. Нехан юьртахула чекхволуш, цу юьртахь хьаьнга х1ун вон деана ца хууш хиларе терра, говрахь верг а охьавуссий, шен говран урх карахь волуш хилла чекх. Кегийрхошна а ма ца хаьа, шаьш нийсачу новкъа ца даьхча, лелон деза г1иллакхаш. Церан кхетам а ма хуьлу цхьа х1оан буьйранал жима. Амма д1акхачо хаа деза, сeрах хьокха хилале. … И ас охьадагардина адамийн кхачамбацарш воккхачу стеган к1ант веллачу дийнахь гучудовлу. Букъа юккъе мокха 1уьтту-кх цунна чорда, челакха амалш йолчу наха.

… Заур веллачохь дар-кх кхин а ирча сурт. Вон деънарш-м гуш бацара… Белхарехь тобанаш а йина, шайн-шайн эладиттанаш дуьйцу зударий. Кхи а доьхнарг – кегайо телпонаш. «Х1ара гайтий, важа гайтий», – бохуш. Иштта, суна т1е а йог1ий, сан йишас а доьху-кх соьга «блютуз» латаяр…Белхарехь… Румисаг1еран к1ант веллачу кадахь… Ца 1ело, ца лало и дерриг а… к1ант веллачохь… дуьйцурш х1ун ду?...Нахана вон деанчохь…дог-м иккхина д1а ца доьдуш а дика дисира… елхаран къурдаш.. т1аьххьара а 1ана йоьду-кх…

…Оф-фай… суна жимма хьалха хезначу кхоал ирча г1ан!.. Ма ирча г1ан дайна хиллера суна… Дала диканиг дан хир дац-те?... Цу т1е-м девриг хир ма дац вайн адамаш?... Дера дукха хан-м яц-кхий еллачу зудчунна тоьшалла деш, зударша вовшашка «вай д1асовца, ма е г1овг1анаш» бохуш суна хезна а… Божаршна юкъахь а хуьлу боху-кх и тайпа г1иллакхах боьхна, шаьш мичахь ду а, х1ун лело деза а цахуурш. Дала ийманчу даладойла вай…

…Амма шозлаг1чу дийна Румисг1еран белхарехь и г1ан дуьхьал ца даьлла йоккхайира со. Ма лалур дацара соьга, г1енах санна, и сурт гинехь…

Ткъа к1ант велла нана-м 1аш яра… Ма са дехьна яра и… Пекъар, воьлхачунна синтем бала а г1ертара… «Ма елха, мегар ма яц хьо», – олуш…. йоьхна хилла а ца 1ара..

...Дала гечдойла вайн беллачарна массарна а, т1аьхьабуьсучарна нехан дика-вонехь г1иллакхах ца боха ийманехь кхетам а луш…

 

 

АС ГАТДИНА СА-М ХЬУНА ХИЛЛЕРИЙ…

 

 

Бертаза Даймахках даьхна, бертаза са лаьттачу лаьттан коржамах хьегийна, бертаза хьан массо уьйр-марзонаш хедийна шераш…

…Ц1ен-къорза бустамаш долу куз… Хийла йоьлхура со цуьнга а хьоьжуш… Чуьра чиркх д1абайина боллушехь, уьйт1ахь йолчу серлоно дика гойтура цу т1ера суьрташ. Елхар а ма дара, буоберан елхарх тера. Цхьа жима мух1ажар ма яра со цу хена… 10 шо а дара дуьззина далаза. Да-нана ц1арах кхехкачу Нохчийчохь… Тхо доллу бераш а, нус а, девешин а, дешичин а доьзал д1а а нисбина Карамахехь, Нохчийчу юхадаханчу шуьшинна гаттадийриг к1езиг са ма дацара… Елха а ма ца юьтура т1е доггаха, аз хозуьйтуш… Ца юьтура соьца мух1ажарш бина аш битинчара. «Д1асацал», – олий човхайор-кх. … Т1аккха со т1ехь йижина 1уьллучу маьнгина уллорчу пенах тоьхна куз болчу аг1ор д1а а йоьрзий, дуьрачу хиша б1аьргаш 1ийжош, г1ийла йоьлхура… «Нана, со хьан когашкахь х1унда яц те, стенгахь ю те хьо, ма ирс долуш хир яра хьо сайца цхьаьна елхьара», – цу ойланаша йижа а йора, оццу ойланаша иштта г1атта а… Дог хьостуш-м яцара х1умма а… Къийзадора-кх мелхо а… Х1ан-х1а… 1ийждора…

Тхан баккхий доьзалш т1еэцначарех а ала дог1у кхузахь. Тамашийна хаза г1иллакхаш лелийра тхоьца х1усаман дайша (шина метте д1асадекъна дара тхо, ши шича волче). Юург-мерг тхаьш эцча доккха дов г1аттадора. Цул сов дегабаамаш а бора цара. Массо кепара шайгара там бан г1ерташ лелара. Дог-м х1ета а лозура тхох.

Цхьа йо1 яра церан сан хеннара. Хадишт яра цуьнан ц1е. Х1ора дийна и ишколе деша йоьдуш со ч1ог1а хьоьгара цунах. Со маца хир ю те маьрша сайн ишколе а лелаш, олий ойла кхоллалора. Ткъа Хадиштан йоккхахйолу йиша лор яра. Цхьаьна дийна йоьлхуш чуиккхира и «ЭТА ВАША ПРОКЛЯТАЯ ВОЙНА!!!» бохуш… Тахана а сан лерса къорадоккхуш санна хета и мохь дагабеъча цуьнан. Ваша вара церан армехь. Нохчийчу т1аме хьажош ву аьлла кехат деана хиллера царна. Ойла йича, холчах1оьттинчу йишина билла бехк бацара. Делахь а, т1ом боьхуш беана бацарий Нохчийчу а. Иштта а якхделлачу синошна чов йира оцу йо1а. Бакъду, Гульнарас и сурт х1оттийний хиъча, юьхь-1аьржа к1езиг ца х1оьтнера церан да-нана. Йилхина ша парг1атъяьлча, къинт1ера довларе а даьхна хиллера йо1а. Тхан дадас шен гергарчу нахе Москва телефон а тоьхна, цхьацца уьйрашца муха нисделира-м хаац, кхеран Нариман т1ам т1е ца хьажош, ц1аваийтар нисделира. Ондда той-ловзар лаьттира цаьргахь. Дадина баркаллаш бахар а дагадог1у…

Цхьана хена х1ара тхо т1едиссина дай Нохчийчохь картолаш, ж1онкаш духкуш лелачу хенахь тасаделлера церан сан деца гергарло а. Ша балхара ц1а вог1уш, шийлачу арахь буьсу-кх х1ара нах, шайн машенаш чохь 1ахь а олий, тхоьга схьабалош лелийначех бара х1орш. Дагадог1у суна, сарахь пхьор дан тхаьш т1егулделча, дада вог1ур ву хьуна х1инца цхьаъ валош, олий ойла кхоллалора сан а, сан йоккхахйолчу йишин а. Ненах ца яьхьара тхойша и ч1ог1а ала. Хьаша цавезар а дацара тхойшинна, берриг тхайн доьзал цхьаьна охьа а хиъна, цхьаьна шуьнара марзонца кхача баа лаар дара. Ламех хьала волуш цуьнца и суьлий гича «ов-вай-кх» олий, дог а дет1ара. Тахана суна эхь хета иштта ойланаш сайн хиллий дагадеача а. Дера дуьне хьийзаш дуй схьа-м гайтира Цу Сийлахьчо. Шайна дина дика дицдина ца хиллера тхо т1елаьцначара. Уьш къар а ца белла диссина дарий а хаьа царна т1е.

…Иштта буьйсанаш ас токхуш да-нана юххехь доцуш, цхьа хан д1аяьлча уьш а т1аьхьакхечира… Массо а цу шинна воьлхурий а дагадог1у, 1ожалла ца хиларна, некъаца йиначу дуьхьалонаша кхин зен-зулам доцуш, Дала шен къинхетамца схьакхачийнерий а хаьа тахана… Хаттарш дуккха а дара ц1ера схьабаьхкинчу цаьрга. Баккхий сингаттамаш 1иттабелла хиллера цу к1езигчу хенахь тхан юьртахошна т1е. Тхан Марта а мини т1е баьлла белла хиллера. Цунах къахетта дог меттадеана далале, Майсаэран 1ела веллий а хиира. Мел жима вар-кх и цу хена… 3-4 шо… Йоккхачу тоьпан д1аьндарг яхана хиллера цу жимачу 1елин дилхах… Сан доттаг1чун ваша вара и. Х1инца санна дагадог1у суна, 1ела шайн юхкуш йолчу х1умнаш юкъара цхьацца мерза х1ума а оьций, вела а воьлуш д1аводуш. Борзера кхин цхьа к1ант а хиллера вийна…. Иштта ирча кхаьънаш кхечира багош а г1аттийна ладоьг1учу тхоьга…

… Да-нана схьакхаьчча доллу дуьне а сайн хетар долуш со хиллехь а, сингаттам ша хецначу орамех хеца-м ца белира… Цуьнан орамаш сайн хьомсарчу Даймахкахь диснийла т1аьхьий бен ца кхийтира. Тохара санна елха ца йилхинехь а, оццу пенарчу кузе хьоьжуш, ойланашка сайн жима, цхьа жима дог къийзадойтуш, х1ан-х1а… 1ийжадойтуш, йисина хан а текхир-кх д1а.

Цу хена со ца кхетара, и х1ун сингаттам бу.

Даймохк, ас гатдинарг-м хьуна са хиллерий… Х1етахь дуьйна схьа хьох яла ца луш, хьох яла деза там бара аьлла сайн коьрте ойла кхерстича а, наха хьенехг1еран йо1, минехг1еран нус коьртана галъяьлла аьлла ц1е кхуллур яцахьара, хьан х1ора а кол , муьлхха а кондар хьоьстур йолуш хьал х1утту соьга... Хьоьца хьаьрчина, хьан сих дозаделла ма ду сан декъаза са а… Сакхонца еха со хьан марзонах яккхарна кхоьруш…

Даймохк, сан хьоьца уьйриг хилла хьаьрчина лаьтта цхьа хьаса а хадахь, ма эрна хетар долуш ю со сайн яхар.

Тахана санна кур аркъал хилалахь даима а, охьате1а ахь хьайна меттиг битина а бац хьуна. Шеко цу т1ехь янне а яц.

Хьайна теш хилла лаьттинчу лаьмнашкий, б1аьвнашкий хатта а мегар ду хьуна…

Хийла ц1ий хуьйдина хьан хьаналчу лаьтто а…

Т1аьххьара беанчу т1амо гайтинарг а тоьар ду…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.