Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Малхбалера дийцар Печать Email

Зорбане кечйина Эзаев Руслана

 

Цхьана генарчу заманахь, сийлахьчу махкахь ц1арца а, хьолаца г1арваьлла цхьа эла хилла вехаш. Цу элан, малхо шен цинцах ю бохуш, батто шен серлонах ю бохуш, массо а хенан нана йолу зама шен хазаллица, шен дикаллица, шен г1иллакхца цул исбаьхьа, цул товш, дуьненахь хилла дац бохуш тоьшалле х1уьттуш йо1 кхиъна хилла. Цу 1аламан 1аламате, цу лаьттан дозалле, цу лараман дарже – буьллу мотт 1аьржа латта  долуш, т1етосу юрг1а сийна стигал йолуш, г1евлинга буьллу г1айба некъаца 1уьллу т1улг болуш, Далла т1ебоьдург бен хаьржина  некъ боцучу цхьана субати безам бахна.

Гонд1ара 1алам хийцалуш, хесана юккъе йоьхна з1имаргана санна, дуьне сецна цунна. Адми хьекъало хьесап дан йишйоцчу ц1аро кийра морцуш, реч1анахь детделла к1елдисна олхазар санна, кхин г1оленна некъ ца карош амал яйна цуьна.

Х1етте а, шен езаеллачу йоь1ан васт карла мел дуьйлу, цо олуш хилла: «Сол ирс долуш стаг вац-кх кху Делан дуьненахь».

Хийлаза х1ара кхетамо кхето г1ерташ, хьехарш деш хилла: «Х1ай субат, и х1ун 1овдал ойла ю хьан коьртехь хьийзарг? И х1ун сонта лаам бу ахь кхаба болийнарг? Хила йиш юй ткъа субатхий, элаххий нуц стундай», – бохуш.

Амма, безам а ца хилла шениг ца дуьйцуш 1ад1ен туьгуш: «Безаман хьалха субат а, паччахь а цхьаъ ву хьуна, кхузахь нийсонан биллам лиера оьшуш дац хьуна», – бохуш.

Эххара, лааман динахь, собаран доза хадийна, шен деган къайлени мухар дохош, элан нах болчу а веъна йо1 ехна цо. «Эхь-бехк Дала лоьрийла. Сайн хьалха вала а, т1аьхьа х1отта а цхьа воцу дела суо веъна со. Суна шун элан йо1 езаелла, иза соьга яийта еза аш. Аш тидме ма эца шу элий хилар, со субат хилар, безаман хьалха нийсонан биллам лиера оьшуш дац шуна», – аьлла.

Цецваьлла хилла эла и хабар шега схьатоьхча. Делахь а, и дехар ч1ог1а ларам боцуш, эвхьаза дина а лаьрра, оьг1азло саяьлла веанчуьна оьмар яцйан дог хилла цуьнан.

Амма, цхьана гергарчу стага сацийна:

– Хьо эла ву, ткъа ахь цхьана субатан ц1ий 1анадахь сий довр ду хьан; хьо дикчу ц1ийнах ву – дехарна жоп ца лахь стаг вац эра ду хьуна. И субат шен дег1ан бен кхин да воцуш, шен яь1ни т1ехь бен кхин 1едал доцуш стаг ву. Цуьнга кхочуш далур доцу декхар т1е а дожадай д1ахьажвие, кхин юха вог1ур вац хьуна, – аьлла.

И хьехар хьекъале хеттачу элас, ша собаран нуьйра а хиъна, бахьан х1у тосуш алийтина субате: «Хьо захало эцна хьайн нийсархо волчу санна веъна, элана т1евог1уш эла санна хьайн ван везар декхар доллушехь. Со хьан цу ледарлонна къинт1ера волу хьуна. Амма, хьо соьца гергарло дезаш велахь. Сан тароне хьаьжжина там бог1у хьоьгара. Цхьа пунт деши ахча дахьаш хьо ваг1ахь, хьан дехарна ойла йийр ю ша».

Шерачу меттехь ког тасалуш, некъ охьатаь1анчохь иза хьалхара уьдуш, айбеллачохь некха уьнт1е бетталуш, х1инцалца соьмана а да хила воцу субат, цхьа пунт дешин сагатдеш, 1алашо йоцуш, элан кертара ара ваьлла вахара.

Мохо стиглахь идуо марха санна, лаамо лаьллина ойла, дуьненна гуо боккхий, кхин шапа1ат ца карош шен хьосте юхайоьрзуш вог1у субат, цхьана хин йистехь Дела вазвеш, болх Далла т1ебуьллуш сецна хиллера. Чолхе дирзинчу хьоло к1елвитарх, муьлххачу а сингаттамо хьовзаварх, вайн Дала, цкъа а дага ца деъначуьра орца кхачош, лехамна ницкъ луш аьтто бо. Дуьненан х1ордан йозалло шен бух санна г1айг1ано хьаьшна лаьттах ийна 1уьллу субатна, шена мут1ахь долу синош цкъа а диц ца деш волчу вайн Дала дагаваитийна, – хазачу г1иллакхо сийдина, оьздачу дахаро вазвина, турпалчу собаро вахчина, луларчу мехкан да Воккха эла. Йишйохаран дохк къаьхкина, лаамо заза хаьцна, зовкхе шед карахь ловзош Воккха элан махка боьду некъ юьхьарлецира субата.

Эсалчу мохо юьхь-амат хьоьстуш, малхо мархийн зарза боьллачу тхевнан херошна юккъехула б1аьрг бетташ, буьйсана бетта нур когех хьерчаш, анайист хьалхара ида ца ларош Воккхачу элан махка кхечира х1ара.

Г1иллакхан г1аг1 цестина, бехкаман чов йостуш, йишйохаран з1ара доьллуш Воккхачу эле къамеле велира субат.

– Эхь-бехк Дала лоьрийла. Т1улган бух болчохь собаран белах дан х1ума дацар-кх. Дог хьан г1акх делахь, цунна 1иттарийн пхерчий оьшур дацар-кх. Сан тиларх массо а ву-кх дуьйцуш. Цхьаболчара хьехар до, вукхара 1иттарш йо, вуьш боьлу. Со ца вевзарш а суна луьйш хуьлу. Ас сатуьйсу х1инца – х1ума жирга ца хета обарго, я кхечу эзар бахьанца 1ожал сайна карайойла.

Х1инцалца сан карахь хилла сан кхоллам, хинца суна г1ело еш бу. Безаман алу сох хьакхаелчхьана дуьйна самукъдалар гена даьлла сох.

Стиглара седа бан а доьналле хиларх, х1уп аьлла х1орд бакъбал нуьцкъе хиларх, девашас веши бер санна дуьнено хьоьстуш хиларх, кхин а эзар хьуьнарца г1арваьлла хиларх т1аккха а, – де-буьйса некъан йохаллийн юкъ йуьтуш бен цо ког левзинчу метте  юххе г1орта а мах кхочур боцуш,  – шен хазалла йийца кехатан шорто а йолуш, шекъан кхачо а йолуш, уггаре говза яздархойн эзар дахар тоьур доцуш,  – хьан лулара элан йо1 кхиъна.

И йо1 езаелла суна.

Таллархочуьна реч1ано лаьцна экха санна безаман балехь ву со. Синтемах дог диллина, сатийсаман йийсархо хилла сох. Г1айг1а накъост волуш, гезар той долуш, эрначу арахь жа1уьно тесна йитна ц1е санна цхьалха ву со.

Собаре хилар сийлахь леринер-кх бохуш, г1ортор йоцу дегйовхонах хьалха вала г1ерташ садиттира ас. Делахь а, безаман бала хьоьгучохь хила йиш юй ткъа собар. Я хилчаъ цунах х1ун хьуьнар хир дара аьлла, безаман дорцо диттийн генаш кегдеш, шовкъечу 1алашоне хьаьдда, лаамца дог берта далийна, и йо1 йолчу нахе йийхира ас. Амма, йо1 йолчу дас сох невран хьаша веш, суна малх къайла боккхуш, сох бетта нур къахкош томана  пунт деши ахча дехна, сан кхоллам иеший.

Муьлххачу йишйохаран духар т1ехь хазхетаран чет карадора-кх аьлла, кхолламан къуьно д1абайина сан дегйовхон ч1урам ахь латабаре сатуьйсуш, хьоьгара ирс-сахь пунт деши деха веъна ша, – бохуш, дехаре велира субат.

– Харц латкъам а, осала х1ума а хьекъал долчу наха цхьаъ лерина хьуна. Осал стаг цкъа а ирсе хир вац. Стеган дог ц1ена делахь, цуьнан лаам кхочуш хир бу. Харц латкъам бохаман юьхь ю хьуна, амма хьан меттан а, деган а тоьшал цхьаъ го суна. Со теша хьох. Кестта т1екхочур ю хьуна, хьан кхерам синтемца хийцалуш, хьан г1айг1а хазхетаре йоьрзуш, йишйохаран малхбузехь къайлабаьлла малх аьттон анайистехь схьакхета хан,  – аьлла, пунт деши ахча а дела, субат д1ахьажийра Воккхачу элас.

Хазхетаран малх кхетта, марзонан эвнахь, сингаттаман мекхаллех ц1анделлачу дагца, томана ц1е тоьхна деши ахча а дахьаш, дегйовхон керта юцуш, маса мох санна, элан х1усаме кхечира субат.

Т1улгах тоьхна атаелла кхийра кхаба санна, синтемах воьхна хьаьвзира эла. Сихонца кхайкхир цо шен гергарчу стаге.

– Вайшинна х1илланах г1уллакх ца хили. Ц1е тоьхна деши а дахьаш схьакхечи и субат. Сан собаран лам такха герга бахна. Хи т1ехь бесан сурт дуьллуш а и захало хила йишйолуш дацар-кх. Суна и стаг керта вог1ур воцу бахьан-б1ов езар-кх,  – карзах ваьлла эла.

– Борз йог1уш гуттар а зулам дахьаш йог1у. Текхаргана цкъа д1овш тоха дагдаг1ахь и х1уъу дичи а саца ца ло. Субатна деши делларг суна хаьа мила ву. И тайпа комаьршо вайн заманахь Воккхачу элере бен яла стаг вац. Вай субате Воккхачу элан корта бахьаш хьо ваг1ахь захало хир ду ала деза,  – аьлла, элана хьехар дина гергарчу стага.

Собаран хи мелла, гамона пха озийна, инкарлон г1ап йоьттина:

– Тхан йо1 ахь деъна можачу аьчках йохка йишйолуш яц. Хьо тхан йо1 езаш велахь, ялуо лууш велахь, луларчу махкара Воккхачу элан томана бакхий корта бахьаш вола, т1аккха хьайн нускалца г1ур ву хьо, – аьлира субате элан гергарчу наха.

«Суна б1аьргаш стенна оьшура? – цуьнга хьежархьама оьшура. Суна лерса стенна оьшура? – цуьнга ладег1архьама оьшура. Суна дахар стенна оьшура? – цуьнца вахархьама оьшура.  Со цунах хаьдда а волуш, кхин долчух ас х1ун дора»,  – бохуш, гуш йоцчу ц1аро дог доттуш, дахкарлахь б1аьрзе дин санна, Воккхачу элан х1усаме юха а воьссира субат. Долуш дерг хьулдина, доцуш дерг шена хила ма лаъара дуьйцуш, Воккхачу элана баркаллина г1ала йоьттина, иза къамелан хазнех юьзира цо. Амма, даггара доцуш, маттара хабарх шек ваьллачу Воккхачу элас бакъдолчуьна новкъа ваьккхира субат. Т1аккха, даре дира цо, йоь1ан дас томана цуьнан корта боьхуш хилар.

– Собарде, сатухуш хила, сан корта бахьнехь хьайн коьртах ма вала. Дукха хан ю ас х1ара лелабо, делахь а, х1иццалца цхьа а ца веъна суна, х1ара шена оьшур аьлла. Сан корта бехьча хьан г1уллакх хуьлуш делахь соьгара дуьхьало хир яц хьуна. Амма, баьккхина корта шайна байчи, йоь1ан наха цхьа ямартло ярна кхоьру со. Цкъа хьалха коча муш тасий, со д1авига: «Аш аьлла корта ас шен дег1аца беи шуна. Дег1 доцуш шуна безахь, схьа а баьккхина шун когашка охьа а буьллу», – ала. Т1аккха а уьш реза ца хилахь кхин некъ лохур бу вай, – аьлла Воккхачу элас.

 

Коча муш тесна Воккха эла т1аьхьа а х1оттийна субат шен керта веъча, юьхь1аьржона ц1ергахь вогуш, дуьхьлонан керт йохош, марзона беш юг1уш сихонца захало дира элас. Цалааран мекхаллех ц1анделла дог, дог1нах 1аьбба латта санна, парг1тдаьллера йоь1ан ден.

Воккхачу элан хаза г1иллакх бахьана долуш, субат г1айг1ан дитто хазхетаран заза хийцира.

Х1ора мел дог1учу дийнахь вовшех доккхадеш, тамашбеш, беркате т1аьхье кхиъна дуккха а даьхниера субаттий, элана оьзда йо11ий цхьаьна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.