Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дог дуьззина ирс Печать Email

 

Гелагаев Сайд-Мохьмад

 

ДАЙМЕХКАН 1УЬЙРЕ

 

Шелделла, довхачу дийне сатуьйсуш,

Дегадой техьа кху 1уьйранна г1аш.

Тхиш эгош кхозучу генаша хьоьстуш,

Луьстачу хьуьнхахул вог1у со г1аш.

Маржа-я1, дог 1ай ткъа, т1ома ца даьлча!

Ткъа цунна-м хаьий цу хазаллин мах!

Серлонах къаьхкина, дохк 1инчу керча,

Б1аьвна т1ехь 1а аьрзу – лакхенийн ха.

Самукъане рег1аца хьаьдда сай санна,

Кхиссалуш уьду д1о ламанан хи.

Хийла а дуьхьлонаш ю хьалха цунна,

Амма кхин атта некъ цо ца лехи.

Лаьмнашна д1о мархаш ца хета хийра,

Аренна хиш латтош уьш бертахь 1а.

Парг1ата садоь1уш, юссу сан кийра

Мерзачу йовхонца сан лаьттан 1аь.

Хьомечу Даймахке самукъане хьоьжуш,

Екайо цунна ас сайн деган йиш.

Ткъа суна-м цуьнгара дукха ца оьшу –

Буйнал бен доцу дог дуьззина ирс.

 

 

 

БАКЪ ТУЬЙРА

 

Нанас винчу дийнахь дуьйна

Хестайо ас Нохчийчоь.

«Ду и сиэ бакъдина туьйра», –

Боху кху дуьнено соь.

 

Кху дуьненан ялсамани

Ю баьхна вайн дайша и.

ЛадогIа, нах, дайн назмане,

Денош лоруш бIешерийн.

 

Юьйцу цо, вайн дайн ойланаш,

Ца хадийта халкъан сих.

Iамийна цо сан назманаш,

Дайн-нанойн узамийн сий.

 

Цундела азаллехь дуьйна

Сийлаллехь ю Нохчийчоь.

Ду и абадин бакъ туьйра,

Дуьйцуш бакъ дог дол-долчо.

НОХЧИЙЧОЬ

 

Сайн дай баьхна Нохчийчоь,

Ас хьан лаьтта син х1у доь.

Т1еман д1овш д1адалийта,

Могуш-маьрша яхийта.

 

Боху, Нана-Нохчийчоь,

Дайн-нанойн синоша соь:

«Ца йолуьйтуш ледарло,

Эшахь, хьуна са д1ало».

 

Доху хьуна Нохчийчоь,

Иллеш х1ора бакъ нохчийчо.

Ахь илланча варна сох,

Хьерча деган марзо хьох.

 

Хиъна хьуна Нохчийчоь,

Ца хадийта нохчийн х1у.

Бу хьо ларбан къонахий,

Бу хьо хеста мехкарий.

 

 

НОХЧИЙЧОЬ – САН ЯЛСАМАНИ

 

Нохчийчоь, хьо езаелла

Велира дуьнен чу со.

Латтош суна дахар сирла,

Ю сан ялсамани хьо.

 

Сан син, деган з1аьнарш хьерча

Хьан лаьмнех, хьан аренех.

Лам т1е ваьлла д1асахьаьжча,

Дуьне го хьан серлонехь.

 

Нохчийчоь, хьо езаш баьхна

Нохчийн наной, нохчийн дай,

Цундела шу т1аьхье кхиъна,

Лепош хьуна синош шайн.

 

Нохчийчоь, хьо езаелла

Велира дуьнен чу со.

Хастам бу Сийлахьчу Далла,

Яларна Цо суна хьо.

 

БЕРАН ДЕХАР

 

Стигалхула кема ткъесаш детташ дог1у:

Дагадо цо ц1енош, тухий ирча ц1е.

Со хьох хьерчаш, йоьлхуш хезий, Лоьма воьлху.

Ирча дог1у, нана, схьа мел дог1у де.

 

Кемано г1ан дийна, беттаса а дийна,

Цо вайн дада вийна, дагийна вайн ц1а.

Кхоьру со хьо ерна, жима Лоьма верна,

Дахийта вай, нана, стигал йоцчу д1а.

 

Дийна 1уьллу мимша, г1ийла доьлху диеба.

Кеманан гlap хеза, кхоьру цунах со.

Цу т1е дог а 1ийжош, ц1ийзаш

Гуди хеба. Бегош, ира х1уьтту писун xlopa чо.

 

Са мел долу х1ума цу кемано эккхий.

Йисна яц кхин меттиг стигла к1елахь 1ан.

Кхин цкъа кема дале, бисмилла а даккхий,

Дахийта вай, нана, стигал йоцчу д1а.

 

Д1о вайн лаьмнаш т1ехьа гуш яц сийна стигал,

Ка ма йоллу сихха довда деза вай.

Гур ду цигахь г1енаш, хьалха санна сирла,

Хир ду бераш ловзуш, наной белош шайн.

 

Самавуьйлу Лоьма, гича г1енах кема,

Хета суна, нана, шуьшиннах а къа.

Дахийта вай тховссехь, аган чуьра Лоьма

Эций, гена, гена, стигал йоцчу д1а.

 

ИСТОКИ

 

Берут начало реки с гор высоких.

Их вешним водам нет нигде конца.

У жизни нашей тоже есть истоки –

Родные материнские сердца.

 

Пока теченье жизни будет длиться

Под необъятным голубым шатром,

Нам ни за что не позабыть их лица,

Сияющие лаской и добром.

 

 

РАССВЕТ В ГОРАХ

 

Такая рань, что солнца нет в помине.

Как ждут его дрожащие кусты!

И я иду по дремлющей долине

Навстречу дню волшебной красоты.

 

Мой край, любая из твоих дорог

Ведет к отцом завещанной мне цели.

Так будь ко мне ты по-отцовски строг,

Чтоб мысли мои целью этой зрели.

 

По склону гор, как молодой олень,

Бежит Аргун. Неистов он, прозрачен.

И путь его камнями обозначен,

Что сокрушал он каждый час и день.

 

Идет рассвет, и солнца уголек

Затеплился над горною вершиной.

О край родной, мой ласковый исток,

Ты наделил меня душой орлиной.

 

И посылаешь радостно в полет,

Где облака ей кажутся цветами.

И слышишь ты, как звонко над горами

Она о красоте твоей поет.

 

 

МИР ПТИЦ

 

Небеса исчезнут, если

Вдруг не станет в мире птиц.

Держат крылья их и песни…

В птичьем мире нет границ.

 

Потому витают мысли.

Им мир птиц безмерно мил.

С помощью пернатых вёсны

Обновляют этот мир.

 

Оттого, что птицы пели,

Научились люди петь.

Их сонеты и газели

Были, есть и будут впредь.

 

Будет колыбель, покуда

Кружат птицы в небесах.

Значит, не иссякнет чудо

Вдохновения в сердцах.

 


 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта