http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ИйгIина цIа еънарг Печать Email

Тапалаева Аминат

 

Доккха х1ума ду-кх хьо да-м, х1ай, букъсурт нисдеш, г1иллакх лело а дег1ехь г1ора ца дуьтуш, суьйренга лести-кх х1ара дахар. И т1ехваьлларг сан марзахойх ларалуш ма ву. 1асана т1е язлуш хьала айяларца дерзо дийзи-кх несан г1иллакх. Цуо-м, бакъдерг дийцича, бехк а буьллур бацара, шайл оьзда хила йиш йоцчу нахах схьаваьлла волу.

– Д1аялахь, Бийкату, 1ад-1е. Вайн зама, вайна т1ера бехкаш а эцна яхна, – элира цуо-м, хьалаг1атта дагахь 1асанах каетташ яйча. Махкана диеккъал хьан ненехь хилла г1иллакх-ам тоьар дара, хьо юьззина къонахчуьн амал йолуш кхио. Берана метарка яккхийта яхча, марзахойн памел ца йоккхуш ц1а еънарг хьан нана ма яра. Памел ца хиъча, цара и кехатан цуьрг ца язйина, берех цхьаъ вигнера цо шеца шолг1ачу дийнахь. Тахана-м и дуьйцуш боьлу кегий зударий. «Сайн марзахойх волчу стеган ц1е ас йоккхур яц», – аьлла памел ца йоккхуш, ц1а еъна Жовх1ар санна юха ца йог1уш, хьайн г1уллакх чекхдаккхалахь бохуш, цунах дийцар а дина.

– Марзахойх д1атоха гуш-хезаш ши оьрсий бен стаг воцчохь, и ц1е а яьккхина хьуо эцна яхнарг чекхдаьккхинехь а х1умма ма дацара, юха ца йог1уш, – ас шега аьлча:

– Сайн марзахойх хиллачуьна ц1е а яьккхина, со муха 1ийр яра цуьнан т1аьхьенах болчу нахехь? – элира цуо.

Ахь ларйинарг хьайн юьхь ю-кх, д1абевлачарна а, болучу а марзахойн хьалха хьуо бехке хеташ, хьайн несан г1иллакх д1акхоьхьуш. Кху т1аьхьарачу хенахь и санначу г1иллакхан мах хадо зударий бан а буй-те бохучу ойланна т1е ялийна со-м цхьана дийно.

Селхана к1ентан йо1а, ийг1ана еана ша аьлла схьаиккхинчу цуо до къамел хезча, со-м кхузткъе итт шарахь гергга айса хьешна дуьне мукъна дуй-те х1ара аьлла ма йисира. Шен амалца, г1иллакхца орамера дуьйна дуьне девзина аьлла хеттачу м1аьргонехь, кхечу сайрат т1е яьлча санна: «Ванах со хьераяьлла-те, я х1ара нах телхина бу-те?» – бохучу ойланца ма йиси со-м.

Дависарг, маре х1инца яха езаш елара. К1ордавале д1а а воьдуш, сагатделча юха а вог1уш майра лохур вар-кх. Ханна воккха мел хили а дика ду, цунна жиманиг хазъяларна кхоьруш, садаа дезар дацара. Цкъа делахь атта а, токхе а дахар ду, шозлаг1а – нахана гергахь марехь ю аьлла ц1е а ю.

Цхьаьннан ц1арт1ехь йоцу зуда сийдоцуш ма хета х1инца. Доьналла доцу божарий коча а тосий, ц1ийнан дукъ шен гехь дуьсий, и д1атекха деза моьттуш лела-кх, адман хьесапера бовлий, цхьа болу зударий.

– Йо1, бер хьаьнца дитна ахь? – хаьттира ас.

– Цуьнга-м шен денана хьожур яра.

– Ахь х1ун дуьйцу, аганара бер къанъеллачу цуо муха лелор ду?!

– Шега ца лелалахь, со 1адйита еза-кх, мотт-эладита а ца лелош. Со сайн хама байта йоллу.

– Хьаьнга бойту ахь хама, хьайн доьзалхочуьнгий?! Хьо нус ю, собаре хила еза. Х1инца ахь йинна марзо хир ю шун доьзална юкъахь.

Марнанас юкъа мотт лелош, майрачо бетах х1ума етташ, ца хуьлу марзо.

– Х1ума кхетталц хьан батт сецна хир яц. Зуда марера иштта ца йог1у ц1а, хаьттича дийца х1ара ду аьлла х1ума а доцуш. К1ант воьлхуш хир ву, хьайна х1ума кхаллий, д1аг1о. Хьайн да, вежарий ц1а кхаьчча, айхьа лелочух кхетале.

– Со муха йоьду д1а, т1аьхьавеъна стаг воцуш, я уьш берриш баьхкича а со кхин юхаг1ур йолуш яц, – елхаран къурд хезира, суьлхьа хьовзош корта охьата11ийна 1ачу суна.

Ахь екайо бага а, хьан амал а ца йовзахьара, хала а дацара ахь дуьйцучух теша.

«Уьш къиен нах бу, тхуна цаьрца гергарло ца деза», – аьлла, кху чуьра к1антана къайлаха йиллина хан гучуяьлла, ца яийта т1ехула дог1а тоьхча, корехула а яьлла маре еанчу нанас 1амийна йолчу хьуна-м кхин бехк буьллийла а дацара. Хилла даьллачу захалонна юкъа аьлла дош харц хуьлу дела сатоьхна 1ад-1ийра со-м, 1ан везарг а, ваха везарг а хьо ву-кх аьлла сайн дагахь. Х1етахь дина захалонал башха со реза йолуш хилла дацара х1ара а. Церан дайх ма вара т1ома к1елахь н1аьнан к1орни йолуш, нехан бун чуьра ара текхийнарг. Шайн ц1ийнах велла стаг сом кхоийна, хийрачу нахе д1аверзавайтинарш, суна уьш бен ца хаабелла. Кхин а масане дара, церан дайшна лайш аьлла ц1е яккхийтина меттигаш.

– Уьш лайш бу, наха зуда а ца йохуьйтуш, я цераниг схьа а ца ялош лелла, – ас аьлча:

– Баба, и хьалхалера х1умнаш х1инца д1а ма девлла. «Лай, эла» бохуш ца дуьйцу х1ун хан ю. Йо1, к1ант вовшийн дезаш хилар ма ду х1инца коьртаниг, – элира.

Дера дуккха а х1ума д1а-м даьлла. Ден-ненан цхьаъ бен воцчу к1антана, эшначохь орцах бовла марзахой хир бац олий реза ца хуьлуш хиллачу нохчийн йо1а, тахна марзахошна несалла лело а ца дезаш долу атта маре лоху. Масех шарахь т1ехьийзаш, к1ентан юьхь-сибтан кхоччуш тидам база маре йоьдура хьалха йо1. Ц1ийнда воцучохь дуьне а доцуш, майрачуьн юьхь-дуьхьал хьаьжна дош аланза Далла дуьхьал а йоьдура.

Ц1ийнан дукъ хьовха, шен ц1ийнда юьхьк1айван, иза резаван х1ара дуьне а шен гехь д1акхехьа резахилла йолу нохчийн зудчух х1ун хилла-те?! Боьрша стагца къовса а яхь йолуш, хала киртиг т1е х1оьттича, шен а, шен тайпан а сий лардина вайнехан зуда тахана-м марзахошца г1илллакхе хилла а «хало» ян лууш яц.

Маржа Зезаг, хьуна хаза дезара х1ара, сийна Сибрехахь хьуо йитина д1айохуьйтуш, шайга вог1учу хьешах б1аьргкхетча, юха а йирзина:

– Д1о шаьш лачкъийна аттана хьаькхна ц1ийх дуьзна урс ц1анде, аьттан да вог1у шуьга, –чу мохь тоьхна олуш.

Цул т1аьхьа мардас:

– Кху кертара-м боккхур бац ахь ког д1а, – аьлла, юхаерзира.

Ши дош аьлча уьш-м х1ун гергара бара, вуьшта, к1антана т1е южу-кх шен дехойх йоккху ц1е, элира цуо ша хьовзо яьккхича. Хала а, меца а хенахь ма ца дайнера вайгара собар а, яхь а. Ц1ийнда цамгаро вожийча, божарийн духар дуьйхина, цуьнан метта цхьана дохна лелочу керта хадан яхнера хьо. Буса, ханъяъллачу хенахь, кертана арахьа охьадоьхкина докъар нисдеш йоллучу хьоьга салам делла:

– Жима къонах, х1ара к1ура боккху х1ума лато х1умма хир ярий хьоьгахь? – аьлла хаьттина хиллера, шайна к1орда даллалц цхьанхьа синкъерамехь 1ийна ц1а бог1учу кегийчу наха.

– Со къонах вац, я узуш яц, – аьлла хиллера кхуо.

Х1ара къинт1ера а яьккхина, ца хаьттича 1ен ца велла:

– Ц1ийнда вац хьан? Велахь, цуьнан стогалла мича яхна, хьоьга х1ара де леладайта? – аьлла хиллера царех цхьамма.

– Мел онда стаг а цамгарна хьалха г1орасиз вуй ца хууш хир ма вац хьо? – хаттарна дуьхьал жоп делла кхуо. Кхуо шена г1о дойтур доцийла хаитча, кхин дош ца хозуьйтуш, д1абахна хиллера уьш.

«…К1ордавале д1а а йоьдуш, сагатделча юха а йог1у майра лаха везаш хиллера» бохург х1ун къамел ду? Иштта кхетам болчу зудчо кхиийнау доьзалх а х1ун хир ду? Делан дош ду боху-кх: «Хьан даге хьаьжжина муьт1ахь доьзал лур бу ша хьуна», – аьлла. Наха йоккху вон ц1е яйа шен йиша а йийна, ц1а вог1у кхааннах висна т1аьххьара к1ант 1инах вахна тезетан верасе бистхилла ара бовлучу юьртахоша олуш хилла-кх: «Шен карахь дарж долчу хенахь харцонца 1едале дукха адам х1аллак дайтира кхуо».

Нахана цуьнгара эцнарг ч1ир хетта. Дала ч1ир а доьзалца оьцур ю аьлла ма ду. Чолакха к1ант, гуьйриг санна вордана т1е а виллина кет1ахь 1ачу нанас аьлла-кх, шех къахеттачу нахе:

– Иштта бен хуьлийла а дацара. Къона йолуш сайн хьекъал ца кхачарна, зудаберашца цхьана к1антах, хьекъална к1езиг вара иза, суо йог1ур ю бохуш левеш, дукха йийлира со.

Цунна а хетна-кх, шена бинарг бекхам. Г1анна т1е доьжна г1а а ч1ир йоцуш дуьсур дац аьлла ма ду. Дахаран маьрк1ажехь, хьан г1ора эшначу хенахь, хьо декъал вен берш я дакъаза воккху берш а ма ду хьан бераш. Къанвелла к1елависча, хьуо кхаба а, велча д1аволла а бохуш ахь кхиийна долу.

– Доьзал хилахь, чоь юьззина хила безара-кх, ца хилахь – цхьа а хила ца везара. Царна юкъахь цхьаъ волий а хьан дагах кхеташ ма волу. Делахь а, цхьа 1у воцуш ца вуьту-кх Дала, – шен лулахочо Забус аьлча, шо хьалха ворх1алг1а доьзалхо д1аверзинчу сан дейишас, Шовдас, элир-кх:

– Боккха доьзал хиларх а пайда бац, церан баьрзнаш нисдар хьуна язйина делахь.

Забу, цхьаъ бен воцчу к1антах а йоккхуш, деа доцчу х1уманна т1ехула йитина хиллера. Кхин маре ца йоьдуш, к1анта зуда ялийча, цо ша шен баьрче д1аюьгур ю бохуш, цу дийнан дуьхьа ехаш, ден ц1ахь 1ийнера иза. Ша оццул сатийсина де т1екхаьчча, к1ант волче а яхана, дехар динера цуо: «Да-нана а д1адаьллера сан, несаршна хьалха хьийза х1инца жима а яцара, хьо къиъна ваьлча, ахь доладийр ду бохуш яьхнера со». Амма цхьаъ бен воцчу доьзалхочо шийла т1еэцна хиллера нана.

Кхуьнца цхьаьна дешна а волуш кхеран юьртара, х1усамнана д1аяьлла цхьана к1антаца висина цхьана оьздачу стага йола аьлла захало даийтича: «К1антана, нана маре яхана х1оьттинчу тойн чам бовзийта ца лаьа-кх суна», – аьлла хиллера кхуо. Ткъа х1инца, шен йоьхначу 1уьйрана, иза дагавеънера Забуна. Цуьнан кет1а а х1оьттина: «Хьан ойла хийца-м ца елла?» – хьажар а лечкъош, хаьттинера Забус.

Цуо яла а йина иза, и д1аваьллачул т1аьхьа меран к1анта, х1ума ца оьшуьйтуш яллалц лела а йина, елча, дестичуьн весете хьаьжна, тезетан да х1оьттина, д1а а ерзина. Йиша-ваша алсса-м мел хилий хьекхал, доьналла долчо биснарш, г1ортор хуьлий д1а ма текха бо.

Наха хьедечу девнашна а, схьадоьхучу декхаршна а дан х1ума а ца хила, цхьаъ бен воцчу вешин доларавала воьдуш, ша юьхьаралаьцна некъ кхочуш бан ца белла, юьртан маьждигера юхавирзинчу стага аьлла боху-кх: «Къинт1ера валахьа суна, х1ай Аллах1, со воцуш делара х1ара дуьне боху ойла кхабарна».

Доьхначу дагца кет1ахь лаьтташ йолу нана, шен к1антах б1аьрг кхетташехь Далла хастам бина боху, собаре, ийманчохь, шена муьт1ахь доьзалхо валарна: «Дола дан х1ара вацахьара, цу дакъаза ваьлла лелачо х1ун дийр дара-те?» – боху ойла а кхоллалуш.

Цхьатерра лазадо-кх куьйган п1елгаш, жима берг а, боккхаберг а. Къа доьзалх цхьатерра ма хета, декъазчух алссам а хеташ. Доьналла дерг-м д1алелара, ткъа г1ийланиг х1аллакво-кх дахаро. Цуо ша а во-кх ша х1аллак. Хаац, хетарехь зама хир ю-кх бехке. Хьайн замане хьаьжжина ваха веза хир ву-кх. «Х1инца кхин зама ю», – олу кегийчара. Хьастаг1а, кевнан берттехь сацийна машенчуьра, ц1ийндена юххера охьайоьссина кху чуьра нус а замано нуьцкъала йоссийна хир ю-кх.

Шен марзахой бехачу ураме говр-ворда хьалайирзича, лаьтта юссий, г1аш керта яхарца тхайн нанас лелош хиллачу г1иллакхан х1етахь кхин терго а ца хуьлура. Иштта долуш а, хила дезаш а санна хетара иза. Кхетам а, хьекъал луш ерг а ю-те зама?! Цхьана аг1ор нийса-м дара и олий хета цкъацкъа. Шена т1е х1оьттиначу хьоле хьаьжжина ца яьхча йолий зуда? Х1инца доьзална хьехарел алссам оьшу-кх дуьненан х1умнаш. 1уьйрана йоьхнарг сарахь йоха ца лууш, х1ицца йиънарг юха кхалла а ца лууш ду-кх х1инцалера чкъор. Шайн нийсархойл т1аьхьабиса ца лаар дара и да-м, шена юххе х1оьттинчун дерриг дезар.

Ма маь1не ду цхьана дешначу стага аьлларг: «Юьхьанца вай вешан доьзал кхетабо. Цул т1аьхьа вай цаьргара 1ема. Иштта ваха ца луург шен заманал т1аьхьа вуьсу». «Корта охьата11ийна х1унда ца 1а х1ара, чамди чу ши коч кхоьссина маре еъна», – бохуш, ийг1ина яхначу несана луьйш хезара суна лакха юкъара Сану. Дависа дела1, корта нисбан маре маса коч яхьа еза-те? Хетарехь цхьаболчу нахе воьдуш г1иллакх ц1ахь дитча х1умма а дац, чамда юьзна ехьчахьана.

Мацах цкъа нене хьаьжна ялош хиллехь зуда, х1инца ден хьоле хьожжий ялайо-кх цхьаболчара. «Церан зуда-м ехар йолуш яцара. Къона къанъяллалц шен нанас вовшах тоьхна бахам гулбан бен доьналла хир дуй цуьнгахь?» – элира, лулара цхьана несо, цхьаьннан йо1 шен к1антана хьахийча. Ткъа ас х1ун эр дара цу юкъа. Г1иллакх лелор, иманехь доьзал кхиабар – и ма бу зудчо вовшах тоха беза бахам шега аьлча, д1алоцур долчу тайпанах ма яцара иза. Ойла ярах нис лур доцуш дара х1орш-м. Нахаца леларш багахь, хьайн чохь дерш дагахь листар дисча, хала хуьлуш хилла-кх. Къоналло ядийна лелачу хенахь-м, х1инца санна ган а ца го дуккха а х1ума. Ойлане яьлла 1ашшехь маьрк1ажан ламаз хан туьлуш лаьтта аьлла чу а яхна, и дерзийна йоллуш, къажарца «ийг1ина» еънарг:

– Баба, д1айоьду со, – аьлла, суна т1ех1оьттича: Т1аьхьа баьхкина хьуна? – цуьнан марзахойх гучуваьлла стагга а сайна ца гина дела хаьттира ас.

– Х1аъ, х1ара ву кет1ахь. Дог даьтт1ачохь ластинера ша боху. Тоха ойла йолуш ца хилла иза. Ч1ог1а дохковаьлла ша боху. Суна т1аьхьавеъна иза, х1инцца д1а ца яг1ахь, юьтар ю ша боху.

– Д1аг1олахь сихонца, ма йитийталахь, к1ант а воьлхуш хир ву.

«Х1ара ц1а яр а, юха йигар санна хир дар-кх цуьна йитар а», – аьлла ойла хилла элира ас и.

Ванах, нуц-м стунцахойн кет1а х1оьттина, вист ца хуьлуш д1а ма ваха аьлла дагадеъча, карладели-кх суна тхайн ненайиша дуьххьара яхначуьра ц1а муха ялийна. Садайначул т1аьхьа ворданахь дечиг дахьаш вог1у нуц стунцахойн кет1ахула, вист ца хуьлуш т1ехваьлла аьлла, карахь бер долуш, дас ц1а ялийна хиллера иза. Кхин, милла дехаре ваийтарх, д1а а ца яхийтинера.

Хьажахь, х1инца х1уъу мега-кх! Бакъдерг дийцича-м, и х1умнаш лехьош хилча, суна хетарехь, кху заманахь цхьа а зуда марехь хир яцара. Йоккхачу тоьпах кхоьссича санна цхьа машен д1аиккхира кет1ара. Хетарехь «ийг1ина» еанчунна т1аьхьабаьхкинарш аьлча а, т1аьхьавеънарг хир ву-кх иза.

Делан къинхетам бу-кх, божарех цхьа а ц1ахь ца нисвелла.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.