http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Далла бе хастам Печать Email

Асхабов Ахьмад

 

1уьйранна сай-бодий къаьсташ,

Т1аьххьара седарчий довш,

Кхоьллинчу Далла беш хастам,

Г1аттар ду массарна товш.

 

1уьреян шайн х1ума яа,

Стол лаьцна охьаховшуш,

Диц ма де хастам бан Далла, –

Рицкъ ма ду цо вайна луш.

 

Дехачу дийнахь а Далла

Хастам беш доггах дош ала.

Эрна мотт лебечул 1ама,

Хьо Делан лай хилла ваха.

 

Дуьненан г1уллакхех парг1ат,

Хьо воккхуш буьйса т1ееъча,

Къиношна хьайн гечдар доьхуш,

Къинхетам Деле бар деха.

 

Ахь ечу 1амалах хьайна,

Хоийла хир доций зиен.

Велахь хьо мут1ахь хьайн Далла,

Ца кхоьруш атта ду 1ен.

 

 

ТИЙНА БУЬЙСА ЙОЬССИ

 

Тийна бода боьсси лаьтта беъна,

Дуьне мел ду даржош 1аьржа верта.

Малхбузехьа доккхуш довха де а,

Сине, дег1е сада1ийта и г1ерта.

 

Корашкара летта чиркхаш санна,

Лепаш ма ду стиглахь седарчий.

Набаро д1атеди, цхана ханна,

1алам хестош декна хьозарчий.

 

Дийнахь къайла баьлла хилла мох а,

Г1ийла хьаькхи доккхуш самукъа.

Эхна х1онехь тоели сан 1ойла,

Воккхуш со сайн ойланех мукъа.

 

 

САН НАНА

 

Декъаза сан Нана. Сан Нана! Нана!

Ма дукха хан яьлла вай вовше ганза.

Хийрачу махкахь со йоккуш ву зама,

Ма дукха хан яьлла

хьан баьрче ванза.

Хьо цхьаъ ю

ца буьллуш суна бехк цкъа а,

Хьайн к1ентан дагна вас ца лууш ян.

Ахь олу даима: «Кхоьллинчу Дала,

Шен рицкъ ц1а дерзича,

воьрзур ву ц1а».

 

Ахь олу: «Кхоьллинчуьн

кхел ю и сецорг,

И хийца ницкъ болуш Дела бен вац».

Лийли со хийлаза

хьо сайха хьегош,

Со х1унда веха дуьненанахь хаац.

 

Сагаттар, сатийсар

хьайн дагчохь къуьйлуш,

Мел денош д1аихий

ахь садетташ.

Вайн шераш-м ма даций

лаьттах бух дуьйлуш,

Ца кхеташ лаьллехь а

со тахна кхетта.

 

 

ХАЗА ДУ АРАХЬ

 

Тийна ду, хаза ду арахь,

Сийначу стиглара малх,

Наггахь шен йовхо сов ялахь,

Мархана лечкъа юкъахь.

 

Къажбинчу к1айн т1арг1ах къега,

1уьренан дахкарал яй.

Са доцуш дог1анах 1ена,

Г1ора и кхачийна яй.

 

Меллаша меттаха йолу,

1индаг1 шен т1аьхьа такхадо.

Тахна и мохо ца лоллу, –

К1адбелла мох хилар го.

 

 

ГУЬЙРЕ

 

Шийла ю 1уьйре, шийла ю суьйре

Бошмаш йоьлху г1аш 1енош.

Ца еъча ца яьлла йоьссина гуьйре,

Даладеш йочане денош.

 

Ясъелла аренаш, хьаннаш д1атийна,

Стигал а кхоьлина хьоьжу.

Д1ахуда ца ларош

1аьмнаш а х1иттина,

Синоша йовхо ма лоьху.

 

Тийначу, шийлачу 1аьржачу буса,

Ц1еран цхьа ши алу санна,

Куллаха цхьа б1аьргаш

дуьйлуш ду гуча, –

Борз ю и тебна 1аш цхьанна.

 

 

МОХ

 

Кегъеш, йохош, сеттош, хедош

Дуьненна дарбелча санна,

Доллу 1алам кхерош, чехош

Арахь ч1ог1а мох айбелла.

 

Стиглахь йовди 1аьржа мархаш,

Новкъахь даьккхи чена дарц.

Юха оза йоцуш архаш,

Лела баьлла иза харц.

 

Лазаро тилийча санна,

Хьакхаелларг йохош, оту.

Доккха зиен до массарна,

Цхьаннах ша цакхерар гойту.

 

 

МЕЛА ДОГ1А

 

К1уьро санна аре хьулъеш д1а,

Деа мела, доца дог1а вайна.

Марха ешна, малх а кхийти схьа,

Садо1ийла ели, тов а дайна.

 

Йоца хили дог1ан буьрса моха,

Ца х1оттий цо лаьттахь

даккхий 1аьмнаш.

Амма оьшуш дара изи ч1ог1а,

Садукъделла яра аре, лаьмнаш.

 

Нуй-горгам чохь данза х1усам санна,

(Г1уллакх дан х1усамнана йоцуш)

Г1ора эшна х1аваъ-1алам дара,

Чена юкъахь г1еллуш дог1а доцуш.

 

Марг1ал яхна лаьтташ хилла бецаш,

Дег1 дайделла хьала нисъели.

Дитташ ма ду шайн г1аш т1ера эгош,

Детех тера, х1инцаъ, дог1ан хи.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.