http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Со т1ома лелара парг1ат Печать Email

 

Аткаева Луиза

/Оьрсийн маттера гочйинарг – Бурчаев Хьалим/

Г1АН

 

Беттасан г1ийла нур

Корах чу 1еначу буса,

Г1енах со лелара

Бес-бесар зезагаш лехьош.

Юьйцина царах курс,

Ховха уьш эсала хьоьстуш,

Мархашлахь яйелла

Со йоьдуш карийра суна.

 

 

Олхазарх таръелла,

Со т1ома лелара парг1ат,

Седарчий-зезагаш

Стиглара ас лехьадора.

Дог-ойла айъелла,

Пиллагал дайделла дег1 сан,

Есаллин 1аьршашка

Гуш боцчу ницкъо д1ахьора.

 

Исбаьхьчу цу г1ено

Сан дагна йоккхаер лора,

Сапарг1ат даларца

Йоьдура седарчий хьаста.

Хезира ц1еххьана

Цхьаннан аз цкъа мацахлера,

Цо, т1аьхьа кхайкхарца,

Со юхайоьхура лаьтта.

 

Амма д1о геналлехь

Цхьа башха исбаьхьа седа,

Со шена т1ейоьхуш,

Боьлура шен нур схьакхийдош.

И суна бевзира! –

Сайн ирсан бу аьлла седа,

Цкъа мацах ц1етоьхна,

Ас г1айг1а ялхийнарг хийла.

 

Ирсо ца хьаьстинчу

Йоссош сан даг чу аьхналла,

Цхьа лаам хилира –

Зезагех кхала сайн седа.

Ас курс д1акховддошехь,

Таж санна, цунна т1етилла,

Дерриге д1адайра,

Сан мерза г1ан-набарш хедош…

 

…Иштта ду-кх сан дахар –

Хеталой сегаш дерг ирс сайн,

Г1улч тесча т1еяха,

И д1адов, шех хуьлий б1алг1а.

 

 

ПХА

 

Кхолламан пха –

хьан дагах кхеттарг –

Ца бо-те ницкъ цо хьуна?

Безаман ц1е –

хьан дагах леттарг –

Яйалур юй-те, яржахь?

 

Ахь дог д1ахецна, маршо елла –

Вийр вуй-те цо хьо х1аллак?

З1енаш д1аяьхча,

парг1ат лелларг

Сацо хир ду-кха хала.

 

Суна ма лаьа-кх ирсе хила

Со бахьнехь шен дог къуьйлург!

И хьийзадо ахь къиза хилла,

Де-дийне г1айг1а кхуьйлуш.

 

Ткъа хаьий хьуна, ду мел хала

Лоьмана лаца ч1ара?

Хи чохь и маса бу, т1ахъаьлла.

И хьуна стенна оьшу?

 

 

* * *

Х1унда ю со, хаац, даим

Самукъане хьоьца?:

– Хьо хиларна суна

Сайн сил дукхавезаш.

 

Деган безам, сан эсалниг

Хьо ца хилча соьца,

Сан сагатло, са б1арзделла

Г1айг1ане со хьийза.

 

Хьо цхьаъ ву даго хаьржинарг,

Цунна кхин ца оьшу.

Ас хьан ойла дукха ярна,

Наб яйна со лела.

 

Оццул хала, мерза безам

Сан дагна а белла,

Кхоллам, ахь со мича юьгу?

Х1унда синтем бохий?

 

Сох безаман йийсар хилла,

Ойла акхаяьлла.

Суна меттиг кара ца йо

Суо-сайх къайлаяла.

 

Некъах тилла, цхьанхьа-м кхерста

Ойла юхаерзац.

Со безаман гуро лаьцна,

Хьаьрчина гезгмаша.

 

 

БЕЗАМО ЦА ХАЬТТИРА

 

Безамо ша богlуш

соьга ца хаьттира,

Къайлаха сан дагах

сирла цlе йиллира.

Хlинццалц ца бевзина

синхаам боссийна,

«Безамна дог деллий

яхалахь!» – элира.

 

Сан кхетам безамца

къовсаме белира,

Ткъа даго, къар ца луш:

«Веза и!» – бехира.

Кхетам дlатеттина,

сан даге ладоьгlна,

Безамо суна тlехь

шен толам баьккхира.

 

Вайн Дала сан кхоллам

язбина хиллера

Безаман ирс довза,

къастаран бала а.

Кхайкхаза беанчу

безаман халонаш

Ас хьаьнца йоькъур ю хьожуш

и хиллера.

 

Декъазчу безаман

баланаш дlабалхо

Цхьа воцуш йисича,

тlаккха со кхийтира:

Сайн кхетам, дог-ойла

ерриге д1аелла,

Ас веза хьакъвериг

Аллахl бен ца хилла…

 

 

* * *

Ма хала ду-кх

безамна къар ца яла,

Т1ех хала ду лан

юххерчун ямартло.

Цул хала ду,

гуш харцо, шалхо лелор,

Кху харц дуьненахь яха,

ницкъ беш цхьалло.

 

 

* * *

Сан са, хьо г1атталахь т1ома,

Ца дуссуш зуламо лаьцначу лаьтта.

Хьаг1 йолчу наха хьо ца дуьту даха.

Бита уьш, д1аг1о хьо лекхачу лома,

Безаман, тешаман

бохь болчохь латта,

Шалхонаш йолчаьрца,

са, хьо ма даха.

 

 

* * *

Вай стенга хьош ду-те кхолламо?

Вай леха х1ун лоьху-те? –

Ца хаьа и вайна. Х1ораммо

Дахаран хьо атта некъ.

 

Дуьненан гац вайна хазалла,

Х1аллакдо дика мел дерг.

Вовшийн цадезаран б1аьрзалло

Д1акъевли вайн ирсан не1.

 

Цундела даьржинчу зуламо

Къинхетам д1абаьккхи вайн.

Со шуьга ма кхойкху, адамаш,

Диканна дог делла вай.

 

Йиш яц вайн, вовшех а къаьстина,

Массарна къахьдан дуьне.

Безачийн дегнаш а хьаьстина,

Ховша вай цхьаьна шуьне!

 

 

* * *

Хьайна ма-ттов сихло дахар,

Д1аг1о дерриг шен рог1ехь.

Дала делларг бу сан бахам,

Кхидерг ма ду шеконехь.

 

Дала маьлхан дуьне делла,

Делан совг1ат-1алам а.

Диканна ас суо д1аелла,

Далла йо ас 1амал а.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.