http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Седа керчича... Печать Email

Бурчаев Хьалим

 

 

ДАГЕ

 

Хьо ма осал хилла

гучудели-кх, дог,

Ахь-м со хилла воккхур

волуш беламе.

ХIунда ахь сан ойла

йиги къоналле?

Нехан йоI ахь хIунда

кхардайо-те сох?

 

Цхьанхьа-м хеза аьхна

мукъам пондаран,

Цо хьо дуьгу, ойъий,

кхерста паналлехь.

Дог, ахь собардехьа –

хьо дац хьоьстург цо,

Цу йоIа ирс делла,

декъалхилларг ву.

 

Вайша-м дара сонта,

езаш куралла,

ХIинца мичахь ю хьо,

мацах езнаерг?!

ГIийла хета хIетахь

безна мукъамаш…

Со хьох кхаьрда тахна,

курадаьлла дог.

 

Ахь ма бIарзво-кх, дог сан,

гурахь доьлхуш дерз,

ХIунда хуьлу хIинца

ойла йочане? –

ГIаргIулийн жут йоьду

синтем дIахьош сан,

Мажделла гIаш оьгу,

даг тIе хьоьрсуш йис.

 

Шераша, йортъэцна,

вуьгуш къоьжалле,

Дог, ахь со ма гатво-кх,

кхойкхуш къоналле.

Дукха хан ю ас вайн

шовда хьастаза,

Цигахь безам бисна

ас дог эцаза.

 

Хьо ма холчахIуьтту,

дог сан, тIаьхь-тIаьхьа,

ХIинццалц вай эгийна

къинош дазделла.

ХIетахь кура хилла,

хIинца – пекъар хьо,

ЭхI, ма стешха хилла

гучудели-кх хьо!

 

 

ЙИНЧУ ДИЙНАХЬ

 

Тахана хьан дезчу денца

Даггара декъалъеш хьо,

Сайн лаам дIаала хьоьга

Дош суна кара-м ца до.

 

Ас хьоьга, Iаьршашка ваьлла,

Кхийдабац нур дашо малх.

Я, хьуна совгIатна аьлла,

Ца туьйсу седарчийн пал.

 

ДIало ас ларамца хьуна

Уггара сайн дезадерг –

Хьо лоьхуш мацах сайн лезна

Декъала ца хилла дог!

 

 

* * *

Синтеме хуьлу-кха

Iаьржачу буьйсана

Генарчу седанан сегар.

Бала тIех базбелча,

Тийналлин мукъамо

ДIаойу даг тIера гIайгIа.

 

Дерриге тIедоьжча

Оьмарехь мел хилларг,

Ахь хьайнна,

Хьайн даг чохь къийла,

Мацах цкъа баьгначу

Безаман суйно,

Ден а лой,

Тешаво дахарх.

 

 

* * *

Сирла хилла ойла

ХIинца таьIна,

Цхьаллехь висна,

И лан хьайнна йисча,

Сонта хилла со

ДIадаханчух хьегош,

Базлуш хилла-кх

Цуьнан беза мохь.

 

Амма цхьанхьа

Дегайовхо лаьтта,

Цо со вохво,

Ойла йитац йожа.

Хьо – сан безам –

Мацах акха лелларг,

Нуьре къилба хилла

Бисна-кх дагна сан…

 

 

* * *

Дахаран лакхене ваьлла,

Сайн шерийн чот етта ваьлча,

Ма дукха го-кха сайн къинош,

Базло-кха дагахьбалламаш.

 

Ларамза ийги гIалаташ,

Некъаш а галморзах дийли, –

Дуьненахь мел ваьхначуьнан

Мохь бу-кха суна базбелларг.

 

Кхолламан некъаш гездечохь

Очакхаш алссам нисло-кха.

Безачийн уьйраш хедаро

Байттамал хийлаза доккху.

 

Генарчу бералле хьоьжу,

Хьоьстуш сайх мел дисна ловзарш.

Къоналлин заманах хьоьгу,

Исбаьхьчу гIан-набарх санна.

 

Амма мел боккха кхаъ хета

Шираллин доттагI тIекхачар.

Заманан шерийн йис кхетта

ВогIу и хьаста дог хьагло.

 

Баркалла, баркалла хьуна,

Къоналла яккхарна карла!

Сан доттагI, мел ваьхначуьнан

Мохь бу-кха вайша а бохьург…

 

 

* * *

Буьйса тховса сабIарздаллал

Тийна еъна… Генахь чIоб

Дека, ойла карзахйохуш,

Сан са дуьгуш ана.

 

Синтем акхабоккхуш долчу

Цхьаннан озо воьху дIа.

Ойланаша, хIоттош холча,

Кхуссу некъийн пана.

 

Хаац, хIунда сан дог даьхьна

Сингаттамо, базлуш тIе.

Iаьржа ши бIаьрг дуьхьал оьхьуш

Сирлачу дахкарлахь.

 

Зама – яьхьнарг сан жималла,

Хьо ма харцлоь соьга.

Ма дахахьа суна карла

Езначун аматаш.

 

 

САН ЯЛХОЙ-МОХК

 

Мел хьоме хета хьо кийрарчу дагна,

Со вина, со кхиъна сан Ялхой-Мохк!

Мичча а со кхачарх,

хьо ган сахьаьгна,

ЦIа воьрзу. Буй-теша хьол хаза мохк?

 

Кху юьртахь дуьххьара

ас сайн гIулч яьккхи,

Кху юьртахь дуьххьара стигла а гин.

Д1о ломахь ас аьрха бералла ехьна.

Ца евзаш яц кхузахь цхьа кол я Iин.

 

Шал-шийла шовданаш,

бохь лекха лаьмнаш,

Баьццарчу кIажаршца

юрт хазйо хьун,

Догдика адамаш, беркате бошмаш –

И ю-кха со веха сан хьоме юрт!

 

Комаьрша зIаьнаршца

малхо хьо хьоьсту,

Iаннашца, аьрцнашца

йортъетташ – дохк.

Гумс дог1у йистошца,

берд-тархаш цоьстуш,

РаьгIнаш тIехь Iуьллуш ю

сан Ялхой-Мохк.

 

Ма мерза ю-кха хьо

хьан кIентан дагна,

Ялхой-Мохк – кху лаьттахь

исбаьхьа юрт!

Кхолламо къастийча,

сан дог хьох хьегна.

Хьан лаьттахь, лаьар-кха,

хила сайн чурт.

 

 

ЦХЬАНА НАКЪОСТЕ

 

Хаалахь, ас цкъа а ца бина тамаш

Ахь кура дийцинчех сайга.

Бакъду и –

ахь паргIат йоккху хьайн зама,

Хиларе терра хьайн шайнаш.

 

Хестабеш хьайн бахам,

ахь кура дуьйцу,

Хьо ваха хууш ву бохуш.

Хьаналчу дахарца

хедда хьан уьйраш,

Хьан уггар гергарниг – бохча.

 

Цкъа мацах къоналлин

сан доттагI хилларг,

Сан деган хIора мерз бевзарг,

Хьан санна, дуьненан

дац-кха сан хIилла,

Хьан некъе бац-кх соьгахь безам.

 

Эвлаяъ со а вац, сайн къинош доцуш,

Галвийлла дахаран шовкъехь.

Амма ас къонахчун куьг доггах лоцу,

Воьлу со адамийн зовкхехь.

 

Ас цкъа а ца лайна стаг стага Iехор,

Хьаькмашна хьеста ца велла.

Сан дахарх кхечунна ца хилла Iеха,

Ницкъболчух кхоьруш ца лелла.

 

Ткъа зама дIайоьду,

сирло вайн гиччош…

Хьажал хьо – кестта ткъе пхийтта.

Iожаллех тIехвала карош дац гечо,

Кхиавац шен дахар литта.

 

Шен седа керчича, дуьненахь хIора

Вуьгуш ду тIаьххьарчу новкъа.

Кху лаьттан уггар а доккхачу хьолах

Дуьсудерг – марчоно къовлар.

 

Я ахь а дIахьур бац лахьти чу бахам,

Цу чохь ахь югIур яц гIала.

Ткъа суна-м тоьар ду,

нагахь сох наха:

«Дика стаг вара и…» – алахь.

 

 

ВИЦЛУР ВАЦ ХЬУНА

 

Замано дерриг а дицдийр ду алий,

Эрна ма гIерталахь дог Iехо хьайн.

Хьалхарчу безаман ловр бу ахь бала,

Хеташ и исбаьхьа туьйране гIан.

 

Хьайн цIенчу безаман

мотт боцу тешаш –

Беттасин, седарчийн гIайгIане нур –

Ган хьаьгна ер ю хьо тийначу беша,

Хьайн дагна дазделча ойланийн сур.

 

Дитт техкаш хезар ду

цкъа мацах баьхнарг:

«Хьо еза… кхин цхьа а…

тешалахь сох…»

Тийналлехь гIайгIане синош а даьхна,

Йоьрзур ю юха чу,

къуьйлуш хьайн дог.

 

Шаьшшиннан хьалхарчу безаман алу

Чиллахь а дIаяйа ницкъ хир бац хьан.

Ойланехь йогIарх ахь

хьайн ирсан гIала,

И дагалоьйцур ву, дIаидарх хан.

 

Дуьххьарчу безаман суй

даг чу теснарг

Цкъа а хьайн дахарехь

вицвийр вац ахь.

Цундела, заманан дарбанах тешна,

Эрна ма гIорталахь дог Iехо хьайн.

 

 

ГУМС-ХИ ЙИСТЕХЬ

БУЬЙСА

Лаьмнийн раьгIнаш

тийна-тийна Iохку,

Шовда санна, кийра Iабош – хIуо.

Мелчу мохо мархаш дIасалоьхку,

Ткъа буьйсано хоьхку беттан хIоз.

 

Гумс а догIу, буто тIулгаш керчош,

Къорра хеза цо деш долу гIугI.

Лекхчу диттийн баххьех бода хьерча,

ГIийла сега беттан нуьрехь гIум…

 

ЭхI, сан Даймохк!

Сан дай баьхна латта,

Со кхиийна, со схьаваьлла юрт!

Со сих-сиха вогIу, ойла гIоттий,

Кху хийисте, карладаккха сурт:

Лаьмнийн раьгIнаш

тийна-тийна Iохку,

Шовда санна, кийра Iабош – хIуо.

Мелчу мохо мархаш дIасалоьхку,

Ткъа буьйсано хоьхку беттан хIоз.

 

 

ЖОП ДОЦУ БЕЗАМ

 

Хьо бахьнехь ийгIина буьйсанца со:

Ас оццул дехарш дарх шега,

Сан гIенех хьо лечкъош,

хуьлуьйту са,

Йоьлуш со даим хьох хьегарх.

 

Хьо бахьнехь деношца ийгIина со:

Ас оццул некъаш дарх лоьхуш,

Къастаран дахкарлахь

лачкъийна хьо,

Кхоьлина суна уьш догIу.

 

Хьо бахьнехь иллешца ийгIина сайн:

Ас оццул даггара яздарх,

Ницкъ боцуш некъ каро

дагна тIе хьан,

ГIорасиз хилла уьш эгна.

 

 

ЦО-М БАХАМ ГУЛБОРА…

 

Цо-м бахам гулбора,

массаьрца эвхьаз а ваьлла,

Дицдина йиш-ваша,

хедийна нахаца уьйраш,

Бохча а дуьзира,

дуьйгIира доккха цIа-гIала…

И бIаьрзе хьийзара,

ца гуш шен дахаран гуьйре.

 

Ткъа тахна тезет ду.

Виллина дечиган барма,

Айбина вуьгу и

долчу шен готта цIа-лахьта…

Сан Дела! Ма деза эцна-кх цо

шен духар-марчо! –

Сахаддалц харц идча,

и ду-кх цо дIадаьхьнарг лаьтте.

 

 

* * *

Суна-м хьо хазачел

Хаз ма еллера,

Даим а тIевоьху хьан озо со.

Амма хьо хиллера

Сох кхета гена,

Хьуна-м бен ма даций

Сан гатло са.

Гуьйрено шен шийла

Дерзаш тIекхуьйлу,

Диттийн гIаш мажделла

Охьаоьгу.

Суна ца хаьара хьо

Мел еза суна,

Цундела язъелла-кх

ХIара хан суна.

 

 

* * *

Со-м лийли геннара езаш,

Замано дарба дер аьлла.

Амма хьох хьаьрчина безам

Мокхазал онда хиллера.

 

Ойлано лаьцначохь висча,

Геналле хьаьжжинчохь сецна.

Суна суо хетало йийсар –

Хьан бIаьргийн хазалло лаьцна.

 

Уьш-м доьлу, дахкарлахь санна,

Сан дагалецамийн кIоргехь.

Хьо йицъян гIоьртича ханна,

Буо санна, бIарзво со даго.

 

Безаман сийлахьчу цIергахь

Даьгна чекх ца дели дог а.

И-м реза ду даим хьега

Хьох лаьцна гIайгIане ойла.

 

БIаьстено шен заза хоьцу,

Шовданийн декар ду зевне.

Зезагаш техка мохаца,

Зарзарийн мукъамаш – тамехь.

 

И дерриг доьзна ду хьоьца,

Сан ойла хьо йолчохь лаьтта.

Дуьненан хазалла гац-кха

Исбаьхьчу бIаьстенан лаьттахь.

 

ДЕХАР

 

Нагахь цкъа бертаза

Даьллехь сох г1алат,

Хьо суна оьг1аз ма г1охьа.

Хьоьгара бехк хаза

Ду суна хала,

Бехказавала дош лохьа

 

Декъаза куралла

Суна ю хийра,

Ца лело г1иртина шалхо.

Цундела ду хала

Дош хаза шийла,

Сан бехк ахь суна схьабалхо.

 

Суна ца лиънера

Вайн безам човхо,

Шеконе йойла ахь ойла.

Дагахь ца хиллера

Хьан дегайовхо

Сан цхьана дашо шелйойла.

 

Ас доьху: бертаза

Даьллехь сох г1алат,

Къинт1ераяла дош лохьа.

Сан г1алат гечдаза

Цхьа де а суна

Дахлур ду эзар шарал а.

 

 

ХЬОХ ЙО ОЙЛА

 

Адамийн 1есаллин муьрехь

Дисна сан со-сайха тешар.

Ойла ю сан когаш 1уьйра,

Хаац сайн дог хьанах тешор.

 

Харцоно иэшийнчу лаьттахь

Дахаро со к1езиг хьаьсти.

Хьо йолчохь сан ойла лаьтта –

Ахь карлайоху сан б1аьсте.

 

Бакъдерг к1елдисначу хенахь

Ас хьох йо ойла ю-кх бакъйерг.

Цхьа хаза, исбаьхьчу г1енах

Таръелла хьо суна т1аьххьар.

 

Безамна къорамчу лаьттахь

Сан хьоьга безам ца г1елло,

Цундела ца хета хаьдда

Дахарца йолу сайн з1енаш.

 

 

* * *

Шийлачу лайн чимаш

когаш к1ел 1еначу буса,

Сайн цхьалла йитина,

волу со ураман новкъа.

Со цхьаъ ву. Сан даг т1е

г1айг1ане ойланаш туьйсуш,

Мохо шен шок етта, т1аьхь-т1аьхьа

бийларца шовкъе.

 

Ишттачу буьйсано,

ойланийн йийсаре лоций,

Генара, гергара мел хилларг

карла а долий,

Дерриг а схьаоьхьу,

кхин цкъа а суна гун доцург –

Толамийн, иэшамийн

дахарехь сан хилла кхоллам.

 

Со вага х1ума дац:

дахаран боцачу муьрехь

Син къоьлла, мискалла

сан накъост цкъа а ца хилла.

Сайн сий а дайина,

ваьжна вац со нехан шуьнехь,

Я нах ца кхардийна,

сайн ц1енчу ойланех тилла.

Амма со лайна ву

доттаг1чо доттаг1а вохкар,

Сил дукха езачо

безаман ирс-г1ала харцор.

Х1етте а ас царна

бекхаман оьрнаш ца аьхки,

Цхьаьнгге а ца кхайкхий

сайн дегабаамаш, аьрзнаш.

 

Шийлачу кху буса, лайн чимаш

когаш к1ел ц1ийзаш,

Юха а вирзина, чувахна,

сайн цхьалла иэцна.

Г1айг1а д1атеттина,

йицйина механ шок-тийжар,

Со вог1у доттаг1чун х1усаме

некъ юьхьарлаьцна.

 

Хаддаза некъахо –

са ц1ена сан гила-цхьалла

Тосур бу ас т1аккха

доттаг1чун дагах – гоьзанах.

Ц1емзачу кху буса

г1айг1анах и парг1ат баьлча,

Парг1ат а вер ву со

дикачу накъостан баьрччехь.

 

 

* * *

Амалшца садаар

Дац хьуна безаман ницкъ зер,

Хазачу хабаран

Г1ора дац гуттар а бакъ лен.

Дог хьостуш хьажаро

Эзарнаш дешнийн мотт хуьйцу,

Ткъа беснийн ягаро

Хьан деган къайленаш юьйцу.

 

Лаамийн йийсарехь

Вогучун цуьрг кхоам бац-кха,

Нагахь и безаман

Сийлахьчу ц1ергахь ца вагахь.

Цундела, «хьо еза»

Бохучу аьхначу дешнех

Дозалла ма делахь,

Нагахь дог царех ца тешнехь.

 

 

* * *

Суна хьо тахана ца гина –

Цундела ойла ю яьржина,

БIаьстено комаьрша къагийна

Басарш а хетало цхьа беса.

 

Суна хьо тахана ца гина,

БIаьргаша хьан хьажар ца лаьцна.

Сан дагна гергарчу хьан озо

Дог-ойла эсала ца хьаьсти.

 

Суна хьо тахана ца гина…

Сел къиза яхъелла тахане.

Сан доьхна дог тедеш ойла ю:

«ХIун дер ткъа…

хьоьжур ву-кх кханене…»

 

 

ХЬО МА ГЕНАХЬ ХИЛЛА-КХ…

 

Хьо ма генахь-генахь

хилла-кх х1инццалц,

Ас ма дукха лехна хилла хьо.

Замано сан месаш т1е йис йиллалц

Ца йовзийти суна кхолламо.

 

Сан къоналла тоххара д1аяхна,

Синхаамийн алу яйина.

Ц1еххьана сан ойла пана яьхьна,

Хьо йовзар а хилла-кх яздина.

 

Хьо зазашлахь

х1уьттуш б1аьра хьалха,

Со д1авоьду, хьоьшуш можа г1аш.

Хьо ца кхечи, ца еа-кх хьо хьалххе,

Дегайовхо яьгна яржале.

 

Со ма хьалхе

ваьлла хилла-кх новкъа,

Хьо ма т1аьхьайисна кхечи схьа.

Сайн когаш к1ел 1енош

шерийн овкъарш,

Воьду со, г1айг1анах хьаьрчина.

 

 

ТЕРКА ЙИСТЕХЬ

 

Хаза йог1у Терка йистехь суьйре,

Раьг1наш кхолу малхо з1аьнаршца.

Дато акхтарг техка коьрта 1уьйра,

Со т1евоьхуш шена шабаршца.

 

Хьо еънера, боху цо, хи йисте

1аламе д1адийца дагара.

Ахь ц1е яьккхинчу к1ентан ирсах

Баккъал хьаьгна ду ша, элира.

 

«Шен к1айн ши куьг

соьга схьакховдийна,

Эсала сан тулг1еш хьаьстина.

И яхара, – боху Терко, – тийна,

Шен даг чохь верг суна вийцина»,

 

Хьан б1аьргаш чохь

шен бос лепа бохуш,

Баьццара зезаг дара дозалдеш.

Цунах хьоьгуш, даккхий синош дохуш,

Седарчий ду шайн нур 1енадеш.

 

Хьан зевне аз махо хазий суна,

Беттан куьзган чохь го амат хьан.

Нохчийн йо1, хьо ма хазъели суна,

Цкъа мукъна а сан дог хьастахьа.

 

 

* * *

Хьажахьа,

юха а схьакхечи-кх б1аьсте,

Къастаро шелдина

вайн дегнаш даста.

Х1ара де дар-кха и, дара и иштта,

Аьхначу 1аламо

син шовкъаш г1иттош.

 

Г1арг1улийн жут йог1у

сийналлехь техкаш,

Вай безам бийцина шовда а дека.

Гой хьуна, д1о басахь

ша лаьтта акхтарг?! –

Сатесна ду иза вайшинца латта.

 

Хьажахьа,

х1инца а т1ееа-кх б1аьсте,

Юха а вайн дегнаш безамца хьаста.

Х1арра де дар-кха и,

дара и ирсе,

Ткъа тахна-м, мел лехарх,

карадац ирс сайн…

 

 

* * *

Бехкбиллал бехке а йоцуш,

ХьагI лаццал хьох даьлларг доцуш,

Хьайн доцчу къила хьо йоьлли

Хьоьца дов доцчу сан даго.

 

Хьан еларх шеконаш кхуллуш,

Хьан кхолар лазаме доьрзуш,

Хьан воцу верас ша хетта,

Сан даго шена ницкъ бо-кха.

 

Сатийссал гергара хеташ,

Догдиллал генара хеташ,

Генара, гергара езаш,

Сан дагна хьан васт ма хьегIа-кх.

 

Малх кхоллал шийла дош аларх,

Ша башшол дош довха хиларх,

Шелонца йовхо мел Iеткъарх,

Сан дог ду хьан йийсар дисна.

 

Дог хьасттал эсала хилий,

И Iовжжол тIех къиза хилий,

Ма-ярра, доцуш кхин хIилла,

Хьайн къайле ястахьа суна.

 

Бехкбиллал хьо бехке лаца,

ХьагI хиллал хьоьца хьагI лаца,

Хьан доцчу къила хьо йоллал

Дог-Iаьржа ваций со-м – теша!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.