Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Малхе санна хьоьжу... Печать Email

 

Усумов Яхьъя

 

Махке хьоьжу малхе санна,

И ца хета хаза хьанна?

Цуьнца бу сан ирсе кхача,

Цу дикане г1ерта кхача.

 

 

Батте санна махке хьоьжу,

Деза суна лаьмнаш къоьжа

Цаьрца ма яц цкъа а шалхо,

Кхуллу дагчохь цара марзо.

 

Б1аьста стоьмийн заза санна,

Нохчийчоь ю даим хаза.

Лоьху денна цуьнан марзо,

Лаьа массанхьа и кхайкхо!

 

ХАЗА МОХК

 

Б1аьстенца ойланаш г1уьтту,

1аламо хазаллех луьтту.

 

Зезагаш бай хазбеш довлу,

Дог цара сан шайца къовлу,

 

Кога буьхьар гу т1е волу,

Ас мохь туххий илли олу.

 

Шеца 1аьрша цо со воккху,

Г1айг1анах со парг1ат воккху.

 

Илли сан далалахь т1ома,

Айдеш сий сан нохчийн къоман

 

 

ВАЙН МЕХКАН ХАЗАЛЛА

 

Хаза ду б1аьстенан арахь,

Къегина богуш бу малх.

Зезаг ду зезаган марахь,

Бух дуьйлу дарбане хьаст.

Хаза ду Нохчийчохь 1алам,

Вайн декхар бар цуьнан т1алам.

 

 

ГИЛГАШ ДУЬЙЛУ ДАГНА

 

1аьна буьйса шийла,

Еъна тховса сирла.

Стиглахь беттаса

Къега жовх1арха.

 

Бераш ловзу арахь,

Керчаш бамби лайлахь.

Хаалац-кха шело,

Уьш ца локха г1ел а.

 

Сирла 1аьнан буьйса,

Седарчий а хьуьйсу.

Дагна гилгаш дуьйлу,

Берал карла юьйлу.

 

 

ЦХЬАЛХА ВУЬСУР ВАЦ

 

Хорбаз а карор ю езахь 1ай ломахь,

Чорпи чам балур бу туьха а тасахь.

 

Хьуна ирс карор ду халкъаца вазахь,

Сий хир ду

кхечуьнан сий дан хьо 1амахь.

 

Дахаро хьостур ву да-нана хьастахь,

Дала а

къинхетам бийр бу-кха т1аккха.

 

Хьайн къома во1 хилий тешаме ваха,

Цхьалха хьо вуьсур вац,

лорур ву наха.

 

 

 

ДЕЗА СУНА БЕРАШ

 

Деза суна берийн делар,

Кога 1ама г1ертар, текхар.

 

Деза церан даккхий дезарш,

Дуьххьара олу дош а лехар.

 

Деза суна берийн хьажар,

Малхал сирла церан къажар,

Суйнаш санна догу б1аьргаш,

Уьш ган даим ву со хьаьгна..

 

Деза суна шовда санна,

Нанна цуьнан делар хаза.

 

Ненан б1аьргех лелха суйнаш,

Вочух ларда туьйсу туйнаш.

 

Хазахета церан хьашт а,

Самукъане дека аз а.

 

НОХЧИЙЧОЬ ТАХНА

 

Вайна т1е хьеший а оьху,

Гергарло вайца ма лоьху,

 

Ишта ю Нохчийчоь тахна,

Ца хилча селхана санна.

 

 

Ц1ЕНА ДУ ДОГ САН

 

Къинхетам ма бу сан сица,

Адмалла ма ю сан ц1ийца

 

Сайгара г1о эшча цхьанна,

Орцанна сихвелла кхача.

 

Ден-ненан лааме хьаьжна,

Ца хази царна дош чаьмза.

 

Йиш-вешин ас ларам бина,

Лулахь а г1иллакхе хилла.

 

Ойла ю даима ц1ена,

Хьаьнгара дикалла лехна.

 

1амалца сайн терза даздо,

Вайн Дела везарна сайна.

 

 

СО ВОЦУШ ЙОГ1УР Ю 1УЬЙРЕ

 

Ас сайна юьту-кха тахне,

Доьзална яларца кхане.

 

Уьш хир бу заманца бертахь,

Ирсе со ваьхначу кертахь.

Дас-нанас йитира 1уьйре,

Уьш боцуш еара суьйре.

 

Сох а цкъа юьсур ю суьйре,

Со воцуш йог1ур ю 1уьйре.

 

Иштта ду дахаран хьелаш,

1ожалла 1индаг1ах лелаш.

 

Сих-сиха лелха и хьалха,

Хан кхаьчча юьхь-дуьхьал хьажа.

 

Соьга раг1 кхочур ю кхана,

Т1еваха дезар ду царна.

 

Са оьцуш йог1ур ю суьйре,

Доьзална да воцуш 1уьйре.

 

 

ДАЙН ЗАМА ЯРА ХАЗА

 

Сереха юьйцина керташ,

Нохчийчохь карор ма яц.

Дай баьхна к1от1ара г1ерташ,

Тахана цхьа а ма вац.

 

Вайн дайша д1асадоьллуш хилла,

Дац х1инца з1арийн ков.

Наноша поппарах йина,

Пешан а ца дисна кхов.

 

Цу хене сатийса висна,

Со цхьаъ бен вуй теша х1инца.

 

 

СТАГ ОЬШУ

 

Стаг оьшу

Даймехкан парг1ато къийса,

Маршоне боьдучу новкъахь 1у хила.

 

Стаг оьшу

Даймехкан сий айдеш ваха,

Оьшучохь

шен халкъ а укъ т1ехьа лаца.

 

Шен мехкан сий лардеш

1ожалехь вожа,

Мостаг1ийн аралла герзаца дожо.

 

Стаг оьшу

дуьненца г1иллакхе хилла,

Эшначохь даима орцана кийча.

 

 

ЦА ЕЗНА СИЙЛАЛЛА

 

Сийлалла аса ца лехна,

Я везчу Деле ца ехна.

Бахамах хуьлу-кха ларча,

 

1осалле дог-ойла карча.

Дозалла ца дезна дагна,

Курачех хьегна вац цкъа а.

И ший ду жоьжаг1атен дог1а,

Уьш деза суна яц аг1о.

 

Дог-ойла ца г1ирти нацкъара,

Ца лехна хьараман рицкъ а,

Цара ма дакъаза воккху,

Эхартан дог1а ца доккху.

 

Харцо ца лелийна аса,

Моттарг1ан ца эцна 1аса,

И ший ду сан дагна хийра,

Шинге а хьаьжна со шийла.

 

Сан са а ца диъна хьаг1о,

Ца хилла сан дагца шалхо,

И ший ду сан дагна генахь,

Ц1анлуш ву со вонех, тешахь!

 

 

ЭШАЦ СУНА

 

Хьан хазалла эшац суна,

Иза юьту хьуна.

Хьан дикалла лоьху,

Хьан терго а йоьху.

 

Хьан куралла эшац суна,

Иза юьту хьуна

Хьан мискалла лоьху,

Хьан къинхетам боьху.

 

Эрна къамел дезац суна,

Иза дуьту аса хьуна,

Ши дош деза, веза алар, –

Къинхетам хьох бойла Дала!

 

Сан даге цкъа хьажахьа,

Хаза дош а алахьа.

 

 

БЕЗАМНА Ц1ЕНА ДОГ ОЬШУ

 

Безамна ца оьшу дешнаш,

Ца оьшу я цунна тешаш.

Оьшуш дерг – дог хилар ц1ена,

Ша хьеста массо а денна.

 

Эрна ду ян г1ертарх харцо,

Марзонийн ойланаш херцо.

Дац х1умма дан цунна дорцо,

Я баго чим бина ц1аро.

 

Бу иза азаллехь белла,

Ирс долчо шен шовда мелла,

Дахаран къилба шех хилла,

Богуш ша даиман сирла.

Безам бу бух боцу айма, –

К1оргене 1илма дац кхача.

 

 

САН ЮЬРТА КХАЬЧНА-КХА Б1АЬСТЕ

 

Ялхой-Махка кхечи б1аьсте,

Г1аттош шен бен доцу зов.

Массеран цо дог а хьаьсти,

Ло а татол хилла дов.

 

Бес-бесара зезаг дели,

Хаз ма бели сийна бай.

Са долу х1ума ловза ели,

Г1овг1а яьккхи цара шайн.

 

Б1аьстено ма хазди 1алам,

Х1айбате бу цуьнан бос.

Схьаелла шен йоллу хазна,

Эца боху шеха ирс.

 

К1а ду техкаш мохехь тайна,

Хьена ю-кха д1огахь цана.

 

 

1ОЖАЛЛА

 

1ожалла йог1ур ю кестта,

Йог1ур яц иза со хьеста,

Йог1ур ю дахарах къасто,

Готтачу лахьти чу верзо.

 

Йог1ур ю уьйрех а къастош,

Эхарта суна не1 йоьллуш.

Вита со воцчохь цхьа накъост,

Диканний, вонний кхел яста.

 

Декъала, дакъаза довлар,

Я маьрша, я коша къовлар,

Деригге вайга схьаделла, –

Къинхетам бойла вайх Дала!

 

Дас-нанас ма дуьту цхьалха,

1ожалло д1ахьо уьш вайха.

Дезарна т1еваха кхана,

1амалца ч1аг1лур ву царна.

 

 

Б1АЬСТЕНАН АМАЛ

 

Б1аьстенца тоба а дина,

Хазбелла вайн нохчийн мохк.

1уьйранна ломах а хьаьрчина,

Набарна дижина дохк.

Сийна бай зезаго къаги,

Зезаго малх хьалаг1атти.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.