Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Гайтукаева Банин кхоллараллах дош Печать Email

Сумбулатов Дени

 

«Сан Нохчийчоь, мичхьа ду-те хьан лазамийн доза?»

 

Гайтукаева Бана Минуткерчу университетан студентийн юкъара1ойлехь нохчийн синкъерам вовшахтухуш яра, Джанаралиев 1имрана суна иза йовзийтича.

Дала гечдойла цу шина.

Деавзачарна дезаш ши адам дара и шиъ.

«Х1ара Бана ю – нохчийн йо1-поэт, къонах. Ешний ахь Банин стихаш? Зорбанехь ара ца евллехь а, цхьаболчийн зорбанехь арайийлинчийл шайгахь нохчалла долуш-м ю хьуна кхуьнан стихаш. Дала мукъалахь араевр ю, ма-дарра нохчашна Банин дог а довзуьйтуш», – элира 1имрана.

И синкъерам шен башхалла йолуш бара. Нохчийн хелхарш дарал, иллеш, эшарш лакхарал совнаха…стихаш йоьшура студенташа. Шайн стихаш. Банас а йийшира стихаш, уьш шен ю а ца олуш. Ладуг1учарна йо1а уьш язйина бохург дага а ца деара, стихийн мукъам, чулацам мехкарийнчух тера цахиларна. Т1аьхьо хаийтира цо уьш шен хилар.

Масех шо д1адаьлча уьш зорбанехь ара а яьхна. Банас лазаме чов йина т1еийцира Нохч-Г1алг1айн республика шина декъе екъаялар, аьлча а цхьаболчу политикаша шайна иза екъар.

Т1аьхьо Г1алг1айчохь ц1ий 1анийча репортаж ян а яхара Бана, хилларг а ма-дарра радиоладог1архошна довза а довзуьйтуш.

Иза политик яцара, дарж дезаш яцара, цуьнга кхийдаш, сатуьйсуш яцара.

Бакъду, шайн даржаш бахьнехь шина къоманна юккъехь доза деттачарна, зил хьоькхучарна реза-м яцара иза. Шен резацахилар дар-кха цо шеен передачашкахь, стихашкахь давлхош, дуьйцуш, гойтуш, кхайкхош а. Цкъа «Даймохк» газетан редакце еанчу цо, ша еана стихотворении стола т1е охьа а юьллуш, элира: «Х1ара стихотворении язйина ас… Вайн дахарх, вайх ю х1ара…Зорбане яккхийша х1ара…» «Б1аьргашна б1аьрзе хилла…» – дийшира ас.

Стихотворени оьшуш а, дика а язйина яра. Долчух, бакъдолчух, Нохчийчуьрчу дахарх яра стихотворени. Иза дара оцу стихотворенин уггаре а коьрта «кхачамбацар». Харцо, къизалла а адамийн сингаттамашна, г1айг1анашна а т1ехь шовкъаца бохь бог1а йолаелла зама ю иза (1991-94-г1а шераш).

И стихотворени, и санна кхин а эзар стихотворени, зорбанехь араяккхарх хийцалур долуш (къинхетамечу, дикачу аг1ор) х1ума дацахь а, «Даймохк» газетан аг1он т1ехь араелира «Б1аьргашна б1аьрзе хилла…»

Йоь1ан и стихотворени язъян къонахалла тоьъча, иза зорбанехь араяккха майралла тхан х1унда яц? Оцу хаттарна жоп дара Банин оха зорбатоьхна стихотворени.

Оцу стихотворенера бакъдерг къобалдийраш дукха бара, шайн дагахь дерг Банас аьлла дела. Цуьнан наггахь а стихотворени яц мерзачу мукъамаша дог а хьаьстина язйина. Дахаро дог дигийча, мерцича кхолладелла дешнаш ду цуьнан стихашкахь, цхьа шатайпана декар, чам болуш. Цундела цуьнан стихаш х1ораннан синна гергара хилла ца 1аш, х1ораммо а шеен лоруш ю. Ойланаш шайн йолу дела, пох1ма ца тоарна х1ораммо а шайн дегнашкахь къийларна.

Сица кхиъна, дагчохь къийлина, матто г1айг1анечу мукъаме ерзийна дахарх бакъ ойланаш хиларна ю-кх уьш Банин хилла ца 1аш, халкъах дог мел лозучийн а.

Гайтукаева Бана къонахчун амал, нохчолла шегахь йолу нохчийн йо1-поэтесса яра. Цуьнан стихашкахь х1ора а дош, даш санна деза, синхаамах дуьзна хилла ца 1аш, шен мукъамехь алсамо узам болуш дара.

Дайн орамех хьерчачу, дагца литтинчу б1аьрхишца дилинчу цуьнан стихийн мог1анаша шайца цхьаьна саддоь1уьйту, г1айг1анан, сингаттаман йийсар а веш. Къаьхьа, г1айг1ане, сингаттаме а ойланаш синна гергара хуьлийтий, хьайн йолуш сана т1еэцийта ницкъ бу цуьнан стихашкахь.

Хьайн мехкан, халкъан г1айг1а йоьшу ахь, и г1айг1а юкъара хиларх кхета а кхеташ, теша а тешаш. И г1айг1а Банига шен дайн ц1ийца кхаьчна ца 1аш, б1аьрсица, лерсица кхаьчна.

Цунна шена гинчух, баккхийчара дуьйцуш хезначух дерг ду узамечу мукъамехь цо шен деган пхенаш т1е дуьйцинарг. Оцу пхенийн аз ду-кх поэтессин са парг1ат цадуьтург.

 

Долийночохь диси-кх хьо,

Сан деган илли.

Буьйллинчохь хадабеш,

Сан деган мерз.

 

1961-чу шеран февраль беттан 23-чу дийнахь дуьне девзинчу, нохчийн халкъ шен Даймахка ц1адирзича Валаргт1ехь бералла д1аяхначу Банин кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцу къоман г1айг1анах буьзначу кхолламо.

Шен йинчу дийнахь – февраль беттан 23-чу дийнахь боху цо:

 

Нохчийчоь, тховса

ма г1айг1ане йоьжна хьо,

Со-м кхета хьуна хьан г1айг1анех…

Нохчийчоь! Ас хьуна-м ца буьллу бехк,

Ца г1ерта хьо тховса теян а со.

Елха хьо, мохь тоххий,

Со хьалхара йоьлхур ю хьоьца.

Нохчийчоь! Кху буса бакъо яц,

кхета со, сан ела,

К1иллоша бен чаг1ар мер дац тховса.

Нохчийчоь! Ло оьгу… Дарц ц1ийза,

Когаш а 1уьйра сийначу Сибреха

Хьан бераш д1ахьовсош,

Хьан кийрахь иккхинчу лазаран,

Мохь хезна, со тахана

хьан къина йоьлху.

Бакъо яц сан тховса ела,

Доттаг1ий, ма билла суна бехк.

Нохчийчоь! Мохь тоххий елха,

Со хьалхара йоьлхур ю хьуна хьоьца.

 

 

* * *

Со йинчу дийнахь…

Марчонан юьхьигаш

Тега д1адолало 1алам.

Со йинчу дийнахь

Делха д1адолало тезетахь дахар.

Со а йоьлху цуьнца

Со йинчу дийнахь.

Миэл бала барз боцуш

беллачу нехан къа

Сан синна т1е дуьжу.

Со йинчу дийнахь…

Къинт1ерадовлалаш, доттаг1ий,

Со тойнехь шайца ца 1арна,

Со йинчу дийно,

Дуьненчу а далаза

Хьийзинчу сан синан мохь

Сан лере кхоьхьу,

Со йинчу дийнахь…

Йина де сан дан а дац,

Сан са а д1адоьду.

Дуьненчу а далале лазийначу

Сан синан де хуьлу?

Со йиначу дийнахь…

Той дицдой, миска са

Д1адоьду Г1ум-Азе делха…

Со йиначу дийнахь…

Йина де-м сан дан а дац,

Аммма ду-дуьненчу далаза

Са дийна де

23.02.1992 шо

 

Банин дукха ю Даймахке, халкъе, доттаг1ашка болчу безамах стихаш.

Цуьнан стихаш арайийлина газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь, шакъаьстинчу гуларехь а. Цо а, РФ-н хьакъйолчу актрисо З.Бадаловас НР-н радиокомитетехь схьайиллинчу «Аз» студехь сих-сиха йоьшура (1992-94 шераш) тайп-тайпанчу тобанашка бекъабелчаьрга барте, масла1ате, машаре кхойкху стихаш, х1иттайора музыкально-литературни композицеш.

Нохчаша вовшийн ц1ий 1анорна кхоьруш, мохк т1еман ц1ергахь багарна кхоьруш доху орца дара и Аз:

 

Елхаран метта соьга,

Тахана ела боху,

Еларан мета соьга,

Тахана елха боху,

Лайн амалш йолчу нахах

Элий лара боху,

Дела воцу мунепикъаш

Соьга къобалбе боху.

Б1ешерийн мур бу боху

Иштта чолхе х1уттуш,

Керла пачхьалкх кхуллу боху,

Маьрша синош дойуш,

К1ант шен дена дуьхьал х1оттар

Г1иллакх ду боху,

Вашас ваша ц1ийла керчор,

Г1азот хуьлу боху.

Цуьнан орцане мохь-ц1ог1а, цуьнан елхар, цуьнан дехарш, иза ша а тидамза йитира, мел ч1ог1а цо бахарх:

 

Х1ей, адамаш, хаьий шуна

Со х1ун хилла йог1у?

Цхьаъ, шиъ…

Т1ехлелха цхьа г1аларташ,

Ва нах, мича.

Стенга кхача г1ерта шу?

Ца го шуна сан лешдолчу

деган аматаш?

Шуна гайта

кераюккъе и эцна со йог1у.

Шу т1ехлелха, бен ца хеташ,

суна б1аьрзе хилла,

Кху сан дагал деза Хилла-кх

и шун г1уллакхаш?

Кхана-х дог1ур дай шу орцах,

лахьти чу и дилла,

И бен доцчу хенахь

суна бан шайн хастамаш.

Цунна гергара, хьомсара бара Нохчийчуьра х1ора а доьзал, кхерч.

Нохчочун кхерчо йохъеш, шен дашца бовха кхерч йохъеш, шен дашца бовха кхерч шел ца балийта г1ерташ, кешнийн керташкахь керла чарташ ца х1иттадайта г1ерташ кхойкхура цо к1ета, урам-новкъа, не1саг1е х1уьттуш, сингаттамах мохк ларбар шен до1анашкахь Деле доьхуш:

 

Лозучу сан дагах деттало

цхьа шийла узарш,

Саде1ар лахдина лаьтта со.

ладоьг1уш тийна,

Сел доккха х1ара дуьне

сайн дагна т1ехьа д1алачкъош,

Ас Деле до1а до

хьан синан маршонна т1ера.

Ткъа т1аккха, кор тухуш,

тхайн юьртахь

х1ора а ц1ийнан,

Чекхйолу: «Бутт лаьцна, самадовла,

адамаш!» – бохуш.

Ткъа нах д1абийшина, шайн метан

Хьеший а хилла,

Сом лоьхуш г1елбелларш д1атийна,

Г1уйнаш д1акъовлуш.

Ткъа батто юха а орцане шийла мохь

бетта:

«Адамаш, шун къийнойн 1азап ду ас

тховса токхуш дерг», – бохуш.

 

И дешнаш аьллачул т1аьхьа цхьана-шина баттахь а ца ехира Бана. Ц1еххьана кхетта цамгар бахьна а долуш, Делан 1ожалло д1аяьхьира иза вайна юкъара, шена дукхабезачу махках, халкъах х1ун хуьлу цахааран шийла хаттар шен сица, дагца а долуш, долийнначохь дахаран илли а дуьсуш: «сан дахар хиллий-ца лазамал к1езга…», – баьхна йолу.

 

Иза хьалххе йилхинера, хиндолчун, т1еман ирча юьхь шена хааелча.

 

Шина т1амо х1аллакбинчийн синоша, шен б1аьрхишца церан кешнийн батрзнаш т1ундеш, йоьлхуш, кхайкхира Бана. Иза хийла к1ентан нанна, йишина хьалхара йилхира, шен дагах схьакъаьстина х1ара дешнаш а дитина:

 

...елха хьо мохь тоххий,

со хьалхара йоьлхур ю хьоьца…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.