Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Б1аьрзе воцчунна ца гойла дац... Печать Email

АБОЛХАНОВ Хьаким

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дIахьош йолу хаамийн гIирсийн «Цхьа а юьстах ца вуьтуш» эстафета Нажи-Юьртан кIошта кхаьчна.

Шеко йоцуш, и проект кхочушъян йолоро хаъал жигарабаьккхина хаамийн гIирсийн болх. Зорбанехь, телерадиоэфирехь хеза хIинцалц дуьненна а йицъелла лаьттинчу яртийн цIерш, евза цу ярташкара схьадевллач цІеяхханчу адамийн цІерш.

Кху деношкахь «Нана» журналан а, «Даймохк» газетан а журналистийн тоба хилира вай юьйцучу кIоштан цхьайолчу ярташкахь. Тхуна къастийнарш яра Зандакъа, Татай-Отар, Байтарке, Даттахе, БулгIат-Ирзе, Чеччалхе цIерш йолу ярташ. Цу ярташкахь-м хьовха (кIоштан уггаре а генарчу яртех ю уьш), Нажи-Юьртахь а цкъа а хилаза беш хиллера тхоьца. Царна дика «экскурсовод» хуьлий, тхан некъ бацбо Ясаев Лечас.

Дагестанан дозанера Гезлой-Эвла кхаьчча, аьтту агIор Нажи-Юьрта, Яьсси хин аьтту берда йистехула чIуг етташ, хьала бу лам чу некъ. Уггаре а хьалха тIекхочуш ерг Ишхой-Эвла ю. Амма хIара хIинца а Гуьмсан кIошт ю. Цуьнан дозанах чекхдевлча, Лечас хаарца хоуьйту: «Нохчийчоьнна Айдамиров Абузар виначу Мескита юьртана тIекхочуш ду вай». Юха тIетуху поэт Сайдулаев Хьасан а кху юьртара хилар. Айдамировн музейхь хила лаам хуьлу, амма хIуманан хьесап дика долчу Т.Саралиевас и лаам хуьйцу тхан: «Ведда-воьддушехь чу хIутту меттиг ма яц Абузаран музей. Цхьа де билгалдина, леррина цигахь хила юха дахка деза. Шу ца дагIахь, со-м йогIур ю, хIинца суна некъ а хаьа». Цуьнца ца къуьйсуш, Яьссина тиллинчу керлачу тIех а довлий, Мескитана нийсса дуьхьал Iуьллучу Замай-Юьртах чекхдовлу тхо. «ХIара Шайхиев Iалвадин юрт ю шуна», – хоуьйту «экскурсоводо». Хьийзаш хьала боьду силам диллина некъ дукъа болу, гучуйолу дуьхьал регIаца Iуьллу Нажи-Юрт а. Дукъаца дIадоьлхуш, гена довлале «Балансу» доьшу цхьаммо. «Леча, хIокху юьртара муьлха поэт ваьлла», – хоьтту цо. «Цкъа-делахь, хIара «БуланхитIа» ю, шолгIа-делахь, кху юьртара ваьлла ву-кх Байхаджиев Зайнди. КхоалгIа ду хьуна, Хэмингуэй Эрнестан «Воккха стаг а, хIорд а» повесть нохчийн матте гочйина Альбеков Нурвади а кху эвлара хилар», – хаарца жоп ло Л.Ясаевс. Иштта тхешан «экскурсовод» а хьийзош дIадоьлхуш, муха кхечи а ца хууш, Нажи-Юьрта дIакхечира тхо. «Леча, хьо поэт хиларна делахь я кхузара кхин гоьбевлла нах ца бевллехь, поэтийн бен цIе йоккхур йолуш вац хьо, хIинца Нажи-Юьртара поэташ бовзийта тхуна», – элира Табарка (Саралиевас). «Нажи-Юьртах хоттаелла Iуьллучу Чуьрч-Ирзера ву-кха хьуна Гадаев Мохьмад-Селахь. Кху кIоштан сий-пусар дан и цхьа цIе тоьар яра. Вуьшта, дукха эвлаяаш, Iеламнах, тIеман баьччанаш, Iилманчаш, иллиалархой, яздархой бийлина кIошт ю хIара. ТIекхаьчча церан цIерш а йохур ю», – забарина доцуш, олу Л.Ясаевс.

Районан «Халкъан дош» газетан редакцехь а (коьрта редактор Мартункаев Iалавди), районан администрацехь а (администрацин куьйгалхочун замститал Мадаева Асет) тхешан Iалашо йовзуьйтуш, къамел хиллачул тIаьхьа, билгалйинчу ярташка даха новкъа девлира тхо.

Юккъехула аьлча, Iалавди а, Асет а, шайн болх битина, дукха лерина тхан гIуллакхе хьаьжира (цхьацца материалаш гулъеш, оьшу справкаш вовшахтухуш), муьлхха а накъосталла дан шаьш кийча хилар а хаийтира. Дела реза хуьлда цу шинна.

Бакъду, тхешан «экскурсовод» хилла Леча Нажи-Юьртахь вита дийзира: цуьнан «Форд» аренца мел дика машен елахь а, Байтарке юьгу машен яц, элира кхузара некъаш дика девзачара. Т. Саралиева а къаьстира – №8 йолчу гимназехь хила лиира цунна.

Иштта, гIаьххьа жимъелла тхан тоба Нажи-Юьртара хьала кхин а 12 км къилбехьара Зандакъа кхочу. ХIинца тхан «экскурсовод а, водитель а шен «Нивица» тхуна гIо-накъосталла дан хьалха ваьлла Чеччалхера жима стаг Хаважи ву. Хабарна тIера вацахь а, хьадал-вадална каде а, некъ дика бевзаш а ву иза.

Нохчийчоьнан ширачу яртех ю Зандакъа. Юьртахойн уггаре а доккха дозалла ду Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а дика вевзаш хилла эвлаяъ ГIеза (Беза)-Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла цуьнан) шайн эвлара схьаваьлла хилар. Цунах-м дозалла дойла а ю. ГIеза-Хьаьжин вешин Олдаман кIант ву 1877-чу шарахь Нохчийчохь хиллачу ахархойн гIаттаман баьчча хилла Iаьлбаг-Хьаьжа. Делахь а, яртийн историн агIонаш листар Iилманчашна а дитина, таханлерчу дийне бIаьрг кхарстор вай. 2013-чу шарна долчу хьесапца Зандакъахь Iаш 5230 стаг ву. Бахархойн барамца кIоштахь шолгIачу меттехь ю юрт (хьалха Нажи-Юрт ю). «БIаьрзе воцчунна ца гойла дац ламанан яртийн хийцаделла дахар, – дуьйцу Зандакъа юьртан администрацин белхахочо Жабирханова Яхас. – Керла йина ши школа, дукха хаза маьждиг, 40 берана лерина берийн беш, 120 меттигна лерина Соьлжа-ГIаларчу гIишлошъяран-технически техникуман (хьалха хилла ПТУ-13) филиал, куьпан больница, Культурин цIа ду. Нехан шайн долахь туьканаш, цхьацца предприятеш ю, коьртаниг – газ ю. Йина яьлла почтин керла гIишло, иштта еш ю больницин гIишло. Бахархоша уггаре а чIогIа сатуьйсург ду и гIишло йина ялар. Куьпан больница йоцуш тхан а, луларчу яртийн бахархойн данне а дан хIума дац», – чIагIдеш элира Яхас.

Белхан меттигаш хиларх долчу хаттарна иштта жоп делира тхан къамелахочо: «Дуккха а кегийрхой, мукъачу деношна цIа а богIуш, аренца белхаш беш бу, юьртахь даьржина ду цIазамаш лелор, бIарийн тIамаршца йохка-эцар лелор, даьхний кхабар, болх бан лууш верг болх боцуш ца вуьсу юьртахь. Цамгарца, Iер-дахаран хьелашца доьзна гуттар гIаддайначунна, гIийлачунна Iедалера а, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу региональни фондера а гIо хуьлу». Нехан ков-керташка бIаьрг тоьхча а хаалора, иешамашна леткъам бар а доцуш (уьш боцуш ма ца хуьлий), баха гIерташ бу зандакъой. Генахь ирс лехна, юрт йитина Iийр болуш а бац. Цунна ду Зандакъа де-дийне шорлуш хилар а.

Кхузара дIа, Гилнахула хьаьвзина дахана Татай-Отара кхечира тхо. «Отар» аьлча тхуна моьттура, иттех цIа бен доцуш, цхьа жима юрт хIара ю. Ярс-ху хин бердашца йиллина хIайт-аьлла юрт хилла Татай-Отара. Тахана кхузахь вехаш-Iаш 546 стаг ву. Кхул дехьа йолу Байтарке, Симсара санна, зандакъоша йиллина ю хIара а. Кхузахь совцар ца хилира тхан. Амма къона татайъотархо Исаков IабдулахIи вовзар нисделира. Тхоьца машенахь Байтарке хьалавеара иза. Балхахь Шелковскехь ву кIант. Ваха-Iен охьаваха дагахь вуй хьо, хоьтту оха. «Вац», – доцца жоп делира цо. «ХIунда? Хала дац кхузахь? – «Атта дац, делахь, со доьзалехь жиманиг ма ву (шел воккха кхин ши ваша хилла кхуьнан)», – боху IабдулахIис. И жоп дара тхуна тайнарг. Хетта-м кхин а хиттира оха. Юьртахь шайн ков-кертахь хIун белхаш бо аш, да-нана мукъа Iаш хир ма дац шун? «Дац дера, юьртахь мукъа Iаш стаг хила а ма ца хуьлу, аьхка мангал хьокху, гурахь бIараш, кхин стоьмаш гулбо. Йоккха беш ю тхан, Iай тIамарш йоху, уьш юхку», – зеделларг долчу воккхачо санна, жоп делира кIанта. Цуьнгара хиира тхуна, юьртахь цIазамаш лелор а, даьхний кхабар а даьржина хилар. Тхо дIасакъаьсташ, дукха лерина шайга буьйса яккха дахкар дийхира кIанта. Цу жимчу стеган къамелах бIаьрг буьзна дисира тхо.

Татай-Отарах хоттаелла ю Байтарке. ХIинца Ясаев Леча тхоьца велахьара цо эр дара: «Ас элирий шуьга, кху кIоштара поэташ, иллиалархой бевлла ца Iаш, спортсменаш бевлла. Шен схьавалар Байтаркера долуш ву нохчийн къоман дозалла хилла лаьтта Отарсултанов Джамал, 2012-чу шарахь Лондонехь дIаяьхьначу Олимпиадин чемпион».

И чIагIдан санна, юьртан дахарх тхан шеца къамел хиллачу Гайтарбиев Iумара, корах ара хьаьжна элира: «Хьажал, дIо кертал дехьара кертахь Iийна ву Джамалан да Султан. Тхан цIийнах бу уьш. Хьалхо охьа бахана, хIинца Хасавюьртан районехь Iаш бу Султанан доьзал.

Хьалха хиллачуьнца дуьстича, дукха хийцаделла юьртахойн дахар, дуьйцура Iумара. Доккха ниIмат ду газ, хи, электросерло хилар. Даьхни лело паргIато ю. Хьалха томка лелош мел къахьоьгура наха колхозашкахь, могашаллина зене а дара. Цул дуккха а пайдехь карийна бахархошна цIазамаш лелор. Дуьненан Iилма Iамо, деригге а оьшучуьнца кхачо йина, школа ю, дин Iамо хьуьжар ю. Iер-дахаран хьелаш вуон ца хиларан билгало ю юрт стамлуш хилар», – ша дуьйцург терахьашца чIагIдира Iумара. «Хьажал, хьо, – бохура цо, – 1990-чу шарахь юьртахойн барам 936 стаге кхочура, тахана юьртахь Iаш 1738 стаг ву...».

Цуьнца реза ца хуьлийла дацара, амма некъ-м атта бац кхуза, тахана санна, тIесерсаш йолчу дийнахь-м муххале а. ЖагIанан новкъа юха Зандакъа а дахана, цунна малхбузехьа йолчу Даттаха юьхьарлецира оха. «Тхоьца хиллачу Лечин «Форд» ялур ярий кху новкъа», – хоьтту ас Хаважига. «Цкъа хьала-охьа-м вогIур вара иза, юха ван лууш-м хир вацара. «Нива» ю кху мехкан машен», – жоп ло цо...

Де суьйренга лестинера тхо Даттаха кхочуш, амма меттигерчу администрацин куьйгалхо Дакалов Расул тхайга хьоьжуш Iаш карийра тхуна.

«Кхо юрт ю тхан администраци юкъайогIуш: Чеччалхе, Даттахе, БулгIат-Ирзе. Республикин куьйгалло лаьмнийн ярташ кхиоран йоккха терго яр бахьанехь, дукха хийцаделла тхан яртийн дахар, – дуьйцу Расула. – Кхаа а юьртахь газ ю, дечигца мел къахьоьгура хьалха бахархоша. Яьссин коьртера охьадалийна хи ду БулгIат-Ирзехь а, Даттахехь а. Чеччалхе и кхачо дагахь а ду. Керла йина школаш ю кхаа юьртахь, маьждигаш ду. Даттахера школан музей гIуо хьо, юьртах лаьцна ас хIумма а дийца ца оьцуш, деригге а хуур ду-кха хьуна. Районан школашкахь хьовха, республикин школашкахь а дукха хир яц цу кепара музей. Бан луучунна шортта бан болх бу: бошмаш лелайойла ду, даьхни кхобийла ду.

БулгIат-Ирзера схьаваьлла историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров ШахIрудди. «Нохчийн-оьрсийн фразеологизмийн словарь» хIоттийна вежарий Байсултанов Дадаш, Дауд Даттахара ву. ДIадаханчу шарахь нохчашлахь дуьххьара геолого-минерологически Iилманийн докторан диссертаци чIагIйина Даукаев ХIарон Чеччалхара ву».

Тхо хиллачу Зандакъа, Татай-Отара, Байтарке, Чеччалхе, Даттахе, БулгIат-Ирзе яртийн дIадаханчух а, таханлерчу дийнах а, церан бахархойн башхачу гIиллакхех, иманах а, кху яртийн юьхь хилла лаьттачу бевзаш болчу нахах а дийца кхин дуккха а ду, оха тхайн ницкъ кхочучу барамехь тIейогIучу хенахь цунах дуьйцур а ду.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.