http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Хьо йоцуш висичахьана... Печать Email

Закриев Шудди

 

Ахь цхьалха витичахьана, сан собар кхачийна, нана,

Ахь дуьне дитичахьана, сан бала базбелла, нана.

Со воьдуш цкъа т1аьхьа яла йоцуш ю хьо х1инца, нана,

Ц1а вог1уш дуьхьала яла, цахили хьо суна, нана.

Цахили хьо суна, нана, г1елвелчахь «к1адвеллий» ала,

Цахили хьо суна, нана – ц1авеъчахь «марша ва»ала.

Цахили хьо сунна елха, цахили хьо суна ела,

Цахили хьо хкъа а хетта, цкъа сунна дуьненах кхера.

Ткъа х1инца-м т1ейог1у 1уьйре,

цхьа а вац сан т1аьхьа вала,

Ткъа х1инца-м т1ейог1у суьйре – хьо а яцдуьхьала яла.

Ма еса, тийна ю 1уьйре, ахь сама цавоккхусо,

Ма г1ийла, къиза ю суьйре, ц1авеъчабухахьяцхьо.

 

Сан ненан, Заянти, ялх шо хила нохчийн халкъ, 1944-чу шеран 23-г1а февралехь,Сибреха дохош. Уьш ворх1 бер хилла: Жарадат, Забант, Замират, Заянт, Махлукъ, Мината, Жамула. Нохч-Келара Инкот к1отарахь 1ийна сан ненахой. Тахана царах цхьа Забант бен йолуш яц. Цунна шеен да а дага ца вог1у. Иза Кири юьртахь юьртда болхбеш хилла. Ц1ера даьхчаКазахстанераКзыл-ОрдинскиобластанКерла-Казалинскпоселке кхаьчна сан ненадаЖалмирза а, ненананаАзехьата шайнберашца. Цигахьсан нанасинтернатехь т1ехдика дошушйиъ класс чекхйоккху. Кхин д1а дешарцахуьлуцуьнан: 1960 шарахьуьш ц1абирзина Сема1ашка юьрта. Цул т1аьхьа,цхьашодаьлчавовшахкхеттасан дай наний. Тхокхо к1антий, цхьа йо11ий кхиирацеран. Тхо ч1ог1а ийна дара, вовшеххаьдчамегардаца моьттура. Аммавайнакъизабеанчу т1емаша гайтинахало лан цаелла, кхечупачхьалкхе д1акхелхинасан ши ваша. Цаьргалаьттинчусингаттамо а ненанмогашаллахаъалэшийра. 2005-чу шеран март баттахьхеназа д1аяхара иза, г1оли хиллааьлла амоттийтина. Т1ех1оьттича ловрдоцушх1умма а цахиллера, ткъананад1аялар дагахь баллам боцушнислуш а цахилла.

Х1ара Бувайсаран ненах лаьцна байт сайн дагт1ера кхоллаелча сана хетта суна. Цхьа а ма вуьссийла ненан марзонах хьоьгуш!

Х1етте а воьду со, вог1у – мацаха хьо йолуш санна,

Д1авоьдуш хьо т1аьхьа йолу, ц1авог1уш дуьхьалайолу,

«Некъ дика...», «...марша ва» олу,

ц1а кхаьччахь «к1адвеллий» олу,

Х1инца а хьо т1аьхьа йолу, х1инца а дуьхьалайолу...

…Хьо йоцуш висичахьана, туьйранех теша со, нана,

Ахь дуьне дитичахьана, г1енех а хьоьгу со, нана...

 

Сан нана ч1ог1а дика стаг яра, адам дукха дезаш а, комаьрша а, доьналла долуш а.

Берахьдуьйна цхьа ламаз-марха дитина а яцара, харцонах, хьарам рицкъах ларъелла а яра.

Цундела массарна а хала хийтира и хеназа кхелхина, дуккха а наха цунна дика тоьшалла а дира.

Дала гечдойла вайн д1абаханчу наношна!

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.