Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ангалин хилла-кха сан ирсан ага... Печать Email

Петирова ПетΙамат

 

* * *

Суьйренца гΙелбелча доьзал,

Со йогΙур цахиларх тешна,

Дог теший со хиларх декъал –

Сагатдеш ма лела, нана,

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Бералла сан карлайохуш,

Схьа ца ян дΙаяхнарг гена,

Тийналлехь сан цΙе а йохуш,

Сагатдеш ма лела, нана,

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Нийсархойх бΙаьрг кхетча хийла,

Накъостий гулбелча цхьаьна,

Царалахь со лоьхуш гΙийла,

Сагатдеш ма лела, нана,

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Ас лоруш йитина езар,

Цкъьа наггахь бΙаьрга гахь хьайна,

Дитина мел долу дезарш,

Сагатдеш ма лела, нана,

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Йиш-вешин дог Ιийжар хаий,

Нийсаршна со эшар ларий,

Езаран ирс кхоларх кхетий,

Доггаха къинтΙера ялий,

Собаре хилалахь, нана.

 

 

* * *

Хийла хьоь сатийсар доьхкуш,

Ахь шело лешайо сунна.

ХΙетте а хьоьх дог ца дуьллуш,

Сан ойла тΙегΙерта хьуна.

 

Дахкарлахь лоьху некъ санна,

Хала ду хьан ойла йовза.

Маржа-яΙ, ца хилла-кх доьгΙна,

Вайн синош хелхарехь хьовза.

 

Ткъа кхечо некъаш а хедош,

Веларца сан хьежар лоьцу.

Шен иллеш цо суна декош,

Ларамза со цуьнца соьцу.

 

Некъ жΙараболучохь лаьтта,

Ца хΙуттуш гΙулч таса дехьа

Ца хилла-кх, ца хилла-кх атта

Хьо вита, дог дуьллуш, сехьа.

 

Цхьа геннахь сегачу ирсе,

Кхойкхучу ца ловзу ког,

Ва маржа, сан амал ирке,

Ас хΙунда диллац хьох дог?

 

 

* * *

Вай довзар хилла те

ша башха туьйра?

Я хилла мерза гΙан

набарха оьхьна?

Вайн синош дозалуш

юьйцина уьйраш,

Хилла те вай тилон

кхолламо хьехна?

 

ХΙан-хΙа, и ца хилла

дог Ιехон туьйра.

Хиллехь а тамаше,

исбаьхьа, аьхна.

Туьйрано гуттар а

кхачаво ирсе,

Ткъа вайша лелаш ду

къастар а хьаьхна.

 

Я гΙан а ца хилла

сан ойла хьаста,

Хиллехь а шех хада

ца лууш мерза.

ГΙенаш-м вай туьдийца

чехадеш къастар,

Дехьа а, сехьа а

теΙадеш терза.

 

Ца хаьа хΙун хилла

я хΙунда хилла,

Вай вовшийн дезар а

нисделла муха?

Амма цхьаъ боху ас

ца лелош хΙилла,

Кийча ю цу цΙергахь

со яга юх-юха.

 

* * *

Ахь суна кхолинчу

бΙаьстенан дийнахь,

Хийтира дахар а

сеци-кха аьлла.

ХΙетте а сайн лазам

къевлира кийрахь,

Хьан болчу бехкана

къинтΙера яьлла.

 

Ахь сайна йина вас

хьоьха а лечкъош,

Синтеме хилира,

хьан бΙаьра хьаьжна.

Доггаха везначу

ахь хьайха къестош,

ГΙорасиз со хьуна

ца лиъна гайта.

 

Хьан безам шелбаларх,

са кхиъча духе,

Ас сайниг хьулбира

Ιора ца боккхуш.

Луъушехь дайна ирс

доьрзийла юха,

Сецира хьан дуьхьа

кхин гΙулч ца йоккхуш.

 

Елхарца, екарца

нахала юьйлуш,

Хьо юхаверзаван

ца лийхи хΙилла.

Керлачу безамах

хьо дагавуьйлуш,

Ца лийли сайн амалх,

собарах тилла.

 

Ахь суна кхолинчу

бΙаьстенан дийнахь,

Хийтира дахар а

сеци-кха аьлла.

ХΙетте а сайн лазам

къевлира кийрахь,

Хьан болчу бехкана

къинтΙера яьлла.

 

 

* * *

Со йоьлхуш, ас кхойкхуш

карийна воцуш,

Кхолламаш цхьаьнаэн амал а доцуш,

Сан кхане къагаян

нур маьрша доцуш,

Хьо-м суна карийна, ца лехна ирс.

 

Лачкъийна, хьулдина

хьо нахах къуьйлуш,

Самаха сатуьйсург

гΙенашка кхуьйлуш,

Ойлано хьоьхучун

бΙаьрг айкха буьйлуш,

Хьо-м суна дазделла, декъаза ирс.

 

Къоналлин шовкъ ойуш

цΙе хилла яьгначун,

Шераша, там ца беш,

шайн новкъахь аьгначун,

Йочана, йоькхана

хьан дуьхьа лайначун,

БΙаьрхиш тΙехь ас муха

дуттур ду ирс?

 

Хьан йоккха цΙе йоккхуш

хьох Дада олурш,

Шайн кхане, тахане

хьан амалх йозурш,

Дахаран маьΙна а

шайна чохь кхобурш,

Ас муха буьтур бу лачкъийна ирс?

 

Хьо марша Ιойла

хьайн доьзалан гонехь,

Со дагалацалахь диканехь-вонехь.

Сайн гΙенаш дуьту

ас туьйранийн гΙайрехь,

Ас хьоьха дог дуьллу,

ца доьгΙна ирс…

 

 

* * *

Ангалин хилла-кха сан ирсан ага,

Ткъа кохкарш кхолламан

сов чорда хила.

Аганан гΙаж лаьцна куьг хилла шога,

Со цуьнан аьрхалло лазийна хийла.

 

Валти а кечдина, кΙохцалгех дузуш,

Сан ирсан меттамотт

аьхналлех хадош.

Елхаран къурдаша кийра а бузош,

Цо хийла мохь аьлла дуьне а Ιадош.

 

Ангали аталуш, даьржина Ιана,

Кога а дахале ирс акхадоккхуш.

Дезарна кхидΙа а дахарна Ιама,

И новкъа хΙоьттина,

гΙийла гΙулч йоккхуш.

Цахилларг я хилларг

ойланехь луьттуш,

Сатийсам, байттамал

вовшашца къуьйсуш,

Туьйране бΙарлагΙаш

дуьхьала хΙуьттуш,

Цо хийла некъ бина,

кийрахь кΙеж туьйсуш.

 

Ангалин хиллехь а сан ирсан ага,

Кхолламан кохкарш а

сов чорда хиллехь,

Сан ирсо безамца лоьцур ду дага,

Шен лерса хьистина аганан илли.

 

И илли дара со Ιамийнарг ела,

И мукъам бара со Ιамийнарг елха,

И дешнаш дара со, мел хиларх хала,

Сайн вонехь, диканехь

ца йитнарг цхьалха.

 

 

* * *

Хьоьга дош алаза,

безамах дийцаза,

Де даха со хьийзаш

дезарша сихйина.

Кост кхача хьелахь а

шеко ма хилийта,

Сагатдеш ма лела

вицвина алий.

Кийра ца тарлучу

безамо хьоьстуш,

Со лелий хаалахь

хьо гаре хьоьгуш.

 

 

* * *

Ιодика йойла хьан,

сан къаьхьа безам,

Бертаза эли ас и дешнаш хьоь.

Ахь суна ца бити ирсаха тешам,

Сатийсам хΙаллакби, ца дуьтуш доь.

 

Ιодика йойла хьан,

сан къаьхьа безам,

Вайн уьйраш ца хета суна кхин товш.

Хьох къастар белахь а

сан сина эшам,

Ницкъ бац кхин тΙелеца

хьан дешнийн дΙовш.

 

Ιодика йойла хьан,

сан къаьхьа безам,

Кхин хьуна декар дац

сан цΙена иллеш.

Хьо вицвар белахь а

чов кΙорга лазам,

Ас дагалуьйцур дац мел хилларш,

лелларш.

Ιодика йойла хьан,

сан къаьхьа безам,

Ахь суна ца бити ирсана тешам.

Хьох къастар белахь а

сан сина эшам,

Хьожур ю ца бан со цунах а лазам…

 

* * *

Безамо шалхо ца лайна –

Кхин хир дац цул луьра герз.

И хьоьца карор ца тайна

Хеди те сан деган мерз?

 

Со-сайца къамеле яьлла

Ца лууш хьоьга дан арз,

Шеконийн барам тІех баьлла

Хеди те сан деган мерз?

 

ТІаьххьара хьоь кхайкха айлуш

Йиш хелаш къарделча аз,

Вай цхьаьна хир дацар дазлуш,

Хеди те сан деган мерз?

 

Дикане сатийсам кхолон,

ТІесерсаш гуьйренан дерз.

Кхин цкъа а мукъам ца болон,

Хеди те сан деган мерз?

 

 

* * *

Со йоцург седа бац алий,

Кхин марзо ца оьшу алий,

Кхечуьнгахь ойла яц алий,

Леехьа, леехьа со…

 

Сан денош хьох марша довллалц,

Буьйсанаш синтеме ерззалц,

Сан гІенаш хьох паргІат довллалц,

Херъехьа, херъехьа со…

 

Догу дог чим хилла даллалц,

Хьаьгна са безамах Іаббалц,

Хьо воцуш яха со Іаммалц,

Леехьа, леехьа со…

 

 

* * *

Ас хьуна, ахь суна лерина иллеш,

Хьуна тІе, суна тІе вай дина некъаш,

Со лоьхуш, хьо воьхуш

дІаихна денош,

Довр ду те, довр ду те

вайн туьйра хедаш?

 

Хьо хестош, со хестош

кхоьллина иллеш,

Халонехь, аттонехь теллина некъаш,

Сахьийзаш, сагатдеш

дахделла денош,

Довр ду те, довр ду те

вайн туьйра хедаш?

 

Безамца, лерамца яздина иллеш,

Генара, гергара идийна некъаш,

Хьегамца, хьежарца текхийна денош,

Довр ду те, довр ду те

вайн туьйра хедаш?

 

Дог далхош,

бІаьрг белхош декийна иллеш,

Йочанехь, йоькханехь

дуьстина некъаш,

Хьан ойла, сан ойла хьистина денош,

Довр ду те, довр ду те

вайн туьйра хедаш?

 

Хьан дагехь, сан дагехь

гІайгІане иллеш,

Маьршачу ойлано гездина некъаш,

Лаамаш, лехамаш гІиттийна денош,

Довр ду те, довр ду те

вайн туьйра хедаш?

 

 

* * *

Со ган, соь вистхила

бахьанаш лоьхуш,

Ма воьллахь кхин цкъа а

тхан хийист ларъян.

Хьайн гІалат дІадойуш,

гечдар а доьхуш,

Ма леха дешнаш а,

сан само артъян.

 

БІаьстено петоьхна, гуьйре тІегІерта,

Къоналлин гІалаташ

вайн когех хьерча.

Лехнехь а жималлехь

ахь соьца дерташ,

Хьан ойла-м тахана соьгахьа керча.

 

Эрна ду лар таллар ас дечу некъийн,

Хьо хилла говза уьш галморзах даха.

Ма язде кехаташ − кхоаде шекъа −

Цаьргахь кхин йовхо яц

дог карзахдаха.

 

Иллеш а ца оьшу сан цІарах далхон,

Башхачу мукъамехь

харцбезам оьхьуш.

Ма мотта, уьш хезча,

сан бІаьрхиш хьаьлха,

Декъаза ойланаш

жималле кхоьхьуш.

 

Ма лела гІелвелла, синош а дохуш,

Къинхетам ма беха,

хьайца цахилларг.

Хьо тоьлла де дагІахь,

дог тІома дохуш,

Юха а хир ву хьо селхана хилларг.

 

Ткъа суна-м ца оьшу

хьан карзахвалар,

Іемина, арз доцуш, ирхенаш яха.

Кхолламо човхийча, хьан дохковалар

КІеззиг ду дахарехь тешамца ваха.

 

 

* * *

Юха а со хьуна йоьлу,

Хьан бΙаьргех хьажар а идош.

Юха а со хьуна йоьлу,

Хьан хьажарх бΙаьрхиш а лечкъош.

 

Юха а со хьуна йоьлу,

Лазарна кийра а богуш.

Юха а со хьуна йоьлу,

Хилла ирс карла а дохуш.

 

Юха а со хьуна йоьлу,

Йоьлхуш ган ца луу дела.

Юха а со хьуна йоьлу,

Ахь соьгахь и лоьху дела.

 

 

* * *

Хаьа сайх дашо малх

хилалур боций,

ХІара дуьне серлонца

къагалур доций…

Делахь а, буьйсанан

тийначу хьаьттахь,

Бакъо ло хьайн седа

хила сох лаьттахь.

 

 

* * *

Хьо хΙинца генахь ву –

Вац хьайга со кхойкху хезехь.

Со хьоьха хьоьгуш ю –

Хьан аз ду дисна сан лерехь.

 

Буьйсанаш еха ю –

Хьо вац сан сингаттам байбан.

Ιуьйренаш беса ю –

Декъалъеш дош хезаш дац хьан.

 

Кехаташ лардо ас –

Хьан йовхо ларйийриш шайца.

Ца кхаьчча хуьлу вас –

Дукха ду сан хьоьга дийца.

 

Кхачахьа суна тΙе –

Ас санна ларвац хьо цхьамма.

Хилахьа хьасене –

Езахьа суна хьуо сана.

 

Ас йина гΙаланаш –

Ойланехь суо хьоьца хΙиттош.

ЦхьамогΙа гΙалаташ –

Вовшашка цабезам гΙиттош.

 

Хьо уллохь хилахьа –

Даима со кхойкху хезехь.

Хьуо веза мукъ лохьа –

Декар ду сан аз хьан дагехь.

 

 

* * *

Ма дукха, ма дукха оьху и денош,

Хьо соьца воцуш, со хьоьца йоцуш.

Ма еса, ма беса хуьлу и хенаш,

Со хьоьца йоцурш,

хьо соьца воцурш.

 

Ма дукха, ма дукха дохку вай денош

Вовшашна тІекхача, дог эца хьостуш.

Ма еса, ма беса хуьлу-кх и хенаш

Йиш йоцурш тІекхача,

дог эца хьостуш…

 

 

* * *

Тешначчохь Іехалой туьйра,

Юха а со холча хІуьтту.

Ца лалуш ахь лелон уьйраш,

Шеконаш ас коьртехь луьтту.

 

Безамо гечош а лоьхуш,

Хьан анташ гечдарца дойу.

Ткъа даго сингаттам хьоьхуш,

Хастаме бІарлагІаш йойу.

 

Ца хеза хьуна сан дехар,

Ткъа аса-м хьоь тешам боьху.

Сихделла доьлху вайн денош,

Уьш суна цакъахьдар доьху.

 

Тешначчохь Іехадай туьйра,

Ма кхиссахь шеконийн цІерга,

Хедаяй ца оьшу уьйраш,

Йигахьа хьайн дагна герга.

 

 

* * *

Хьо – малх бу мархашлахь хьаьжна,

Со – зезаг, догІано хьаьшна:

Комаьрша ахь йовхо елла,

Дахаре кховда ницкъ бела.

 

Хьо – догІа аьхкенан чиллахь,

Со – маргІал, йокъанехь тилла:

Комаьрша ахь хих Іабийна,

Халонца къийса Іамийна.

 

Хьо – седа генарчу стиглахь,

Со – адам хьеречу лаьттахь:

Комаьрша ахь серло хьоьрсуш,

Тедина, эсала хьоьстуш….

 

Хьо – тешам дахаран арахь,

Со – лазам кхолламан анахь:

Комаьрша ахь безам хьехна,

Азаллехь дуьйна хьо лехна.

 

 

* * *

Ас хьан шолгΙа жималла хьаьсти,

Ахь дог сан гΙуранах даьсти.

Язйи со нийсаройн гонехь,

Ца йити сайн цхьаллин вонехь.

 

Ахь суна хьайн дог дΙадилли,

Ас цу чу аьрха цΙе йилли.

Хьо воцург безам бац бохуш,

Хьан ойла тΙома а йохуш.

 

Ас хьоьга дагара дийци,

ГΙайгΙане хьан ойла хийци.

Хьуо хΙинца ца хеташ цхьалха,

Лела хьо даьлла самалха.

 

Ахь суна сатийсам бели,

Сан ойла хьоьгахьа ели.

Хьоьца бен марзо ца ийши,

Кхолламан йозанах тийши.

 

 

* * *

Ахь тешаман тIемаш делла,

Ойла гIаттий сан.

Лаьа хьуна дог сайн делла,

ГIайгIа теян хьан.

 

Хьо ма лела безам лечкъош,

Дуьххьал ала схьа.

Со-м ца йоллу дера чехош,

Ойла херъян хьан.

 

Хьайн ойланехь го а тасий,

Кховда кханене.

Вола сарахь ган сатасий,

Кхайкха шовдане.

 

Хьоь сатуьйсуш Iер ца хьулдеш,

Херъеш куралла.

ХIуттур ю со кIудал буйнахь,

Денъеш къоналла.

 

 

* * *

Экама къоналла

пхийтарра йолуш,

Сан гIенаш хьистинарг

хьан амат дац.

Нийсархойн могΙарехь

со кура сетташ,

Ас къайлах лардинарш

хьан некъаш дац...

 

Дагахь доцуш,

Лехна воцуш,

ЦΙаьххьана, цΙаьххьана...

Дуьхьал кхетта,

Дагах кхетта,

Ιехийна, Ιехийна...

 

Ца кхеташ я кхеташ хьан хьажар

сацош,

Хьан бIаьрса дуьйлинарг

сан сибат дац.

Дуьххьара кийра цIе латош,

хьо чахчош,

Хьан синтем байинарг

со янне яц...

 

Дагахь доцуш,

Лехна воцуш,

ЦΙаьххьана, цΙаьххьана...

Дуьхьал кхетта,

Дагах кхетта,

Ιехийна, Ιехийна...

 

Дахаро Ιовжийча, эндаже човхош,

Со Ιехон кхажбаьлларг

хилла-кха хьо.

Хьайн деган кΙоргехь ахь кхаьбна

сатийсам,

Кхочушбан ирс кхаьчнарг

яц теша со?..

 

 

* * *

Айхьа беллачу тешаман тΙемаш,

Айхьа кегди ахь, айхьа кегди.

Со цу тешамах йола Ιемаш,

Туьйра хеди сан, туьйра хеди.

 

Хилла вас а, логехь соьцу шад а,

Хьо кхетар вац сох, хьо кхетар вац.

Лела йисина дайна амал-гΙад а,

ХΙинца бен дац и, хΙинца бен дац.

 

* * *

Ойланехь хΙиттина

БΙарлагΙа яьржаш,

Ас ша тΙехь йиначех

Цхьа гΙала яй.

Сайн безам жоп доцуш

Бисаний хиъча

Со тΙома гΙиттийна

ТΙемаш а дой.

 

Ткъа хΙинца сан ойла

Буо хилла кхерста,

Синтемза гезйо цо

Дахаран аре.

Де-дийно ша лоьху

Синтем ца карош,

Суьйренца гΙеллой и

Йоьрзу сан кхерча.

 

Хьегамца тергалбеш

Безамца бехарш

Айкхъяла ца хΙуттуш

СинкΙоргехь тийжаш,

Узарш а сецадеш

Готтачу кийрахь

Ницкъ лоьху юха а

ТΙам тухуш гΙитта.

 

Ойланна урх тесна

Дуьхьало йоцуш

И хΙоттахь хьайн коре

Къайлах бΙаьрг тоха,

Дуьненан сагΙа дан

Хаза дош алий

Ахь цунна цхьа кΙеззиг

Сатийсам лолахь.

 

* * *

Хьан лаам бовзаза

Хьоь ойла кхабарна,

Хила ца тарлучохь

Йовхо ас лехарна –

Бехк боккхур буй теша

Безамо шен къина?

 

Самаха, гΙенаха

Хьан амат техкорна,

Тийса са доццушехь

Даго хьо вехарна –

Бехк боккхур буй теша

Безамо шен къина?

 

Хьан некъаш тергалдеш

Хьан лорах леларна,

Нийсаршца ца вайча

Кхоьлина хиларна –

Бехк боккхур буй техьа

Безамо шен къина?

 

Шовданехь суьйренаш

Хьан дуьхьа ларъярна,

ХΙора а маьлха де

Хьан цΙарах долорна –

Бехк боккхур буй техьа

Безамо шен къина?

 

Шен хΙора мΙаьргонан

ТΙалам ас цабарна,

Жоп доцчу безамна

Ас бΙаьрхиш Ιенорна –

Бехк боккхур буй техьа

Безамо шен къина?

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.