Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн Мотт Печать Email

 

Мусаева Луиза

 

Ага тахкош беран нанас

Туьйра дуьйцу ненан маттахь.

Г1илкхе ваха 1амош дадас,

Ненан маттахь дина весет.

 

 

Йо1е дагара дуьйцу к1анта,

Ненан маттахь хийистехь.

Дала делла совг1ат дай хьо-м,

Хоьца бен со хир яц сийлахь.

 

Шира дийцарш, дохуш карла,

Вайга дайша кхайкхам бина.

Хьанал, хьарам доьхуш к1астор,

Ненан маттахь до1а дина.

 

 

ЛАМАНАН ЙО1

 

Ломара йо1 ю со

ламанца кхиъна,

Ирзонаш даьхна ас

к1ад ца луш хийла.

Маьршачу денойх а

йокха еш хилла,

1аламан хазалла

хийца ца лиъна.

 

Бухдуьйлу шовда а,

бос сирла ахк а,

Муьйлура ца 1ебаш

йоккхаеш аса.

Бос хаза зезаго

бацалахь техкаш,

Со денна хьоьстура,

ца йора вас а.

 

Хьомечу Даймехкан

хазалла тайна,

Дайх дисна г1иллакх а

шардина сайна.

Сан синна там хилла,

доьлуш ду дог а,

Ца кхоьрруш хьоьжу со

йог1учу кхане.

 

Ломара х1авао

хьоьсту сан ойла,

Стиглара сийнало

б1аьрг белабора.

Маьлхана з1аьнарша

яйн марха цоьстуш,

Ховхачу 1аламна

шен йовхо лора.

 

Ницкъ болу бохь лекха

мокхазан лаьмнаш,

Шул хьоме сан дагна

кхин х1ума ма дац.

Дахарехь мел боккха

хиларх сайн аьтто,

Шух яьлла парг1ат со

1алур юй?.. Яц!

 

 

ГУЬЙРЕ

 

Ма сиха т1екхечи гуьйре,

Йочанца б1арзйина ойла.

Ша-тайпа еъна сан суьйре,

Беттаса кхоьлина гора.

 

Ма генахь сан б1аьсте йисна,

Зезаго к1агийна бай.

Б1аьрхица дог а ду ийна, –

И лазам буьту ас сайна.

 

Гуьйренан хуьлу шен амат,

Дашо малх г1елбелла богу.

Г1арг1улеш ю дайна амал,

Д1аяха уьш новкъа йовлу.

 

Ма сиха т1екхечи гуьйре!

Ша-тайпа йог1у сан суьйре.

 

 

ХААЛАХЬ…

Сатийсар сов даьлча хийлаза,

Хедаш ду дахаран тай.

Цкъа мацца хьо юха вирзича,

Ла яйна карор цхьа бай.

 

Бехказа сих лур ву вала,

Схьа кхаьчна ког боккхуш бай,

Лаьттар ву дош олуш ала,

Карийна чукхетта т1ай.

 

Маьлхан де суьйрене дирзича,

Вог1ур хьо сан амат ган,

Шийла мох хьан даге хьаьвзича,

Хуур ду и доций г1ан.

 

Гуьйре т1екхочур ю г1ийла,

1а дог1ур хьийзадеш дарц.

Дахаро зуьйр ву хьо хийла,

Соьца т1ех хиларна харц.

 

Хьан дахар, хьан ойла, кхеле,

Д1аделла ца яьхна со.

Хир юй-те хьан кхане ирсан

Со лееш леларна хьо...

 

НОХЧИЙН ЭМА

 

Нохчийн эма муха ю?

Хаттар дича жоп ло ас.

Лу санна и сема ма ю,

Зезаг санна эсала ю.

 

Къонах хуьлий г1отту эшча,

Къонахаша сий до хьан.

Ахь хьайн куьйга ларбо кхерч а,

Оьзда хилар гуш ду вай.

 

Эхье басца билгал йолуш,

Йовлакх доккхий сацош дов.

Г1иллаккх, г1уллакх хьайца долуш,

Хийла хало майра лов.

 

Хьайчул ц1ена хир дац дог,

Нохчийн нана, йиша, йо1!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта