Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ненан Весет Печать Email

Янгульбаева Раиса

 

 

Лахьтина уппаг1а

нисйина бевлча,

Куьйгаца тобича

сан кошан барз,

Т1аьххьара лаьтта цинц

т1ехьаькхна бевлча,

К1ант, к1еззиг сацалахь,

ма г1олахь д1а.

 

Олхазарш ерзор ю

суьйренан эшарш,

Ижонна г1овтур ду

ц1убдарийн са.

Вайн Деле со йоьхуш

цхьа сура деша,

К1ант, к1еззиг сацалахь,

ма г1олахь д1а.

 

Къинтера шаьш девла,

синош а дохуш,

Г1ура бу гергар нах

кхузара д1а.

Сатохий дехалахь

вайн Деле собар,

К1ант, к1еззиг сацалахь,

ма г1олахь д1а.

 

Цхьаъий бен хуьлуш яц

дуьненахь Нана,

Дуьненахь къастар а

хуьлуш ду цкъа.

T1e xlyттy беха некъ

хирбелахь кхана,

К1ант, к1еззиг сацалахь,

ма г1олахь д1а.

 

Доккхачу дуьненахь

карор дац хьуна,

Бакъдолчу эхарте

цадоьрзу са.

Со латтош хьайн дагчохь

къоначелкъона,

Цкъа а со цайицъян

верзалахь ц1а.

 

 

НЕНАН ХЬЕХАМ

 

Тховса а наб йойи яздо,

Цалоруш яларна г1ел.

Хьох дериг ойлано даздо

Юьлуш а сан хьаьркаш пел.

 

Б1архица язбина мог1а,

Дог оьцуш бешалахь, к1ант.

Доцуш ша лекха я лоха,

Нийсаниг харжалахь г1ант.

 

Тиллачу новкъа ма г1олахь,

Наха хьо тосарву д1а.

Безачу мах ийна лолахь,

Цакхоош хьайн мерза са.

 

Сатуьйсуш дашочу сахьте,

Тешамца ларво ас хьо.

Со ерзо ницкъ болчу лахьте,

Вайн Деле ехалахь со!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.