http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Лен йоцу марзо Печать Email

Резванова Айза

 

– Ахь х1унда яьстира,

Сан маьлхан к1ажарш,

Гуьйренца шадбина,

Къевлинарш д1а?

Х1унда ахь йовхо луш,

Ницкъ бели даста

Заза а,баьстенах

Тардина де?

Х1унда хьан дийки аз,

Шовданах зевне.

Ладоьг1на т1улг баххал,

Г1амарах 1ана?

Х1унда хьо шайт1ана

Мох хилла хьаьвзи,

Хелхаре аййина

Сан къоьжа зама?

 

– Шераш ду генара,

Жималла леха.

Зезагаш хьистина,

Иесехь хьо ехаш.

Суна-м хьо эшнера

Дахаран новкъахь,

Т1аьххьара бисина

Ирсан цинц бекъа.

 

– Хьо дагалуьйцуш сан

Б1аьргех хиш 1ена.

Сатийсам хилла сан

Дахарал беха.

Дуьне а довзале

Вевзинчу хьоьга,

Ас дийца оьший те

Сайн дагахьдерг, я..?

 

– Б1ег1ийла дац суна

Хьан даге кхийда,

Я шерийн баланаш

Кхийдабан хьоьга.

Ас муха хьаста те

Тахна сайн ойла?

1еминарг, сатийса

Хьо йог1уш гойла.

Ваьхна со ойланца

Хьоьца ирс тоьгуш,

М1аьргонна хьан б1аьргийн

Нур лачкъо хьоьгуш.

Тахана зама д1а

Яхнехь а гена,

Хьоьга сатуьйсуш со-м

Вахаца 1ема.

 

– Массо а безаман ц1арах,

Дог даго веа те х1инца хьо?

Массо а къаьстинчу безамах,

Дог акха веа те соь хахьо?

Массо а безаман марзонах,

Дог хьего веа те сан хьо?

Я ц1енчу безамах боккъал а,

Дог тешовеа те хьо?

 

– Дог 1овжош хилла-кха балано,

Мерза и хиларх а.

Дог дохош хила-кха безамо,

Ц1ена ша хиларх а.

 

 

ХЬАН Ц1АРЦА…

 

 

Малхо дай-й куьг хьокхуш

суьйре йижича,

Буьйсанан х1усаме

дуьне дирзича,

Беттасих йог1ий т1е,

нур хьоьрсуш тийна,

Нана, ахь дуьгу

са г1енашка сийна.

 

Б1аьстенан 1уьйре а

хьан оза хека,

Зезагаш хьан хазчу

аматах лепа,

Шовданаш хьан сирла

ойланех 1ена,

Нана, малха куьйгийн

йовхо луш къега.

 

Заманах чекхдуьйлуш

г1иллакхаш деха,

Дегзалла йоцу чохь

марзонаш юцуш.

Хьайн сих ахь са делла

т1аьхьенаш деба,

Къоначу дахаран

ирсе тхи муьйлуш.

 

Нана, хьан ц1арца до

дуьнено некъаш,

Хьан б1аьргийн мотт буьйцуш

седарчий сега.

Хьан дагчохь ц1е йожарх

ларвойла Нана!

Дала Ша ницкъ лойла

хьан сийдеш даха.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.