Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


“Сан са ду доьлхуриг...” Печать Email

 

МЕДИГОВ 1алмирза

 

Суна уллора йовзар ца хилла поэтесса Гайтукаева Бана. Бакъду, йоцца т1екере а хилла сан цуьнца цкъа-шозза. Чекхдаьллачу б1ешеран 80-чу шерийн чаккхенехь дара и. Х1етахь Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университетан студент вара со. Кест-кестта университете йог1ий хуьлура иза, цуьнца къамеле бовла, поэзех дерг хатта луурш хуьлура студенташ. Царех къехкар доцуш, х1ораммо хаьттинчунна жоп лора цо. Иза 1аламат ч1ог1а ийна, дош мерза долуш, г1иллакхе яра. Цуьнан х1ора а дашехь хаалора и. Иза вайна юкъахь яьхнера, иза вайн махкахо яра. Доца хилла цуьнан дахар, х1етте а цо шех лаьцна дийца дитнарг дуккха а ду. Шен комаьршаллица Дала пох1ма делла йо1 яра иза. Цунна тоьшалла ду цуьнан х1ора а байт дагах кхеташ а, ешархоша езаш т1еоьцуш а хилла хилар. ХХ-чу б1ешеран 90-чу шерашкахь, х1етталц маьрша хилла халкъан дахар дохийна, маьрша пачхьалкх кхуллуш ду бохуш хабарш дуьйцуш, муьлш бу я мичара бу ца хууш, шайна хетарг бен деза-сийлахь лоруш нах баьржира вайн махкахь. Эххара цу наха т1еман ц1ерга а кхоьссира Нохчийчоь. Дихкина дара бакъдерг алар. Аьлларг мостаг1 лоруш вара. Гайтукаева Банин цу хьокъехь язйина ю аьлла хета х1ара байтт:

 

Б1аьргашна б1аьрзе хилий,

Яха боху соьга,

Лергашна къора хилий,

Лела боху соьга,

Маттана дог1а тоха

1ама боху соьга,

Ас шун бакъдерг доьху дела

Со галъяьлла боху соьга.

 

Кхузахь хала дац х1етахь поэтессин деган к1оргенехь кхоллаелла хиллачу ойланех кхета: цо къобал ца еш д1атуьтту харцо, иза хьере хилла хьийза махкахь даьржинчу зуламна. Цундела боху поэтессас:

 

Б1аьргашна б1аьрзе хилла

Лела ца ло, лела!

Лергашна къора хилла

Яха ца ло, яха!

Когех хьерча къинойн маша,

Цо галдоху болар…

 

Деган к1оргенехь дохучу орцанехь бакъ дерг бен дац поэтессин кхайкхарехь хезаш. Делахь а, х1етахь карахь герз дерг вара ницкъберг, ткъа церан к1езиг сагатлора х1оьттинчу хьолана. Церан «кедара чорпа ца 1енара», церан лерса «къора» дара муъмичара дуьйцучун. Цу хьоло дог холчахь яьхна ГайтукаеваБана. Цуьнан йина де 23-г1а февраль ду, нохчийн къоман исторехь уггаре бохамечу денойх цхьаъ: 1944-чу шеран 23-чу февралехь нохчийн халкъ махках даьккхина де. Цу темина яздина х1ара мог1анаш:

 

«Со йинчу дийнахь…

Марчонна юьхьигаш

Тега долало 1алам.

Со йинчу дийнахь

Делха д1адолало дахар.

Со а йоьлху цуьнца

Со йинчу дийнахь.

Мела бала барз боцуш

беллачу нехан къа

Сан синна т1е дуьжу,

Со йинчу дийнахь…

Дуьненчу а далале лазийначу

Сан синан йина де хуьлу?

Со йинчу дийнахь…

Той дицдой, миска са

Д1адоьду Г1ум-Азе делха…

Со йинчу дийнахь…

Йина де-м сан дан а дац,

Амма ду дуьненчу далаза

Са дийна де».

 

Шатайпа сингаттаме ойла кхуллу цу мог1анаша. Геналла… Хийра, бовзаза мохк… Хийрачу махка кхалхийначеран исехь ду Нохчийчоьнан сибат: жил-1алам набарха доккхуш г1отту нур-дашо можа малх, б1аьрсино ма-лоццу геналлехь 1охку некъаш, барбане шийла шовданаш, луьста хьаннаш… Хийрачу махкахь самукъне доцуш, мацделла, г1айг1ане хьуьйсу берийн б1аьргаш, ткъа да-нана – царал а г1айг1ане. Гайтукаева Банин синтемза детталучу дагна 1еткъа хилларш, цу дийнахь цуьнан са, г1айг1ане тезета х1иттинчу ков-кертара белхарийн гуоне дуссу, дог 1аббош елхаран дуьхьа.

 

Той дицдой, миска са

Д1адоьду Г1ум-Азе, делха

Со йинчу дийнахь…

Банин кхоллараллехь го цуьнан амал, ойла, дахарехь хийцаялар доцуш цхьатера йолуш, шен мохк безар, цунах доглозуш хилар. «Шен мохк безаш хилар - иза иман долуш хиларан билгало ю», – аьлла вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

 

Хьан къина со йилхина,

Б1аьрхиш а чекхдевлла лекъна,

Нохчийчоь, со йисна

хуьлучух ца кхеташ тахна.

Йилбазо ч1абанаш лачкъийна,

йовлакх а дехьна.

Орцаха ялахьа!

Сан сих ма хьаьрчина лаьхьа…

Бакъ-поэтан кийрара бен девр дац иштта орцане аз. Кхечу байтехь а ду Банин цхьана ханна цхьанна а ца хезаш, амма цкъа хаза доьг1на орцане аз:

 

Нохчийчоь, тховса

ма г1айг1ане йоьжна хьо,

Со-м кхета хьуна хьан г1айг1анех…

Нохчийчоь!

Ас хьуна-м ца буьллу бехк,

Ца г1ерта хьо тховса теян а со.

Елха хьо, мохь тоххий,

Со хьалхара йоьлхур ю хьоьца…

 

Доцачу шен дахарехь цо вайна йитинарш шатайпа, дахарца йозаелла байташ ю. Цо ша аьлла ма-хиллара - иза Нохчийчоьна ц1ийнах яра, халкъан йо1 яра иманах юьззина.

Гайтукаева Банин ц1е даима а ехар ю нохчийн литературехь.

 

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.