http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Деза дукъ Печать Email

Тапалаева Амнат

 

Воцчу стагах, нахана гергахь, къонах ван г1ертарал хала х1ума ца хилла зудчунна.

Кадара бог1учу зударех цхьамма, хьан ц1ийнда х1ун лелош ву аьлла хьоьга хаьттича:

– Юучух тоха туьха а кхуьнга доуьйтуш, 1уьллуш ву-кх. Кху стага мел дов до цунна, – аьлла, хьалха а иккхина, жоп делира хьан марненан вешийн зудчо Жайнас.

Кийра парг1ат баккха шега далхийнарг т1ехтоха бен карош ца хилла, садайначул т1аьхьа бисмалл даьккхина, не1 къевлича арахь вуьсург.

Хьастаг1а 1уьйрана дар-кх, сийсара вон г1ан гина шена аьлла саг1ийна туьха дохьуш иза не1аре еъча.

– Туьха кхачийна яра хьуна со, Дала саг1а дойла. Дала дикачу аг1ор туьдийла хьан г1ан, – аьлла, схьаийцира ахь. Хьайн и чоьхьара стаг ю моьттуш, далхийра дагна 1аьткъинарг. Хьуна ма ца хаьара, шеха тешийнарг цкъа 1отта д1адуьллуш нах хуьлий.

– Х1умма дац, 1иллийта. Кхана дог1учу дийнахь д1атакха хьарам рицкъ чутекхор дац. Со-м, кад эцна, цхьаьннан а не1аре ца яхнера, – элира ахь, туьха доцуш йисинехь а, доьхуш ца леллий хоуьйташ.

Ненахойн баьрчехь хьешан г1иллакхца кхиъна стаг атта хетар дара и да-м.

«Делкъхан хиллалц хьо йижна а 1уьллуш, хьуна ц1енош доьттина хьан маьрйишин к1антана туьхан пачка а ца йог1у-те?» – ала делахь а, ала йиш яцар-кх. Несан х1ума нийса ма ца хуьлий.

Дера дар-кх, цу кертара г1уллакх кхаа декъе декъча, ши дакъа сов, х1уъу дан куьг говзачу хьан ц1ийндаc листина. Цу керта яхна хьо а хьайн майрачунна юххе елира. Шуьшиъ-м тахана а хир дара, баркалла доцуш, цу кертахь къахьоьгуш, к1антана зудаяло чоь маьрша яккха ца аьллехь. Т1аккха еана ма яра ахь, хьайн йиша-вешера лахьийна, жим-жимма д1алур ю аьлла, х1ара ши ц1а т1ехь долу латта эцна шай-кай.

Стунцахошна «несалахь» ша вехар вац бохуш, дуьхьала а ма вара чохь верг. Ненахой-м дийца ца оьшура, дехойх а шена накъостий хир боцийла кхетча, кхин дан х1ума ца дисира.

Ахь ц1ера ахчанах х1ума йохьур ю аьлча:

– Цкъа собарде. Дика аьтто хилла охьа хиина боху сан деваша. Зуда ялош дехой оьшура аьлча, цо бен терго ца йира сан. Цо, сайн ворх1е а да 1ийначохь х1усам нисъеш накъосталла дийр ду аьлла хета суна. Базара эккхий, цига кховдо х1ума ялахь, дахана дог1ур вай, – элира цо,

Кхоччуш кхин жоп хазанза цигара юха деара шуьшиъ. Ткъа девашас: «Аьттонца цхьаьна шортта гергара нах карийна суна», – аьлла, т1аьххье хабар даийтира. Ца хууш дош-дашера далар нислахь, юьхь-дуьхьала 1отта бен воцучу хийра стаге-м даийтира. «Сан дехой», – боху къамел кхин ца хазийра шун х1усамехь.

Я ненах а ца хилира, хьехар дан, дог лозуш накъост. Кхуьнан да д1аваьллачул т1аьхьа, кхозлаха яханчохь сецира иза. Нанас вина ваша а ма вара, цкъа-шозза а ахча хьашт хилла веъна, доцийла хиъча, г1ам-г1им деш д1авахарх кхин хаа ца велира. Эххара къола а дина, 1едало лаьцна ву олуш хезира шуна.

Хьан марнана шозза еара шен к1ентан керта: дуьххьара, ц1ийндеца ийг1ина ша, т1елаца аьлла. Амма к1ира а далале, майра ву бохучо т1аьхьа а веъна, д1айигира. Шозлаг1а, к1ентан тезета. «К1ентан тезетара, несо ши куьг деса ц1ехьа ерзи со», – бохуш, хьо юьйцуш а леллера иза.

Ц1ийнада хьайга дуьххьара шога вистхилла дага ца дог1у хьуна. Цуьнан деваша волчуьра шуьшиъ ц1а деача дарий-те и моьтту. Цигара чуькхаьчча дар-кх, де-е а доцчу х1уманна т1ехула дуьххьара вас йира.

– Ма хала хилла-кх, нах боцчу нахах схьаваьлла лела, – элира цо, цхьана дийнахь куьйга корта а лаьцна 1аш.

Бисмалла даккхаза вижинчунна дуьхьалатосу г1ан-набарш йолуш санна хетара, дуьненахь садаьржаш, боданца цхьаьна д1аян езий а хууш, амма цкъа а сатосур дуй-те аьлла а хеташ. Мацца хилла а 1уьйре хила езий кхетара, т1аккха бакъдолу дахар д1аг1ур ду аьлла тешна а яра. И тешам бара хьуна кхин д1а яха ницкъ луш берг.

Ца могуш хилла, йоьжна 1уьллуш т1е кхаьчча, вашас г1оле хиллалц аьлла ц1а йигча, хьуна т1е зуда а ма ялийра.

– Со йиина ву я яанза ву бала боцуш, ж1аьла санна тесна витина, яхначу хьуна бан кхин вон болх белара, – аьлла, хабар а доуьйтуш.

Йитина ю, я кехъяла ца олура хьоьга. Х1ара керт оьцуш деана ахча, ницкъ ца кхаьчна, ах гергга юхадалаза ма диснера. Цу т1ехула дош дашера а ма долура шун. Ца долура ахь и т1ех а тоьхна-м.

– Со хьайн кертахь 1аш хета хьуна? Ас д1алур ю-кх и кепекаш. Цул т1аьхьа ахь кху кертахь минот яккхарна а ца кхоьру, – олура цо, ц1аьххьана хьалаэккхий, хьайн г1уллакх луьстуш йоллучу хьоьга.

Цо и къамел долийча, хьо къайла йолура. Ц1ийнден харцонол ч1ог1а цхьана а х1умано 1овжош ца хиллера. Цунна хьажийна д1аьндарг хьайн дег1о лаьцча а ца лазийра хьо кхин.

Урамехь мел волу боьрша стаг д1алахьош бог1учу салтишна дуьхьала елира хьо цхьана 1уьйрана.

– Сначала убейте меня! – олуш, хьуо зуда хилча къинхетам бийр бу-кх аьлла.

Амма уьйт1ахь ахь дуьйцург хезаш, чу ма-ваьлла чохь, са даьхьча санна 1аш волу хьан ц1ийнда, уккал чу герз лаьцна, т1ехьадахийтина куьйгаш долуш валош вара. Цкъа а д1а ца хиеца санна цунах хьаьрчира хьо. Д1а ца ялахь, герз тухур ду элира. Юха пхьаьрс а лаьцна д1атакхийра. Ахь мохь хьоькхура, герз т1е хьажош а дайра хьайн майрачунна. Хьуо цунна хьалха муха иккхира, хьуо а ца кхийтира. Зудчунна герз кхетча воьхна, д1асахьаьвзина, д1авахара и масех салти.

– Хьайга цадог1ург дукха-м леладо ахь, – аьлла, шена хьажийна герз кхетта 1уьллучу хьоьга раз схьахьаьжна чувахара и, хьуна т1е хьаьвда лулара зударий а кхардош.

Хьан цхьаъ бен йоцу йиша хийла йоьлхура, х1ара ков-керта дитина ц1а яр хьоьга доьхуш. Ткъа хьо садетта 1емина яьллера, кхечу кепара хилар дицделла.

– Дела воцург юххехь накъост воцуш волу х1ара буо бахьана долуш, Дала ялсамане йохуьйтур яц-те со, – олий, жоп лора хьайна тийжачу йишийна. Иштта айхьа хьайн дог а оьцура, к1оршаме и хьайца мел хуьлу а «Делан дуьхьа сатуху-кх», – бохуш.

Ле цамгар кхетта к1елвисча а ца кхийтира иза. Шена яа х1ума хьалха х1оттош а, хьуна не1алт кхайкхош вара.

– Со новкъара д1аваккха, д1овш тоьхна еана ахь х1ара. Цкъа хьо кегъян меттара г1аьттина велара, – бохуш, хийла пхьег1аш т1аьхьалестий хьуна.

П1ераскан буса саг1ийна х1ума кховдо еанчу лулара зудчо:

– Ахь х1унда лов х1ара бала? – хаьттича, ахь аьллачуьна а шен нана лойла.

– Могуш волуш воцуш ца терг, лазаро вожийна дера дош аьлча, хийра стаг хуьлуш ма ца хуьлу ц1ийнда. Меттахь висина стаг дера ма хуьлу, – элира ахь, г1орахь а, ницкъехь а волуш и хьайца муха вара дицделла яцахь а.

Дера жеро аьлла ц1е южу новкъа а ма елира. Аганахь к1ант вижина йоьдуш, некъ ах а бале юха йирзира: «Нана яларг, мозаша вижа вуьтур вац-кх хьо, агана т1е бой ца тасахь», – аьлла. Цул т1аьхьа а мосуьйтазза йирзира юха: хийра йисна не1 а, делкъал т1аьхьа малх чукхетачу аг1ор диллина ага дагдеъна а. Т1аьххьара а кхин д1а ца яха сацам хилла, д1а а кхачаза юхаеара. Х1уъу лан а бахьан ду-кх нанна шен сих ваьлла доьзалхо.

Хьан некъ маьрша баккха санна, Дала цхьаъ бен воцу доьзалхо бакъдуьнена д1авигча а лийхира ахь-м, юхаян бахьна.

Ворх1 шарера ваьллачу к1антаца хьайн дахар а д1адоьллина 1аш йолчу ахь хьайна дош делира, кху керта кхин ког ца баккха. Амма хьайн дец1ийнан ураме а кхачале дуьхьала тесира х1ума таса дицделла ши к1ира долу котам к1орнеш а, божли чохь 1оьхуш дисина ч1амара эса а. Юха а юха йирзира. Х1инца а сецира.

Да воцчу дец1а юхаерза а атта ма ца хилла, еххачу заманахь кхоьллина дахар цхьана дийнахь доха а дина. Янза масех к1ира а даьлла хьажа-х1отта яхча:

– Хьо буьйса йоккхуш-м соцур яц? – цхьацца к1адбоцурш луьстучуьра схьа а ца йоьрзуш, хоттучу несана т1е яха-м муххале а.

– Шуьгара хьал хии, суо кхииначу х1усаме б1аьрг а туьйхи. Кхи д1а сецна а дац дан х1ума. Йиша йолчохь тховса цхьана кхетар ду аьлла дара тхо.

«Хьайна луъучу яха маьрша ю-кх хьо», – хьайн дагахь а аьлла, ц1ехьа йирзира хьо. Хьан ваша къонах а воцуш-м дац х1ара. Нанна арз дина, вешийн бераш хьайца гамдан ца лаьа-кх, кху тахана ду я кхана ду а ца хуучу дуьненахь. Дас-нанас доьзална бохуш дина ц1а а хиера доккхуш хилла. Цхьана ненан кийрахь 1аьхкина, цхьана кедара рицкъ дууш, цхьана хьирчина доьзал, вовшийн хьеший хуьлуш хилла.

Да-нана дийна хиллехь хьайн дахар кхечу кепара нисделла хир дара аьлла а ма хета. Билггала ца хаьа, амма дуккха а х1уманна т1ехь накъосталла-м дина хир дара. Кхин х1умма ца хилча, дахаро г1елдина дог хьаста, къахеташ адам хилла а. Х1усамнана муха хила еза хьуна масал гайтина хьан мискачу нанас-м, доьлхучу дагца хьоьга ладег1а дезачу дийне яьллехь, ловр а-м дацара. Наб т1ег1оьртина д1ата1арх кхин сама ца елира иза, бер санна лерана, итт шарахь сов ша меттахь лелийна ц1ийнда дехьачохь шена сагатта а вуьтуш. Дера лелира-кх, Дала схьа мел доуьйтучу дийнахь т1ера х1ума хуьйцуш, цо ц1е тоьхнарг минот ялале, ши пхьош хьаладой кечйой, хьалха х1оттош.

– Ма доккха х1ума ду-кх х1ара да-м, х1ай. Ма доккха х1ума ду иштта ваха дезар, – шена т1ера х1ума хуьйцуш йоллучу хьан нене цо до къамел хезира хьуна, хийра йисинчу не1арехула.

– Са к1езга нах Далла а ца беза хьуна, сатохалахь стаг. Сатоьхнарг бен кхочур вац хьуна Цуьнан дикане.

– Дала диначунна-м резавара со, вуьшта, хьох эхь хета-кх, – элира цо.

– Шу вовшашца ма хиллара хир ву Ша шуьца Аьллачо, хьо бахьана долуш Шен къинхетам сайх бийриг хиларх тешна ю со. Суна и доккха х1ума а ду, – олий, цуьнан дог 1ехо забарш ян йолалора иза. Доллу х1ума дицлой, юх-юха воьлуш 1ара да. Сан нана санна ц1ийнадега, оьшучохь дог-ойла ойъуш, оьшучохь дог хелхадоккхуш йистхила хууш зуда карора-м яцара. Х1усамнана д1аяьлча, кхаа баттахь а ца вехира да.

Т1аьхьий-хьалхий да-нана д1адахна, дахарх хаддал ойла юткъаелла хьо лелаш, ма нисделира х1ара довзар. Юххехь да-нана ца хиралал совнаха, нанас дена дина х1ума доцуш лела цхьалхачу стагах къахийтира-кх хьуна, ма-дарра дийцича. Цуьнан дог дохо хьайн бакъо а ца хийтира. Дуьнена б1аьра г1ийла хьоьжуш лелла ма дара шуьшиъ. Да-нана доцуш цхьалха буо хьо, да д1аваьлча нана маре яхна, ненан вешин когашкахь кхиина иза.

Амма кхолламо эшийна цхьа волу стаг дуьненна а дарлуш хилла. Цунна 1еткъара, доладар доцуш, дехоша ша тесна витар а, нанас к1ентан дахарал хьалха шен ирс лахар а. Олучу дашца хьайн ма-хуьллу цуьнан догъэца а ма хьожура хьо, г1уллакхца накъост а хуьлуш. Хьайн ницкъ кхочург-м дира, амма г1орасиз зудчо т1аьххьарачу ницкъаца туьйсу ка-ма1арш к1езиг хилла-кх кхерчахь йовхо латто. Замано к1аргъяр бен, ерза ца йира цуьна дагна хилла чов.

Дахаро кхин некъаш а ма хьийхира хьуна. Сардам олий бен хьоьга вист ца хуьлу, чохь 1уьллург ца вийцича, делха а, дека а доцуш хьо лела масех шо даьлча дара и. Ц1аьххьана т1е доладеллачу дог1ано яшийна, майрачуьн дезачу куьйго 1аржйинчу юхьа дуьхьала шипон а луьйцуш, вешийна охьакхетта аьлла къера дуй биина ц1аян дагахь соцунг1ехь лаьтташ яра хьо. Тидам а ца хилира, к1айчу басахь цхьа машен дехьуо соцуш, цу чуьра охьадоьссина адам герга кхаччалц. Цо, де дика дан а дицделла, элира:

– Со хезна ву хьан дахарах лаьцна, и лалуш а вац. До1анца доьху цо, хьуо вон мел долчу х1уманах ларъян бакъо ло шена бохуш. Хьуна хаьа, цуьнан доьзал буй. Хьо цхьаьннан ц1арт1ехь юй хуъушехь доьху цо, хьуо хьакъ йоцу стаг витий, шега йола бохуш.

Ахь бехк боккху:

– Оццул хьуна сох чекх са гина бахьана дийцахь? – олий

– Дала рицкъ хьарам дойла, хьо атта хетта дош аьллехь. Дерриге а хьан мах хаар ду-кх. Ас вала ма дуьллу, хьо дохко ериг ца хилар.

Хьо теша цунах, амма доьхку кхул т1аьхьа и тайпа къамел хьайга ца дар. И г1улч айхьа яьккхича, хьайл к1езиг х1ума хетар дацара хьуна. Сел к1езиг х1ума кху дуьненахь муха а лелар яра!

Цо х1етахь а дийцира, хьан дог шех тешош, амма даьлларг д1ахьедан, кхето а бухахь нана йоцу нус ма ца оьшу шена аьлла, цуьнан нанас даийтинчу хабаро дерриге а хьан туьйра харцийра.

Автобус соцу. Хьо д1айоьду, мацах цкъа санна латта, хьайга ирс кхийдо къонах а вуьтуш. «Хьенех а, минех а х1ара стаг санна лелла волу, цхьа хан д1аяьлча ламаз-мархийна т1евирзина д1а ма вахара. Х1ара а нислур вац-те?» – боху сатуьйсу м1аьрго гахь а, ахь х1ун дийр дара а хаац.

Цхьа хан яьлча, оьгучу дег1ан чархана оьшучу 1уналлах лаьцна ца дийцича а, цхьа а самукъа доцуш йисначу дийнахь са 1ехо я доьзал ца хили.

– Осала нах Дала т1аьхьенца деба ца барх-м х1ума дацара, – элир-кх, стаг вуьйр волуш делахь а, бакъдерг олучу хьан дешичас.

Хьо кхийтира и къамел хьайга дуй. Хьан ц1ийнда ца вевзаш ма вацара цхьа а. И а хьан бехк хили, т1аьхье хьакъ йоцчу стагца хан яккхарна.

– Пхьоьг1ана х1оьттина ч1ог1а дош ала йиш йоцуш, юьрта а хьаша хилла чекхдели-кх сан дахар. Сайн да ваьхначохь ваха доьналла ца тоьънехь а, сайн дена доьг1на чурт лаьттачу кешнашка воллар луур ду суна суо. Ткъа тезет суо ваьхначу кертахь хуьлийла а, сайца баьхнарш сайна къинт1ера бовлийла а луур ду, – хьо йолчу аг1ор забарна а схьа ца воьрзуш, вала цхьа де хьалха элира цуо.

Хьо кху дийне яьллера, «къинт1ера яла» боху дош хьайн ц1ийнадегара хазаре сатуьйсуш. Ткъа тахана хьайн дахар цо цхьана а аг1ор хуьйцур цахиларх кхета хьо. 1ожалло кхерийначу стеган маттахь декаш, ма эзарзза шайн ницкъ лахбелла а дека и. Цхьа г1ийла, дуьххьал д1а, шайх къахеттал бен хьан ойла ца юьтуш. Ткъа хьо-м тоххарехь къинт1ера яьллера, массо а бусалба стагна, эхарт дезачуьна ца вала йишйоций а хууш.

Цуо цкъа а ца дийцинера валарах лаьцна. Мелхо а, къихкинера цу хабарх, къихкича цунах волуш санна. Иза к1елвисна дукха хан ялале, д1а мичахь волла лаьа аьлла ахь хаьттича, дукха кхел кхайкхира хьуна, ша хьо лаьттах йоллаза цхьанхьа а г1ур вац бохуш. Цул т1аьхьа ахь валар ца хьахийра. Шен да д1авоьллинчохь д1аволлар нийса ду-кх, чуртана а ма веза вийца да. Ца хилча йишйоццушехь д1абахначарна т1е х1иттина бог1учара вовшашлахь хьахош:

– Хьенехан к1ант минех ву-кх кхузахь 1уьллург, – аьлла вовзийта.

Ц1ийнда д1аваьлла шо гергга хан яллалц лийлира хьо, буьйса юкъал т1аьхъяьллачу хенахь йижинчуьра хьала лелхаш, иза 1иллина чу уьдуш, хьайга кхойкхуш санна хеташ. Сахиллалц йилхира хьо, ишттачу цхьана буса самаяьлча. Йилхира хьуо-хьайна, хьайн сатийсамна, яйначу б1аьстенна.

– Цамгар Делера яц, Делера дарба ду. Дала могашалла ларъе боху. Кхана дог1ун долчу къематдийнахь жоп доьхур ма ду, хьайн бехкенна ахь х1аллакйиначу могашаллах, – аьлла-кх, къона къанваллац муьйлуш лелла, цамгаро к1елавитначу стага, шега цамгар Делера ю, сатоха деза аьллачуьнга.

Ткъа цу дийнахь, дуьненахь ахь ца лехначу ирсах жоп дехахь, дуьххьара хир ю-кх хьо олий дагдог1у. Дала аьлла ма боху: «Шега до1анца дика доьхуш кховдийна куьйгаш, деса юхадерзо эхь хета Шена». Къера а хилла, декъазчу кхолламна к1ела ца соцуш, массарел Комаьршачуьнга ирс доьхуш до1а дина а х1ума ца дарна бехк хета. Шех сатийсам олу, дог хьосту йовхо чекхъяьлча дуу дуьне а дош ца хилла. Ирс доцчу х1усамехь, мел лерина лехарх а, ирс карориг ца хилла. Дала Ша рицкъ а цуьнгахула лур ду аьллачу ц1ийндеца дика хилча, ирсе хир ю моьттур-кх хьуна.

Хьуна дагдог1у, лулара Хьомсаран йо1 маре йоьду де. Маре йоьду де аьлча а, кхаа дийнахь, 1уьйрана т1е юхуш, сарахь кхана т1ейоха хьалауллуш, ша д1айига бахка беза захалш ларбина нускалан коч. Цуьнца цхьаьна лула-кулара а, гергара а зудабераш дара. Кхаа дийнахь, кхуьнан захалш беха юьртана гуо лаьцна, чу-ара стаг ца волуьйташ 1ийна хиллера. Т1еман хан яра иза. 1уьйрана араволучо чохь берш къинт1ера бохуш, сарахь чувоьрзур ву олийла доцуш. Амма дахаро шен г1иллакх ца хуьйцу. Т1еетташ яккхий тоьпаш елахь а, зудчунна доьзалан ирс оьшу-кх, цунна кхоьллина ша йолу дела. Кханенга мила волу а ца хуучу заманахь а зудчунна коьрта дерг шен х1усам кхоллар дара. Некъаш маьрша девлча, д1айигира иза. Цул т1аьхьа, ах шо а далале, дуьнен т1е валаза доьзалхочуьнца д1а а ерзира. Буьйса юкъал т1аьхъяьллачу хенахь кеманаша т1еетта йолинчу ракетех лачкъа тоьли чу хьаьдда йоьдуш хиллера и. Гуьйренан деношкахь кога х1ума туда а ца кхуьуш сихъелла хиллехь а, к1елхьара ца яьллера.

Хьуна а оьшура доьзал, хьайн кхерч, х1усам. И карийча бен зуда ирсе ца хуьлу дела. Хьайн ирсана т1е боьду некъ бар-кх ахь юьхьара лаьцнарг. Амма мича ялийна хьо цу некъо? Хьо шех тешна, шена т1аьхьа х1оьттинчо йиггинче ялийна-кх.

Шолаг1чу 1уьйрана, дей-буьйсий къастале яхана, б1аьрахишца йишин ц1енкъа юьйжира хьо. Ткъа йишас, цхьаъ ала дагахь доккха садаьккхира, амма цуьнан маттара дош ца делира. Х1инца аьндолчуьна х1умма а нисдан ницкъ бацара.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.