http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Даймехкан илли Печать Email

ШАЙХИЕВ Iалвади

 

ЦIа доцчу, цIе йоцчу панахь,

Кхолламца дош даше даьлла,

Ша висча, ца воьхна дада,

Цо илли Даймахках аьлла:

 

«Iожалле ма Iеткъа чилла,

Ма гIерта со гора вожо.

Даймахко Iамийна къийса,

Даймахко Iамийна тола».

 

Чолхе ю со веха зама,

ХIора де ас тIамца доккху.

Илли ду Даймахках ала,

Цо, ницкъ луш, самалхадоккху:

 

«Сайн амал ас новкъахь зийна,

Хьакъ бина цунна сайн кхоллам.

Даймахко Iамийна къийса,

Даймахко Iамийна тола».

 

Техкаво аганахь воI сайн,

БIаьргаш чохь – стигланаш сийна.

Ас цунна Даймахках олу

Аганан мукъамехь илли:

 

«Бишешца малх лоьцуш Iилла,

Кхуьур ву хьо кога вола.

Даймахко Iамор ву къийса,

Даймахко Iамор ву тола».

 

 

* * *

ХIан-хIа, хир вацара бакъ,

Сайн зама, заманхой лахбеш,

Ас дай бен ца бича баха

Хьакъ, бIешераш къардеш.

 

ХIора зама турпала ю,

Турпала дайн зама санна.

ХIора а турпалхо ву,

Турпалчу махкахь вахарна.

Iуьйранна гIуьттур дарий,

Жопалле денна ца хилча?

Вай бераш техкор дарий,

Шайх тешо кхане ца йитча?

 

Ас дахар цхьаъ ма до бакъ,

Догуш дерг, мехкан сий дебош.

Даима баха бу хьакъ

Вайн дай, вай, вайн бераш!

 

 

* * *

– Уггаре деза къа

Ахь муьлха лору?

– ТIаьхьашха

нах вонна бийцар.

– Уггаре лан хала

Ахь хIун ду олу?

– ТIаьхьашха

наха вон вийцар.

 

 

* * *

Б1аьрг-негIар тухучу юкъана

Малх лаьцча, кхийтира со,

Б1аьрг-негIар тухучу юкъана

Хьуна тIе сингаттам боссарх.

Амма со ца кхеташ,

Ца лууш кхета я теша,

Ойлане вожийнарг цхьаъ ду:

Б1аьрг-негIар тухучу юкъана,

Мила хилла-те хьуьнаре,

Сол хьалха сингаттам хьан

Юхатоха?

 

 

* * *

Адам хьакъ ду

Адам хилла даха,

Адам хилла деънехь,

И цIе бакъ еш.

ТIаьхье дебош,

Техко беран ага,

Адам хилла даха

Иза хьакъ деш.

 

 

* * *

Бакъо юй сан

Реза воцуш хьехо,

Сайн кхаж баьлла ваха

ХIара бIешо?

Бакъо юй сан

Яппарш етташ чIечкъа?

Хьанна хьалха

Со суо декхар вац ткъа,

БIешо сакхтех цIандан,

Токхдан,

Лардан?

 

 

* * *

Адам ду со!

Цунна аьрха амал

Ас ма хьехна,

Ида яйта чабол!

Адам ду со!

Сайн къа соьха дахна.

Цуьнан бехк бац.

Бехк бац цуьнан.

ХIан-хIа!

 

 

* * *

Сан новкъахь,

Берд текхий,

Х1уттура вал,

Х1етте а х1уьттаре

Ца йора мал.

Со юккъе кхоччушехь

Кеглора т1еш,

Х1етте а некъ бора,

Цкъа денлуш,

Леш.

 

Эххар а д1акхаьчча

Лаьттаче са,

Тишвелла,

Йишхаьлла,

Эшна б1аьрса,

Со хьуна ца вевзи,

Ткъа амат хьан,

Дагна бен,

Б1аьргашна

Ца гира сан.

 

Вай морзах девлира

Дийнан делкъехь:

Малхбалехь хьо д1аяй,

Со – малхбузехь.

…Ахь соьха х1ун дора

Д1авехна сел,

Адам бен дацарий

Со-м аддамел?!

 

 

Сингаттаме стихаш

 

Вайша ваьш ду.

Дуьне ду деса.

Дисна цхьаъ – беттаса дагар.

Вайн къинойн хьесий ду деха –

Дийнна дахар.

Ахь боху соьга,

хьуо бIаьрхих хьаьгна.

Ахь доьху, дог делхош

илли кхоллахьара бохуш.

Вайна тIоьххула кхозу

къорза стигал.

ГIаш оьгу.

Оьгу седарчий.

Ткъа вайша ваьш ду.

ХIан-хIа!

Вайшинца ю тховса гуьйре,

Вай санна цо сагатдо.

Къайллаха ян гIерта уьйре,

СовгIаташ шен кхийдадо.

Боху цо: детица кIажарш,

Эшахь а, ша кхолур ю.

СовгIаташ шена бац тамаш,

Хийланна уьш делла ду.

Хьан бIаьргех буьйжи тхи-седа,

Цо чахчий Iуьйренан йис.

Стигларчий-м месашлахь лепарг –

И яшон ца кхечи ницкъ.

Ткъа уьш-м оьгура ткъесех,

Зил хьокхий, паналлех уьйш,

Вайшиннан безаман некъех

Тай-хьаса къоьжаниг хьуьйш.

ХIумма дац,

цхьаьний сагатдер вайша.

Седарчех вайн хьалхара

ирс уьду ма баха.

Хаьий хьуна,

вайша хIинца-м кхин а хьал

долуш дац:

яхначарна кхин а цхьа буьйса

тIе ма кхетта.

Ткъа,

Вайца бу къан ца лун безам.

Вайца бу къоьжаллин лерам.

Делахь а вай ваьш ду. Дуьне ду деса.

Дисна цхьаъ – беттаса дагар.

Вайн къинойн хьесий ду деха –

Дийнна дахар.

 

"Аве-Мария"

 

Франц Шубертан музыка а локхуш, фашисташа крематорешкахь нах багош хилла

1.

Цхьа минот йисина дахарах хада, –

Екаш ю «Аве-Мария».

Дуьненан хазаллах

тIаьххьара Iаба –

«Аве-Мария».

 

БIаьсте ю

зезагийн цIерашлахь йогуш, –

Екаш ю «Аве-Мария».

«Къинхетам бай и-м,

шел къиза хир боцуш, –

«Аве-Мария».

 

ДIаэца адмана Iаламо делларг, –

Екаш ю «Аве-Мария».

Адамо Iаламехь исбаьхьа лехнарг –

«Аве-Мария».

 

Цхьа минот церан ю,

рагI йоцчийн – кхане, –

Екаш ю «Аве-Мария».

Балдаш тIехь сецна

тIаьххьара «Аве…

Даг чохь – …Мария».

 

…Стигла а макхъели,

Iаьржа кIур гIаттош, –

Царна яц «Аве-Мария».

Екаш ю тулгIъяьлла,

дийнанаш Iадош,

«Аве-Мария».

 

2.

 

Эсамбаев Махьмуда кхоьллина миска, бIаьрзечу сурташдахкархочух «Аве-Мария» хелхар-новелла

 

Iаламан басарш-м

цунна а девзара маццах,

Хаьара цIинъелча бIаьсте.

Дуьненан къоналлех дуьйцура

Цо суртийн маттахь.

 

– Кхолламо вина и бIаьрзе.

Iуьйре ю тIееънарг?

Седарчийн буьйса ю кхерсташ?

Маржа яI! Уьш лиэра вицло.

 

ЭхI, маьлхан зIаьнарш яц

Десачу бIаьргаш чохь техкарш?

Ураме!

Ураме сихлуо!

 

Цхьа де а оьмар ю

Азаллехь цунна язъелла.

Цо цунах

Къаьхьа къурд бийр бу.

 

Адамаш...

Дац хир уьш дерриш пекъарна дела?

«Шай лойша!» –

Куьг лаьцна Iийр ву.

ДIогахь цхьаъ тIехвели.

Машино кIур туьйхи юьхь тIе…

«Диканаш!

Суна шай лойша!».

 

Дог керча.

Мас де ду яаза?

Гай букъах летта:

«Шай ца луш суна, ма гIойша».

 

Зов дийки.

Бертала меллаша

куьг хьаькхи гонах.

Карий шай.

Воккхавеш хьаьвзи.

 

Юха а:

«Къинхетам лоьхучун

дахар ду дорах.

Со-м Стаг вай,

Велахь а бIаьрзе!»

 

Ластийна дахийти

нахана юккъе шай генна:

«ДIаэца! – шийла мохь тухуш. –

Суо миска гойтур вац

куьг лаьцна денна,

Къуьйсур ду, сайн бIаьрса тусуш!»

 

3.

 

…Миска, бIаьрзечу сурташдахкархочух долчу хьан хелхаре хьоьжуш, велха дог догIу, акхаралла хетало зала чохь детта тIараш.

Суна хетарехь, хьуна цу хелхарна угаре деза совгIат хир дара инзаръяьллачу залан тийналла.

/М. Эсамбаевга язйинчу записки тIера./

Зал ека. Екаш ю «Аве-Мария»,

Мел хьоьжург йийсаре веш.

БIаьрхьалха чекхдаьлларг-м

Ирча сурт дарийца,

Кхолламан къизаллин

Вай хуьлуш теш.

 

Махьмуд, баккъала, оьшурий тIараш?

Кхузахь-м бIаьрхиш

тIех хетало товш.

Хьо хьуо вац,

тIелаьцна бIаьрзечун амал,

Са ца гуш висарна,

куьйгаш тIехь хьош?

 

Делахь а цу инзар-Iаламатах тамаш

Бина халкъ ца долу.

Хастамна ду,

Хьо лаккха айина детта и тIараш.

Ткъа хьуна-м хазац уьш.

Зал тийна ю.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.