http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Доьзалхо кхиорехь дай-нанойн тIеIаткъам Печать Email

ДИКАЕВ Бексолта

 

Доккха декхар ду, доьзал дахаран нийса новкъа боккхуш, ден-нанний хьалха лаьтташ.

Цу т1ехь цхьа болчера доккха ирс хуьлу, ткъа кхечарна ирсан метта кхочу гIайгIа, бала, сингаттам. Кхузахь дало масал дукха делахь а, уьш массарна гина а, гуш а долу ца хьахош дуьтур ду вай. олуш ду, делахь а, статьян барам алсам баккха ца лаарна, ца далош дуьту ас. Дуьненахь ден-нанна вун доьзалхо кхиарал ирча хIума хир дац.

Цу тIе а доьгIна аьлча, кхузахь луур дара дех-ненах, доьзалх лаьцна масех дош ала.

Аттачарех гIуллакх дац тахана доьзалхо дикачу амалехь, юкъараллин а, шен махкана а пайдехь стаг вина кхиор.

Ткъа мел боккха бала, гIайгIа хуьлу ден-нанна, шаьш цхьана дикане сатуьйсуш кхиийна волу доьзалхо, оьздангалла, гIиллакх а доцуш, къинхьегамна пе беташ, нехан бийлар а хилла кхиъча. Цу тайпана хьалакхиъначара юккха новкъарло йо адамийн а, иштта а чолхе долчу вайн дахарна.

Халахеташ делахь а алаза ца долу, вайн гIалахь деш-дуьтуш доцуш девла лелаш 10-12 шо долу божабераш нислуш хилар. Ткъа шеко йоцуш ду, вайн ярташкахь а и саннарш хирг хилар.

Уьш хилар дика дара, Далла бу хастам. Дала ма эша дойла уьш вайна.

Кхузахь автор гIертарг кхин ду. Муха кхуьуш ду уьш? Вайн юкъараллехь, ден-нанна пайдехь кхууш делахь-м йоккха дегайовхо яра иза. Ткъа харцахьа, вочу амалехь кхуьуш делахь массо а орцах вала веза.

Иштта, харцахьа кхуьуш долу берийн тахана вай терго еш ца хилахь, тIейогIачу хенахь царах вайна юьхькIоме тIаьхье кхуьур ю бохучух теша хала ду. Ма-даггара лаьара суна, тахана вай хIорамма а цуьнан кIорггера йла ян а, диц ца деш, и дагахь латта дойла а.

Бераш, вайна лаахь а, ца лаахь, бераш ма ду. Диканиг цара дича-м хазахетера, вуониг деш хилча хала а хета, новкъа а догIу-кх. Юха а ойла йо, цIахь дас-нанас (школехь хьехархоша) харцахьадерг, цадог1ург, вониг шайгара ма-далийталаш, мегар дац шуна бохуш лергах мехий дохуш бераш кхетош-кхиош хилча, дера дарий те цаьргара и саннарг аьлла дагадог1у.

Суна хетарехь, г1уллакх цу т1ег1ант1ехь хилахь церан барам хаъал охьа-м бер бара.

Цунна тIе а доьгIна аьлча вайн йиш яц, вайн къона т1аьхье дика, оьзда лаьмнийн амалехь кхиорна тIе коьрта тидам ца бохуьйтуш Iен, юьстах латта.

Дош дерзош аьлча дай-нанойн, хьехархойн, баккхийчеран, юкъараллин хаддаза болчу тидамехь хила дезаш долу гIуллакх ду къона тIаьхье кхетош-кхиор. Иза ду вайн хиндерг, вайна дуьсур дерг. Дала аьтт бойла-кх вайн цу т1ехь.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.