http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненах лаьцна дош Печать Email

САТУЕВА Роза

 

Шарбан кошан барз ца ийши,

Ларбан къора некъ ца ийши.

Нана, нана, хьан дог-ойла

Къиза ойланаша 1ийши.

Апти Бисултанов

 

 

Нана! Ма мерза ду-кх и дош. Нана, ма хаьа-кх хьуна сан дагара. Ма хьоьху хьуна даго сан ойла г1айг1ане, г1ийла хилча, г1елъелла, сарралац уьдуш лелла чуйирзича, лазаро б1арзйина, са малделла йисича, са хьийзаш, сагатделла хьаьвзича. Дерриге а хаьа хьуна. Ма-дарра даго хьоьху хьуна соьгара хьал-де. Долчунна т1аьхьа кхуьу, доллучух кхета. Тхоьга, хьайн берашка ладуг1уш, синтеме дац хьан экаме са. Массеран а г1айг1а хуьлу хьуна, массарех а дог лозу хьан, сан хьомсара Нана.

Нана! Дог хьосту ахь, ойла ч1аг1йо, малхан з1аьнарш санна дуьне серладоккху. Нана, Нана! Сан деган йовхо, дуьненан марзо ю хьо.

Цхьана 1аьнна юккъера шийлачу буьйсана цхьа халахетар хилла, дог доьхна, къайлаха суо сайна елха а йилхина, д1айижинера со. Наб ца кхеташ, г1ийла ойла еш, дукха а 1иллира, буьйса генна юкъал т1ехъяххалц. 1уьйрана дуккха хьалхе телефон йийкира. «Ва, Дела, х1инца х1ун хилла техьа аьлла?» – дог тохаделла, иштта хьалхе лаа ма ца етта-кх х1ара аьлла, дага а дог1уш. Телефон схьаэцча, Ненан аз девзира суна. Нанас цхьа меллаша, цхьаъ самаваккхарна кхоьруш санна, могаш юй, х1ун деш ю, балха яха езий бохуш хоьттура. Ас сингаттаме цхьа а х1ума дац, дерриге а дика ду аьлча а Нана ца 1ара, цхьана х1уман т1аьхьа кхиа г1ерташ санна цхьацца хеттарш деш. «Хьан аз ма дика ца хета суна», – боху цо. Дуьххьара Ненан аз хезча дуьйна, б1аьргех оьху мела б1аьрхиш соьга саца ца лора. И цунна цхьана аг1ор тосадаларна кхоьруш, хала са деттара ас. Т1аьххьара хеттаршна жоп а делла, цуьнгара а, ц1ахь болчаьргара долу а хьал сайна девзинчул т1аьхьа, ас хотту Нене: «Мама, лаа еттарий ахь телефон?»

«Х1ан-х1а, кхин х1уманна а ца еттара ас-м. Сийсара г1енах хьо цхьа г1ийла яйнера суна», – олу Нанас. Цуьнан озехь суна мелла а шеко хаалора, иза ас шена х1инца дийцинчинчух кхоччуш ца тешча санна хеталуш. Цуьнан дог ца дохорхьама, кхин сайн дагара ца хоуьйтуш, са ма гатдехьа аьлла, къамел дерзош, ас телефон д1айойу.

Дуьхьало д1аяьккхича охьахьоду шовда санна, кхин сацо ницкъ боцуш охьахьаьвдира, х1инццалца ас хала сецийна б1аьрхиш. Ас уьш хецна дитира, шайн лаамехь. Дукха йилхира со, елхаран бахьана диц а делла. Кхануо, дог дастаделча, пайдабоцуш хийтира, сел ч1ог1а со елхаран бахьана.

Аьлла х1уммаъ доццушехь, Нанна даго хьоьхуш хиллера соьгара хьал. Иза орцах еанера. Г1ан-набарша хьехна хиллера цунна сан бала. Ненан озо сан дог хьаьстира х1етахь. Иза дара суна эццахь уггаре а оьшуш дерг, мехалниг, коьртаниг. «Ма дика ду-кх хьо сан йолуш! Дала дукха яхайойла хьо суна», – сайн дагахь а бохуш, балха яха новкъа елира со цу дийнахь.

Г1айг1а-баланах парг1атъяьллера дог-ойла, лар ца юьсуш дайнера сагатдар, къеггина, ц1ена гора гонахар дахаран исбаьхьа амат, бос.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.