Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Стихаш Печать Email

Абдулаев Леча

 

 

* * *

«КIант!» – олий, кхойкхура нана.

«КIант!» – олий, кхойкхура да.

Цхьа атта олура цара:

«ХIара диэ, дIора схьада…»

 

КIант-м вара тоххарехь да,

КIант-м вара тоххарехь деда,

ХIетте а бер дара ша

Къеначу шен нанна, дена…

 

«К1ант!» – олий, ца кхойкху нана.

«К1ант!», – олий, ца кхойкху да.

Кхин цкъа а эр ма дац цара:

«ХIара диэ, дIора схьада…»

 

Ткъа кIентан болар ду гIийла,

БIаьргаш а кхоьлина бу…

Дедех а хуьлуш ма хилла.

Да-нана дIадаьлча, буо.

 

 

* * *

Воккхучух жимчунна юьсу

Коч-мача санна, сох йисна

Бералла – киса-бохча доцу –

Хьо хьенан белшаш т1е йижна?..

 

Шерашца вай даккхий хиларх,

Бералла, бер хуьлий, юьсу.

Ца 1ема цунах догдилла,

Юхаган гуттар сатуьйсуш.

 

Хьекъална-м хаьа, йиш йоций,

Ткъа даге х1ун бохур ду вай?

Дуьнено х1уъа а дийцарх,

Деган мохк – бералла ю вайн.

 

 

* * *

Хьуна моьтту хир ду, нана,

Хьо д1аяьлча, дуьне доьхна,

Хьох йисинчу уьйт1ахь, кертахь

ДЙатуьйш доцу догЙа доьлху.

 

Моьтту хир ду, са ца хуьлу,

Малх д1абузий, са ца дов а,

Хьо т1ехь йоцу ц1е а, кхерч а

Пхьуьйра ханна кхин ца тов а.

 

Х1ан-х1а, нана, хийцам боцуш,

Хьо д1аяларх-м, дуьне лаьтта.

Шен раг1 еъча, 1а а дулу,

Б1аьсте йолу х1окху лаьттахь.

 

Хийцам боцчу кху дуьненахь

Цхьаъ ду керла – цу хьан к1ентан,

Нана йоцуш хила 1емаш,

Хала когаваха г1ертар.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.