http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн Жайна Печать Email

Яшуркаев Султан


/Т1аьхье. Хьалхе - №№ 5-6, 7-8 2013 ш./

Керлачу историн новкъа дала дезачу къомана хьалхавала стаг, я хьалха санна, имам оьшу, я таханлерчу маттахь лидер аьр цунах. И стаг адам тIаьхьахIуттур долуш хила веза. Иштта лидер ца го махкахь. Шай-шай бохурш-м дукха бу, амма, лидеран сибатехь, тIеоьцуш вац цхьа а. Уьш тобанийн лидерш бу, шаьш ехкинчу партийн «генеральни секретараш».

Цу юкъахь гучуволу вайн махкахь инарла Дудаев, бан-м цуьнан мохк а бу хIара, делахь а, дукха хан яьккхина цо арахьа, дикка вайн хIуманаш диц а делла, ненан мотт бийцарца а цхьацца чолхенаш хаало, нахана вевзаш а вац. И ца вовзар-м дикахо а ду, (вевзачунна тIаьхьа вай маца хIиттина, хIета) вайн амалехь а ма дац ваьшха верг ваьшна тIехIоттор. Цу хиламан а шен маьIна хир. Гуттар а юьстахара стаг дика тIелоцуш хилла бу нохчий. Иштта тIелаьцна цхьана хенахь Махьама, Шемал, Узум-Хьаьжа…

Дудаевна гонаха а, тIаьхьа а гIаьххьа адам гулло, аьлча а, Москвара, Завгаев вохо тохабеллачу нохчаша, Прибалтикера схьа а кхойкхий, цхьана тобанна хьалхавоккху иза, шайн дагахь шаьш чIогIа «тонкий ход» олург еш а хеташ. Варкъ диллинчу духарца товш инарла хьалха хилча, муьлххачу тобанан а юьхь-сибат цхьана битаме догIу. Кхузахь Дудаевна характеристика яла гIерта а эшац – уьш иттанаш, бIеннаш ю елла, вониг а, диканиг а алаза дисна а дац. ХIокху къамелехь и вийцац, цхьана заманан киртигехь нисъеллачу къоман историга юха хьаьвсина, бIаьрг тоха гIерта вай, цхьана хIуманна тIекхача. Хабарш дуьйцу тахана а, хIетахь а дуьйцура, Дудаев Москвас ваийтинера бохуш. Ца ваийтинера, Москохарчу вайчара ваийтинера, Прибалтике а бахана, шайна юкъарниг хьалхаваккха барт ца хуьлучу кхузарчу нохчаша схьа а валийра. Цу наха витинехь, Прибалтикехь Iан а мегара и стаг, хаа-м Далла дика хуур ду иза…

БогIу-уш, Дудаеввий, цуьнца бершший, Москвара схьа, охьавоссаве Завгаев бохуш, халкъ ир-карахIиттош телеграммаш а кхоьхьуьйтуш, Iедале богIу. Муьлхачу новкъа? Демократица, харжамашкахь тоьлла богIу я нохчийн ширчу гIиллакхехь, Мехкан кхиэл гуллой, цо и декхар тIудуьллу царна? ХIан-хIа, тIаьхье чам боцуш хинйолчу агIор богIу, къомана юкъаралле йоккха эвхьазло а яхьаш – нохчашна юкъахь цкъа а беркате чекх ца бен болчу новкъа. Цара дохийра боху Iедал-м, ма-дарра аьлча, цара дохийна а дацара, дIо Москвахь вовший барт эгIначу Политбюрон декъашхоша тоххарехь, ден маьршка даха, чуластийна дара...

Вай буьйцучеран доьналла хир дара уьш Iедале Ермолов, Иванов, Апряткин, Власов, ФотеевгIар даржех бохош баьхкинехь. ЦIераш яьхначара шайн къам дуучу хенахь хиллехьара царах «революционераш», «демократаш», «турпалхой» – къомана а, шайна а юьхькIам а, дозалла а хир дара царах тIаккха. Амма уьш, Нохчийчохь Iедале шаьш санна болу нохчий хIиттийча, тохабелира. Къомана юкъа нана-боккха стим тасар дара иза, цундела бара цара схьалаьцна некъ къомана юкъа эвхьазло йохьуш, тIаьхьенца шен зуламца берза хьаьхна. Кхузахь чоьтехь дерг Завгаев даржера вохор дацара, – цунна-м шена яздинарг карор дара – къам декъар, и дохор бара ца боьрзу болу сингаттам. Мел доккха, кIорга, шуьйра хи а, хершнаш даьхна, дIасадаржийча, дакъалу-уш, дакъало. Изза хир ду барт бохийна даржийначу къомах а…

Iедалера боьхнарш, цхьаццанхьа, шайн рицкъ яздел-деллачу дIасабевлира. Цхьаболчарна Москвахь карийра шайн меттиг, вукхарна – Дудаевн штабехь. Иза а вайна дагадогIу, адаман исторехь гуттар иштта схьадогIуш хIума а ду, беа тамаш а бац. Къоман пачхьалкх кхуллу бохуш, лелийнарг а юьстахьдуьту вай, и а дац кху къамелан чулацаме диллинарг. Иза ша хаттар а, къамел а ду, шен меттахь хатта а, дийца а дезаш…

ХIораммо а каяьлларг деш йоьдура зама – цхьаберш баха ховшуш, вуьш къийлуш, иза а адаман исторехь генара схьадогIу – цхьаъ къиен ца вича, вукхунна ваха хаа а дац атта…

ТIаьхьо ладоьгIча, Москвахь болчу нохчашна моьттуш хилла таро яра, Дудаевс, шайна новкъа берш Iедалера а биссийна, хьоьхан текхачу а йиллина, Нохчийчоь шайга кховдор ю. ХIан, шайна луъург де кхунахь, со аш аьлларг дина вели аьлла. Амма, важа ишттаниг далла, оьрсашний дайна, «простой» ца хиллера. Ца хилча, Москвахь болчара церга балда лецира – боккха дегабаам бира. Ши-кхо де хьалха шаьш декъал вина, Дудаев Iедале нийса хIоьттина вац аьлла хабарш долийра, «Банда уголовников во главе с генералом Дудаевым» цIе а тиллина даржийра, Москвахь долчу лекхарчу Iедална хьалха, телевиденихула а кхайкхийра и шайн дог-ойла…

Кхузахь цхьа хIума билгаладаккха деза. Хилларг хилла даьлла. Дудаев Iедале веана. Деллахь, ма хьаштдоцург хила вай долийначух, Iедал оьшуш вац ша а бохуш, Iехий вай цу накъосто. Селхана и Нохчийчу а хьажийна, цигара Iедал дохорца декъал а вина, тахана цуьнца девне девлча, махкана а сингаттам хир бу кхунах. Вайн къомо паччахьан инарлаш-губернаторш а, комиссараш а, ВЧК а, первый секретараш а дукха лайна, сих лур дац вай, вешан хIума нахала а ца доккхуш, цкъа Москвага и Дудаев тIе а лацийтина, кхана Iуьйрре и нахана кIордийча, харжамаш а бина, воссор вай аьлла, хIума динехь, Дудаев кIордор а вара (дукха хан ялале кIорда а вира). Амма и ца даделира цаьрга, мелхо а, Дудаев Москвага тIе ца лацийта хьаьвдира. Президент волу Ельцин-х вацарий Нохчийчоьнан бала болуш а, цига президентан меттана попан гуьйриг хIоттийча а, башха хетар долуш а, ша меттах ца хьевичахьана…

Москвахь болчара ша тIе ца лоцуш оьгIазъоьхуш, Дудаевс ондо къамелаш деш, цо уьш деш хаза а хеташ, Москвахь болчара и сийсазвешший, елира цхьа хан-зама...

Кестта Москвахь болчу а, царна тIебаханчу а нохчаша, Дудаев ша висна, халкъ тхоьга сатесна ду боху къамелаш долийра. Нохчийчохь долчу хьолах шайна хIума йожар тосаделлачу чиновникашний, инарлашний тамехь къамелаш а, политика а яра иза. Шаьш майраверг схьагIортал бохуш, Грознехь берш а Iара, царна гонаха хьийзарш а бара, гIожмашца шун кеманаш чуоьхуьйтур дара шаьш бохуш, кхерамаш туьйсуш. Ишттачу политикиций, къамелашций, бохьу-уш, тIом беара Нохчийчу, «русско-чеченская» цIе а туьллуш. Тобанаша шайниг лелийра – тIом къомана кхечира…

Вайн олуш ду: «Пондар лоькхучо-м цхьаъ леладора, дIогахь вота еттачо хIун леладо-те?» Цунний дайна, дIогарчу чиновникаша, инарлаша, президенташа а лелориг-м кхеташ дара, ткъа нохчий ду шаьш бохучара кхузахь лелориг хIун дара? Цхьана кана тардаллал бен доцчу шайн къомана юкъахь лело догIург дацара, доцца аьлча. Сан къоман къа ду-кх, цунна бохам берий-те кху балхах аьлла, лакхахь вай ма-аллара, йина ойла ца гора. Челакх билгалонаш яра гушъерш – багахь дуьйцу дайн гIиллакхаш, когашца, аьлча а, танканашца хьашар, гранатометашца лелхийтар дара. Шен хенахь, и гIиллакхаш долчу хенахь, «нохчи» бохург нохчийн мотт бийцаррий, бохь бугIуш, хелхар даррий хилла ца Iийна – нохчийн юкъараллехь хила догIург лелоррий, цадогIург ца лелоррий хилла. Иза ду, шина дашехь аьлча, «нохчолла» – шайн дайн гIиллакх тIера цабохар, ахьарх-бохчанах цаIехабалар, гайне а, багане а ша а, шен къам а юьхьIаьржа ца хIоттадайтар. Дуй и дайн гIиллакхаш – лело деза, даций лелош – дIадевллий хаа деза, вовшашка туьйранаш а ца дуьйцуш. Юха а, ша-шен доладеш хила деза къам, шен мел дайнарг, и туьйранаш дуьйцучара шен мел дайинарг лаха а деза цо. Шинара дайча а, дехьа-сехьа косташ дохьуьйтуш, тIекере еш, саготтахуьлий хьаьвза вайх милла а. Ткъа мел саготте яла еза дайшкахь дуьйна шен схьадогIуш хилларг дайна я галдаьлла карийна юкъаралла? Кхузахь, къомана юккъера схьакхойкхур цхьаъ, къомо муха до ша-шен дола, деша а дешна, Iилманан а, Iедалан а даржашка а бевлла, къомана доладан, гIо-орца хила безарш вовшийн карах леш хилча аьлла. Нийса бохуш хета тарло и хезначунна. Амма, бахац нийса, къомо ша-шен доладеш цахиларна баьржина, къомаца эвхьаза бевлларш бу цо, «гIо-орца хила безарш» аьлла цIе йохурш. Церан вовшийн карах бала гIертар а шаьш сацо юкъаралла ца хиларан билгало ю. ХIун къуьйсуш бала гIерта уьш? Юха а, ала тарло цхьамма, къам цхьа миска ма ду, цу пекъаре хIун де боху кхуо? Цуьнан карахь хIун ду? Иза ахархо ма ду, бежIу ма ду. Къам ахархо хила а деза – ялта хир ду, меца Iийр дац. БежIу хилар а иэхь дац – Iай лахьа а, аьхка маша а хир ду. Амма, цкъа хьалха шех къам ца хилахь – аха а дуьтур дац, беже даха а дуьтур дац. ХIун билгало ю цуьнан къам хиларан? Ша-шен доладар ю. ХIун ду, юх-юха хьехош долу и «ша-шен доладар»? Лакхахь, хьахадешшехь, ала дезаш хиллера, хIун маьIна ду кхузахь цу кхетамна чудуьллург.

Хьалхо аьлла вай, вайн маттахь цхьайолу терминологи цахиларо ишттачу къамелехь цхьацца чолхенаш кхоллар. Кхечу маттахь аьлча, шен доладечу юкъараллах «гражданское общество» олу. Цхьана хан-заманчохь ишттаниг хилла вайн, хиларе терра, шен доладеш даьхна къам, хьесапдича, шена юкъахь тобанаш яржа йолаяллалц даьхна, иштта дехаш, вийцаре вина вуьйцучу Чингисхане а къар ца делла…

Тахана, воьдуш лаьтташехь, хала ду маца яржа йоьлла къомана юкъахь тобанаш ала. Амма, Кавказехь арахьара экспансе йолалуш, и тобанаш яьржина я яржа зирх тесна хилла аьлла хета. Пайдаэца дика дара церан кхоллаяларан, яржаран «механизм», вайн историкаша-Iилманчаша теллина, анализ йина хилча. Хьенеха бинчу талламе хьовса, цо охьадиллина ду иза ма-дарра ала аьтто хир бара кхузахь тIаккха. Суна бевзаш иштта талламаш бац. Хийла оьшуш а, тахана вайна хаа дезаш а долу хIума таллаза карадо вайн, теллинчех дикка шеконаш кхуллурш а нисло. Делахь а, цу заманан а, цуьнан хиламийн а, ваьшка ялун «реконструкци» ян хьовсур вай.

Яккхийчу пачхьалкхийн цхьацца мехкаш а, къаьмнаш а чулоцучу хан-заманашкахь цу меттигашка хьалха Iилманчийн экспедицеш хьажош политика хилла. Дукхахьолахь – и мехкаш довза, цигахь хIун доллу, мел «потенциал» йолуш къаьмнаш деха хьовса, деш хилла иштта. ШолгIачу рогIехь хьовсош хилла посольстваш – векалш. Церан Iалашо оцу мехкашкахь шайна тIетовжа цхьацца уьйраш, гергарлонаш тийсар хилла. И посольстваш цхьана наха тIелоцуш хилла, иштта хиларе терра, вукхара царна цхьацца совгIаташ деш, цу нехан цIарах паччахье кехаташ хIиттош, паччахьан цIарах царна цхьацца «грамоташ» луш хилла. Нохчашна хIун ю ца хаахь а, шайн маьIна а, тIаьхье а йолуш хуьлу иштта кехаташ, доцца аьлча, и нах паччахьан шен куьйга кIел, шен пачхьалкхе чулацаран тоьшаллаш хуьлий, дIахIуьтту уьш кхано. Иштта ка-мIараш тасалуш хилла паччахьийн векалийн керлачу махкахь (Кхуззахь аьр вай, масала, Россис посольстваш оьхуьйтуш хиллехь, Турцис дешна нах оьхуьйтуш хилла шайн доьзалашца а, кхузара бусалба адам шегахьа дерзо, изза деш хилла Ирано а. Тахана «агент влияния» олу ишттачарах. Уьш дешна, Iилма долуш, дуьненан хIума девзаш хиларе терра, адам тIедоьрзуш а хилла цу нахана, шайхаш, эвлаяаш олий цIе йодуш а хилла церан. Цхьана иштта ваийтинчун тIаьхье хилла бохуш, вуьйцу, масала, ДегIастанахь цIе яххана Iеламча Мохьаммад Ярагский. Вайн Сесанара Ташув-Хьаьжа а цунна тIе воьдуш хилла ву, Таймийн Бийболат ша волчу кхайкхина, цунна кехат делла а хилла цо, и Нохчийчоьнан да лоруш. ГIеза-Махьма а вахийтина цо Нохчийчохь мурдаш вовшахтоха. Нохчийчу дукха шен агенташ баржийна хилла Мохьаммад Ярагскийс, туркоша гIо дийр ду вайна, эскар доуьйтур ду, герз доуьйтур ду бохуш. Доцца аьлча, тIетаьIIина беш болх хилла, нохчий тIамна юкъаозо. Доллучунна ахча-бохча латтош Турци хила. Дукха Iеламнах дуьхьал хилла и тIом болорна…

И хIума талла луучунна дукха материалаш ю цу заманах а, хIетахьлерчу хиламех лаьцна а Турцин архивашкахь, иштта хир ю Иранан архивашкахь а, вайн 1илманчаша талла а дезара…

Кхеташ ду вай, и посольстваш тIелецна нах къоман элий я и къам тIаьхьахIоьттина цунна коьртехь лаьтташ нах цахиларх, мел цIе яххана, тур текхаш къонахий шаьш хиллехь а. Масала, ГIебартарчо, воккхачу паччахьан векалш, бехке хьеший бу хьуна хIорш олий, шен гергарло долчу махкахь вевзачу нохчийчунна тIехьовсош хилла, вукхо, хьошалла дой, даа-мала хIоттадой, ловзар дой, уьш Гуьржийчу дIакхетош хилла аьр вай. Вукхара, совгIаташца, грамоташца царах шайна доттагIий, хьеший бина, ма-дарра аьлча, шайна тIетовжа тобанаш йина.

Хилла хир, и цара цIераш яьхнарш наха лоруш а, дош лелаш а, масала, Ушурма Окоцкий я цуьнан кIант Ших-Мирза, цхьа хьал-бахам а болуш, цхьана юьртахь «владелец» а хилла хир, (цхьа доьналладерг, ломара охьа а волий, цхьа меттиг схьа а лоций, ваха хууш хилла, кхуьу-уш, цигахь юрт кхуьуш а хилла, таханлера лаьттан къоьлла ца хилла хIетахь). Амма Арсанукаев Шайхин роман тIехь цуьнан вийцаре хьаьжча, велахь а, вацахь а, и Ушурма Окоцкий вайн паччахь хуьлу. Цхьа тамашийна хIума ду кхузахь, масала, таркхойн шовхал дика вевза нохчашна, фольклорехь, иллешкахь а вуьйцу, ткъа Иван Грознега кехаташ а кхоьхьуьйтуш, вайн пачхьалкх дIакхоьхьуш хилла боху шен «шовхал» мила хилла а ца хаьа къомана. Цхьана а нохчийчунна хезна а, цуьнан иэсехь дисина а хаалац «Ушурма-эла» я «Шихмирза-эла» а. Къоман дийцаршкахь, фольклорехь хьахош хезаш нах а бац уьш, бу бохучо и меттиг билгалъяккха еза, цара ехкинчу гIаланийн цIе я йоккхуш, (вешан столица муьлха гIала хилла а хуур, дан дозалла а хир вайна. Окоцкий бохург Оки-Юрт тIера схьаделахь, иза хIинца БIаьчи-Юьртах дIаийна, мацах цIонтароша йиллина юрт ю).

«Зайтан Ших-Мирза» илли ду вайн, амма цуьнан чулацамехь и, «как раз», эла цахилар, мелхо а, элашца, шовхалшца яхь йолуш, цаьрца къовсам латтош динбере хилар го. Солтамурд (Салтан)-Мирза ву, «владелец кабака Ларс» аьлла хьахийна посольствон кехат тIехь. Ших-Мирзин ваша ву аьлла а ду иза. И шиъ ши ваша хилла бохург, ша «побратимы» бохучу маьIнехь дацахь, бакъ дина, тIелаца хала ду…

Шайн Iалашонашка хьаьжжина, посольстваша шаьш тIеэцначу нахана цIерш-даржаш кхоош ца хилла. Луъучух веш хилла «маркиз Карабас…» – церан дарж-«имидж» лакхара мел ю, посольствон яхар-яран кхиам сов болу. Вайна дош ца хетахь а, юридически «международные документы» олу цара куьйгаш теIийначу а, церан цIарах хIиттийначу а кехатех, цхьана историн бух хуьлу царах, шен хан тIекхаьчча, юбилейш а язьеш…

Хиллий и нах посольствийн Iалашонех кхеташ, къомана пайда я новкъарло ян долчун кхетам а, хIуманийн тIаьхье ган политически бIаьрса долуш а? Хиллачух тера дац, хиллехьара, шаьш лелийначул шуьйро политика лело тарлора цара посольствашца. Амма ца лелийна, вукхеран Iалашонаш йовза а, церан политика хIун ю хаа а зеделларг шайгахь цахиларна. Хьаша-да тIеэца гIиллаккх а, яхь а хилла, и ларван доьналла а хилла…

Цхьаболчара, посольстваша нахана техкина цIераш церан отчеташ тIера схьа а язйой, «чеченские князья», «чеченские феодалы» олий, истори йой охьадуьллу. Вай и «феодализм» ойла е-еш хьехо езара, цIе яккха цхьа нохчи эла я феодал хилла ала меттиг а ца хилча. Феодализм олучу юкъараллин чарх шен барамаш болуш ю: паччахь, (латта а, адам а цуьнан долахь ду), цуьнан гIоьнчаш, хьадалчаш («вассалаш» олуш хилла царах), крестьянаш. Паччахьо шена муьтIахь волчунна латта луш хилла, «феод» олуш хилла цу лаьттах, цу тIехь болх бан крестьянаш а, вукхеран шайн латта ца хилла, сеньорна (феодалана) «барщина», «оброк» олу ял токхуш лелош доцург...

Хиллий вайн иштта? Массо а цхьатерра Iаш-вехаш «коммунизм» хилла ала а гIертац кхузахь. Дуккха даьхни дерг а хилла, луларчу ДегIастанера царна Iуй балош а хилла, латта совдерг а, бIов ерг а хилла, амма феодальни системан бакъо а, юкъаметтиг а хилла олийла дац хIетахьлерчу вайн юкъараллехь. Нохчий а болуш элий ца хилла боху вай, луларчех, цхьа бол а буьллий, кхойкхий, эла валош меттигаш-м нислуш хилла. Лахахь керла ехкинчу ярташка баха массо а тайпа-тукхамах нах ховшуш хилла. Ма-дарра аьлча, шайна юкъахь барт ца хилча, шайн доладан, низам латто кхойкхуш хилла цара и эла. (Барт боцчу меттахь гуттар а нисло арахьара орца деха дезаш, ишттачарна эла а вогIур ву, имам а вогIур ву). Хууш ю, балийначу элашца юкъаметтигаш галъевлла, уьш махках баьхна меттигаш а. Вайн и элий хилла бохучара, цхьаннан яьккхина а цIе яккха еза, цуьнан ворхIе да, тайпа-тукхам охьа а дагардеш, наха язйина отчеташ а, тIебаьхкина тIурловгIар, «казбулаташ» шайн тайпа-тукхамашна а буьтуш.

И «феодалаш», «элий» а хилла бохучара уьш вайн ца хиллий ца хууш яздеш а хетац, церан шайн бахьана долу таро ю цу хIуманна. И «мотиваци» шаьш диканиг до бохуш ю, тхо цхьаннал а «отсталый» ца хилла, тхан а хилла, шун санна, феодалаш а, элий а, леш а, «классови юкъаметтигаш» а ала гIерта уьш. ТIаккха вайн «авторитет» хьалайолуш куц хIутту таро ю царна. Истори, цхьацца хIуманаш тIеетташ, чоме боккху кхача бац, и ша ма-ярра хила еза. Нохчий шайн лулахойл тIаьхьабисина ца хилла, и бакъду. Къилбаседа Кавказехь уггар доккха къам ду и, даьхни, ялта, стом, хасстом лело нисбелла мохк а бу церан, наха «житница Северного Кавказа» а олуш.

Вот этот кусок, может, лучше бы сноской дать, сестра. Шен меттахь ца хетахь а, дашна ала, тахана вайн гота сецна. Лаьттах шайн деган пха хоьттина баьхначу дайн тIаьхье ю вай, цуьнца хилла церан дахаран беркат. Арматура дIайоьгIча, цо а заза даккхал, нисбелла мохк бу вайн. И беза олу вай массара а, амма вайн хьацар гац цунна тIе Iенаш, гота гац йоьдуш, асар гац деш, яраш яьлла лаьтта бIаьрго ма-лоццу даккхий ардаш. Вайн ойланехь, кийрахь къух даьллачул тIаьхьа евлла и яраш царна тIехь. Тахана вайн ардашца боьзна хилла пха хаьдда, Дала дайшкахь дуьйна деллачун хамбар дайна бохург ду иза. Комаьрша ду вайн латта, къоман эвсаралла, токхо ю иза. Хила деза вайн жайни тIехь, дуьнен чохь мел йолу «ноу-хау» вайн махка йоссаяхь а, лаьттан пусардан дезар, цхьа дол ца дуьтуш цуьнан куьг ца тухуш, стоьмех, хасстоьмех, хьаьжкIах, ялтах, даьхнех доьттина хила деза эзар шерашкахь вайн дайн цIий, хьацаррий хуьйдинарг. Цуьнца бу вайн орам, цуьнан кийра верза а деза кхана вайх хIораннан а. Къоман мотт-гIайба а, синтокхе а ю латта. И яраш санна, къизалла кхуьур ю лаьттах хаьддачу адмана шена чохь а.

Беккъа мохк бац – шортта хи ду, шортта хьун ю – гIишло ян а, лулахошна йохка а. Дешех дерг хаац, амма дети ду цу махкахь, цIаста ду, гIели ду – цу хенахь уггар лелаш долу металлаш. Луларчу къаьмнийн болу феодалаш-элий ца гуш а, ца бевзаш а, цаьрца вон-дика нисдалаза а бац уьш. Церан «отсталость», цара шаьш, хIунда латтайо а хууш, шайна юкъахь ларъеш латтийнарг ю. Вайн «Iуьргара берзан кIеза а, аганара элан кIант а ма гIоттийла» бохург а ду цхьана хIуманна тоьшалла. Цигара схьахила тарло церан, дукха хьолахь, имамаш арахьара тIеэцар а, мичара ваьлла ца хуун башкир а цхьаьна, цу тIера схьа хир ду тахана а вешан стаг вайна ваьшна тIехь новкъа хетар а. Нохчийчохь боккха ларам болуш а, тIеман гIуллакхна говза, каде, Iелам стаг, воккха эвлаяъ хилла Сесанара Ташу-Хьаьжа, амма имам и ца хоржуш, шен махкахь имамалла доьхна ведда веана Шемал хаьржина…

Дера, доьналла а, вовшах кхетта дуьненан рицкъ а долчех вайна юкъара цхьаберш элан дарж дезаш хилла а хир ма бу, цу тIе гIерташ, цхьацца хIуманаш лелийна хила а тарло цара, вайн дийцаршкахь а, фольклорехь а ду цу лаамех хьахийна хIуманаш, цхьана вашас шен вешега ша эла хила воллу аьлча, оьрсашний дайна, «не пойдет» аьлла, боху, вукхо…

Лачкъош, ядош хIайт-аьлла лела нах ширачу заманахь массеран а хилла, тахана а бу. Цхьаболчийн дикка хIонс гуллуш а хилла, ишттачех элий, паччахьаш хилла меттигаш дукха ю исторехь. Шен тоба-гIера а кхоьллина лачкъош, ядош, вуьйш-воккхуш лелаш хилла тахана Франци олучу махкахь цхьа хIайт-аьлла къонах. Хуьл-хуьлу-уш паччахь а хилла цуьнах, шортта памятникаш а хIиттийна цунна махкахоша. Дукха хIума хийцало дахаран новкъахь, «хуьлу-уш хуьлу дена вир» олуш ду вайн, хуьлу-уш вайчех а хила тарлора элий а, феодалаш а, цIаьххьана вайн историн чкъурган сема ца йойнехь…

Цхьана хIуманна тIехь «отсталый» ду вай, цунна долийна хIара къамел а. Политически кхиа деза вай, цу тIехь дегI даккха, даккхий хила деза. Шеко йоцуш, генна тIаьхьадисина го вай цу хьолехь. Юха а хьаьжна, вешан историн муьлххачу хиламе бIаьрг тоьхча, Iехалуш я Iехадеш карадо вай – цхьана агIор ваьшна юкъарчу наха, вукху агIор арахьара схьа. «Iалелай, хIуьнех динчохь инзаре хIума хир ду, тIегулло массо а!» – кхайкхам беш хилла цхьана тобано селхана-стомара (бIе шо сов хьалха хиллехь а, историна селхана-стомара ду иза). Цхьа нах тIегуллуш хилла. ДIакхаьчча, лакхахь ма-аллара, хIара хьенех имам вели олий, хаам беш хилла цаьрга, цо тIе чан кхоьссича, йоккхачу тоьпан яла йийш йоций а хоуьйтуш… И «хьенех», доллучу къомо хаьржинарг хуьлий, дIадоьрзуш хилла. Цхьамма аьр, «хIан-хIа, хилла!»… багарбан а хIуттур иза. Амма, къоман хIуманан доладеш Мехкан кхиэл хилла бохий вай вешан, делахь цо цхьана а имаман цIе тоьхна меттиг ялае цо а, цхьана историко а. Уьш цхьацца тобанаша кхайкхош хилла. Имам Шемал ца вуьйцур вай, хууш ду и муха «хаьржина».

Шемалан тIамехь иттаннах ис вийна кхачаделлачу хьалкъан мичара аьтто бу, цул тIаьхьа цхьа чкъор а кхиале, керла имам кхайкхо а, цунна тIаьхьахIотта а. Дукха наха ара а бевлла, хьаштдоцург ду ахь лелориг, дика болх хир бац кхуьнах аьлла, кхетийна, боху Iаьлбаг-Хьаьже. Ша ийман долуш стаг хиларе терра, шен тилаваларх кхета а кхетта, ша Iедална тIевахана иза. Вайн дакъазалла, хIуманан го баьккхина, леррина, цуьнан хьесапдина, ца ваьлла цхьа а. Цхьа а дика болх ца баьлла къомана ишттачу «боламех». Царах лаьцна яздечара цу хIуманан цхьайолу агIонаш юьстах юьту, майралла, доьналла, къонахалла бохург хьалхадоккху. Дера хила ма хилла и нах майра а, хIайт-аьлла а, бала кийча а, хилла хир бу шайн къомана, махкана дог лозуш а. Ткъа кхоам бац ишттачеран, царна тIаьхьа хIиттинчийн а, шайн къомана дина цхьа дика а доцуш хIаллакьхилар? Цкъа ван а вина, цкъа вала а веза олий паргIатдовлу вай, ишттаниг бехказа даккха. Амма философи яц иза къамел ду, деккъа сонта къамел. Ша вала везаш вуй-м хIора ког боккхуш а дагахь хилча дика ду стагана, амма сонтавалий ле аьлла дац цхьана а жайни тIехь. Сонталла, ша цхьана хIуманна кIелтасар, доллучу халкъана эшам бар ду. И хIуманаш ца хьахадо вай, амма хила деза уьш а хьахош. Вайна вешан истори нийса галлац юх-юха гонаш дохур ду вай. Ша а кхоош, шен къам а кхоош хила веза къонах. Деза хIума ду валар. Дезачу хIуманна кечамбар хила деза дерриг а цуьнан дахар – хьекъале дахар, ийманехь дахар…

ЦIе яххана къонах хилла Таймин Бийболат, Нохчийчохь хилла ца Iаш, йоллучу Кавказехь а, Россехь а ала, амма и ца хаьржина имам, ДегIастанара веана Махьама хаьржина. Дийцарехь, гIаьххьа весаш а (раскол олург) хилла, боху цу тIехула. Ткъа иштта хиллачунна гонаха дуьйцурш хIетахьлерчу тобанаша даржийний, таханалерчаша даржошший хабарш ду. Иллеш а ду ала дага тесира кхузахь, амма, ойлайича, цхьа илли, байт, назма гац вайн фольклорехь къомо цхьана а имамах яьккхина. Кхуззахь ала, (советан Iедал тIедале а ма хилла вайн поэташ а, поэзи а), говзаверг говза а волуш. Дукха хаза васташ ду цара кхоьллина. «Сокровища необычайные» баьхна Л. Н. Толстойс а... Цхьаъ БIаьчи-Юьртара хилла ишттачех, цуьнан цIе йоккхуш хезна а ву со, тахана дага ца ягIахь а. БIаьчиюртахошна йогIу хир ю. Хьалха баккхийчара дийцарехь, иллина «заказ» оьцуш хилла цо шена бежана елча. Цхьа бIаьрг боцуш хилла бохуш а вуьйцу иза. Говр бежанал еза хиларе терра, и елча илли дехо доккхуш хилла цо...

ГIизларан банк яьккхина вогIу обарг Зеламха БIаьчи-Юьрта а воьссина, ловзар хилла деш. Эццахь аьлла бохуш дуьйцура, цу бIаьчиюьртахочо цунах лаьцна илли. «Импровизаци» олу ишттачух…

«ГIизларан банкера цIеста шайнаш деанчу Зелимханах а илли даьккхича, вай хIун деш Iа вешан Бадин Хушпарх и ца доккхуьйтуш», – аьлла, тохабелла цу накъосте, говр-бекъа а елла, илли даккхийтина Хушпаран гергарчара. Ермоловс Дади-Юрт йоккхуш, чевнаша дерина дегI чекх са гуш хиллера цуьнан олура, и охьа ца дожийта, юьйцинчу кертах букъ а тоьхна, бина бохура Хушпара тIом. «Дакъаза ма вала хьо, нохчийн ши боьра болу шаьлта йинарг, ма ницкъ бо-кх ахь суна», – олуш, мохь тоьхна боху цо эццахь. Шаьлтанан боьранехула куьйга тIе цIий Iенаш, буйнахь мукъ шершаш хилла цуьнан. Вешан иллешна ян еза «ревизи» а хьахаелла, юьстахдевли вай гуттар а ледеш схьадеана къам ду вай бохучунна. Дера, дан-м ду.

СхьавогIуш хилла цхьаъ. «Во-о, борз ехкинчу буса бина майра нохчий, со Туркойн паччахьо ваийтина, хIара цуьнан «фирман» а ду шегахь, шу кIайчу паччахьна дуьхьал гIовтта деза, шуна гIоьнна гулдина дукха герз а, догIуш доккха эскар а ду, со хьалххе шуьга хаийта веана», – цхьа тоба хьалха а йолий, дIадолош хилла. «Фирман» дохьуш веанарг, шен провокаци а йой, вовш хилла. Орцах догIуш долу эскар а дац, ду аьлла герз а дац… Нохчийчу паччахьан эскар а тоттий, ярташ ягош, эзарнаш хIаллакбеш, эзарнаш Сибаре кхуьйлуш доьрзуш хилла. Тобанах висинарг: «Суна и хир ду ца моьттура… Туркойн паччахьо тешнабехк бира. Цхьана хьенеха аьлларг ца дира, важа хьенех дехьавелира, важа сехьавелира», – олий, бехказволуш хилла…

Юха кхин вогIуш хилла, ша Иранан паччахьийн а паччахьо ваийтина, хIара «фирман» а ду, шу а – бусулбанаш, тхо а – бусулбанаш, сихонца кIайчу Паччахьана дуьхьал гIовтта, шуна гIонна дохьуш герз а, догIуш эскар а ду, олий. Юха а цхьа тоба вовшах а кхетий, дIадолош хилла, шел хьалха долийначух хилларг хуьлий, доьрзуш хилла иза а. Иштта ловзош хилла нохчий оьрсийн паччахьца Кавказ къуьйсучу туркойн, гIажарийн паччахьаша, я Кавказ а, вай а шайн карадахча, ши кепек дика дан а ца ловзийна. Туркойн паччахь а нехан мехкашший, къаьмнашший дIалуьйцуш хилла. Иранан падишах а – изза. Россин царь а – изза, арахьарчу дуьнен чохь хIун ду а ца хуун къаьмнаш, кехатех ловзуш доху баьлнаш санна, дIай-схьай кхуьйсуш. Царна и лело аьтто беш цу къаьмнийн цхьаболу нах а хилла.

Кхузахь цхьа байттамал ду. Сила йоккха пачхьалкх шена чугIоьртича, жимма бен доцчу къомо, мел майра и делахь а, ен дуьхьало дIайоллошехь эшна ю. Къонахалла, доьналла, майралла а гойтур ю цу къомо, хийла турпалхо а, царах дан дозалла а хир ду цуьнан, шен цIе а йоккхуьйтур ю цо, амма чаккхе цхьаъ хир ю. Цундела а оьшу жимчу къомана йоккха политика, шен жайна, хIуманан тIаьхьенан ойла кIоргге, гена хьожуш ярхьама.

Дукха хIума хийцаделла дуьнен чохь, вукху заманахь баьхна вайн дай эхарте баханчул тIаьхьа. Амма хийцалуш хетац вай ледан хала цахилар. Тахана цхьа а «фирман» а эшац, телефон тоьхча а тоьар ду цхьана березовскийгIарна хьаштхилча, вай Абхазе тIом бан а гIур ду. Антарктида яккха а гIур ду… вуьш ДагIестанчу а гIур бу, тIом а гехь юха цIа а боьрзур бу. И-м, ДегIастанчу тхо ца даханехь а, болабала кичча бара бохуш хеза тахана. Хиллехь, хьал иштта хилча, баххане а баха ца безара, ма-хуьллу и ца хилийта хьовса дезара, лардала дезара. Халхара тIом сецча, тхо тоьлла боху гIовгIа ян а ца езара. И шолгIа тIом тIекхайкхар дара. Ца тоьлла, дехьарниш а, сехьарниш а эшна вай. Сонта хIума дара и шина а агIорхьара. Кхин эшац и «толамаш а, эшамаш а» баха дезара. И хир дара санехь, политикех тера хир дара…

Дагатесначура ала, ша тайпа мохк бу Кавказ, шина цивилизацина юккъехь лаьтта хIара. Доллучу Лаьтта тIехь а уггар стратегически мехала йолчу меттигех цхьаъ ю, хиларе терра гуттар а къийсина а, къуьйсуш а ю. Цхьаболчара проекташ хIиттайо, Кавказ цхьа пачхьалкх хила еза бохуш. И дан шайна цхьацца ницкъаша гIодеш а, кхитIе и дийрдолуш а хета царна. Амма аьттехьа а дац и гIо бохург, шайн проекташ хIитточу ницкъашка шаьш ловзабайтар бен, кхечу маттахь аьлча, «использовать» байтар. Нана-дуьненан тIом болор бара и чекх ца далийта, шайн генна хьажийна геополитически Iалашонаш йолчу хийла а пачхьалкхаша. Масех дин, бIе гергга къам ду кхузахь, шайн исторехь цкъа а цхьа пачхьалкх хилла даьхна а доцуш. Уьш вовшах а кхетийтина, (царна лиъча а, уьш-м лууш а дац, вайн вежарий болчу гIалгIаша а, кхин вайх схьа ца кхеташ, делла дIадевр дара шаьш боху) церан цхьа пачхьалкх а йогIийтина, Кавказ юьтур ю моттаделлачунна, тахана дуьнен чохь хIоьттина геополитически расклад ца го, шен политически бIаьрса аьрто хилар ду цо гойтург. ХIара мохк чулацархьама, бIешерашкахь тIом бина Россис, хийла эзар-эзарнаш салтий охьабохкуш. Турцис бина, Ирана а бина. Кхузара къаьмнаш-м царна цхьанна а оьшуш ца хилла, тахана а ца оьшу (цахилар зеделла меттигаш дукха ю). ХIораммо а кхочушъян гIиртинарг шайн стратегически Iалашонаш ю. Масала, Россин паччахьан стратегически сатасам хилла: хьалха – Кавказ, юха Турцин Стамбул схьа а яьккхина, Босфоррий, Дарданеллий олу ши меттиг схьалаца. Хьуьлла дехьа йистехь йолчу Британски империн Iалашо хилла цуьнга и цадайтар, Росси Стамбул яьккхина йоллучохь, хьайна шеца тIом ца безахь, юхавала аьлла, сацийна Россин император. Дуьнен тIехь гIараяьллачу британски флотаца ларо гIирс ца хилла вукхуьнан. Турцин дуьхьа ца сацийна иза, шен стратегически политикица доггIург ду Британис динарг. Иштта гена хьоьжуш ю нехан политика...

Тахана а къуьйсуш ю Кавказ. Цу къовсаран хьера кIел нисделла вай, вукху агIор аьлча, нах шайн глобальни политика дIакхоьхьуш бу, и хIун ду а ца хуурш, хиэ чемхаьлгаш санна, цара ловзош бу. Тахана доллу латта а, тIаьхьенан ойла ца еш, адамо шена тIехь бечу ницкъо лесто долийна. Кхана кхуьнан хIутту долу хьал Дела воцчунна хаац, амма, кхана, хаза нехан санна яккхий проблемаш хир юй а хууш, «великие державы» олурш, шайна корта баккха некъаш лоьхуш, хIара дуьне цхьацца меттигашкахь юхадекъа гIерта. ГIерта аьлча а, доькъуш ю, и деш хилар дукха гуш ца хилийта, доллучу адамна а саготта ю шаьш боху демогогеш юьйцу, демократи а, цивилизаци а, гуманизм а, адаман бакъонаш а юьйцу, амма, хIуъу мухха дийцарх а, «красная шапочка» мел хаза тегнарг тилларх а, борз шена ижу лахаза ялац. Борз шен когаша кхобуш ю олу, кхузахь ала мегар ду, пачхьалкх шен политико кхобу…

Кхин агIо ю таханлерчу политикехь: бусалбий, керстий вовшие коча а тесна, бан ма-ллу, вовшашка хIаллакбайтар. Тайп-тайпана цивилизацеш вовшашца тарлур яц, уьш вовшийн хIаллакъян гIортаза Iийр яц боху теореш а кечйина. Доллучу адмана а беш тешнабехк, провокаци ю иза. Кега-мерса ницкъ бац и «проект» хIитториг, баккхий гIирсаш бу цуьнан карахь. Таханлера вайн кегийрхой, зударий а балийна, шайн тIаьхье кхиош, баккхий нах а хилла, эхарта берза безаш бу. И ца деш, маж-мекх а далале, уьш хIаллакьхилча тIаьхье йов вайн, генофонд йов, тIаьххье вай къам хилар дов, вай а дов. Цуьнан ойла хила еза саццаза еш.

Юхадоьрзур вай ваьш юкъахдевллачу. Майра хиларх хIун ду къам, яхь йолуш хиларх хIун ду, Iилма, гондхьа долчун хьесап, ша лардан политика, шаьлта яьккхина латар бен кхин къайле ца хилча. Жанна гонаха берзалой санна, арахьара чугIертарш хилча, шена юкъара нах, уллерчу къаьмнийн элий, цхьаъ – цхьанна, важа – вукхунна, кхин цхьаъ кхечунна, и иштта къам дохка гIерташ хилча? ХIокху тобано, хIокху стага вайн къомана дика дина бохучо, цо бина дика болх, цо йоьттина гIала, цо дина маьждиг, цуьнах даьлла беркат схьагайта, охьадилла цуьнан цIарна улле, цул тIаьхьа дийца цуьнан дика мел хетарг а, и тIема волуш а, бацал лоха лелаш а, хIорда чохь чIерал хIайтъаьлла хилар а, цо чан кхоьссича, йоккха топ цаялар а, хи тIе верта тесна ламаздар а, лаахь – илли а даккха цуьнах, назма а ала, эпопея а язъе.

Цхьана а тобано, мел дика цуьнан нигат, мел цIена дог-ойла хиларх, кхачор дац къам дикане, шен нигат кхочушдан и охIла яцахь, ша хьалха эцна некъ бевзаш, хIора ког а мича баккха беза хууш, шен къомах дагаяьлла, цунах къахеташ, цунах цхьаъ лазор а шен чуьра бохам хеташ яцахь. Иштта йоцчо, чухьодий, хатIдоццург а дой, юха, хIан-хIа, иштта дан дезаш ца хиллера, хIинца вуьшта дан деза… Юха а вуьшта… ТIаьххье а цунах шаьш а юьхь-Iаьржа хIоттар, къам а хIоттор хуьлу, вийнарг-вайнарг-м хьеха а ца во вай, дуьненан рицкъанан зен а ца хьехадо…

Муьлххачу а къоман хила тарло тIехIоьттинчу Iедалан низамца къовса хIума: социальни, политически, экономически, кхин тайпанаш а. Арахьарчу пачхьалкхо чулаьцначу къоман шен исторически бахьана а хир, (дуьххьара Дала кхоьллинчу адаман ши доьзалхо кхиъчахьана, кхолладелла дукха бахьанаш лаьтта кху дуьнен чохь). Цундела, олийла дац цхьана а имамана иза цхьа а бахьана доцуш ваьллера. Кхузахь хIуттург кхин хаттар ду: хIун бух кечбина, хьесап дина, хьанна тIетевжина, айдинарг дIадахьа мел хIун ницкъ, гIирс болуш, дечун тIаьхье гуш, долийнарг чекхдаккха охIла волуш хиллий, чекхдаьккхиний? ОхIла а, хьекъал а, доьналла а хиллера, амма, чекхдаккха ницкъ а ца кхаьчна, вукхеран ницкъ сов а баьлла, тIехула тIе, цхьана наха тешнабехк а бина я тIаьхьа хIиттинчара аьлларг а ца дина боху хабар долийча, кхин а сов хаттарш хIутту имаме. «Сайн къаьмнаша тешнабехк би суна, наибаш дIасабевди сан, ас декъалво хьо толамца», – аьлла, каравахна имам Шемал Барятинскийна. Муьлха къаьмнаша бина кхунна тешнабехк? Цхьаъий-аххий миллион болчура бIе ткъа эзарна тIекхачалц, кхунна тIаьхьа а хIиттина, эгначу нохчаша бина? Ткъа уьш цу терахье а балийна, «почетни плене» вахарх хIун олу? Чам боцуш доьрзу долош массо а агIорхьара йина ойла, дерриг а дагардина, баккъалла къомах дог лозуш доцург. Яккхий тоьпаш кIел миска нах кхийсар яц политика, дац шайхалла а, эвлаяалла а, тахана, хьеран тIулга кIел хьаьжкIаш санна, танканаш кIел кхисасар а яц политика…

Цхьана немцочо аьлла, ша бехказа ваккха хIума карадо уггар харцволчунна а. Нийса хета цо аьлларг, политика лело ца хаахь а, бехказавала хаьа хьанна а. «И хир ду ца моьттара» аьлчахьана бовлу вайн политикаш а, жайни тIера дало дош а карадо. Кхин а ду вайн массо хIуманна а стаг бехказавоккхуш: «Дала яздина хиллера». Яздеш вац Дела вониг, зулам хиндерг адаме дайтар. Некъ белла Цо адамана вон а, дика а къасто. Ша хьайна реза хила лаахь, хIара ду хьуна ша резаверг, хIара резавоцург ду хьуна. Реза верг дахь – шена хьалха юьхькIайн хир ву хьо, реза воцург дахь – хIара тIаьхье хир ю хьуна ахь динчунан, боху Дала. Вочуххий, дикачухий ша хаьржжинарг ду хIораммо а дийриг. Кхо хIума ду боху Iеламнаха, Дала яздина: хьо дуьненчу валаррий, хьан хиндолу дай-наний, хьо лийриг хиларрий. Диснарг – вонний, диканний юккъехь мел дерг – ахь айхьа хоржуш ду, и къасто, цуьнан ойлаян делла хьуна хьекъал. Хье боцуш хIума а долийна, цунах шена а, нахана а бохам а баьккхина, иза-м, иштта а – вуьшта а, Дала яздина хиллера бахар – шен бехкана Дела бехкеван гIертар ду, ийман цатоар ду. Дукха масалш ду вайн цу хIуманашна дало, ца далор-кх аьлла кхузахь дитахь а. Селхана-стомара а бара вайна юкъахь, хьенехан аьтту пханарна тIехь мухIар гина шайна бохурш. ХIун бохург ду иза? Дала ваийтина ву, вер ву аьлларг ву бохург ду. Вуьшта аьлча, шен къомана тIе зулам кхайкхар ду.

АллахI-Делан омранца бусалба дин кхайкхо долийна Мухьаммад-Пайхамара (I.с. в.). Дала сураташ доссош хилла цуьнга Джабраил-маликехула. Дечкан, тIулган мунданаш делий а лоруш, дехачу къоме, цхьа АллахI воцург кхин Дела цахилар хьедеш, волавелла иза. Шен цIийнан наха, девежарша а цхьаьна, ца олуш, тIаьхьа ца кхуллуш хIума ца дуьтуш, дуьхьало йина цунна, дукхазза холча хIоттийна, вен а гIоьртина. Цунна тIебирзинчарна а кхераме хьал хIоьттина, Эфиопе бовда дезна церан. Ша Медине дIа а кхелхина Элча (I. с.в.). И дерриг а хезна, хууш ду вайна. Кхойтта шарахь лаьттина иштта хьал. Собарца, ша кхайкхориг Делан дашца адаман кхетаме дуьллуш, бух кечбина цо бусалба динан. И даре хьаьжжина, эзарнаша ийман диллина, уггар цунна дуьхьал хиллачу Маккин элаша а цхьаьна. Цаьрца чIир лаьцна, цара шена бинчу ницкъана бекхам ца бина Пайхамара (I.с.в.), доллу Iедал шен кара дирзича а. ХIуманна бух а, кечам а оьшу. ХIун хир дара бусалба динах, шена тIаьхьа цхьа тоба вовшахкхетча, иза, Эфиопе яхийтина, кIелхьара ца йоккхуш, велларг ялсаманехь хир ву шу аьлла, Маккин элийн эскарна кIел кхоьссинехь? Хир а дарий тахана и дин? Вийра а варий иштта сонталла шегара йолуьйтур волчух Дала шен элча? Дика хIума ю стом, амма дан хIума дац цунах эрга болуш схьабаьккхича. Собар хила деза хIума долочехь, и кхочушдан Дала ша хаьржина велахь а. Собар – ийман ду боху, иэхь – ийманан цхьа га…

Царна шаьш талор дийриг муьлхачу къомах, муьлхарчу динехь, хIун хан йолуш ву башхалла дацахь а, доллучу къомана тIедохку церан «дезарш». Хьалха къола до стаг юьртахь а, кIоштахь а вевзаш, хIума яйначо цкъа хьалха цуьнга цIано е а олуш хилла. Тахана дикка хIума хийцаделла цу хьолехь а. Дешна дипломаш а долуш, цхьацца белхаш бина я беш а долуш, дукха адам ду ахчанна тIаьхьадаьлла. И гуттар тидамехь хила деза…

Таханлерчу дахарехь массо а тобанаш, чуьйрашца долу йоьхьаш санна, вовшашца хаьрчина, вовшах хьакхалуш, вовшийн гIо-накъосталла деш хилар гуш ду. Иштта меттигаш дукха нисло. Вайна гина, гуш хIуманаш ду уьш. Дуьнен чохь а алсамъевлла и тобанаш. Вай цу хIуманийн, царах долчун, цара йохьучу тIаьхьенан ойла еш хила деза, и ярал сов, царах ларлуш, вешан юкъаралла ларьеш…

Церан ахча дагардан ца гIерта вай, ахча долу нах махкана новкъа бац, цара шайна а, махкана а цунах беркат деш хилча. Вайн Элчано (I.с.в.) боху: «Бахамо а, къелло а стаг Делах ваккхарна кхерам бу». Бахамберг кураволий дакъаза волу, мисканиг – шен къелло цатерг а дойтуьтий дакъаза волу бохург ду иза. Долчаьрга и ахча ваьшна декъа бахац вай, эвсаре долийла церан иза, амма цхьа хIума хууш хила деза царна: вайн къоман селхана элий ца хиллий а, тахана шайх элий а бина, ша «крепостной» а хилла и Iийр доций а. «Революцонни ситуаци» лаьттар ю вайн уьш цуьнах кхетталц. Революци мискачу наха йо бохуш, дуьйцу киншканаша, амма нийса хила мегара и буьзначара мецачаьрга, са легашка а кхачадой, нуьцкъаша йойту аьлча…

Шай-шай хьалхавала гIерташ, дукха адам карзахдаьккхина махкахь рицкъанаша сонта баьхначара а, и карадаза бисина, цаьрга сатуьйсучара а. ХIуманан ойла еш, олу дош а тIаьхьа-хьалха хьожий олуш, боккху ког а Деле шайна собар, ийман доьхуш боккхуш хила безара аьлла хета цу нехан.

Цхьа вон-дика тIехIоьттича, шен кисанан хьал, ков-кертахь мел хIун ду, хIун харж ян аьтто бу шен хууш, шен долчун чот тоьхна хуьлу доьзалан ден. Иштта, политически дахарехь муьлхха а сацам беш, шен долу-доцчун тоьхна чот хила еза юкъараллин а. Къаьсттина ваьш мел ду гойту терахь дагахь долуш, иэсера и ца дожош хила деза вай. И терахь дицдалар – ваьшна кIел ког тасар, ваьш Iехадар, «реальность» олучух хердар ду. Дуккха хIуманаш тIехь хийцадала деза вайн. «Адамаш, – боху Делан элчанан (I.с.в.) хьадисо, – шун нигаташ, шун дегнаш, шу шаьш а хийцадаллалц АллахIа шун хьал а хьуьйцур дац». Нисса вайга хьаьжна аьлла хета и дешнаш. Мух-мухха а лелийча, чекхдалац хIума. Тахана жима а, воккха а вайх кхета дезарг, кхин дIайолчу вешан исторехь кхечу новкъа довла дезар ду. Чолхе некъ а бац иза, ваьш цу тIе довла дезарх кхетчахьана. Хийла стаг тахана цунах кхеташ вогIу аьлла а хета. Iуьйрана гIоттуш а, буса вуьжуш а хIоранна дагахь хила дезара: вай латто безарг таррийн, шаьлтанийн, автоматийн тIом цахилар, тIулган гIап йоккхург боций а. Туьран дитта тIехь дехаш ду шайтIа, автоматан биргIанна буьххьехь дехаш а. Вай Iилманан гIап яккха еза, хьекъал, кхетам лаха беза. Хьекъалал ира тур ца дина цхьана а пхьеро. Масех эзар шо хьалха аьлла цхьана китайцо: «Хьекъал дерг, шен туьра тIе цIийн тIадам ца хьакхаболуьйтуш, тоьлар ву». Тахана Китайс лелочу политикин тидам бича, хуур ду и дешнаш миллиардал а сов болчу царна диц ца деллий – цхьа топ а ца кхуссуш, меллаша дуьне схьалоцуш бу.

Къомо шен хIума лардан а, шен бакъо къовса а еза, саццаза къовсуш хила еза. Корта а, дог а долуш кIентий, мехкарий хила а беза цуьнан и хIума а къовсур долуш, юьхь а ларйийр йолуш. Къам холчохь, Iазапехь делахь, цу къомах волчу муьлххачун декхар ду и паргIарт хила лаар, лиъна ца Iаш, шега далург дар. Цкъа хьалха хьекъал оьшу цунна ишттаниг дан, охIла хила веза и дIакхехьа. Вацахь хьо ишттачунна охIла, хабар доцург, бацахь хьайн кхин бух, хьайна тарделларг къоман коча а тасий, и къам дакъаза ма даккха, юьхьIаьржа ма хIоттаде, танканашна, кеманашна, «градашна», ракеташна кIел ма дига, цуьнан кIентий ма хIаллакбе, хьуо а ма ве хIаллак, боху вай цуьнга. Уггар вай ца толон болу гIирс бу автомат олу эчиг. Юха а, вайна вешан хIума къовса а, лардан а хьекъал, хьекъале политика оьшу. Мацах вайн къам Казахстане дигначу эшелонаш тIехь еана, гIали юккъе автоматийн, гранатометийн оьланаш охьаяссийна, хIан, дIаэца шайна аьлча, цхьаъ цу оьланна улле гIур воцуш, и дахка лаца йиллина «мехаза нехча» олург юй хаъал кхетам тоа безара вайна. Юха а, юха а – автомат а, тIом а бац вайн гIирс. Цхьа а масал дац вайн, и бу ала. Хьеха дукха йо вай шаьлта, дозаллица а хьехайо, амма, и а етташ, тIамца даьккхина хIума ца го вайн кху масийтта бIе шарахь, ваьш хIаллакьхиларрий, буобераш кхиорий бен. Вай кахьар хьийзо еза, хьен кахьар. Iилма оьшу вайна. Кху дуьнен чохь а, вукха дуьнен чохь а дикане кхочур дац вай цу шинца бен. «ХIора хIуманан шен некъ бу, ялсамане боьду некъ – Iилма ду», – боху Делан Элчано (I.с.в.)

Котамаш кхобучо хIора дийнахь ягорйо шен котамаш, гезарий кхобучо – уьш ягарйо, стерчий долчо – уьш. Даьхни бен дац уьш, вай адамаш ду, ваьш хIаллакдо вай, ваьш мел ду хууш, хIора дийнахь ваьш дагардеш, лардеш ца хилча. Кхиа деза вай – терахьехь а, кхетамехь а кхиа. Ваьш ца кхуьуьйту вай. Шина-кхаа дашехь аьлча, цхьана тобано шеггара хIума а доладой, юха, «эхI, дан-м хьаштдоцург дара хIара, делахь а, хIинца ара ца девллча, нахана чекх са гур ду вайх, кхерабелла эр ду нохчий, нахаца яхь, дуьхьал хьажа юьхь хила еза олий», ара а довлий, халкъан эзарнаш кIентий хIаллакьхилийтар ю вайн истори.

/ТIаьхье хир ю./

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.