http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Ло ду догIуш Печать Email

Ахмадов Муса

 

Дийцар

 

Стаг лаьттара шен тишчу цIийна уллохь. Дукха хан яра иза иштта лаьтта. Иза цхьалха стаг вара харцо а, бохам а дукха лайна. Иза нахана вицвеллера, нах цунна а бицбеллера. Хьекъална иешна иза, амма цхьанна а кхераме вац олура цунна. Стагана бен а ца хетара шена хIуъу аьлча а. Цунна лууш дерг цхьаъ дара: цкъа мацах ша жима волуш шена девзина малх кхетта, тайп-тайпана аьзнех, тамехьчу хьожанехь дуьзна хилла дуьнене цхьана минотана, я цхьана мIаьргонна юхаверза.

Амма и лаам, де-дийне мел дели гена болура, де-дийне мел дели кхин беснаш хIаллакдеш, кхуьнан кхетаме богIура Iаьржа бос. Цхьана дийнахь иштта ойла еш, и стаг шен цIийна хьалха лаьтташ ло доладелира. Даккхийчу чимашца дог1у бамба санна кIедачу цо, доллу дуьне кIайдора.

Цецваьлла хьоьжура и лаьтта юссучу кIайле. Иза алсам мел ели, шен ойлане синтем бог1уш санна а хетара. ТIаккха Iаьржа бос дIатоттуш, жим-жимма богIуш, цуьнан кхетаме бан болабелира кIайн бос. Кхунна гонахара ло алсам мел долу алсам болура и кIайн бос. Эххар а буьйса юкъал тIехъяьлча, кхуьнан берриге а кхетам дIалецира кIайчу басо, цуьнца цхьаьна беара синтем.

– Далла бу-кх хастам, Iаржделла хIара дуьне кIайдан йиш йолчу Далла бу-кх хастам, – элира стага.

ТIаккха иза цецвелира:

– ХIара кIайн ло массарна а цхьабосса тIедогIу-кх… Цо шен кIайчу басца хьулдо-кх массо а хIума: Iаьржа дитташ, хоттах дуьзна некъаш, Iаьржа цIенош, дика нах, вуо нах... – массо а хIума хьулдо-кх лайн чимаша. Массо а хIума кIайн хуьлу-кх лайна кIелахь. Делахь хIета, массеран къинош, зуламаш динчеран а тIехь, йиш ю-кх лайно шаьш кIайдинчохь, кхин Iарж а ца луш, диса. Церан йиш ю-кх, ло дашале, дохкодовла. Ло дешча, тIаьхьа хир ду, ло дешча дерриге хьалха ма-хиллара хир ду.

Иза чIогIа цецваьккхира шена гучуяьллачу къайлено, и нахе дIа ца хоуьйтуш Iен бакъо яцара цуьнан.

Лулахойн неI туьйхира цо. Хан яьлла хан йолу дела, ехха етта дийзира.

– Хьенех, хьо вуй иза? – элира араваьллачу хIусамдас. – Хьуна хIумма-м ца оьшу?

– ХIан-хIа, ло ду вайна догIуш. Ло дашале дохковаьлча, дика хир ду хьуна.

– Дика ду, – хIара вевзачу хIусамдас кхин тидаме а ца ийцира кхуо бохург. – Чу а волий, чай малахь, вохлохьа.

– ХIан-хIа, со дуккха а нахе дIаала дезаш ву.

Ураме дIатаьIира стаг.

Дукха хьолахь наха хIара цу лулахочо санна тIеоьцура, цхьа тамашийна бела а къежаш, хетарехь, уьш ца тешара кхуо дуьйцучух. Иза церан гIуллакх ду – тешар, цатешар. Кхуьнан декхар дIаалар ду.

Цхьаьннан цIийнан ков дехха детта дийзира цуьнан. Цу чохь гIовгIанаш яра яккхий, тайп-тайпана мукъамаш хезара. Эххар а цхьамма ков диллира.

Стага ша деанарг дIадийцира.

Вукхо:

– Яхийта кхузара, Iовдал! – аьлла, цхьа чIогIа ков тIетуьйхира. – Ахь ца аьлча, суна ца хаьа хьуна, ло дуйла догIуш!

Стаг кхидIа а вахара. КетIахь цхьа сирла стогар богучу, цхьана доккхачу цIенна хьалха сецира иза. Цу чуьра хIусамда шозза къуй а баьхкина, шозза а лулахой орцах бевлла кIелхьара ваьллера. Тховса, уьш юха багIахь а аьлла, дийнахь ша лехна деана герз а дуьйлина Iара иза.

НеI етташ лелачу стагана ца хаьара иза. Цо массеран санна, неI туьйхира цу цIийнан а. Массо а стаг къу тарвелла Iачу хIусамдас, корах ара герз туьйхира. Хьажийна а ца туьйхира, дуьхьалдIа къу човхо дагахь туьйхира.

Амма неI еттачу стагана кхийтира иза.

Дуьхьал герз ца долуш тийналла хIоьттича, корах арахьаьжира хIусамда. Шен кетIахь аркъал воьжна Iуьллуш стаг гира цунна. Вевзира. Иза къу вацара, наха «Делан-пекъар» олуш цIе йоккхуш, цхьа миска стаг вара, лакха юкъахь, тишчу цIа чохь Iаш волу.

Хьаьдда вахна, воьжна Iуьллучунна тIехIоьттира хIусамда:

– Суна ца хаьара, суна ца хаьара, – бохуш.

Лен чов хиллачу стага, шена герз тоьхначу стаге хьала а хьаьжна, элира:

– Ло ду догIуш… Лайно массо а хIума кIайн до… Ло дашале дохковала… ло дешча тIаьхьа хир ду…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.