Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Малх чубуза гергабахча... Печать Email

Минкаилов Эльбрус

 

Дийцар

 

Юьрта со сарахь кхечира. Кертахь цхьа а ца карийра суна. Цхьа а виса а ца виснера, да-нана дIадаьлча дуьйна, цхьа йиша йоцург. Иза а, цхьанхьа яхана, цIахь яцара.

Сайн карара ларч рагIу кIел охьа а йиллина, кертара аравелира со, Теркехьа долчу жимчу кевнах.

Малх чубуза кечбелла бара. Стигалхула некадеш мархаш яра: цхьаерш – яйн, ло санна кIайн, кхиерш – даш санна еза, таьIна-сира. Царах чекх ца ялалора тIаьхьашха богучу маьлхан серло, амма хIоранна а гондIа цхьа тамашийна гуонаш бора цо, къеггина дашочунна тIера цIеран басе кхаччалц, хIора марха а юкъалоцуш, цхьаъ вукхунах къастош.

ГIалахь со малхе наггахь а ца хьожура – ца кхуьура я дага а ца догIура, я деъча а таро ца хуьлура. Цигахь дахаран кхин болар ду, кхин кеп. И хьал хьан лаамца доьзна дац, хьуна тIедожийна ду, хьан хийца ницкъ а боцуш.

Со хьалха оьхура, когаш кIел а ца хьожуш. Некъ бевзаш бара, хийлаза бина. Когаш кIел малхо якъийна буцций, лоха юшанашший бен ца хаало. Терк гена дац, амма со дагахь а вацара цунна тIе кхача, цхьана лекха берда йисте бен. Сан сагатделлера цигара дIа малхе хьажа, и чубузуш, цкъа мацах санна, хьалха, къона волуш.

Малх лахбеллера, иза хIинц-хIинций Терка чу а боьжна, бовр болуш санна хеталора. Суна и малх бен ца гора, беккъа и цхьа малх бен, дуьненан массо а басар – цхьа 1аьржаниг доцург – шеца долу. Со ойлане велира, цхьа генарчу къоналлера де дага а деъна.

И дара студент волчу хенахь, каникулашкахь, хIинца санна, гIалара юьрта а веъна, кхузахь ас хан йоккхуш. Алссам киншкаш а гулйина, уьш а йоьшуш, цхьацца хIума язъеш, аьхкенан ши бутт цIахь баккха сацам хиллера сан хIетахь. Кхин цхьа хIума а дара, со гIалара къахкийна.

ХIора дийнахь бохург санна, киншка а оьций, Терка йисте воьдура со. Дукха хьолахь хан токхура хи чохь, гIамаран гIайреш тIехь. КIордийча я гIелвелча, охьа а хуий ойла еш я киншка йоьшуш 1ара. Дукха хьолахь проза, ткъа поэзи-м воьдуш лаьтташехь а ешалора. Хазахетта стихотворени шозза-кхузза ешча дагахь 1емара.

Цу хенахь а, цул тIаьхьа а (хетарехь, хIинца а!) суна уггаре хазахетта киншка Антуан де Сент Экзюперин «Жима эла» ю. Дуьххьара суна и йовзар а телевидени бахьанехь хилира.

Цхьана дийнахь, гIаьххьа бода чIагIбаллалц Теркаца волавелла а лелла чу веъча, телевизор латийра ас. Гойтуш цхьа спектакал яра. Еса сцени тIе х1оттина деккъа цхьа фанеран кема а долуш, ткъа цунна гондIа хьийзаш, и тодаран сурт а хIиттош, летчик вара, цхьа къамел а деш. Цкъа хьалха гойтучо а, дуьйцучо а сан бIаьрг, я ойла а ца лецира. Ара вала дагахь г1аьттина не1арехьа вирзича, цхьана мукъамо юхаверзийра. Зудчун аз дара и, цхьа кийран кIорггера схьадолуш, гIоргIо делахь а лерса хьостуш, дуьйцучух ца кхетахь а кIоргга синхаамах, цхьа ша-тайпа сингаттамах, гIайгIанах дуьзна. Суна хьалха цкъа а хезна дацара и аз. И бахьнехь спектакле хьаьжира со чекхъяллалц. Иза Жимчу элах туьйра хиллера. Со гIала юха ма вирззи Экзюперин киншка а ийцира ас.

Суна везавелира, цхьана йистйоцчу дуьненан жимчу сайрат тIехь вехаш хилла Жима эла. Со кхийтира цуьнан гIайгIанах, лехамех, цуьнан цхьаллин сингаттамах. Розега баханчу безамах кхийтира. Цхьогалан хьекъале дешнех: «Коьртаниг бIаьргашца ган таро яц... Сема дог бен ца хуьлу...», – кхийтира. Цу хенахь дуьйна ас хийла юх-юха ешна и киншка. Ерриге дагахь а 1емара. Дукха хан ялале йиш локхуш хиллачун цIе а евзира. И Эдит Пиаф хиллера.

Ас дуьненахь йоккхучу хенахь хийла нах бевзина. Бакъду, Жима эла санна, цхьана сайрат тIера кхечарна тIеэха-м ца дезна. Вайн къена Лаьтта тIехь бу-кх Экзюперис шен киншки тIехь буьйцу нах – паччахьаш, цIерхазамчаш, къаьркъанчаш, г1уллакх-некъахой, панарчаш, сила-а стаммий киншкаш язйийраш, хIора а шайн-шайн амалца, башха ца гича са а гатлур доцуш. Амма, Жимчу элана, шен ирсана, гина боцурш а бу кхузахь – питанчаш, талорхой, нах бойурш. Доьхнарг – цаьрца ваха дезар, Жима эла санна, уьш кIордийча, дIаваха йиш цахилар цхьана генарчу сайрат тIе. Я ирс хилла-те иза?

Цхьана хенахь со хьоьгура Жимчу элах. Жима елахь а, шен сайрат ма хилла цуьнан, цхьаммо новкъарло а ца еш, шена ма луъу ваха. Делахь а, цхьалла лан а ду хала, цо воккху иза новкъа, Адам каро йолчу дегайовхонца. Цуьнан докъазаллина, хIора и кхаьчначу сайрат тIехь цхьацца Адам бен ца хуьлу дехаш, ткъа уьш а дац шайца саца дог доуьйтур долуш.

Амма миллионаш адам дехачу Лаьтта тIехь а хуьлуш хилла-кх и цхьалла.

ХIетахь кхийтира со, Жима эла малх чубузаре сел сих-сиха хIунда хьежнера. Суо хIунда хьоьжу а хиира. Хьалха цкъа иза цхьа ша-шаха ду моьттара суна, я цуьнан бахьна леха а ца лоьхура. Амма Жимчу элан а, сан а чубузучу малхе сих-сиха хьежаран бахьна цхьаъ хиллера.

Со цхьа вара хIетахь, сан дог лозура цхьалла бахьнехь...

Сан а яра иштта меттиг, цхьана сарахь а малх чубузуш мосуьйттаза ган йиш йолуш. Иза Лаьтта тIехь яра, Нохчийчохь, Теркайистехь, тхан юьртана гена йоццуш, Хьозин а, Нохьин а тогIешна юккъехь, лекха берд, хадийча санна дIа болий, лахлучу меттехь. Цигахь Iара со, малх охьа мел таьIи, юх-юха лакха а вуьйлуш, шен зIаьнарш Теркан шуьйра асан чу а яржош, дехьарчу хьуьна тIехула и чубузуш тергал а беш.

Со сих-сиха вогIура цу метте, юьрта моссаза кхочу, шеран муьлххачу хенахь. Хенан йохалла Iалам хийцалора, цхьа малх бара цкъа а хийца ца луш. Цунах йолу йовхо-м хийцалора, кIезиг-дукха хиларца, амма малх даима а ша ма-барра буьсура, шен хеннахь гIоттуш, дийнан дохалла богуш, суьйрана чубузуш.

Х1аъ, хIетахь со сих-сиха вогIура цига, къона волчу хенахь. ВогIура сайн сагатделча, цхьа а висна ойла ян. Ма сингаттам ца хиллера цу хенахьлерниг, ма эрна хиллера гIайгIа. Амма цхьа сапаргIатдолий, хIинцца дуьненчу ваьлча санна цIинлой воьдура цигара. Дахаран некъаш – уьш дуьйлалуш бен дацара хIетахь.

ХIинца дерриге а кхечу тайпана ду. Некъаш дина – оьшурш а, цаоьшурш а. Шерийн мохь базбелла. Йисна хан кIеззиг бен йоций хууш, дан ца кхиънарг дан кхиа гIерташ, де-буьйса ца къестош, хьийза. Хаац, ницкъ мел тоьур бу, дерриге а Делан карахь ду-кх.

Бузучу малхо а кхин ойла йойту хIинца: дахаран суьйренах, дуьсу долчу дуьненах, Iожаллах. Цу ойлан а хилла-кх шен хан, къобалъеш, ца вухуш, тIеэца, такха езаш. ЖамъIи хан.

Со Теркан лекхачу берда тIехь лаьтта, ойла еш.

Малх бу хIинца а богуш, чубуза герга делахь а.

Ма дика ду-кх иза болуш, сийлахь Малх!

Ма дика ду-кх иза буьсур болуш.

Ма дика ду-кх.

 

Х1аъ, некъаш дина, лаьтта тIехь мелла а орам тесна. Сан дог дохдийраш а, сан деган йовхо оьшурш а бу. Безам а, цабезам а хилла, бан а бу, хир а бу дахаран терза нисдеш. Ткъа дог а, вуон-дика хилча, къоналлехь санна, карзахдолий, кийрара схьадала я эккха санна ца детталахь а, массо хIуманна сема ду.

Цхьалла-м оьшуш хилла, хIинца ас кест-кестта лоьху иза. Къоналлехь санна цо ницкъ ца бо. Цхьаллехь дика яло ойла. Ойланна цхьалла оьшу, еккъа цхьа цхьалла.

Амма цхьалла кIордийча тIеваха нах оьшу, дика нах. Дахаро зуьйш, ца хадош, шо-шаре мел долу чIагIъеш, ларйина цаьрца йолу уьйра. Сих ийна синош а ду, сих схьадаьлла са а ду.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.