Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Азаллехь яздинарг… Печать Email

Дадашев Райком

 

 

 

Дуьненаш адамашна кхоьллинчу Дала,

Хьо адамийн хьашташна кхоллац ма ала.

Адамашца лачвалий Делах ма вала,

Адамашна гуш вацахь Далла гац хьуна.

М.-С. Гадаев

 

 

Наггахь я хазахетаро, я балано хьаьшна (хазахетар а ма ду лан хала, и баккъалла хазахетар делахь), хьайн синкхетамца ша висча, цхьацца, х1иццалц дага ца яьхкина, ойланаш коьрте хьийза. Хьо кху дуьнена вар х1ун бахьана ду те, х1у дохьуш я х1у д1адахьа веъна... Дуьненара д1авоьдуш х1ун лар йитина г1ур ву... Дерриг Делера хилча, Цо азаллехь синош кхуллуш яздинарг бен хила йиш ца хилча, хьан карахь, хьан ницкъ кхочуш х1ун ду те? 1илмаца дерг дуккха гена даьллехь а, дукха къайле Дала адмана йовзинехь а, ца хууш, ца кхеташ, хьайн хьекъалца т1аьхьа ца кхуьуш ма 1аламат дисна-кх.

Екхначу буса стиглара седаршка хьоьжуш, дуьненан ойла йича ма инзаре сурт х1утту. Вай латта ца дуьйцу – Дала кхоьллина дерриг Ана-дуьне дуьйцу. Хьанна ца гина стиглахь «Ча такхийна тача»? Билггала, шалгуца схьаецна, охьа1енош дехьначу чах йисина мегар и лар олий хета. 1илмано теллича гучудаьлла, и «лар» малхал даккхийчу седарчех хилар. Мел генахь ду уьш вайна? Уггаре дуьненахь сиха х1ума з1аьнар ю. Серлонан з1аьнар. Цхьана секундехь кхо б1е эзар километр йоду иза. Кхо б1е эзар километр цхьана секундехь. Инзаре чехкал. Ткъа вайна гуш долу седарчийн з1аьнар вайна схьакхача эзарнаш шераш деза. Эзар шераш хьалха схьакхетта серло ю иза. И седарчий д1адайчи а хуур дац вайна оццул хан яллац, х1унда аьлча т1аьххьарлера з1аьнар схьакхача а оццул шо деза дела. Айса цунах лаьцна х1унда яздо ма ца хаьа суна, цуьна ойла йираш тахана к1еззиг буй хуъушшехь. Делахь а, цкъацкъа буьйсанна, дашца бийца йишйоцчу балано хьаьшна ведвина хьовзича, сай дукха садиънарг ду-кх со кехат т1е дилла г1ертарг. Сай к1езга кхетаммий, хьекъаллий ца тоар хила мега-кх суна х1ара яздан лаар.

Суна санна х1оранна а хаа луу хир ду-кх, х1ара дуьне мел доккха ду, шена дуьненахь елларг х1ун меттиг ю. Цу хаттар к1оргаллехь воллуш дагатосу цхьа хилларг. Сайца хилларг . Мел хан яларх диц ца луш, со т1аьхьа ца кхуьуш диснарг. Г1ан-набар б1арлаг1а хилла хьалха лаьтта и. Дуьйцийла йоццуш хала ду йозанца ма-дарра цуьнан сурт х1отто а, дийца а, х1етахь хилла дог-ойла гайта а. Маь1на дар, дешархо, хьоьгахь а дуьтуш, тодар доцуш, дагахь ма латтара со иза д1аяздан а хьожур ву. Иза дара 1968-г1а шеран ноябрь чекхболуш. Сан докъазалла паспорт дац аьлла со юкъар1ойле ца вуьтура, ткъа военкоматехь учетера ваьлла бохуш ц1ахь иза ца лора. Хьалха ваьлла и г1уллакх чекхдаккха к1орггера бала болуш воккханиг вацара сан. Цу лачдаьллачу хьолехь со чуваха меттаг йоцуш висира дешар шо долалуш. Эххара, вокзалеххьий, леч1къаш юкъахь1ойлеххьий лела к1орда а дина, мелла йорах карийна, чохь газ а, хи а доцуш цхьа чоь лецира ас. Яккхий х1усмашкахь вацара цхьа а. Паспорт схьа а эцна юкъара1ойле ваххалц 1ен волавелира цу кертахь. Аьлча а, суьйранна 8 даллац института йоьшийлачохь 1ай, 2-г1а автобус т1ехь Калинин поселке воьдура буьйса яккха.

Дерза доьлхуш, дохк лаьтташ шийла гуьйре яра т1екхаьчнарг. Суна т1ехь, когахь дацара. Петарх дерг д1аделча юучух ца тоьара. Доьшу хан чекхйяьлча ара волийла дацара, т1ехь плаш-пальто йоцу дела. Кхин т1едоьлхуш дог1а доцуш, дохк йолуш, доьлхий ца хаалуш лешачу дерзо, жимма хьевелча вериг т1адавора. Наггахь хуьлу-кх иштта хена х1оттам вай долчохь. Цундела дара йоьшийлачохь массо д1аваххалц со 1аш хилар. Дукха хьолахь пхьор доцуш вуьсура. Цунахха-м со воьллера. Делкъана цхьа мерза борщ хуьлура, муьста а йолуш. Цунах тоам бора. Иштта, цхьана суьйрана институтера Дзержински олучу (Лермонтовн ц1арах театр яра цигахь) социйле веъна, верг т1ада а вина, мачаш т1унъелла автобусе хьоьжуш латта вийзи сан дуккха а. Сих-сиха лелаш яцара автобус. Т1аьхьо-м микрорайоне трамвай лела йолаелира. Х1етахь изий бен кхин ваха х1ума яцара. Хорш яра дег1ехь, шеллора. Дависа, и муьста борщ елхьара ма толур вара со бохуш ойла еш д1акхечира поселке. Туькана вахана бепиг эцча кисанахь дисинчуьнга хьаьжча, дукха ледара дара хьал. Стипенди лун хан яцара герга. Леррина д1асахьаьжча банк ги, даккхий элпашца т1ехь яздина «Борш» а долуш. Мах дукха лакхара боцуш, со ларор волуш бара. Борщ ян дагахь иза а эцна чу ваха со. Дечиг ду даккха дезаш, пеш ю лато езаш. Чохь яй, кад-1айг дара, ас йоккхучу хена юкъахь лелийна дацахь а. Уьш ца эшнера суна, латтош сурсат доцу дела. Ас дан дезарг дерриг дира. Яй т1е а биллина юрг1ана к1ел воьлла хорша сацо г1ертара. Амма вегочуьра ца сацалора. Цхьа тамашийна суна чуьра схьайог1ура шело. Яй кхихкира, чохь малйелира. Эцна банка йоцург кхин рицкъах х1умма яцара со волчохь. Хьалаг1аьттина банка яьстича иза борш ца хиллера, иза кегий элпашца яздина «борш чам бийриг» хиллера. Кхихкина хи чу тесна ши кхо къурд бича со кхийтира, цунах пхьор хир доций. Со лампа д1а ца йойуш, т1ера бедар ца йоккхуш юрг1ана к1ела вуьйлира.

Хорша яра шен г1уллакх деш. Суна сайх къахийтира. Бож-1елас ма-аллара, со цу буса веллехьара цхьанний ца хууш дикка 1уьллура вара. Цомгаш хила сан йиш яцара. Сан больнице ваха паспорт дацара, кхин дерг ца дийцича а. Ас ойла йора: ванах иштта нийсо йоцуш х1унда кхоьллина те Дала х1ара дуьне. Ас цхьа къа ца латинера, со вон ца леллера, дика доьшуш вара. Тхуна хьоьху оьрсийн хьерархой цец бохура цхьацца хаттар луш я сихха задача йой. Воллу студент юкъара1ойлехь вара, суна халчу даьллехь а цигахь 1ер. Цкъа а сайн да вац-кх аьлла сайх къа хетийта меттиг ца балийтина. Мелхо а, иза воций хаарна кхоьруш сайн болу а, боцу а ницкъ, хьекъал т1едахийтина лаьлла. Уггаре боккха кхаъ яссо вагон нисьелча хуьлура. И деза де наггахь бен ца дог1ура (7-г1а ноябр буса ши вагон яссйира оха). Х1унда нисло те иштта. Делахь а, со-м реза вара сайн хьолана. Цомгуш ца хилчхьана кхин д1а дерг ловр дара. Соьга хаьттича, дукха х1ума ца оьшура со тован. Цхьа чорпийн кад… деккъа цхьа хедар чорпа. Бепиг-м долуш дара.

Юрг1ана к1елахь воллучу суна дуьхьал тосу... Нана чу йог1у. «Ой, ахь х1ун до, Х1абал. Хьо шелвелла. Собар делахь, ас кху сохьта хьокхам беттина, хьуна дукха еза чорпа йо хьуна. Даца-уьстаг1 жижиг ма ду ас хьо ц1а ваг1ахь аьлла эцна». Ванах б1арлаг1аш ю-кх суна дуьхьал туьйсуш. Лен г1ан дар-те иза. Г1ан дара моьтту суна. Юха а Сесана интернат столовехь сайн накъост го, соьга схьавола, Махьми чорпа юур ю вай бохуш (Дала гечдойла цунна, Сесанара интернат бахаман доладархо вара Махьма. Дика стаг вара. Тхан забар яра: «Махьми чорпеш дукха йиьна ас», – олуш). 1аь г1уьттуш боккха чорпи яй хуьлу гуш. Шайт1анаша кхетамах тило мегара со олий, сама вала г1урту. Вала ца ло. Айса иштта мел хан яьккхина хаац суна – сахьт, шиъ, кхоъ. Г1аьххьа хан яьлла хир яра. Ц1аьххьана не1 тухуш санна хийти суна. Юха а. Хьажахь, билггал телхаш ма лаьтта со аьлла хьала айавелла ладоьг1чи, кхин цкъа а туьйхи не1. Иза адам я шайт1а делахь а ца хезачухух 1ойла дацара. Ас г1аьттина вахна не1 йилличи, цхьа инзаре хаза, безамехь жима стаг яра не1арехь лаьтташ, карахь хедар долуш. Со гича, сох а сан сорсаллех цецъяьлла:

– Бехк ма биллалахь, тховса марха лоцу буьйса яра, хьо хьуо волу дела саг1ийна кхин ян х1ума ца хилла, хьуна х1ара чорпа еънера аса.

Со инзар ваьлла лаьттара. Цо юха а:

– Х1ара хедар ахь ара охьадилличхьана ас схьайоьцур ду хьуна. Тхо селхана кху лула даьхкина ду, – элира.

Ас охьа хиьна вуззалц чорпа йиира. Цул хьалха я т1аьхьа оццул мерза, чомехь юург ца нисьелла суна. 1уьйрана сама ваьлчи цамгарах хьу йоцуш могаш вара.

Цул т1аьхьа суна и жима стаг кхин яйна яц. Бакъду, ас леха ца лийхира. Х1етахь дуьйна, со висча сан коьрте хьийзаш, суна со реза волуш жоп ца карош хаттарш ду-кх: «Х1ун ду иза? Муха нисделла иза? Дала со зийначул т1аьхьа даийтина малик хилла те иза...» Айса волалуш х1иттийна хеттарийн мог1арера ду-кх сан уьш а.

Ца хууш нисделлера и г1уллакх аьлча атта хир дара, азаллехь яздинера аьлча-м муххале а. Сан кхетамо-м цу жоьпах тоам ца бо. Суна-м адам т1екхиа йишйоцу Делан къайле хета иза.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта