Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Дала декъал йойла, нохчийн Нана Печать Email

Куштаниев Халид

 

Дала дуьне кхоьлличхьана дукха йийцина, хестийна ю Нана. Амма кхоччуш цуьнан мах хадо х1иццалца дош карийна дац, я карор ду ала меттиг а бац. Дала сий дойла хьан, Дала декъал йойла хьо нохчийн эма, нохчийн Нана. К1ант воцчу дена к1ант хуьлий лаьтта хьо, ваша воцчу вешина ваша хуьлу хьо. Да воцчу доьзална да а, нана а ю хьо. Даймахкана эшначохь т1емало хуьлу хьох. Хьуна т1екхачаза х1ун дисна, ахь ланза х1ун дисна. Аллах1 воцчун хуур дац хьан мах хадо. Цо хьоьстийла хьан турпалла дог.

Кху сайн дийцарехь йовзийта лаьа суна цхьа Делан миска, цхьа Нана.

Вайна ма-хаъара, дуьненан бала вай нахана боьссина де хилла 1944-чу шера февраль беттан 23-г1а де. Нохчийн халкъ махкаха даьккхина ирча де. Цу дийнахь дийнна махкахь санна, Итон-Кхаьлла к1оштара ярташкарий, к1отаршкарий нах схьа а гулбина, машенаш т1е а боьттина, эчиг некъа т1е охьабалира. Дехьа-сехьа лоьхкуш, т1етуьйсуш ж1аьлеш долуш, тоьпа баххашца чехадеш, ког боккха баккха, акхарой, бохуш адам вагонаш чу лоьхкара.

Вагон хьалаюьзна аьлла хеттачу хенахь, цхьа эпсар хьалаволий хьажа а хьожий, наь1арш д1акъовла олий салташка мохь тухура. Сов бевлларш дехьа вагона т1е лохкура. Иштта вагон юьзна дехьа лаьхкинчарна юкъахь яра Ами, шен кхаа бераца. Марзхошца хилла йолу х1ара, уьш вагон т1е хьалабаьхчи наь1арш д1а а къевлина, царех хаьдда, х1орш кхечу вагон чохь нисбелира.

Адам машенашкий, вагонашна т1е дахар хьахийча дагадог1у суна, тхан ден шичас, телевизор чохь т1амах лаьцна кинога хьожуш аьлларг. Цу чохь цхьа кийсак яра, немцоша Германе дуьгу совета адам гойтуш: «Делахь ма тера а ду хьо сурт тхо дохочу дийнахь хиллачух. Иштта т1етуьйсуш ж1аьлеш, хьоькхуш маьхьарий. Зудчун букъа юккъе салтийчо тоьпа бух тоьхча, цунна чухьаьдда тхан юьртара Хьату, эпсаро тапча тоьхна охьавиллар. Аьллий, дийциний х1ун да воллу хьо, изза фашист 1едал дара хьуна и совет 1едал а».

Ткъа Ами шен кхаа бераца марзахойх хаьдда неха-наханаца нисъелла вагона не1ара юххехь меттиг а кхаьчна, шен берашца д1атаръелира.

Ц1ерпошто шен 1едалехь мохь а аьлла, «жарг1-жарг1» бохуш, вагонаш вовшах а етташ, д1аболийра шен беха некъ. Дийцалур доцуш ирча хьал дара вагона чохь дерг. Шолг1ачу дийнахь дукха адам цомгаш хиллера. Къаьсстана дукха дара бераш. Дарбий, молхий бохучохь а дацара.

Ц1ерпошта сец-сецначохь д1абевларш охьа а бохуш, д1ахьош бара кхара шайн ирча некъ. Балийна дукха хьере хилла, хена лардах тиладеллера адам.

Доьалг1а я пхоьалг1ачу дийнахь делахь а цхьана эчига некъа вокзале кхаьчча, сацийра ц1ерпошт. Кхузахь гуш яра йохийна йогуш г1ишлош, доьхна д1асауьду адам. Дукха хан ца хиллера немцой кеманаша кхузахь шайн болх бина. Ц1ерпошта сецначохь, не1арш ларъеш хуьлу салтий гуш бацара. Уьш цахилар бахьна долуш нах вагонашчуьра охьа а лелхаш, шайн-шайн вайнарг лоьхуш бара. Ткъа цхьаболчара вай схьакхаьчначух тера ду бохура.

Ами а йоьссира, шен кхо бер а эцна, охьа. Жимма дехьо бераш охьа а ховшийна, шен нах лаха яхара иза а. Йоккха хан ялале гучубевла салтий маьхьарий хьекха буьйлабелира, вагонаш т1е ховша бохуш. Х1ара шен берашна т1ехьаьдира, амма уьш эцна вагон т1е кхачале, ц1ерпош д1айолаелира. Ами шен доьзалцаца карахь, куьйгахь доцуш, цкъа кхаллал рицкъах х1ума доцуш вокзалехь йисира. Ша шен чуьра охьа а ялийна вагончу хаийначул а ч1ог1а йоьхнера кхуьнан ойла: оьрсийн маттахь хууш дош а дац, я шен мотт хууш уллохь т1екхача стаг а вац. Го баьккхина гуш дерг, йохийна йогу г1ишлош.

Суьйренца нах шайна цхьаццанхьа меттиг а нисъеш, ц1ераш а летош буьйсана кечам беш бара. Ами кхийтира, шена хиллачух. Цо шен бераш мара а къуьйлуш, г1ийла ойла йора шен а, шен берийн а. Б1аьргех уьдучуьра хи ца соцура. И берашна ца гайта г1ертара Ами. Ткъа бераш-м цу дийнахь санна шайн ненан б1аьра хьаьвсина дацара. Церан хьежарца хаттар дара: «Х1ун хилла вайна? Х1ун хир ду вайх?»

Берийн ц1ераш иштта яра: йоккхахъерг Совбан яра, ворх1 шо кхачаза; шолг1аниг к1ант вара – Салман, пхоьалг1а шо долуш; жимахъерг – Сацита яра, кхоалг1а шо долуш.

Совбане берашка б1аьрг тохалахь аьлла йолаеллачу Амина, бохабанза ши пен карийра. Т1ехь тхов бацахь а, мох тулийла яцара. Схьадалийна бераш шина пена соне охьа а ховшийна, дечиг лаха яхара Ами. Йохийначу г1ишлошкахь ягон х1ума шортта яра кхунна. Цигахь дикка хьаьшна ведар а карийра.

Дечиг нисдеш охьа а диллина, ц1е латийна 1аш болчаьрга т1е п1елг а хьажийна и йийхира кхо. Вукхара ц1ера юккъера схьа а хаьржина хьаьштигаш делла, царах шайна а латийна, г1аьхьчулл нис а дина ведар, чу ло а диллина ц1ерга х1оттийра. Цу буса, лайх даьккхина хи а мелла, вовшах а хьаьрчина д1абийшира уьш. Цул т1аьхьа караеъча картоли ч1уьриг тосуш, т1улгаш кхехкош яа х1ума ю бохуш бераш леда г1ертара нана.

Шина йо1а хаддаза, елха а йоьлхуш, юург йоьхура. Ма елха олура Салмана, нана вайна яа х1ума еш ма ю. Шен ма-хуьллу нанна г1о дан г1ертара и. Шайн г1улкхана бераш 1охкучуьра г1овтуш хиллехь а, доьалг1ачу дийнахь цхьа а ца г1аьттара. Кхаанне дагар а, йовхарш а яра. Ами ша а яра г1ора кхачийна, г1елъелла.

Пхоьалг1ачу дийнахь Сацита сама ца елира. Амис улло а хиъна, т1е куьг а хьокхуш, ша г1елъяллалц хьистира жимах йолу йо1: «Сацийта, хьо ма хаза ю. Суна хьо оццул хаза юй ма ца хаьара. Хьажахь, хьан хьийзина месаш мел хаза ю». И йоьлхуш яцара, я елха де а дацара.

Бисмилла а доьшуш, Делан ц1е а йохуш, бакъонгахь нисъеш д1а а хьарчийна, ц1арна дехьа охьайиллира нанас шен елла йо1. Салмана Сацита сама ма ца йолу аьлла хаьттича, цунна ехха наб кхетта элира Амис. Кхин цара и хьаха а ца йира. Хилларг хиъна хир дара царна. Амма нана кест-кеста т1е а йоьдий, улле охьахуий, техка а техкаш, Деле кхойкхуш 1ара.

Ворх1алг1ачу дийнахь Совбан кхелхира. Иза а Сацийтина юххе охьайиллира нанас. Совбанний, Салманний юкъа кхо-диъ де даьлла хир дара, мел хан йоьлла Амина дага ца дог1ура. Амма цунна цкъа а диц ца лора Салмана шен са долуш аьлларг: «Нана, вайна елхьара х1ума юур яр-кх вай». Цул т1аьхьа Салман кхин вист ца хилира. Иза а шина йо1ана юххе, нис а вина охьавиллира. Амис и буьйса царех хьоьгуш, царах хьерчаш яьккхира.

Шолг1ачу дийнахь делкъалца царна юххе хиъна 1ийна, шаьш хан яьккхинчу соне и кхоъ охьа а диллина, царна т1е х1ума а тесна, т1е ло а хьаькхна, эчиг некъа т1е а яьлла, шайн ц1ерпошт схьаеанчу аг1ор, техка а техкаш, д1айолаелира. Гена яьлла аьлла хеттачу хенахь ц1аьххьана: «Вай, бераш дитина йоьду-кх со», – аьлла юха хьаьдира. Амма иштта сиха хиллачух кхийтира. Цера дега хилларг дийца деза ша боху ойланца, юха а ц1ехьа йолаелира. Ц1ахь цхьа а ца хилар дагахь а доцуш.

Иштта оьду х1ара салташна т1е 1оттаелира (патруль хила еза-кх и). Цара: «Хьо мила ю, стенга йоьду», – аьлла шега хаьттича, кхуьнгахь д1агайта цхьа кехат а дацара, я цара дуьйцучух Ами кхета а ца кхетара. Салташа и д1а а йигна чуйоьллира. Кхузахь цхьана баттахь гергга чохь яллира, дийнахь а, буса а мичча хенахь хьаькам волчу а юьгий цхьа хеттарш деш, етташ. Эпсаро х1ара къора йолуш санна, лерга чу мохь хьоькхуш цхьаъ хатта а хоттий, х1ара йист ца хилча, тухий г1антара йожайора. Т1аккха мохь а хьоькхуш, мийра беттара. Юха хьой камера чу кхуссура. Иштта цхьа бутт гергга хан яьлча, и кхечанхьа юьгу. Цигахь а иззий сурт дара.

Борх1алг1а бутт бара х1ара чохь йоллу. Шеца цхьаьна чохь бохкучу метинашкара маьлла а оьрсийн мотт 1емира кхунна. Цхьана дийнахь шеца чохь йоллучу Нинига шен бала балхийра Амис, «я чечен» аьлла шен дийцар д1а а долош. Нинас, дикка ла а доьг1на, не1 тоьхна г1аролехь верг схьакхайкхира. Ша хьаькамана т1ейига элира, шен къамел ду цуьнга дан. Г1аьххьа хан яьлча хьаькамна т1ейигира Нина. Цо дийцира Ами нохчий хилар а, иза эшалонах хаьдда йисича цо лайнарг а. Цул т1аьхьа, кхин къизалла ца лелийра Амица, мелхо а, яа х1ума ечу балха х1оттийра. Кхузахь чохь цхьайтта бутт баьккхинчул т1аьхьа, Актюбински областе йоьду этапах а тоьхна, новкъахь оьшун долу кехаташ а делла, д1ахьажийра. Мартупски к1оштара Рыбаково юьртахь Амина шен наний, жимах йолу йиший карийра. Да а, йиъ йиша а кхелхинера. Цхьаъ бен воцу ваша трударме вуьгу аьлла виганчахь т1епаза вайнера. Кхануо, т1екаре беш теллича кхунна хиира, шен ц1ийнда, цуьнан мел верг ун кхетта кхелхиний, цхьа шича йоцург. Ами юьрта еана к1ира а далале, цигара бригадир веара не1арга. Х1ара ара а кхайкхина цо хаьттира, комендатурехь д1аязъяла езаш хилар хьокъехь а, болх ца беш 1аш юй хаахь коменданто шена а могуьйтур доций а. Кхуьнгара хьал а девзина, тракторни бригаде яа х1ума ечу балха ян езар хьо элира цо. Дукха реза хилла, цига балха яхара х1ара. Шен мацалла делла бераш дагахь дохкуш йолчу Амис, цу юьртара т1ера да-нана д1аьдаьлла кхойтта буо ша йолчу схьагулдира. Ейтталг1а кхуьнан шен итт шо кхаьчна йиша яра. Уьш массо а хьалакхиийра Амис. Мехкарий массо а маре белира, к1енташна зударий а балийра, цхьа Хьабийбул воцчунна. И жима вара, цунна ц1а даьхкинчул т1аьхьа ялийра х1усамнана.

 

1974-чу шарахь кхелхира Ами. Дала декъал йойла и. Доккха тезет дара цуьна. Цо кхиийначара а, лулахоша а, юьртахоша а дика бусалба стаг яра, нана хилла лаьттина яра бохуш тоьшалл а дира.

Ткъа сайгара суна доггаха ала лаьа, дуьненахь а, эхартахь а Дала декъал йойла нохчийн эма, нохчийн Нана.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта