http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Кхолламо яздина йоза Печать Email

Тогаева Зарема

 

* * *

Ма гена дехи вай къастина, нана,

Сил ч1ог1а хьо оьшуш диси тхо г1ийла.

Тахана сатуьйсу гаре хьо кхана,

Дег1 шелдеш мох хьоькху готтачу кийра.

 

Хьан хьоме юьхь-сибат дицлур дац цкъа а,

Г1ийлачу ойланехь дека хьан аз.

Де дийне мел дели саюьйлу г1айг1а,

Дуненан марзоно кхин 1ехор яц.

 

Дуьйцур дац суьйрана хьай хаза туьйра,

Наб йоьхуш локхур яц бераллийн йиш.

Йолалахь нана хьо ца херъеш уьйра,

Б1арзделлла тхан денош дела а деш.

 

Хьан безам, хьан марзо денна а оьшу,

Кхулур дац, ахь дитна тхуна хьан нур.

Вайн Деле до1ийца даима йоьху,

Ницкъ боьху д1акхехьа халони мур.

 

 

* * *

Кхолламо яздина йоза,

Сиз хьаькхна хийца йиш йоцуш.

Нур кхуолош х1оьттина бода,

Дог хьаста цхьа аг1о боцуш.

 

Боьлхучохь битина доьзал,

Дитина дерриге дахар.

Стигланаш х уьттур ю тоьшал...

Ткъа муха хир те хьан дахар.

 

Х1ун бахьна кхолламо ахка,

Со бахьнехь х1ун бохам баьлла.

Яхна со лар йоцуш ахка,

Дог эккхал лазамо лаьцна.

 

Б1аьрг кхетча наний бер цхьана,

Кийра сан ц1е летта богу.

Д1алур ас сайн дахар хьанна?

Бац доьзал, я х1усмехь ога.

 

 

* * *

Еъна кхечи тийна буьса,

Беттаса а кхеташ го.

Седарчий ду стигла къуьйсуш,

Лепаш сирла ловзарш до.

 

Цуьнан хан а яц-кха еха,

Малхо хуьйцур бетта нур.

Де буьсанца рог1ехь деха,

Стела1одах буьллуш к1ур

 

Малхий, буттий бертахь ду,

Царна зама муьт1ахь ю.

 

 

* * *

Сайн ойла хьайх хьерчош леларна ма хетахь атта,

Даимма хьо лоьхуш б1аьргийн нур г1елделла дог1у.

1адийна йиссарна кхоьру со йоьлхучочь латта,

Де-буьйса хийцалуш вайн зама сихъелла йог1у.

 

Ас хьаьнга балхор те сайн сина базбелла бала,

Х1ун дарба лохур те ерзаян кийрара чов.

Марзонах ирс эца дуьненах самукъа дала,

Сан безам, доьху хьоь, ма лаца ахь соьца дов.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.