Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн маттах аьлча… Печать Email

Эльдерханова Зайнап

 

Нохчийн мотт, ненан мотт ма-эллинехь, уггар а хьалха Нана дагайог1у. Цуьнца яьккхина хаза зама а. Да-Нана, цхьа доккха ши дуьне дара, дуьнено санна шайна чу собар, г1иллакх, къинхетам, къинхьегам оьзна.

Бераллах олий дуьйцу вай.

Бералла сан хилла а яц. Цхьа а тайниг ца хила. Сайл жимах долу йиша-ваша 1алашдар – ловзар дара.

Нохчийн мотт аьлча дагайог1ург Нана ю. Суьйранна чудирзича куьйга маха боккхуш пасатна йома юьллуш, кога техкош ага а, г1ийла олуш назма а йолуш. Хьаьжас шен ненаца, Хедица, дина къамелах яра иза.

Жимчохь со ца кхетара иза х1унда йоьлху. Делахь а со тешара, Нана цхьана доккха, ц1еначу х1уманна йоьлхуш юйла. Нанна дезнарг дезара суна.

Тхан х1усмехь даима нохчийн кхача хилла, деган уггаре а к1орге кхевда назма а хилла олуш. Гуонаха гушдерг, хезашдерг нохчийн маттахь хилла. Кхидерг, сайн доцург даго а ца хьехна.

 

Цундела безна сайн Даймохк.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.