Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Со гIур ю, дIаайбеш хьан деган бала Печать Email

Бетмурзаева Човка

 

Йоькхана

 

Тов суна 1аламехь хийцам –

Ма дог1а деара х1инцца! –

Т1аьххье т1е малх хьожуш лаьтта

Цуьнга сатесначу лаьтте!

Самукъадели г1а-бецан –

Малхана шовкъе и деца!

Хьаьстина жима бер санна,

Хи дегош, лести-кха гаьннаш!

 

И дог1а ма ловзадаьлла,

Малхаца къовсаме даьлла,

1омачу т1адамаш эгош,

Цу чуьра маьлхан сурт дегош!

 

Акъйаьлла, лаьтта со, хьоьжуш,

1аламан 1аламат доьшуш:

Хьовсийша, стела1ад г1етти,

Цо лаьтте маршалла хаьтти!

 

Ва, иза-м бес-бесар къеги,

Дуьненна таж туьллуш, деги!

Шен дуьне хаза ду бохуш,

Дала вай цунах цецдоху.

 

Пондарчас локхучул говза

Йиш лоькхуш, хьийзаш ду хьоза!

Бацахь а цуьнан мотт кхеташ,

«Хастам бе!» – цо бохуш хета.

 

 

ДИЭКА ХЬОЗА…

 

Вай, ма хаза дека хьоза,

Ирсан аз схьахазадо!

И сан корехь хьийза, ловзу.

Дуьне шен ду – хетало!

 

Ткъа аккази ю-кха х1ета

Дуькъа заза даьккхина,

Корта хьовззал мерза хиэта

Ирсан архь ю яьржина

 

Кийра бузу етталучу

Бешийн хазчу хьожано,

Зезагаша б1аьрг – дог хьоьсту,

1аламо шен г1ора ло.

 

Б1аьсте кхочуш кхиъна йолчу

Хазчу йо1ах таръели.

«Х1ан, д1аэца шайна» – аьлла,

Шен комаьршо цо ели.

 

Стенах таръе, стенца юста

Исбаьхьаерг зама-зовкх!

Суна йог1у, ойла хьостуш,

Б1аьсте! Цо ирс-безам ло-кх!

 

Малхо дашо т1емаш хоьцуш,

Дуьненна шен йовхо ло.

1аламах масал а оьцуш.

Чевнаш йоьрзуш, вай денло.

 

 

ДАГЕ

 

Дог1анаш, дог1анаш

хаддаза доьлху,

Йогучу беснеш т1е

къаьхьа хиш хьоьлху.

Ю-те хьо

1ийжачу лазамийн чаккхе? –

Сан дог, со ца хьийзош,

далахьа эккхий.

 

Д1аели сан уггар хазаниг б1аьсте,

Тешнабехк беш хилла цо,

доггах хьостий.

Ма сиха яха и, дог, хьо ца хууш,

Хьо ледеш,

йина чов ерзо ца кхуьуш.

 

Сатоха, ма делха дог1анах готта,

Ас х1ун ницкъ луо хьуна

диканна г1атта?!

Со ц1арах ягийна, яцийна даьлла,

Сан дог,

со йолийла тахана елла.

 

Т1екхаьчна гуьйре а

моттарг1а хили,

Цуо суна ца эли г1арг1улийн илли.

Еги со, юьйжи со, д1аэца хьайна,

Хьайн лан ницкъ бисинехь,

хила хьо лайнарг.

 

 

Ахь хьайца йига со тIаьххьарчу дийне

 

Хьо Дала

сан дуьхьа кхоьллина хилча,

Хьоьх кхетча

дахар а кхуллург со хилча,

Со д1а а ца тосуш, лаха ахь дуьне,

Ахь хьайца

йига со т1аьххьарчу дийне.

 

Хьан мостаг1 хуьлучул,

со тахна лойла,

Безам хьайн хилахь,

и ахь ма хьо къайла.

Иза а ехийла хьан накъост хилла,

Хьо цкъа а цхьаьнгге а

харцлуьйш ма хила.

 

Синтарна синтар а хиларах гена,

Вовшашна т1екхийда

цаьршиннан генаш.

Довзийта, дезийта кхоьллича Дала,

Вай х1унда къеста-те,

совбохуш бала?

 

Сан къа а хьоьх хьерча –

хьан къа соьх хьерча.

Вовшашка харцлеро

доху вай и эрча.

Синтаран га кагдеш,

мох-йилбаз хьаьвза,

Цул т1аьхьа,

шен цхьалла ялхаеш, ц1евза.

 

 

ДОГIА ДОЬЛХУ…

 

Дог1а доьлху, дог1а дог1у,

Гуьйре кхечи соьга бохуш.

Дог1а дог1у, дог1а доьлху? –

Т1аьхьабисна безам боьлху.

 

Хийла йог1у сирла буьйса,

Ас ца хьостуш к1айн беттаса.

Ткъа тховса – ма и оьшу,

Со, беттаса лардеш, хьоьжу.

 

Со ца кхетта, со ца тешна,

Я ас х1инццалца сайн дог хьешна?

Соьга хьежа к1ордадина,

Д1адаха и, со йицйина.

 

И дог1ур дац, и кхетар дац,

Сан г1енаш цуо кхин хьоьстур дац.

Стигал-еса, дог1а доьлху,

Сан беснеш т1е б1аьрхиш хьоьлху.

 

 

ЙИШ

 

Цуо соьга еза бехира,

Ас цуьнга ла а дийг1ира –

Безамах х1унда левзира?

Чов йоцуш и-м ца дирзира.

Сан б1аьрхих дог1а дилхира,

Диттан г1аш мохо дегийра,

Синтаран га кагделира,

Безамах ас догдиллира.

 

Ас сайна дарба лийхира,

Диканаш сайна ийхьира.

Гурара яла г1иртира,

Амма со цул ца туьйлира.

Бай т1е а цкъа йис йиллира,

Шелоно зезаг човхийра.

Амма, и денлуш а гина,

Со а къинт1ера елира,

Суьйренаш цхьалха егира.

 

Дийно буьйса д1атеттира,

Харцоно безам хьаьшира.

Дешнаш а эрна дисира.

Ткъа 1аьно дуьне шелдира.

1алам, г1елделла, дижира,

Маьлхан йовхо д1аелира, –

Сайн ирсах ас догдиллира…

Ма хала ас догдиллира!

 

 

СХЬАЛОХЬА САН СА…

 

Схьалохьа сан са ахь, схьалохьа.

Д1аг1охьа кхузара, д1аг1охьа,

Со г1ийла хиларах, хьо-онда,

Со цхьалха хиларах хьо – ирсе.

 

Сан Делах кхерар ду, хьан-хьекъал.

Декъаза со ма ю, хьо-декъал!

Хьан бакъо шорта ю, сан-к1езга,

Хьо кхузахь эла ву, со-миска.

 

Со 1аьржа латта ду, хьо-марха

Со тийна лаьтташ ю, хьо-аьрха.

Хьо-стоьмаш хьегабеш, со-кхиош:

Вайн башхо йоккха ю – и диъ дош.

 

 

ДАРБА ЛО СУНА…

 

Дарба ло суна хьан говзачу дашо,

Дуьне а хаздо хьан тамехьчу озо.

Ма бакъо яц-кха сан

хьуна жоп дала,

Ткъа х1унда мотт мерза

кхоьллина Дала?..

 

Шерашкахь цхьаалло

яхчийна лелла

Яций со-м

хьан хазчу дашна хьакъ йиэла

Ма дукха хан ю-кх

ас дайна ирс лоьху.

Сан деган цхьалла а

буьйсанехь йоьлху.

 

Ахьа-м хьуо

сан деган доттаг1 ву боху,

Сан деган ирзонаш лерина оху…

 

 

ХЬО КХЕРА

МА ЛОЛАХЬ…

 

Хьо кхера ма лолахь со езаяларх,

Хьан х1усам йохо

со-м йог1ур яц дера.

Кхоьллина Дала со йоьхнариг тоян,

Говза куьг,

ц1ена дог,

ховха са делла.

 

Хьо цец ма валалахь со езаяларх,

Геннара нур хьоьрсу беттаса санна,

Тов йойуш деана и дог1а санна,

Махьшарехь

вешин къин мохь ойуш санна.

 

Со г1ур ю,

д1аайбеш хьан деган бала,

Ас йохор яц хьуна ахь йина г1ала.

Сайгара беркат ас т1елур ду хьуна –

Дала и шозза сов доккхур ду суна-м.

 

Шира г1ан санна,

со йицлур ю хьуна,

Цхьа сирла синхаам битина суна,

Цхьа ц1ена 1аь-беркат

кхоьллина гонах,

Д1аг1ур бу суьйренца

можачу малхах,

Хьан кхане екхийна догучу нуьрах.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта