Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Достур ду ирсана кевнаш... Печать Email

Джумалиев Умар

Дуьне девзина, ларам болчу стагана зеделлачух пайдаэцар хьекъал хилар лаьрра вайн дайша. Шеха дуккха а дика масал эца хьакъ волуш схьавог1у Джумалиев 1умар. Иза даима а ийманехь, даймехкан декхарна б1о къажийна цкъа а юьстах лаьттана вац.

 

Даймахке

 

Воккхавеш хазаллах хийла,

Даймахке хьоьжуш со 1ара,

Ткъа тахна дог доьхна, г1ийла

Ломара б1аьрг бетта ара.

 

Сийлахьа къонахий баьхна

Нохчийн Мохк, сан хьоме латта!

Тахна хьо герзаша аьхна,

Буоберах тарделла лаьтта.

 

Шеко яц билггала, сан мохк,

Хьо байлахь буьсур бац хьуна.

Д1адаккха махкара к1ур-дохк

Цхьа к1еззиг ницкъ тоац тхуна.

 

Хьан к1ентий бу хьуна шорта,

Рицкъано 1ехийна боцуш,

Хьесапах боханза корта,

Дарже а туьйсуш са доцуш.

 

Бакъонца кхиэл йийр ю Дала,

Йоьрзур ю хьан дера чевнаш.

Д1абаьлла вайгара бала,

Достур ду ирсана кевнаш.

2000 шо.

 

 

ГIоьрдала

 

Лаьмнийн баххьаш серла дохуш,

Кхолар зарзъеш, малх схьакхиэта.

Марша я хьо 1уьйре бохуш,

1алам сама долуш хиэта.

Малх чубуьзна, буьйса еъча,

Седарчий уьдучу хенахь,

Беттан серло лома кхетча,

Гушдерг хета суна г1енах.

 

Богуш седа бужу лома,

1ежийн бешахь хьоза дека.

Сан синкхетам йохуш т1ома,

Синкъерамехь пондар бека.

 

Г1оьрдала, сан хьоме эвла,

Хьо ехийла, хазлуш денна.

Хьо хестош сан илли, ойла,

Лаьмнаш декош, уьду генна.

 

 

Дахар хаздеш, дахар къахьдеш

Замано со хийла зийна.

Амма, Г1оьрдала, хьо йицъеш,

Ирс ца лехна цхьаьна дийнахь.

 

Г1оьрдала, сан хьоме эвла,

Хьо ехийла, хазлуш денна!

Хьо хестош сан илли – ойла,

Лаьмнаш декош, доьду генна.

 

Г1оьрдала, хьан Тайна Аре,

Боркхе Йисте, Иэг1ар Зе а.

Хьала хьаьжча - стиглан дари;

Дагна товш кхин х1ун хир ду-те?

 

Хаза йог1у кхузахь 1уьйре!

Хаза йог1у кхузахь суьйре!

Дуьйла лаьмнех марзо иэца,

Доттаг1алла ч1аг1дан тхоьца!

 

 

Гуьмсех илли

 

Самукъне илли аз

Даимна декар ду,

Ерриге а Кавказ

Гуьмсе хьох хьоьгур ю.

 

Ахь лайна баланаш

Ирча г1ан хетар ду,

Исбаьхьа г1аланаш

Самаха юг1ур ю.

 

Турпалхойн ц1ерашца

Урамаш тохкур ду.

Кегийрхойн хьуьнаршца,

Гуьмсе, хьо кхолур ю.

 

Биц ца бар д1абевларш

Вайн хаза г1иллакх ду.

Байначийн лар леха

Доьналла тоьур ду.

 

Хьомсара вайн наной

Кхин цкъа а боьлхур бац,

Лераме вайн къаной

Кхин т1ам т1е х1уьттур бац.

1илманца говзанаш

Хьуна чохь дебор бу,

Вайн йоллу аренаш

Кенах а язйийр ю.

 

 

Керла шо

 

Синтеме еанчу сарахь,

Д1ахьажош карара шо,

Лардина динначу шарахь,

Лайн чимаш т1еоьгуш го.

 

Хиллачийн и еза ларча

Ахь г1оза д1ахьойла шо.

Диканна йитинчу ларца,

Хастам беш дехар ду тхо.

 

Керла шо, тхо къийла мара,

Латаяй тхох ирсан ц1е.

Д1а а луш хиндолчун кара,

Дог1ийла хьо маьрша т1е!

 

 

Керла шо, ирсечу новкъа,

Дига тхо дог хьоьстуш тхан.

Кху махкахь вахар ша зовкх а

Хоьтуьйтуш яккхийта хан.

 

 

Къена вац

 

Хебарша гатдарах хьаж,

Сиръяларх сан куьце маж,

Гиччош т1е йилларах к1ац,

Хаалаш, со къена вац.

 

Цхьа жимма сан букъа сурт

Саттарах ма кечде чурт.

Сан когаш к1адбелла бац,

Ирс леха со къена вац.

 

Мела а д1аяларх хан,

Дахарах туьйсуьтуш чан,

Сан б1аьрса г1елделла дац,

Ирс леха со къена вац.

 

Махкана иэшахь а са,

Кийча ву д1адала со.

Хьуьнарна со кийча вац,

Цхьаьнне а ала йиш яц.

 

Ца дийларх сан керахь герз,

Ца бекарх цхьаъ хестош мерз,

Къаналло со сецош вац -

Уосалниг вайгахь товш дац.

 

Жималлин ног етта зов,

Сан кийрахь латтош ду дов.

Хир дац ас аларах сов,

Къена вац, ванне а вац.

 

 

Ловзар

 

Даъхьара г1оза шаьш дуьне:

Дикачу к1антах нуц хилла,

Хазачу йо1ах нус хилла,

Схьагулло, х1ай нах, тхан шуьне!

 

Пондарча, пондар озабай,

Вотанца бертахь аз айде.

Вайн хьешийн дог а деладеш,

Букара ловзар доладе!

 

Самукъне болош нохчийн бал,

Шен рог1ехь човс ахь к1ант ваккха.

К1антана еза йо1 яккха,

Дог даха, сакъера некъ баккха.

 

Олуьйтуш тхьамде дош говза,

Хелхарехь хаза ловзош.

Г1иллакхехь, оьзда йо1 хьовзош,

Д1ахьур ду, к1ентий, вай ловзар!

 

Мел беха нах шайха хьоьгуш,

Нуц, нускал ирсе дехийла.

Цу шинний дог а доьлуш,

Безаман марзо ехийла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта