Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


ЗаьIпе везар Печать Email

Сайдалиев Идрис

 

Шен кхоллам боцуш цхьа а вац

Хийлаза къонахчуьна дог 1овжийна дуьне ду х1ара. Къиза еанчу замано хеназа к1орге ойла йойту, мел хаза а дуьнена 1алам къахьдо.

Турпална шен чевнаш ца йоьрзуш ч1ог1а яхъелча санна хетара.

Ша висанчохь куьзгана хьоьжуш шен суьрте хьажа г1ертара иза. Амма б1аьра дуьх1ал лаьттачу мархано ца гойтура эрча даьлла амат. Сакхте, айпе воцуш ткъа шо хьалха нанас дена вина де башха гена а ца даьллера. Б1аьштиг т1ера ч1енги т1е кхаччалц б1аьрг а, балда а лоцуш к1орга ят1ийна, мацах цхьа мо боцуш ц1ена хилла, юьхь т1е дайн куьг 1уьттуш 1ара Турпал. Куьйг хьаьккха 1асанаш кара лаьцна хьала айвелла, меллаша царна т1е а тевжаш корехьа г1оьртира иза. Б1аьстена маьлха з1аьнарша иштта а г1ийла б1аьргийн нур дайина, цо корана букъ туьйхира. “Маржа-я1, хьо дуьне! Маржа-я1, хьо дуьне! Хьо винарг яла хьан, сан хьоме Турпал. Х1у де-те ас хьан лазар дайдан, хьан доьхна дуьне нисдан. Нана яла хьан”, - бохуш холче хьийзачу нена аз хезна, воьхна хьаьвзира иза. “Ма х1оттахь сел холча, нана. Х1инца-м хала дацара, х1инца-м б1аьстенга девлера вай. Х1инца-м г1оле вара со, нана, ма х1иттахь сел холча”, – бохуш, нена дог эца г1ертара Турпал.

Денош дара уьдуш, б1аьстена йовхонца дег1ана г1оле хаалора: б1аьра хьалха лаьтта марха яйна дуьне саьрла даьлла, х1ийза б1агор сецнера, амма дог дацара метта дог1уш. Дукхах йолу хан чохь йоккхуш вара иза, дуьнена самукъа, марзо яйна.

– Нана, хьонк схьабаьлли-те, жахар дагабеъна-кх суна, – элира цо цкъа нене.

– Дера баьлла, ас кху минотехь беана кечбо-кх хьуна иза, – хьонк бан яха тохаелира нана.

– Нана, вай доккха маьждиг дина даьлли техьа? – ара яла кечлучу нене юха а хотту цо.

– Даьлла дера, х1унда бахара ахь? – соцунг1а хилира нана.

– Далла 1амал еш кхин д1а йолу зама яккха ойла ю сан. Дуьне ца доьг1нехь эхарт мукъне а хир дацар техьа суна, – к1анта альчи, кийрахь дог керчина б1аьргаш хих дуьзна:

– Нана ма яла хьан, ахь х1ун къинош летийна, хьо маца кхиъна уьш лето, – к1ента коьртах хьаьрчира нана.

– Хаац суна-м, сайна хууш-м ца летинера,.. т1аккхаъ, Дела реза ца вича довли вай, – олу Турпала, ларамза хьаьдда б1аьрхи лачкъо г1ерташ.

Цхьана дийнахь къамел долийра нанас:

– К1ант, хьо иштта 1ийна вер вац. Зуда ялийна, чу ца вирзичи волий хьо? – аьлла.

– Ишта а ма ву со чохь, х1ара биъ пен бен гуш х1ума доцуш. Цу т1е мила йог1ур ю соьга? Со гинарг кхералур ма ю, – кхо аьлчи, нана елха х1оьттира.

– Дакъаза ма вала хьо, са к1ант, сакхте, айпе воцуш ма веънера хьо дуьнена. Х1ун дер т1аккха, Дела кхел ю-кх леларг. Дала собар лойла вайна, - йоьлхура нана, шен к1антера бала а гуш. - Ара вале дуьнене б1аьрг мукъне тохахь, хьо саннарш ду-кх бу хьуна тахана вайн махкахь, – бохуш нанас вита ца витна, Турпал вахара шен накъостаца, наггахь бен ца хуьлучу синкъераме, лула юьрта.

Турпал шен сактех бехк лаьцна массарна т1ехьа сецира. Моно эрча яьккхина юьхь мелла а лач1къо дагахь йитина маж а, бохийна б1аьрга ца гайта т1ет1а11ош тиллина куй а бара кхуьна. 1асанах тевжина лаьтташ хаъвеллачу нийсархоша теттина, озийна хьалха ваьккхина, меттиг белла охьахаийра х1ара, карзах баьлла боьдучу синкъераман мог1ара. Ша цхьанне вовзарна кхоьруш, охьат1аь1на 1ачу Турпална карла елара шен яхана зама. Ч1урам санна тайна, т1ах-аьлла хилла дег1 тахана дацара бохург деш. Б1аьрг, цкъоцкъам 1аьржа, дог ц1ена велар, иштта ц1ена хьажар, муьлхха йо1 леян ца езаш реза хуьлуш тайна куц долуш хилла х1ара холчахь вара. Доттаг1чо бертаза кхуьна ц1арах т1е кховдийначу захалонна, т1аьхьлонна жоп дала лууш ца карийра кхузахь цхьа а йо1. Турпал воьхна хьаьвзира. Юха, жимма 1ина-а, хьала таь1на куй хьала а оьзна, ма-ярра йохийна юьхь гучуйоккхуш, мехкаршна нисса дуьхал хьаьжна велакъежира иза, шен декъазчу веларца.

– Дера даха шу дукха, тхан хьомсара мехкарий, Дала ирс ма эшадойла шуна. Хьанна моьттара со кху хьолехь тахана шуна дуьхьал хуттур ву. Амма шех х1ун хир ду хууш дуьне дац х1ара. Бертаза накъосто валинейра со. Х1ара сан меттиг яц, ас бехк ца буьллу шуна. Вайн дайша йийцина зама х1ара йоцийла-м хаьар суна, т1аккхаъ, шайт1ано 1ехийна, тилийна кхаьчна со кхуза, – аьлла, 1асанах тоьвжина айвелира Турпал д1аваха дагахь.

Мехкаршна т1ехьара, ша цхьаьнне хаъяларна кхоьруш санна, тап-аьлла тийна 1аш хилла, х1умма а ца товш йоцу йо1 кхайкхир Турпале:

– Жима къонах йист хила пурба лохьа суна, сан дехар ду хьоьга. Со йист хилла яллац д1а ма г1ахьара хьо, – аьлла. – Дела теш волуш, кху чохь мел верг теш волуш со йог1у-кх хьоьга. Хьайн мах кхачахь тховсехь д1айига со.

Цу бусса ловзар дара Турпал волчу кертахь хезаш.

Дала барт цхьаъ бойла церан.

 

19.12.2010.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта