http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сан Нана... Печать Email

Кимаев Юсуп

 

Сан хьоме Нана!

Ирсе хуьлда хьо, х1ай сан хьоме Нана! Ахь тхуна дина дика декхалур дац тхоьга цкъа а. Къинхетаме Аллах1а бойла хьуна хаза бекхам.

Ахь кегий долуш тхох къинхетам баре терра, Дала бойла хьох къинхетам. Ала лаьа, хьох лаьцна хаза дешнаш: хьо тхуна ч1ог1а дукхаезаш хилар, х1ай Нана, ахь хьегна къа а оха дицдийр цахилар.

Хьайн могшалла ца кхоош тхо кхиийра ахь: кхо йиший, ворх1 ваший. Т1ехь а, когахь а эшна ца лелла, мацалла ца гина. Лула-кулахь саг1а доккхуш боккхучу ене къайлах са ца таситий. Тхуна жижиг яй баккха таро карайора хьуна гуттара.

Доьналла долуш хилла хьо. Йоза-дешар долуш а яра хьо. Тхан да балха х1оьттича, цунна 1илма 1амош г1о дира ахь.

Хьан комаьршалла юьйцу вайгахь мел хиллачара. Хьаша-да хьуна везаш хиларан тоьшал дукха ду. Дагадог1у, цкъа дуккха а хьеший баьхкича, хьайна билла мотт а ца тоъна, пеша юххехь лаьтта кетар тесна ахь буьйса яккхар. Хьо д1а мел лелало къахьоьгучуьра сецна яц хьо.

Нана, къинт1ера ялахь, тхо бахьана долуш хьай яйначу набарна, хиллачу халонна, гаттинчу синна.

Доьху хьоьга, къинт1ера ялалахь, х1ай хьоме Нана!

 

 

Комментарии  

 
+7 #6 хади 09.02.2017 19:13
:cry: :cry: .....очень красивые слова :roll: :-| :sad:
Цитировать
 
 
+14 #5 якуь001 15.03.2016 22:32
хаз ду дешнаш
Цитировать
 
 
+19 #4 сабила 19.02.2016 09:39
ч1ог1ф хаза соченени ю ! сан нана бохуш :lol:
Цитировать
 
 
+24 #3 Hamz_Batukaev 18.02.2016 23:15
Когда читаешь, реально до слез захватывает :sad:
Цитировать
 
 
+33 #2 исланди 07.02.2016 21:34
Делах ду уьш хаз дешнаш
Цитировать
 
 
+25 #1 bislan 21.12.2015 11:16
красиво 777
Цитировать
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.