Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Иштта хуьлу кхин т1ехьийза к1ант... Печать Email

Тапалаева Аминат

 

Жима яцара со х1етахь. Хенал а хьалха доккха хиллачу сан даге хьажа йиш хилча хьанна а хуур дара иза. Доьшуш – шозлаг1чу классехь яра.

«Амината бохург делаш» олура нанас, ша цхьанхьа йоьдуш, сол жима долчу йишигий, вешигий. Со йоккха ца хилча эра дарий? Дацара!

– Хьоьга ала дезаш цхьа х1ума ду хьуна, д1а ма г1олахь! – элира, муьшка а еш, т1ехьарачу партит1ехь 1аш йолчу Курсама.

– Х1ун ду иза? – хьехархочунна хазарна кхоьруш, г1ийлачу озаца, д1а а ца йоьрзуш хаьттира ас.

– Урокаш чекхъевлчахьана дуьйцур ду ас, – элира цо.

Курсам сан ненайишин йо1 ю, мел к1езга х1ума а хазанеха санна дестийна а дуьйцуш. Дестийна дуьйцуш, пуьтуш буттуш яра ца ала боху ас. Х1етте а сан уьйра ч1ог1а ю цуьнца, иза дог ц1ена хиларна. Цхьанне а зен-зуламна ца дуьйцу цо ша дуьйцург, иштта д1а, ша шена товш хила лаарна дуьйцу. Б1е туьма делла мачех кхо б1е делла олу. Я къайллаха, шен йиший коча уллу з1е йохьуш школе йог1ий, нанас шена эцна дукха хан яра, ша лела ца йора олий, иштта кхин д1а а. Цундела «хьоьга ала дезаш цхьа х1ума ду» аьлча, ас кхин тидаме а ца ийцира.

– Ас хьоьга д1а ма г1о ца элира, – олуш, едда еъна, т1аьхьа кхиира иза, кет1а кхаьчна йоьдучу суна.

– Со ц1а кхачале 1арж ло вайна, Курсам. Хьо санна юххехь 1аш ма яц со. – элира ас. Со ян а яра, дикка гена яха езаш.

– Доцца аьлча, тхан лулара Х1айбуллас сайга аьлларг дийца йоллуш яра со, – боху цо, сан ойла ша дуьйцучунна т1еерзош.

– Иза мила ву? Х1ун бохура цо? – болар сацийра ас.

– Кхозлаг1чу классехь ву-кх иза. Ца вевза хьуна?

– Ца вевза суна-м. Х1ун бохура цо?

– Селхана ц1а доьлхуш цхьана нисделлера тхо. «Аминат хьан шича хилла-кх! Иза хазахеташ ма ву со!», – олу цо.

– Ахь пуьташ буьтту! – элира ас, ша дуьйцург бакъхилар цуьнга ч1аг1дайта. Ткъа цо, цу м1аьргонехь:

– Сайн Делах а, дуьненах а йолийла… кху 1аьржачу лаьтта ког ма буьллийла… сайн нана кхин б1аьрга ма гойла,.. – дуйнашца ч1аг1о ян йолаелира.

– Дика ду! Дика ду, теша со, – сацийра ас иза, ца сацийча кхин а дикка гена г1ур юй хууш.

Лакхарчу классера бераша доьшу г1ишло кхин башха гена а яцара тхайчунна. «Яккхий школаш» олура оха цунах. Тхан массеран а сатийсам цхьаъ бара, цига тхаьш дехьадаха лаар т1ехь. Ткъа цигахь, пхьоьалг1чу классера дуьйна болу дешархой бара. Цигара дешна девла ц1а дог1у зудабераш хийла дуьхьал кхетара суна. Уьш цхьацца я шишша цхьаьна кегийчу нахаца хуьлура, бела а боьлуш, забарш а еш. К1антана йо1 хазахеташ хилар, иза берийн х1ума доций хаьара суна. Ткъа со бер дацара, сайн дагахь. Цундела, сайн т1ехьийза к1ант хилар, нийса хир ду аьлла ойла йира ас.

– Ас х1ун дан деза х1инца? – даггара хаьттира ас Курсаме. Дешарна х1айт-аьлла яцахь а, и санна долу х1ума дийца оьшуш яцара сан шича. Иза х1етахь дуьйна а яра, мел доккхачу а ловзаргахь зудаберийн мог1аре хууш а, гуо боккхуш хелха йолуш а. Бакъдерг дийцича, кхиъна йог1уш йиша яра Курсами, цуьнгара схьаоьцура цо зудаберийн «1илма». Школе яхар, ц1а яр, урокаш 1амийначул т1аьхьа жимах йолчу йишийца ловзоргех ловзар – цу т1ехь чекхдовлуш дара сан «хаар». Цундела дагайолуш яра со цунах.

– Кхана тхоьга буьйса яккха йола. Дан дезарг ас дийр ду, – элира цо. Со реза хилира.

Цу буса дукха ойла йира ас. Т1ехьийза к1ант бохург, сан кхетамехь, йо1 хазахеташ волу к1ант вара. Ткъа цара вовшашка х1ун дуьйцу суна ца хаьара. Со г1айг1ане йожийнера, т1ехьийзачу к1анте сайна х1ун дийца деза ца хааро. Нене хатта эхь хетара, цо иза г1ара а даьккхина со хьийзорна кхоьрура. Ас цкъа, цхьана киночуьра актер сайна хазахета, цо йола аьлча цуьнга г1ур яра со аьлча, чохь милла хиларх а, и актер гойттушехь, «сан нуц ву» олий юьхь1аьржа х1оттайора. Цуо иза ца дуьйцуш юьртахь стаг а ца виснера. Цул т1аьхьа, цунна и санна долу х1ума хоуьйтуш дацара ас. Ткъа пхи шо долчу йишина, шена а ца хаьара цу хьокъехь к1адда а. Доцца аьлча, т1е товжа цхьа накъост вацара сан, цхьа Курсам йоцург. Кхана цуьнца, цу хьокхехь дуккха а х1ума дийцаре дан дезаш хилар дагахь а долуш, охьайижира со.

Мацца а д1аевлира урокаш. Курсамаьрга боьду некъ юьхьарлецира оха шиммо.

– Ма-дарра дийцахь х1инца, – элира ас.

– Самвар ца вевзаш-м хир яц хьо, дага ца вог1у хир ву хьуна иза, – элира цо.

– Мила? Ахь х1ун самовар юьйцу?

– Самвар Х1айбуллах олуш ду. Хьуна хаьа моьттура суна. Доцца аьлча, йиша а ю-кх цуьнан х1уш а, «Лове» сег1аз а духкуш, – элира цо.

– Ю баккъалла а?! – сан б1аьрг кхин а серла белира.

«Лове» сег1аз бохург, х1етахь к1езга х1ума дацара. Юкъа хьарчийна кехат т1ехь диллина йоь1ан, к1ентан бес-бесара суьрташ хуьлура. Х1ора суьрта т1ехь безамах лаьцна язъдина дешнаш долуш. И дешнаш гоч дан, леррина дошам а лелайора оха. Х1унда аьлча, ингалсан маттахь буьйцуш бара безам. Т1аьхьуо, оьрсийн маттахь яздина сег1аз а юкъа делира. Сег1аз цаьргахь духкуш хиларо к1ентан сий айъира сан дагехь.

– Мама, х1уш эцийтахь, – элира Курсама, х1ума йиъна пхьег1аш д1айохуш йоллучу нене.

– Сан т1оьрмиг киснахь ду хьуна ахча. Шаьшшиъ ма г1олаш, Хьамзат вигалаш. Вайна 1аржлуш ю, – элира цо.

Хьамзат Курсами ваша вара. Цул а цхьа шо ца кхоччуш жима а волуш.

– Хьамзат вохуьйтур ву ас, – олуш, ахча схьаэца яхара иза.

Дукха хаза хьаьстина, ваша х1уш эца хьажийра Курсама.

– Хьо тховса яг1ахь, Хьамзат х1уш эца ваийтарца хаам бийр бу аьллера ас, – лере таь1на, къайлаха элира цо. Ткъа ас, «захало дийцар т1ехь» сайн хаар тидаме а эцна, и г1уллакх Курсамах тешинера. Цундела цуо диначунна т1е товш яра со. Хьамзат дукха ца 1аш, х1уш дахьаш схьавеара. Ткъа Х1айбулла я Самвар а, цунах массара ма аллара, хьен ца велира.

– Суьйре дика йойла, Зама! Чохь вуй Хьамзат? – аьлла, кхойкхург мила ву хьажа наь1аре яьллачу ненайише, цхьаъ вистхуьлуш хезира суна.

– Дера ву-кх, хьо ву иза Х1айбулла, чу вола, – жоп луш а хезира.

Ненайиша шек ца яьллехь а, суна хаьара, и вог1ург Хьамзатца к1еззиг бала болуш вог1ий. Цундела хилла хир дара сан дог, хьехархочо сайна ца хуъу хаттар дина, еригге а классана хьалха юьхь-1аьржа х1оьттича санна сиха детталуш. Ткъа х1инца, Далла хастам болу, цхьанна а хьалха юьхь-1аьржа х1отта меттиг бацара. Цундела айс-сайн са а тедеш, Курсамина юххехьа хилира со. Ткъа тхан «хьаша» чоьхьавелира, соьгахьа схьа а ца хьожуш, суьйре дика а йина, Хьамзатца дехьа чу вахара. Эхь хетахь а, дикка хьаьжира со к1анте. «Самоварана» кхин а цхьа кхачамбацар т1е кхийтира: Африкера валийча санна, 1аьржа вара иза. Г1аьххьа ойла йоьхна лаьтташ йолчу соьга, муьшка а еш:

– Яло, дехьа чу йоьду вайшиъ, – элира, Курсама.

Со т1аьхьа х1оьттира. Тхойшиъ чоьхьа яьлча, хьала айвелира иза. Хьамзати суьрташка хьожуш 1аш вара и.

Тхан хьаша къамелана говза хиллера. Х1инца, дуьххьара санна 1аьржа а ца хетара суна иза. Ткъа дуьйцург, школах, цхьацца кинох лаьцна дара тхан.

– Шу х1ун деш ду? – аьлла, чоьхьа елира, хьошалг1а яхначуьра ц1а еъна Курсами йиша Кемс. Кегийчу наха хийисте кхойкхуш елахь а, хабарца а, леларца а бер санна яра иза. Цундела, тхоьца охьахиъна, къамелана юкъа еара.

Сиха т1аьхьакхиира иза оха лелочунна.

– Ма хьагвелла со, мала хи хир дацара вайгахь? – элира тхан хьешо.

– Хил дукха х1ума вайгахь ян а ма яц, оха шиммо дохьу, – аьлла, сан пхьаьрс а лоцуш, хьалаг1аьттира Кемс. Куршки чохь мала хи дан шиъ ваха ца оьший сайна хуъушехь, шичас бохург дира ас.

– Ахь кховдийча нийса хир ду, – аьлла, соьга куржка кховдийра цо. Ткъа ас, «нийсадерг» дан лууш, схьаийцира.

– Дала саг1а дойла! Хи мел дезачунна езийла, – аьлла, еса куршка юхаелира к1анта. Кемс елаелира, ткъа со хаъал юьйхира. Эхь хийтира, дукхахдерг Кемсах, цуо и т1ехдетташ суо хьийзор юй хууш.

– Аминат, кхана а хир ю хьуна кхузахь, сег1аз далахь тхуна, – элира, д1аваха хьалаг1аьттинчу хьеше, Кемсас. Сег1аз дезахь а, нийса ца хийтира суна цуо аьлларг. Мел к1езга а тхуна цхьацца диъ дан дезара цуьнан, ткъа и ондда зен дара. «Лове» сег1аз, кхечарал а механа дикка деза дара.

Кемсас нене дехар а дина шозлаг1чу буса а сацийра со.

Сийсара санна, веъна тхоьца 1ачу Самваре, деънехь схьакховдийна хир дарий шена хуъушехь, хаьттира Кемсас:

– Сег1аз ца деъна ахь? – аьлла.

– Юха вог1уш дахьар ду ас, – олу вукхо.

– Х1умма дац, кхана деъча а мегар ду, Аминат кхана а 1аш ю, – элира, цо. Ткъа со Кемсе д1ахьаьжира, суо кхана 1аш хиларх лаьцна сайна х1умма а ца хуудела. Сан цецъялар хааделлачу цо, шена т1е доьг1на сан хьажар а лоцуш, б1аьрг та1ийра.

Кхозлаг1чу сарахь кхин а хаза 1ийра тхо, х1оранна шишша деъна сег1аз а 1уьйшуш, сих-сиха хи а доьхуш, «Хи мел дезачунна езийла!» а олуш соьга. Со эхь хетий х1оразза ц1ий а лора. Хьамзат а вара, шеца ц1аьххьана гергалло ч1аг1деллачу «доттаг1чунна» реза хилла 1аш. Суна деллачу сег1азана юкъара кехат т1ера дешнаш гоч дира оха. «Суна хьо дукха еза» аьлла. И дешнаш Самвара соьга аьлча санна, вовше хичаш йина, д1адерзийра Кемсас а, Курсама а.

Кхана а сег1аз лардийр ду аьлла, д1асакъаьстира тхо. Кемсас, тхан нене юх-юха дехар дира, со кхин а йитар доьхуш. Ткъа суна, х1инца гуттара а, ненайиша йолчохь 1ен лаьара. Амма т1аьххьара дина дехар эрна дина хиллера, тхан самукъне меттиг кхин д1а ца х1оьттира. Хьамзат а вахийтира оха х1уш эца. Амма эрна дара: я сег1аз, я 1аьржа к1ант тхан б1аьрга ца вайра. Со, т1е дог1учу дийнахь, сайн ц1а йирзира. Бакъ ду, школехь ларвора ас иза, амма я чу волуш, я араволуш гуш вацара.

– Цомгуш-м ца хилла-те иза? – хаьттира соьга, Курсама. Ца хаьа аьлла, белш саттийра ас.

– Церан класса чу хьаьжнера со, т1епаза вайна-кх иза, – хьехархо д1айоьрзу ларйина, лере таь1на элира цо.

Цул т1аьхьа масех де даьллера. Дагахь а доцуш, чу вог1у иза а, ара йолу со а дуьхь-дуьхьал нисделира. Йист хила дагахь батт оззинчохь «т1ехьийза к1ант» д1а а вахана йисира со. Кхин а нисделира, Самвар ца евзаш санна т1ехъвалар. Со, тхайна х1ун хилла т1аьхьакхуьуш яцара.

Къайлехь лаьттича бакъахьа дерг а, цкъа а цхьанна а ца хиъча дика хин дерг а нахала цадолуш ца дуьсу.

– Самварана йишас йиттина хилла, – элира, цхьана дийнахь Курсама, ша дукха мехала къаъ боккхуш санна.

– Х1унда? – со юьхьанца теша а ца тийшира.

– Муха х1унда?! Шен сег1аз лачкъийна аьлла.

– Хьан аьлла хьоьга иза?

– Луларчу зудчо мамига дийцина-кх.

Иза ирча кхаъ бара суна. Лулара зудчо дийцина бохург, и церан куьпахь мел волчунна а хаьа бохург дара. Сан дог дохийнарг цхьа х1ума дара, сан дуьхьа динчу къолана бехке со ю бохург. Цуо а йина-кх со бехке. Цундела ца хилла дуьхьал кхетча вист а. «Иштта хуьлу кхин т1ехьийза к1ант», – аьлла, ойла йира ас. Дукха лийлира со, иза вехачу ураме яла а ца лууш. Лаьттах йуола лаам хуьлура нанас: «Го а ца туьйсуш, вайн нуц вехачу кет1ахула девр ду вай», – цхьанхьа доьлхуш аьлча. Суна ца дезий хууш олуш дара цо иза. И къамел хезначул т1аьхьа, сан цхьанхьа а яха дог ца дог1ура.

Атта ца хилла баккхийчеран дахар. «Йоккха хила г1ертачул а, мукъа хан яьлча, сайн йишийца тайнигех ловзар тоьлу суна», – аьлла еъначу ойланехь ч1аг1елира со.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.