Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Со ирсах ца хьаьгна… Печать Email

Резванова Айза

 

 

 

Хьох дийца дезар-кха…

 

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт,

Хьомсарчу ненан дог хьостуш.

Кегийчу берийн б1аьрг белош,

Диканах дайн дегнаш тешош.

 

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт,

Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,

Даймехкан турпалхой хестош,

Доьзална барт, безам хьоьхуш.

 

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт,

Безачийн ойланаш юцуш.

Б1аьргашчохь ц1еран суй летош,

Безамах, ирсах дог дузош,

 

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт,

Куц хазчу 1аламах иэбеш.

Зевне аз шовданех декош,

Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

 

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт,

Пондарца мукъаме бохуш.

Иллешкахь сийлалла кхайкхош,

Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

 

Хьох дийца дезар-кха,

Нохчийн мотт,

Шайхис шен байтехь санна,

Г1апура сонетехь санна,

Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

 

 

Вевзарий хьуна…

 

– Ассалам 1алайкум,

тхан сийлахь Даймохк!

Вевзарий хьуна со?

Суна хьо-м бевзара.

 

Хьох къастар ца лайна,

ненан дог доьлхуш,

И б1аьрхиш цу кийрахь

мийлинарг ву со.

Безамца хьан суьрташ

шен дагчохь хьоьстуш,

Шен кийрахь нанас

хьо марзбинарг ву со.

 

1уьйренца

дашочу з1аьнарийн маша,

Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь,

цу малхо бузара.

Цу т1улгийн ламанех

самукъне хьаьрчаш,

Кхийсалуш и сирла

шовданаш ловзура.

Бес-бессара шакаршца

эшаре дуьйлуш,

Юькъачу хьаннашкахь

олхазарш а декара.

Б1аьстенца аренгахь

помбархат зезагийн

Тхи муьйлуш

полларчий х1аваэ г1уьттура.

 

Баьстенан зазанах,

седарчий къегий,

Бода д1акъахка беш,

бетта са даьржара

Куц хазчу 1аламах

ойланца хьаьрчий,

Сан ненан са

т1ома 1аьршашка долура.

 

Хьоьгарчу марзонах

сатийсам хьерчий,

Шовданийн аьзнашца

мукъаме йолура.

Юха а, къастаран бала

т1е 1аьткъий,

Г1ерг1ачу Терках и

елхаре йоьдура.

 

Стогаллин амал т1ехь

кхио къахьоьгуш,

Турпалчу къонахийн

амалаш хьоьхура.

Дайн оьзда г1иллакхаш

шайн сица кхобуш,

Бехачу мехкарийн

сий лакхахь гойтура.

 

Генарчу Сибрехахь,

хийрачу махкахь,

Даймохк, хьан ц1е йохуш

нанас дог лоьцура.

Ша хьегна марзо шен

т1аьхьенна йоьхуш,

Даима до1ийца,

цо Деле боьхура.

 

Халонийн, харцонийн

дозанаш иэшош,

Ца къарлуш, Дег1астан

некъа со ваьккхира.

Мерзачу сих хаьдда,

дилх лаьттах иэлуш,

Шех хилла лаьттан цинц,

хьох тохар дийхира,

 

– Ассалам 1алайкум,

тхан сийлахь Даймохк!

Вевзарий хьуна со?

Суна хьо-м бевзара.

 

Сийлахьчу хьан ц1еран

декъашхо хила,

Нанас т1е диллина,

хьан к1ант ву со.

Даймохк, хьан сий долчу

ц1арт1е ц1е йилла,

Ирсана кхаж баьлла нохчи ву со.

 

 

* * *

Кхиъний те хьан деган бешахь

Зезаг а ирс дала суна.

Дисний те хьан ойланашкахь,

Безамах дош ала соьга?

 

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,

Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.

Мацца цкъа б1аьстено дагчохь,

Шен ц1арах доьг1на цхьа чурт.

 

Лаьар-кха цу чурта т1оьхулахь,

Цхьа седа сан ц1арах къага.

Сан санна дог дагош хьоьга,

Кхача сан безаман дагар.

 

* * *

Ахь нийса ца дийши

Сан б1аьргийн йоза,

Къорам ду ойланийн

Хьан дагца ловзар.

Сан лаам хиллера

Хьан амал йовза.

Гергарло х1илланца

Лууш яц дуоза.

 

Ахь нийса ца дийши,

Сан б1аьргийн йоза.

Хьан зезаг кхиош дац,

Сан деган доза.

Д1абуьзна сан дагна

Йовхо лун малх.

Кхачочу баттана

Эшац кхин ах.

 

 

* * *

Со ирсах ца хьаьгна,

Тоъал сан хилла и дахарехь.

Т1ех 1енаш ца хилла,

Са дузош 1ийна шен барамехь.

 

Кхин лах-ам ца делла,

Ца кхоош декъарх д1а нахана.

Наха а ца дуьту,

Юха схьа ца кховдош саг1а.

 

Сайн ирсан да ю со,

Т1алам бо ас, и ца дагийта.

Са дилхах къаьстачу

Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

 

 

Ца юьтуш буо хила…

 

Муьлхачу мукъаме

даладе те аз ас, Нана!

Мохь тухуш, я г1ийла,

кхайкха те со хьоьга генна.

Б1аьрхишца дийца те,

я дош а ца олуш тийна,

Далхаде те ас сайн дагахь дерг,

есалле сийна.

 

Мила сох кхетар те,

хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!

Толаме узуш сан,

г1иллакхийн мах хадор хьан?

1аьржачу бодано ницкъ кхачош

со къовлахь мара,

Мерзачу озаца сингаттам хьа

къахкор д1а.

 

Ас хьаьнца доькъур те,

дахарехь къегина денош,

Дозалла хьа дер те,

сан некъех айеш сан ц1е.

Мила ву, сан Нана, къинхетамца

б1аьрхиш 1енош,

Со Деле йоьху верг,

т1ех лиънарг со ирсе ган.

 

Цкъа наггахь со сайца,

къамеле яьллачахь, Нана!

Йолахьа сан дагчу, дагалацам

бохьуш хьайх лаьцна.

Са парг1ат доккхуш сан,

хьостуш со бераллехь санна,

Ца юьтуш буо хила,

хьайгарчу марзонах хаьдда.

 

 

Сан хьоме Неца...

 

Ахмадова Пет1амат – йинчу денца

 

1аьнан туьйра хаздеш деъна,

Хьо б1аьстенан зезаг.

Хьан кхолламо ирсе дина,

б1аьстенах лепа.

Вовшашца хелхаре хьийзаш,

Лайн чимаш т1е иэга.

Хьо йина де даздеш тахна,

Сан аз зевне дека.

 

Хьо ехийла хьайн дахарехь,

Хьекъаш ирсе некъаш.

Кху сан дагна хир дац теша,

Х1ума кхин хьол дезаш.

Хьо ирсе гуш,сакъералуш,

Тхо седарчех къега.

Хьо йина де даздеш тахна,

Сан аз зевне дека.

 

Декъал хила, декъал хила,

Ненан йиша, мерза!

Хьо-м тхан дегнаш дохдеш кхета,

Хастаман малх беца.

Декъал хила, ирсе хила,

Сан хьомениг, Неца!

Хьо йина де даздеш тахна,

Сан аз зевне дека.

 

 

Ткъа суна-м…

 

Хуур дац цхьанна а,

Дог догуш леллийла.

Б1аьргаша даима ,

Хьан амат лаьхнийла.

Ткъа суна-м лиънера,

Ломарчу шовданех.

Сох ойла кхерстийла,

Хьан деган дозанехь.

 

Хуур дац цхьанна а,

Ойланца яьхнийла,

Кхолламе дарбанна

Хьан безам бехнийла.

Ткъа суна-м лиънера,

Малхах а къегина.

Хьан б1аьргаш дуьхьлара,

Дохк яйа яшийна.

 

Хуур дац цхьанна а,

Г1айг1ане эгнийла.

Малхо нур г1елдинчу

Баттах со кхеттийла.

Ткъа суна-м лиънера,

Хьан деган боданехь,

Сатосу седанан

Серлонца къага а.

 

Хуур дац цхьанна а,

Безамах хьегнийла.

Дог1анах йоьлхучу

Мархех а 1аьннийла.

Ткъа суна-м лиънера,

Б1аьстенан 1алам а,

Хаздечу зезагах,

Хьан дахар кхала а.

 

 

Хьо д1аводахь…

 

Хьо д1аводахь

Буьтуш Даймохк,

Нохчийчоь а,

Серла дуьйлуш,

Хьо ларвина седарчий а,

Лекхчу лаьмнех

Хьох йоьттина ойланаш,

Сингаттамца

Д1ахаьрцар-кха заманахь.

 

Хьо д1аводахь

Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,

Вайн ойланех

Ийна хилла шовданаш а,

Доггах боьлуш

Вай хьистина дашо малх а,

Са б1арзделча,

Леха дуьсур дахкарлахь.

 

Хьо д1аводахь

Сан са диъна буьйса, де а,

Цхьана тайнарг,

Цхьана лайнарг дерриге а,

Ахь д1ахьолахь

Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,

Суна генахь,

Ирсан декъахь хьайн ваха.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.