http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нохчийн Нана Печать Email

Мадина Кадиева

 

Нохчийн Нана, сийлахь ю хьо,

Кху дуьненахь марзо ю хьо,

Хьан безамо дохдо дуьне,

Хьан куьйгаша хаздо дуьне.

 

Хьан б1аьрсица – седан серло,

Хьан амалца – маьлхан серло,

Хьан къинхетам – деган йовхо,

Хьан хьекъало – махкахь барт бо.

Г1иллакх, г1уллакх ахь 1амадо,

Оьздангалла хьан къилба ду.

Хьо леринарг декъал ма ву,

Хьо тхан нохчийн Нана ма ю.

Хийла бала ахьа лайна,

Хийла хало эша йина,

Ахь вайн халкъан ц1е ларйина,

Сийлахь ю хьо даиманна.

Хьуна иллеш дохур ма ду,

Хьуна эшарш лоькхур ма ю.

Декъалйе хьо Везчу Дала,

Нохчийн Нана, сийлахь Нана.

* * *

Лепаш ду седарчий хьан дуьхьа,

Нана,

Кхуьуш зезагаш хьан дуьхьа, Нана,

Малх кхета дуьненна хьан дуьхьа,

Нана,

Хьо езар доза дац, хьомсара Нана.

Дуьне вай ирсе ду, хьо йолуш Нана,

Дуьне ма хаза ду, хьо йолуш, Нана,

Хьо йолчохь серло ю, беркат ду,

Нана,

Хьо езар доза дац, хьомсара Нана.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.