http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сингаттам, хьан 1аьржа верта... Печать Email

 

Бекмурзаева Човка

 

Б1аьстенан туьйра

 

Зама вай ма йоьду-йог1у, –

1ехайо, доггаха хьосту.

 

Йочанца кхочу-кха гуьйре,

Кхолийна б1аьстенан туьйра.

 

 

Сингаттам, хьайн 1аьржа верта,

Т1етаса суна ма г1ерта.

 

Анайист ц1ийелла тховса, –

1алам ду сан г1о дан говза.

 

Ткъа кхане ма хир ю екхна, –

Кховдор ю цо шега ехна,

 

Дашочу маьлхан цхьа з1аьнар.

Ас иза юцур ю 1аьнарх.

 

Сан дог ахь ма шелде гуьйре,

Дийцита б1аьстенан туьйра.

 

 

* * *

Хьан хьажар дагах чеккхдели,

Цо башха сан кийра бетти.

 

Б1аьргаш ма эсала хьоьжу,

Ткъа суна-м къинхетам оьшу.

 

Суна-м хьан совг1ат ца оьшу,

Совг1ато сан са ца оьцу.

 

Ас лорург бу хьуна тешам,

Цуьнций бен ца хуьлу безам.

 

Хилахьа сан сийдеш, лоруш,

Сагатлой со йолче вог1уш.

 

Хир ю со са хьуна делла,

Хьо хир ву сан воккха эла.

 

 

* * *

Цхьаммо цхьаъ хьаьстина

дош олуш хазахь,

Цо йовхо луш санна ма хетало.

 

Ткъа кхиверг юьхь йоцуш

к1оршаме валахь,

Сан логехь ца лалуш хорам ма бо.

 

Суна ма лаьара диканца яха,

И лаам ца хилча х1ун дора сох?

 

Дуьсучу дуьненахь марзонехь даха!

Мохь алий кийрахь дог эккхахьа хьо.

 

Эшар

 

Марша йог1ийла,

ва, хаза йог1у екхна 1уьйре,

Схьакхетачу малхо санна,

Тхан синошна серло луохьа. –

Марша йог1ийла,

ва, дуьне къагош йог1у 1уьйре.

 

Марша йог1ийла,

ва, хаза йог1у екхна суьйре,

Чубузучу малхе тахна,

Т1еман бала ахь д1алуохьа. –

Марша йог1ийла,

ва, марзо яхьаш йог1у суьйре.

 

Марша йог1ийла,

ва, хаза йог1у аьхна б1аьсте,

Айхьа 1алам ден ма-дарра,

Дегйовхонна кхане луохьа. –

Марша йог1ийла,

ва, чевнаш арзош йог1у б1аьсте

 

Марша йог1ийла,

ва, хаза йог1у токхе гуьйре!

Айхьа дохьу беркат санна,

Даймахкана маршо луохьа. –

Марша йог1ийла,

ва, ялтех юьзна йог1у гуьйре.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.