http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Акказин хьожа Печать Email

Эльдерханова Зайнап

Больница йоккха, хаза гуш яра. Керла гIишло, Москвахь елахь а Россин йоцийла къаьсташ дара. «Американская клиника....» иштта кхиндIа а ехха яра цуьнан цIе. Мехах дарба лелош яра иза.

Цу муьрехь мах белча а, нохчи ган лууш кIезиг нах бара. ТIом болчу хенахь... бакъду, «тIом» боху дош ма ала-м боху соьга, «кампани» ду боху «аккуратни» дош. Мухха делахь а, Нохчийчохь шолгIа «кампани» йолчу хенахь Россехь мел хуьлу вуо, мел дина зулам «нохчаша деш дара» аьлла дуьйцура...

Цундела кхоьруш, бехкала яхна, ийзалуш йиллира ас клиникин неI. Регистратурехь кехатан цуьрг елира шайна хIонс дIакхоччушехь. Медицин Iилманийн кандидатин, дерматологин Н.В. Груздеван кабинете хьовсийра тхо. Москвахь ночийчуьнга доцчу гIиллакхе хьаьжча, цхьа хаза йистхуьлуш, хиъначуьра хьала а гIоттуш, тIеийцира цо. «Ма тамашийна болх бу хIара, – дагатесира суна. – Гена додахь а бу-кх тамаша. ХIинца тхойшиъ нохчий дуй ма-хиъинехь, сацор ду шен гIиллакх. Цул тIаьхьа, адам меха ца хеташ, дIасахоьхкур ду массо а лабораторешка», – хьоьхура даго.

Амма ша тIе ма-лаццара, собаре, хаза къамеле йолуш, оха беана бала хIун бу хьаьжира лор. Кхана а дахка дийзира. Цул  тIаьхьа а... ХIоразза а эсала йист хуьлура иза. Сан гергарчу кIентан гIуллакхе  даггара хьожура, шен ваше санна. Ас боккха кхаъ лорура иштта дика дика стаг Москвахь сайна нисваларх. Гергара  йолуш санна  иза хьийзарна, керста хилар а дицлуш лаьттара. Оха кховдочу ахчане ца хьожура, амма бIаьра, леррана. Сан  махке, халкъе беана бала соьца бекъа гIерташ санна. Тхан гIуллакх дирзинчу дийнахь ваша ара а валийтина, со лоьрана баркалла ала дагахь чохь сецира. Суна х1инца гергара хетачу зудчо х1етахь элира: «Зайнап, со а ма ю Соьлжа-ГIалара. Сан боллу гергарнаш цигахь дIабоьхкина бу. Мел хаза, бертахь дехара тхо. Сан нана а ю соьца, кхуза ас схьаялийна. Меттахь, кIелйисна ю иза. Весет деш санна, сих-сиха олу цо: «Нохчийн бераш хуьлу-кх шайн де-ненаца дика... Кхелхича а, арахь ца буьту цара уьш. Сан ялар кху Москвахь хилахь а, со Нохчийчу а йигий дIайоллалаш». «Дуьненахь уггаре а хаза хьожа стенан ю хьаьий шуна?», – хаьттира цо цхьана Iуьйрана. Х1етахь чохь хилларш ойлане бехира ненан хаттаро. «Уггаре а хаза хьожа Нохчийчуьра акказин зазан ю шуна. Даймехкан хьожа акказин хьожа ю...», – ша-шена жоп луш, голашна тIе биллинчу гIайби тIе хин тIадамаш эгош, кийрахь йилхира тхан нана».

Иштта, дагахь а доцуш, вовшийн гергара хуьлуш дирзира тхан довзар.

 

 

КIайн Iаж

 

Ма дукха хуьлуш хилла-кх дуьне дезаран некъаш... Цкъа хьалха бералла хуьлу. Иза де долалуш йогIу Iуьйре ю. Ткъа де – иза дахар ду. Цул тIаьхьа делкъахан йогIу. Цхьайолу Iуьйренаш шелъелла, кхоьлина йогIу, юха делкъехь, беснеш тIехь кIаг хIуттуш, малх белало. Малх – иза ахь хьайн дахаран ирсах дог диллинчу хенахь хьуна тIехьоьжу Делан къинхетам бу. Юха суьйре йогIу. Къоналла а дIаяьлла, чохь-кертахь дерг дан а лууш, амма ницкъ а ца тоьаш, техкаш шен чу йоьдучу йоккхачу стагах тера ю суьйре. Суьйрено вох ца во, суьйрено гIан-набарна тIевуьгу. Ткъа суьйре дIаяьлча бода богIу. Къаналла дIаяьлча гуо кхочуш хуьлу. Кхин жималла а ца йогIу, кхин керла Iуьйре а ца йогIу. Чурта тIе диллина тхи доьлху хьуна, хьан меттана. Хилларг, хIинц-хIинца хьуна тIехбаьлла ловзуш баханчу полланах тарлой, генна долий дIадоьду. Зама, хьан бералла, бевз-бевзина керла чам, бос, хьожа хIинца дагалецамашца хьошалгIа гIерта. Бераллера, ирсечу хенара мIаьргонаша дог делхадо. Аьхка деана догIа, ван а хууш, веанчу хьешах тера хуьлура. Бешахь кIайн Iаж бара. Наж санна стомма, цхьабосса дIасакховдийначу генашна тIехь, пастан хьожа оьху, Iежаш латадора. Тхан массеран а бара и Iаж. Лулахойн, доттагIийн, гергарчийн. ДогIа догIура, мох а болура. ТIаккха беша хьодура хьо. Цхьаьннан а куьг тIе ца кхача йишйоцуш, Iожан буьххьера 1ежаш сийначу бай тIе охьаэгна карадора. Iежаш даккхий хуьлура, ткъа уггаре а самукъадолург – Iежаш шортта хуьлура. Туьйранан бешахь санна, хьайна без-безарг схьаоьцуш  тIеда, сийначу бацалахь лечкъина кегий пастанаш санна долу Iежаш схьаоьций, чухьодура хьо... Ма-йоьдду метта йолура. Бовхачу метта. Кучан пхьош хьокхуш цIандой, мутт лелхаш дуура мерза Iежаш. Хьан дуьне эццахь доладеллера, хьуна кхидIа иза дан а дац моьттура. Цундела иза хьан ирс хиллера. Аьхке йовха латтахь а, догIанаш-м хIинца а догIу... Беша йоьду хьо, аьлча а, беш лаьттинчу метте. БIарлагIа санна дуьхьал хIуьтту хьуна, наж санна, нуьцкъала Iаж, цунна бухара сийна буц, гуонахара,  оха ах-улх кегйина, халла лаьтташ йолу юьйцина керт. ХIетахь хьуна  дукхаезара и меттиг, хьо хьелора цигахь. Нанас, тIаьхьа мохь тухий, гIуллакх каракховдо дIаюьгура хьо. ХIинца латта хьайна ма-ттов, хьайн дагалецамийн урамаш цоьстуш... Хьо кхойкхур яц хIинца... Хьоьга кхойкхун ерг дIаяхана, кIайн Iаж санна, лаьттина меттиг а йоцуш. IиндагIаш малхо дотту хIинца. Еса майда. Хьан когаш лаьтта йиллинчу бетон тIехь кIадло. БIаьргаш, дагалецамах чекх хьажа гIерташ санна, хьогаме хьоьжу буточу бетоне. Хьуна хета-кх, дIаяхна хаза хан цунна бухахь йисча санна, бетонца дIашардина хьайн ирс. КIайн Iаж хIинца базарахь бухкуш нисло, ткъа чам цхьанхьа а ца карабо...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.