http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ХОЖ-АХЬМАД-ХЬАЖИН ХЬЕХАМАШ Печать Email

Доьзалехь божабер а доцуш, зудабераш ду. Уьш цхьацца ц1ент1е д1анисбелча, да-нана д1адаьлча, дакъа зудаберашна ца кхочу олий, верасаша д1асадоккху. Оцу зудаберашна дакъа кхочу я ца кхочу?

Вай дуьненчуьра д1адевр дуй а, вайх бахамаш буьсур буй а хууш, Дала Къуръанчохь билгалдина ду фараиз олу 1илма. Фараиз 1амаделаш аьлла Элчано (1алайх1и-ссолату ва-ссалам). И хаар оьшуш ду, амма т1ехь дац, 1еламнахана хууш хилча тоьуш ду. Шайн шарет дан дезаш хилча 1еламнахах дагадовла деза. Нийса дерг х1ун ду аьлча, зудаберашна дех-ненах бисинчу бахамах кхо дакъа дича ши дакъа дог1у, нагахь санна доьзалехь шиъ я шиннал сов зудабер делахь, цхьа йо1 бен яцахь нийсса ах дакъа дог1у, цхьа дакъа бухабисинчу верасашна дог1у. Зудаберана дакъа ца кхочу бохург, вайн 1адатехь дакъа невцана ца кхачадо бохург ду. Нагахь санна, 1адатех доха вайна ца лаахь а некъ бу вайна и г1уллакх вас йоцуш цхьалхадаккха. Верасех воккхачо, да-нана д1адаьлла дисинчу зудаберан дика а, вон а д1а а дерзош, цунна бух а латтош, дас-нанас ден долу дола дан деза, т1аккха маьрша вехар ву и верас х1оьттинарг. Дала нийсачу новкъа х1иттадойла вай!

Йитина я йисина йолу зуда, доьзалан дола дан стаг хилча, кхечахьа маре йоьду. Амма, оцу доьзалан дола дан цхьа а ца хилча а йоьдуш меттигш хуьлу. Цуьнах лаций алахьа.

Шен дег1 1алашлур долуш елахь, шен доьзалан доладеш 1ер сийлахь ду эр дара ас, амма, шен дег1ах дала шен жоп дацахь, доьзал верасашка д1а а белла, маре яха мегар ду.

Шена т1ера хьакъикъат дина а доцуш зудабер ц1ент1ера арадаьллехь, и дан цуьнан да а, деда а вацахь нанас дан мегий? Чохь виъ доьзалхо велахь царах муьлхарчунна т1ера хьалха дийр ду?

Хьакъикъат суннаташха суннат ду, Элчанна (1алайх1и ссолату ва-ссалам) дан лиъна а ду. Амма таро елахь а, яцахь а дан т1едиллина дац. Шен таро хилча дича а мегаш ду. Нанас а, муьлххачу а гергарчу стага а дан магийна ду хьакъикъат. Бераш алсам делахь, цхьа бежана царна т1ера ен мегар ду. Хьалха-т1аьхьа аьлча, доьзалхо велла велахь и хьалхавоккхур ву, цул т1аьхьа вокх-воккхачун хьалха ц1е а йоккхуш дийр ду хьакъикъат.

Х1усамненаца барт ийг1ина хилча, иза йита билгалдаьхна бахьанаш дан а дуй?

Билгалдинчу бахьанех коьрта бахьана ду зуда ц1ийндена муьт1ахь цахилар. Оцу чудог1уш ду кхидолу бахьанаш. Ц1ийндена муьт1ахь цахиларна т1ера д1аюьйлало кхин ледарлонаш. Делахь а зуда йита сихвала ца оьшу, ма-хуьллу хьостуш, хьехар деш кхетон хьажа веза. Сихвеллачохь зуда йита а йитна, юха дохковаьлла хьийзачул, и кхетон хьажар г1оле карор ду. Дала барт лойла вайна.

Ша валале ц1ийндас весет дина зудче, шен кошан барз ц1ена латтабе аьлла. Цуьнан весет кхочушдан кест-кеста цуьнан коша т1е яха мегар дуй?

Ч1ог1а б1о боьлла хилла цу стеган шен зудчух, цуьнан дехар кхочушдан деза. Нехан божарийн б1аьрг т1ехь соцур боцчу кепара кечъелла, шен ният а дина яхча сийлахь хир ю. Кир а тухуш, хьаха а хьохуш тодан мегар дац каш, гонахара къух д1а а доккхуш дола дан мегар ду.

Мардех куьг кхетча ламаз духий?

Несан мардех куьг кхетча ламаз духуш дац. Дай, йо11ий ларало и шиъ шари1атехь, х1унда аьлча,к1ентан хилла зуда цкъа а яло  мегаш дац дас, ден долахь хилла йолу зуда к1анта яло а мегаш дац.

Стаг я зуда кхелхина тезет х1оьттича, зударийн белхар нисло. И зударийн белхар тайп-тайпана хуьлу. Цхьаберш шайн стаг велча халахеташ б1аьрг белхош 1ад 1а, цхьаберш шаьш бист ца хуьлуш 1ийча шайна хала ца хетта моьттар ду бохуш, гуттар ша шех леташ, мохь хьоькху. И белхар муьлхачу кепехь хила дезаш ду?

 

Тезет х1ун ю аьлча, г1айг1ане мажлис ю. Г1айг1ане мажлисехь веллачо дог чахчийна, дог 1овжийна, веллачун зуда я гергарниг велхарх къа хир дац. Хьалхара цхьана зудчо тийжаш байташ ялош, ва ма говза йоьлхуш яра и хьенех, бохуш, дийца а дуьйцуш, вукху зударша цунна т1аьхьара маьхьарий а хьоькхуш белхар хьарам дина ду жайнахь. Х1ара хила йиш яцара, х1унда хили те х1ара, бохуш, тийжамаш бар а Делаца девне бийлар ду. Дала динчунна резахилла совцар мелехь ду, белхарал а Дала гечдойла цунна алар г1оле ду. Дала лардалар лойла оцу зударшна а, вайна а.

Цхьана тайпана, цхьана гаран я цхьана некъен ду олуш ду вайнехан. Шен тайпана йиша ялон магийна дуй вайн?

Дуккха а бусалба къаьмнаш ду дуьненчохь, Дала кхин а совбохийла уьш. Вайн къомо санна хала ца леладо цара и х1уманаш. Шари1ато бакъо елла долу х1ума бакъо хуьлий д1адоьду церан, бакъо цаелларг бакъо йоцуш соцуш ду церан. Вайн дукхахдолу х1уманаш 1адат муьлхарг ду, шари1ат муьлхарг ду ца хууш ийна д1ахьуш ду. 1адатехь, масала, шича олуш ерг йиша санна ларалуш ю. Ткъа шари1атан аьхькамашкахь стаг зудчух хьакхавелча ламаз духуш ду, ламаз духуш ерг ялон мегаш ю. Х1ашиман я къурайшин тайпанах болчара захало шайн тайпана юкъахь бен деш ца хилла, тайпа ца бехдо шаьш олий. И санна дуккха а къаьмнаш ду шайн тайпанца бен захало ца деш, вайн амал ч1ог1а хиларна вай жимма д1атеттина иза. Амма мегар долуш ду, шича бохучу гергарлонал т1ехъяьлларг яло.

Доьзал цхьана ламаз дан д1ах1уттуш, да мичахь хила веза? Нана мичахь хила еза? Доьзал мичахь хила беза? Церан д1ах1иттар муха хила деза?

Дела резахуьлда и хаттар даийтинчарна, Дала иманехь сов бохийла уьш. И тайпа хаттар хазахета суна, х1унда аьлча, шайн доьзалца, шайн ц1ийнан ох1ланца жама1ат лардан г1ерташ хилча, доьзалан иман ч1ог1а хиларан билгало ю. Пхийттара ваьлла боьрша стаг хьалхаваьлла хила веза. Т1аьхьах1уттуш шиъ божабер делахь оцу имамана т1ехьа д1ах1уттур ву, цхьаъ бен вацахь аьтту аг1ор, цхьа жимма вухаозавелла, д1ах1уттур ву, цул т1аьхьа зударий х1уьттур бу. Оцу кепара ду цуьнан низам.

Йитина д1аяхийтина йолу зуда юхаялон мегий, юха кхачайой иза?

Зуда йитар а, ялор а кхо ц1е йолуш ду. Зуда цхьа ц1е я шиъ тесна йитича, юхакхачон йиш йолуш ю, раж1ий хуьлу иза. Кхо бутт кхачале, кхечанхьа маре яха марша ялале ц1а йола аьлчахьана ваьлла ц1ийнда. Цхьа а моллин кехат ца оьшу цигахь. Вайна х1ун моьтту аьлча, моллас кехат яздича справка ю моьтту. Яц иза справка. И кехат йоь1ан верасе яздеш ду, хьан йо1 йитаелла яц, цхьаъ я шиъ бен ц1е тесна яц, бухайисинчу ц1арца юхаяийта бакъо ю хьуна олий. Хьал довзуьйтуш яздеш ду и кехат. Ткъа кхоъ ц1е тесна йитинарг юхакхачон бакъо яц. Иза баин лоруш ю. Баин бохург х1ун ду аьлча, гуттаренна йитина ю иза, кхин вовшен ирс ца дог1уш, вовшех д1ахаьдда ду зуда а, стаг а. Раж1ий ерг д1аяхана йолуш елча а, цуьнан ирс оцу стагна кхачош ду, ткъа баин йолуш еллачун ирс ца кхачадо цу стагца. Баин йолу зуда, кхечанхьа маре а яхана, кхечу стаге яьхна, ц1а еъча бен юха шен хьалха хиллачу ц1ийндена магош яц.

Бусалба динехь мардас я марнанас шайн несе хьо йитина ю аьлча, и зуда йиталуш ю я яц?

Мардас я марнанас йитича зуда йиталуш яц. Нагахь санна и зуда ялийна волу стаг пхийттара ваьлла а, хьекъалчохь а, ша лелочу йохка-эцарехь, 1ер-вахарехь   кхетамчохь а велахь цо ца йитча, я цуьнан векаллийца ца йитча йиталуш яц. Амма марда а, марнана а зуда йита хьоледаларх нус кхоьруш хилча барт хир бара аьлла-м хетта суна.

Захало дечу хенахь дас-нанас йо1е хатта а ца хоттуш, йоь1ан лаам а боцуш маре луш нисло. И нийса дуй те?

Захало адмашна юкъахь леланза ца долуш, Дала юкъах1оттийна хьикмат (хьекъалалла) ду. Цундела Дала Къуръан чохь дуккха а билгалонаш йина цу хьокъехь. Йо1 жима йолуш цуьнан ойла яьржина хуьлу, шен 1ер-яхар мичахь тоьлла хир ду ца хууш, т1еюьйхина бедар я аьлла дош хазделла 1ехаяла кийча ю боху. Иштта и йолу дела, цунна г1оле дерг харжар да велахь дена, да  кхелхинехь дедена т1ехь дитина Дала. Церан бакъо ю шайн ойла сецначу меттехь захало дан. Нагахь санна йо1 цкъа араяьлла, ц1а а еана, юха маре йоьдуш елахь, йоь1ан пурба деза. Иштта, и башхаллаш ю цигахь. Дала ирсе яхар лойла массо а йо1ана.

Шен шичан шича гергара хуьлий, цуьнга маре яха мегий?

Дала Къуръан чохь билгало йина вайна, шайх кхетча ламаз духуш берш а, ца духуш берш а. Шех кхетча ламаз ца духуш долу гергарло лекха лерина. Ткъа шичан шичех кхетча ламаз духуш ду. Цундела царна юкъахь захало дан мегаш ду.

Зуда доьзалхочух хилча, цунна марха кхабар т1ехь ду я дац?

Мелан марха кхаба доьзалхочух йолчу зудчунна бехкам бац, фарз мархин бутт хилча, беа баттал т1ехваьлла доьзалхо кийрахь велахь оцу бехкамах хьалха юьту и зуда, х1унда аьлча, беа баттал т1ехваьллачу доьзалхочунна чу са кхуллуш ду, цунна хуьлуш болу кхача нанас биънарг бен бац, цундела и эшаме ца хилийта Дала елла бакъо ю иза. Шо дуьхьал х1оттале цо доькхуш кхабахь, каффарат хьарчар доцуш декхало. Шо даьллачул т1аьхьа кхабахь, х1ора доькхуш кхобучу мархин ц1арах цхьацца кана ялта каффаратна а луш кхаба деза.

Зуда а, доьзал а болуш вехаш волчу стага шоллаг1а зуда ялайо. И т1ейог1уш йолу зуда оцу стеган бухахь зуда а, доьзал а хилча яха мегаш дуй?

Божаршна, вайн динехь, йианга кхаччалц зуда ялон бакъо йина. Муха йина? И йиъ зуда кхаба шен таро а елахь, царна юкъахь нийсо а латтор елахь яло магийна. Ша ларор вацахь цхьаъ а ялийна 1ад 1ан веза. Т1ейоьдуш йолчу зудчунна а хаа деза ша муха, мича йоьдуш ю. Ша ларор ю-яц хаа деза. Шари1ато бехкамаш беш бац цигахь.

Божарий кешнашка эхар санна зударшна эха мегаш дац олу. Зударий кешнашка эха мегар дуй? Уьш боьлхуш хилча а муха баха беза?

Кешнашка боьлхуш болу зударий нехан божаршка сатуьйсуш боцуш, б1аьргаш д1асахьийзош боцуш, г1ийла охьатаь1на, к1ант велла нана, ваша велла йиша, доьзалхо велларг, нана елларг кешнашка яха мегар ду. Шайн ламаз а эцна, т1е оьзда бедар а йоьхна, месаш къайла а яьхна, г1ийла, хьаьрчина баха беза-кх зударий кешнашка. Вайн дайша олуш хилла, кешнаш уллохь дог1алаш олий. Х1унда аьлла, хаьттича, валар дагадаийта, дакъаделла долу дегнаш к1аддалийта олуш хилла. Х1ара белларш санна хир ду-кх тхо а, т1аьхьало яц-кх кху дуьненан, аьлла, дагадаийта.

Вашас шен вешин стунйиша ялон мегар дуй?

Дала вайна Къуръан чохь билгалдина вайна мила ялон мегар ду, мила ялон мегар дац, аьлла. Нисаъсурат чохь дийцина муьлха зударех кхетча ламаз духу. Шех кхетча ламаз духу зуда ялон мегаш ду, оцу т1е доьг1ча вашас вешин стунйиша ялон шари1атехь мегаш ду, амма, вайн къоман оьздангаллийца дог1уш дац иза. Дала хаза г1иллакхаш, хаза оьздангалла, хаза амалш елла вайна. Вайн къоман г1иллакхашца цадог1ург вай лелийча, хаза къам долуш схьадаьхкина вай, даьржина д1аг1ур ду. Хьанафи мазх1абехь болчу наха лелош ду и, вайна юкъахь дац, доцуш дика а ду. Ваша велча, цунах йисинарг вашас дола йоккху. И тайпа гергарло долчу х1усамашкахь дукха хилла со, д1асавахана волуш. Доьзалан дола до олий до и цара, шари1атехь магош ду иза, амма вайн къоман г1иллакхца ца дог1у. Вайн дайша ларъеш схьаеана къоман оьздангалла ларъян декхар ду вайн а.

Ялийна йолу нус шен марзхойн сий ца деш, шен лаамехь лелаш хийла меттиг нисло. И нус ледара хиларан бехк берриге а ц1ийнда ледар хиларна, цо мегар долчун-доцчун гура цагайтар хир бу. Амма, нус мел дика елахь а, цхьаболу марзхой хуьлу-кх собар доцуш, муьлххачу а бехкана нус хьийзош. Оцу хьолехь ша нисвелча ц1ийнда ву бохучо х1ун дан деза? Шен кертахь болчара д1аяхийта аьлча, цара бохург дан деза цо я барт бан хьажа веза и?

Керта нус ялочу дийне сатуьйсуш ду массо а да-нана. И керта йог1учу хенахь боккха кхаъ бохьуш йог1уш хета. Ткъа и керта еана яьлча, уьш вовшашца эвхьазбовла, вовшийн дешнаш кегдан сихло. Ша нехан керта йоьдуш зудчунна уггаре а хьалха хаа дезарг ду и, - нах мухха белахь а уьш шайн ц1ахь ца 1ийча церан баха меттиг йоций. Вайн нохчийн цхьа кица ду-кх: «Хьуо т1ехиъинчу ворданан ден илли ала», – олуш. Цунах терра, нехан керта яхана йолу нус цу нехан г1иллакхца яза хьажа еза. Шен ц1ийнден деца-ненаца, йиш-вешица ша меттиг тайича, шен ц1ийндеца ша меттиг тайой а, шайн гергарло хаздой а хаа деза цунна. Шена ша реза йоцуш х1ума даьлча, деллахь, х1окхунна со реза яцахь а, кхин диканиг дуй хьажа ма еза со кхаьрца, аьлла, диканиг цо лахахь, ас тешалла до, и вониг дойуш цунна диканиг карор хиларан а, таръяла цунна луур хиларан а. Цундела магар а, таръялар а оцу зудчун шен карахь хета суна. Ткъа ц1ийндех дерг аьлча, оцу хаттарна х1ора къонахчо ша лур ду жоп. Шен йишица я ненаца зудчуьна дов даьлча, цо хаза олуш кхето еза и, д1ахаийта деза, мел харц елахь а, шен нана я йиша арайоккхийла доций.

Зудчунна а, боьршачу стагна а юкъахь ледарло яларна хьарамлонаш хуьлу: ц1ера араялаза йолу йо1 я марера ц1а еана йолу зуда, т1аккха къаьсттина халахеташ дерг, и зуда шен доьзал а болуш марехь йоллушехь. И иштта дуй цуьнца волчу боьршачу стагна хуъушехь Дела резавоцчу новкъа бевлла меттигаш хуьлу т1аьхьарчу хенахь. Ткъа царна х1ун хьакъ ду? Нехан не1алт хиларал сов, Делера х1ун та1зар ду царна?

Делан Элчано (1алайх1и-ссолат ва-ссалам), Дела реза воцчу х1уманах халкъ лардан хьехаме ша х1оьттинчу хенахь, т1амна кечвеллачу стеган санна, юхь т1е ц1ий хьодий, хьалхарчу мог1анера кхоалг1ачу мог1ане волуш, оьг1азвоьдий хьехам беш меттигаш нислуш хилла. Иштта чуьравалар хуьлу сан хьехам беш, къаьсттина и х1ума хьахочу меттехь. Х1ора къонахчо зударий бехке бо оцу х1уманаш т1ехь, иза нийса дац. И зударий шаьш ма бац вочу новкъа бевлла леларш, уьш вочу новкъа ийзош дерш вай ма ду. Стага, ша нехан ц1арт1ехь йолчу зудче оьзда доцуш дош алале, дагадаийта деза шен зудчуьнга кхечо и дош аьлча шена х1ун хетар дар-те, аьлла. Ц1ера араялаза йолчу я цхьа меттиг галъяьлла ц1а еанчу йо1аца эвхьазло ян шена дагадеъча, деллахь, сан а ма бу доьзалш, ц1ера арабовлаза мехкарий а ма бу сан, цаьрца и тайпа эвхьазло наха лелийча сан х1ун ойла хир яр-те, аьлла, терза х1отто деза ша къонаах ву бохуш лелачо. Нехан зудчунна, мехкаршна т1е куьг кховдош верг шена х1уъу лелийча а мегаш верг ву. Цундела, къонахчо ша-шена оьздангаллин дуьрста таса еза-кх. Вайна юкъахь бусулба пачхьалкх хилча, шари1атан бехкамаш ларбеш хилча, и хьарамло лелочунна та1зар дог1у, амма, вайн и та1зарш вайггара лелон бакъо яц. Вайн бакъо ерг хьехамца лардала г1ортар ду. Оьздангалла берахь дуьйна кхион езаш ю. 1еламнаха, эхье дара аьлла ца 1аш, нах вовшах мел кхеттачохь дийца деза х1ара. Оцуьнца нисдала хьовсур ду-кх вай. Дала нийсачу новкъа довла пурба лойла вайна.

Вайх наггахь а стаг хир вац сада1а х1орда т1е оьхучу хенахь цигахь долу хьал ца девзаш. Дийнна доьзалш а, чуьра воьдуш кхин стаг воцуш зудабераш шаьш а х1орда т1е оьхуш хьал хуьлу. Ткъа бусалба нахана мегаш дуй и? Цунах лаций алахьа.

Могушалла лахарехь бихкина некъ бац вайна Дала. Амма, ларбан безаш бехкамаш бу вайн. Иорданехь «Белла х1орд» олучу х1орда т1е вахар нисделла сан дарбанна, вайн бусулба вежарий болчохь ткъехь де ас доккхуш. Хаза, цхьанне а гича а эхь доцчу духарца хи чу а бовлуш, шайн ц1ийндайшца, доьзалшца вайн бусулба йижарий байна суна. Суьйлийчу оьхучу нахаца а хилла сан къамел, цигахь а ду боху изза хьал. Оцу кепара болхахь мегар ду вайнаш а баха. Амма, мегар дац, х1орда йисте а бахна, малхе дег1 дагадойтуш ду тхо бохуш, эвхьаза духарш а дуьйхина лела. Ишттачохь дарба-м муххале а хир дацара, Делан оьг1азло хир ю. Дарба шайн дог1маш а лардеш, Делан оьг1азлонах а ларлуш лаха деза.

Къемат-дийнахь стаг шен х1усамненаца хир ву боху. Ткъа, дуьненахь шиъ х1усамнана йолуш хиллехь, къемат-дийнахь цуьнца муьлхарг хир ю?

Шен ц1ийнан ох1ла иманехь а кхиош, ц1ийнден лааме ла а дуг1уш и шена резавеш, г1иллакхе доьзал а кхиош, беркате х1усамнана хилларг хир ю цуьнца цхьаьна. Важа биснарш юьстах хир бу.

Т1ера да д1аваьлла, буо а кхобуш, йисина 1аш зуда хилча, цуьнан а, цо кхобучу беран а верас мила хила веза? И бер кхабарна зудчунна х1ун ял хир ю?

Къаьсттина х1окху шина т1амо, вайх х1оранне чохь ала мегар долуш, буо бераш даржийна. Бай кхобуш 1аш зударий а бу. Церан верасех дерг аьлча, да веллехь деда х1отта веза, деда вацахь – деваша. Ницкъ кхочучу барамехь царна напха латтон а деза цара. Зуда-м, и бераш охьа а дехкина, керлачу дахаро дог хьаста тарло, аьлла, д1аяха а мега. Делахь а, Дела реза хуьлда вайн оьздачу зударшна, шайна мел эшам хилахь а и доьзал вовшах бетташ, шайн хуьлуш йолу хало дагахь къийла а къуьйлуш, и вайн доьзалш кхобуш 1а уьш. Ас дукха лакхара мах хадабо церан, Делера йоккха ял ю царна, и бераш долчу нахера пусар а ду царна. Шайн дег1ан лехамаш охьа а бехкина и бераш бахьанехь 1аш болчу царна Дала хьуьнар лойла, йоккха оьздангалла ю цара шайгара гойтуш ерг. Дала цу оьздангаллехь кхин а сов бохийла уьш.

Ши шо кхачаза а, шо кхачаза а кегий бераш хилча марха кхабар а, ламаз дар а т1ехь дуй?

Беран кхиар кийрахь долчу хенахь нанас буучу кхачица ду, дуьнена даьллачул т1аьхьа ненан шурица ду. Оцу заманахь, берана зен ца хилийта, Дала зударшна бакъо елла марха ца кхаба. Кхано бер доккха хилча доькхуш кхаба деза уьш. Ткъа, ламаз бер жима делахь а т1ера долуьйтуш дац, ламаз дита бакъо ца елла вайна.

Стеган, зудчун барт ийг1ича зуда ц1а йоьду. Зуда йитаран некъаш муха ду? Телефон чухула я уллохь теш воцуш йитича и зуда йиталуш юй?

Зуда йитаран некъаш вай дуккха а хьехийна. Уллохь теш волуш-воцуш зудчунна и кехат шен ц1ийндегара дуй а хууш, цуьнан хат1 (почерк эр ду-кх цунах оьрсийн маттахь) а девзаш йитаран хьокъехь кехат зудчо дешахь а йиталуш ю и зуда. Жайнеш яздечу хенахь ца хилла аьттонаш бу х1инца: телефонаш ю, интернет ю. Цу чухула аз довза а девзаш, билггал шен ц1инйда вуй а хууш йитаран дешнаш хезча а йитало зуда. Тешан хьокъехь дерг аьлча, и теш х1оттош ву оцу зудчун, стеган дов къасточу хенахь йитина яра я яцара аьлча, ша теш волуш йитина ала меттиг боккхуш. Цундела уллохь теш ца хилча а, стаг ша д1аваха йиш а ца хилла, шен векал вина цхьаъ вахийтина йитийтича а зуда йитало.

Ламаз карахь а долуш, шен чохь коьртахь х1ума йоцуш лелча я т1ера бедар хийцича ламаз духий?

Ламаз карахь а долуш, шайн х1усамехь я шаьш болчу меттехь зударша бедар хийцарх а, коьртара йовлакх д1адаккхарх а ламаз духуш дац, ламаз дуохаран бехкамаш ларбичхьана.

Зуда ша ахча доккхуш, шен бахам болуш хилча, цунна т1ехь дуй закат далар?

Динан арканашха цхьа рукна ю закат далар. Божаршна т1ехь ду, зударшна т1ехь дац аьлла диллина дац иза. Дохна т1ера диллина ду и закат, даьхни х1оккхул хилча, х1оккхул зама яьлча, х1оккхул дала деза, аьлла. Стага а, зудчо а, башхо йоцуш, дала дезаш ду закат.

Мелан марха я фарз марха кхобуш йолчу зудчо шен бер дузийча марха духий цуьнан?

Муьлхха а марха кхобуш хиларх доьзалхо вузийча марха духуш дац, цунах хила новкъарло яц.

Божарех къаьстина, шайна меттиг хилча зударий рузбане баха мегар дуй?

Рузбан-ламаз «салатул камилийна» аьлла. Камил нехан ду и ламаз аьлла, зударий цу юкъахь хьахийна бац. Дала кхолларехь зударий а, божарий а башх-башха кхолларна зударшна т1ехь дац рузбане бахар, амма, болхахь ял хир ю царна. Шайна къаьстина чубаха не1 а йолуш, божаршна гуш боцуш, юкъахь тесна кирхьа а долуш меттиг хилча баха мегар ду, шайн ламаз дан а, къаьсттина хьехамашка ладог1а а. Имаман хьехамашка ладоьг1ча церан дин довзар лакхара хир ду, цунах цара доьзал кхиорехь пайда а оьцур бу.

Бусулба дино ма-хьеххара дала дезачу кепара урду а луш, бан безачу кепара мах а беш зуда ялайо. Цул т1аьхьа, хан-зама яьлча, цхьацца х1уманна хьашт хуьлий загс йойту. Цхьаболчу нехан ойла хуьлу кериста 1едалехь загс яр мегар дац, бусулба динехь мах бича а тоьар ду олий. Цу хьокъехь х1ун эр дара ахь?

Шари1ато вайна т1едуьллуш ду мах бина зуда долаяккхар. Амма, вай керста пачхьалкхана юкъадог1уш ду, 1едалан законашна муьт1ахь хилар т1ехь ду вайна. Масане нисло 1едалца г1уллакх: валар-висар, пенси х1оттор, кхи долу х1уманаш. Коьртехь долчу 1едалан законашца йолу регистраци а йина, куьг та1ийна шен кехат схьаэцарх мискъал-зарратал шари1атехь бехкам бац. Бехкам бу, нагахь санна, килсе а вахна, керста динехь зуда ялаяхь. Дала вай лардойла царех!

Х1усамда зудчух летарх, цуьнан кочаэхарх лаьцна х1ун эр дара ахь?

Барт боцчу доьзалехь лелочух беркат хир дац. Доьзал бертахь бахар йоккха говзалла, собар, хьекъал оьшуш х1ума ду. Веккъа ц1ийндена эшна ца 1а и, цунначул сов зудчунна оьшу. Зудчунна коча стаг г1ерташ хилча, зудчо уггаре хьалха бехк шех лаха беза, шен галдаьлларг х1ун ду те аьлла. Суна хетарехь, зудчунна ца тоха стага дийр доцуш х1ума дац. Нагахь санна, зудчун бехк а боцуш, г1иллакхах воьхна стаг кочаг1ертахь и цуьнан шен оьзда цахилар ду. Зудчух летар вац оьзда волу стаг, х1унда аьлча, зуда г1ийла ю, шена кхача а латтош, шен г1уллакхе хьожуш йолу зуда лара еза ц1ийндас. И шех ца латийта бахьанаш лелон деза зудчо. Вовшийн дегнех дегнаш а дустуш, синош вовшех а иэдина даха деза ц1ийндай, ц1ийннаний, т1аккхий бен беркат хир дац церан кхерчахь. Дала бертахь дахар лойла вайна!

Ламаз до ша боху зудаберо, амма коьртахь х1ума ца лелайо, шена къа хир дуй хоьтту, месашна басар дан мегар дуй а хоьтту.

Оцу шина хаттарх хьалха жоп шолг1ачунна ло ас. Зударшна месашна басар дан мегар ду, х1унда аьлча, г1ина диллар вайна шари1ато магийна ду. Цунах хила новкъарло яц. Ткъа, коьрта1уьйра лела мегар дуй аьлча, мегар дац. Ламаз дечу зудчунна-м муххале а мегар дацара иза, ца дечунна а мегар дац. Хаза, масс д1ахьулъеш йовлакх а тиллина, ламазан духар а дуьйхина шен ламаз дан деза, цул т1аьхьа а коьртахь йовлакх лелор т1ехь ду. Далла гергахь а сийлахь ду и зудабер, нехан лерам а хир бу цуьнга.

Х1инццалц схьадеъна вайн къоман хаза г1иллакх: х1усамнаной д1абевлла бисинчу баккхийчу наха бакхий зударий а балош, церан 1уналла а деш. Х1инца 1едало пенсеш а, пособеш а юкъадаьхчахьана «сан х1ун г1уллакх ду нехан стаг кхаба г1ерта, суна дог1уш пенсии а ду, со хене ер ю», бохуш, зуда маре ца йоьду. Зуда а елла, доьзал а боцуш, ша висинчу стаге а яхана, цуьнан 1уналла дича хир болчу мелах лаций алахьа.

Иза тахна ч1ог1а оьшуш хаттар ду. Хан д1аяьлла йолу зуда, боьрша стаг оьшучу хьолехь яцахь а, Дела резавар лехна, Дела шен дуьхьа йоьду-кх со, аьлла, юкъ а йихкина, нехан ц1ен т1е яхча, Делера йоккха ял а, Дела резавар а, шен дег1ан массо ларъяларшкахь совъялар а хир ду. Г1азотехь асхьабаш лечу заманчохь, царах бисна зударий Элчанна (1алайх1ис-солату ва-ссалам) т1ебог1уш хилла, шаьш цхьалха дисна, х1ун дан деза шаьш олий. Элчано (1алайх1ис-солату вассалам) уьш маре бохуьйтуш хилла. Оцу масало гойту бисна 1аш болу зударий ц1ахь 1ачул нехан ц1ен т1ехь хилча, Делера ял царна хирг хилар.

Зударша жама1атца ламаз дечу хенахь башхаллаш юй? Зудчунна имам хилла хьалхаяла мегаш дуй молла кхайкхарца а, къамат дарца а? Т1аьхьа х1уьттучара муха дан деза ламаз?

Жам1ат-ламаз деш зударий шаьш белахь, божаршна ца хезчу меттехь зуда хьалхаяла а мегар ду, шаьш ламаз дечу чуьра ара аз а ца хазош, молла кхайкха а, къамат дан а мегар ду. Нагахь санна, божаршца цхьана уьш белахь уггар т1аьхьарчу мог1аре х1итта беза. Имамо салам деллачул т1аьхьа, тасбихь даре ца хьоьжуш, зударий меллаша хьала а г1евттина арабовла беза. Х1унда? Имам ша тасбихь дечу заманчохь малхбузехьа, халкъана т1е схьавирзинчу хенахь, цунна шайн яххьаш ца гайта. Зударий арабевлла хир бу аьлла хетталц имамо схьа ца воьрзуш собар дийр ду. Амма, дуьхьал тесна х1ума елахь имаман хьехаме а, тасбихье а ладуг1уш чохь совца бакъо ю церан.

Зудчо боьршачу стеган корта баша мегар дуй?

Вайн къоман г1иллакх ду зудчо боьршачу стеган корта ца бошуш. Божарий корта боьршачу стага бошу. Цуьнан бух жайнин мог1аршкахь бу: зудчо корта баьшначу стеган къонахалла д1аер ю. Амма цхьа бакъ ду, ца торийла елахь мегар ду. И х1ун ду аьлча, цомгаш стаг кхобуш зуда елахь, цунна оьшшучу хьаште хьожуш йолчу цо корта баша а мегар ду. Зудчо баьшна корта коша бахьа мегар дац бохург а харц ду, цунах хила мискъала-зарратал новкъарло яц.

Йинчу юьртахь марехь ю ша, амма к1ирнах цкъа а хьажа-х1отта нанна т1е ца йохуьйту ц1ийндас. Цунах къа хир дуй цунна?

Вайн дайн цхьа кица ду: «Хьо т1ехиъинчу ворданан ден илли ала», - олуш. Цуьнга терра марехь йолу зуда шен 1едал х1оттон г1ерта ца оьшу. Х1оккху хенахь, оццу хенахь бохуш хенаш етта а ца оьшу. Ц1а ца яхийтахь, шена хьалхара д1аяла ца лууш сецайо хир ю, цунах йоккхае еза иза. Амма шениг нехан керта яхча х1ун хир дара те, аьлла, ойла а йина, керта еанчу зудчун даге хьажа веза ц1ийнда а. Цундела, хаза юкъахь уьйр-марзо а латтош, д1аса а боьлхуш, вовшийн даге а хьовсуш хила деза гергарло. Дала вовшашца магар а, тарбалар а лойла царна.

Марнанас цхьа дош аьлча, цунна дуьхьал итт дош далош йолчу несах лаций алахьа боху.

Марнанас цхьа дош аьлча, итт дуьхьал далочу несана кхин ала дан а дац, жеро ер ю-кх иза катоьххана.

Зудчо я стага шайна т1ера совнах долу дилха д1адаккха, куц тадан х1ума цаяар къилахь дуй?

Дела вовзарехь лакхабийлина нах, кхачех к1езиг кхеташ хилла. 1аьржачу чохь, дууш я молуш доцуш, халбатахь 1аш хилла эвлаяаш. Кхача а, наб а юхатеттина, шена дезарг ца лоху дег1 Далла дезна ду. Цундела, юучух юхавалар къилахь дац, амма куц хаздан г1ерта а ца олуш, ламазна хьала-охьа та1а атта хилийта, Делан дуьхьа, аьлла, ният а дина хилча дика хир дара. Дела реза воцу ницкъ дег1ана бахь жоп доьхур ду, хьайн дег1ана хьакъ д1а х1унда ца делла аьлла.

Зударий цхьана чохь вовшах а кхетта, зуькар деш, мовлад йоьшуш, Дела хьехорца 1ибадат дан мегар дуй?

Вайн кхетам к1езиг хиларна, уггаре хьалха со а цхьана, массо молла а, 1еламстаг а и зударий емал беш лийлира. Ойла йича, оьзда доцучу духарца базаршкахула, концерташкахула буьйлабелла лелачул г1оли ма ду уьш цхьанхьа вовшах а кхетта, Дела хьехош хан яккхар. Бакъду, божаршна ца хезехь, аз лахдина хила деза церан назманаш, зуькарш, х1унда аьлча, Дала оцу зударшна диначу диканех дика ду церан аьзнаш хаза хилар. Зударийн аьзнаш хезча божарийн дегнаш ловзадуьйлу, Далла т1е йирзина ойла зударшна т1е а йирзина, уьш шайн 1амалех бохарна кхерам бу. И бахьна долуш ду зударшна и бехкамаш бар. Хаза вовшах а кхетта, шайн 1амал ян мегар ду. И Дела хьехаварх марзо а, шовкъ а хуьлда царна.

К1ентан йо1е, я йоь1ан к1анте безам хилча, шайн до1ийца Деле деха мегар дуй цара шайн безам боьхуш, и ларбе бохуш?

Хаза х1ума а, дика х1ума а, нахана зулам ца деш долу дерриге а деха мегаш ду Деле, цуьнца новкъарло яц. Мегар ду дера-кх. Делах теша а тешна шен безам боьхуш волу стаг Дала диканна т1е нисвийр ву-кх. Вониг деха мегар дац.

Вайна юкъахь г1арадаьлла лелаш ду къайлах мах баран г1уллакх. Цхьа молла а лоций, шиъ теш а лоций, мах бо. Цул сов зудчун дена ца хууш мах бан мегар ду бохуш меттигаш а ю. Харцахьара ца лелчахьана мегар ду бохуш, цхьа х1умнаш ду даьржина. Оцу хьокъехь х1ун эр дара ахь?

Хьанал некъ лоьхуш хоьттуш болчарна Дала биллина кхин т1ехь хьанал хир боцуш хьанал некъ бу. Йисна 1аш йолчу зудчун, майра велла и йисинехь, биъ бутт, итт дей даьлча маре яха бакъо ю. Нагахь санна доьзалхочух и елахь, доьзалхо охьавиллинчул т1аьхьа цуьнан 1идда (маре яха ца мега хан) д1адолу, цуьнан маре яха бакъо ю т1аккха. Х1окху т1аьхьарчу хенахь къаьсттина зударий белла божарий дукха бу бисна. Зуда хьашт хилла араваьллачунна, со а, со санна верг а захало дийца вахча, йо1стаг ц1ера йолуш дуьйцуш долчу захалонал хала хилла тхуна бисна 1аш болу зударий иштта зударий боцуш болчу нахана бигар. Х1унда? Х1инца пенсеш ду дукха нахана дехкина, болх боцуш хиларна а, кхийолу а пособеш ду луш. Ишттачу зударшна баха аьтто болуш ду тахна, амма церан дег1ан лаам, церан дег1ан хьашт, церан лехамаш болуш ма бу, и къайлах ма дац. Т1аккха цхьацца некъаш х1иттош, кхечу мазх1абан асре девлера тхо бохуш, вели (верас) воцуш мах бойтуш, х1умнаш лелор бакъо йоцуш ду. Шен хьаштана, шен г1уллакхна ваханза ца ваьлла ваханчу меттехь и вели (верас) т1е ца кхачалуш меттиг хилча, и бахьнехь цаьргара зене некъ ца божийта, уьш 1алашбайтар дуьхьа, къедас схьаоьцуш ю церан бакъо (верасаллин бакъо). Къедина т1ех1оьттина хилар массарна а т1ехь ду, цундела цо еш ю и бакъо. Дела 1ехалур волуш вац, бакъо йоцуш ду верас воцуш маре дар. Йисна 1аш йолчу зудчун шен дег1а лехам леха бакъо ю, цундела и зуда маре яха еза-кх, хаза шен верасаца мах а бина, шари1атан бакъонца. Важдерш цхьа а бакъо йоцуш г1уллакхаш ду, Делан оьг1азло хир йолуш, халкъалахь сий довр долуш. Хьулдина лело дезаш долу х1ума дерриг а хьарам ду.

Зуда ялош, вай цу юкъа и дийцар кхочуш деш молла лелаво, иштта нагахь и зуда д1аяхийтар нислучу хенахь, юьтучу хенахь а и молла цу юкъавоккхуш хилча дика хир дацара те?

Хир дара дер-кх дукха дика-м! Моллига хаттахьара ма к1езиг буьтур бара аша шайн зударий. Оьг1аздаханчу хенахь молла дага ца вог1у шуна, дукха дахарш. Хьо стаг велахь со йита, олий, зуда а карзахйолу, т1аккха, стаг хила г1уртий зудчуьнга майрачо «ас йити хьо» олу. Кхана 1уьйранна, хазниг духар доьхна и зуда араяьлча, «эх1, х1ара-м юьту зуда ма ца хилла», олий, стаг дохковолу, т1аккха «х1ара-м шех д1ахадийта йиш йолуш стаг ма вац» олий и кхечунна т1ехьевзина карийча, зуда а дохкойолу. И дагахьбаллам хир бацара шуна, нагахь зудчунна ша юьтуьйла лиъча иза цкъа мукъне а моллех дагаялахьара, зуда йита дагадеъча стаг а моллех дагавалахьара. Шаьш ялочу хенахь ма довлу шу дага, тхоьга «хьо вахча йог1ур ярий те» олий. Эццехь ма караво шуна молла, цига ма вуьгу аша молла. Шина аг1ор шиъ хьаькам юкъаволла боху Къуръано, зудчун аг1о юьйцуш волу цхьаъ, стеган аг1о юьйцуш цхьаъ. Церан бакъо талла а таллий харц дерг муьлха ду хьажа боху. Нагахь санна тарлахь, «хьо харц ма ле, хьо тарло, хьайн зудчунна коча ма лелха», олий, уьш вовшийн т1етт1абахийта, д1а ца къаьста аг1о лаха бог1у тхоьга 1илмано. Тхо-м и дийр долуш дара, шу дагадовлахьара тхох. Ша йитийта лиъча зуда дагаялахьара, «варийлахь, мегар дац хьуна, собаре хилалахь, ц1ийндена муьт1ахь зуда хила еза хьо», аьлла, зудчунна и хьехар дийр дара оха, и кхетош къамел дан хьовсур дара тхо. Зуда йита лаьа суна аьлча, «варийлахь, ма йиталахь, ахь юха ялон ерг цулла а галъялла хир ю хьуна, и йита г1ертачул хаза дош алий хьостуш цуьнца тарлолахь», аьлла, и стаг меттавалор вара оха. аша кхайкха тхоьга, т1аккха тхо дог1ур ду шуна.

Йо1  маре йоьдуш, захало дуьйцучу хенахь, юкъа молла а воккхий, йо1ана ца луъушехь захало деш меттигаш хуьлу. Т1аккха молла йоь1ан дений-нанний т1е а воьдий, и йо1 яхийта бохуш, дехарш деш меттигаш лелайо. И мегар ду я дац?

Ц1ера ялаза йолу йо1, жима хуьлийла иза я йоккха хуьлийла, дас я дедас (да вацахь), оцу йоь1ан пурба дала хьашт доцуш, и йо1 маре яхийта бакъо ю. Бакъду, реза юй хьо хьанехе яха, аьлла, пурба доьхуш хаттар дар суннат ду, важиб дац. Х1унда аьлча, оцу йоь1ан шен яхар г1олехь хин долу меттиг хаа хьекъал дац, жима ю иза. Цундела, оцу шен йо1ана дика болх лаар-лахар т1ехь къинхетаме верг да ву, деда ву, цундела царна бакъо йина и йо1 маре яхийта. Т1аккха, и еха стаг вохуьйту, иза хазачу г1иллакхех ма ду. Хьовсал, оьрсин къоман «сватать» олуш дош ду, и зуда ехар ду-кх иза. Шуьца гергарло деза тхуна олий, стаг вохуьйту, иза ду х1ара а, вайн бусулба наха лелорг. Оцу йо1ана ницкъ бан г1ерташ дац. Йо1арийн а, зударийн а сий вайн бусулба динехь санна цхьана а динехь айдина дац цханна меттехь, цхьанна пачхьалкхехь, цхьанна къоман. Цундела, маь1-маь1нехь катоьхний, коч озийний, ядийний, яьккхиний боху зуламаш ца хилийта, тхуна шу мегаш дара, шуна тхо мегар дарий те олий к1ант волчу наха и йо1 йолчу нахана т1ебохуьйтуш бу и нах. Шайн геланчаш хилла бохуьйтуш бу. Цундела, оцу балхах нийса кхета деза, еха ваха мегар ду, еха г1уо аьлча ваха везар ву. Цу шинна а болх тобан г1ертар ду шуна оцу юкъавог1уш волчу стага деш дерг. Цундела, цунна баркалла ала аша, цунна нийса некъ лаха аша.

Девешин йо1ах (шен шичех) хьакхавелча ламаз духу бохуш хезна суна, шен йиша санна ма яра иза шена, бакъдуй цуьнах куьг кхетча ламаз духуш хилар?

Йиша бохучу ц1арт1ера д1атиллачул дехьара гергарло, шех кхетча ламаз духуш ду, шича зуда йина ялон мегаш ду. И законаш вай даьхна дац, Дала даьхна ду. Дейиша, ненайиша, йишин йо1, вешин йо1, царел дехьа даьлла д1а долу гергарло, масала: девешин йо1, ненавешин йо1, ненайишин йо1 – царех кхетча ламаз духуш ду, иза Дала дина закон ду, и кегадарха, цунах шеко йолуш хиларх Дала лардойла вай.

Зудаберо гоьл т1е ког баккхар къилахь дуй?

Дуьнен чохь массо а къаьмнашлахь нохчаша зударийн сий лекха лерина, бусулба дино а лерина. Вер-ваккхар юкъахь долуш баккхийчу т1емашлахь зудчо коьртара йовлакх даьккхина и цу юкъа иккхича и т1ом сацош, шаьлтанаш батта чу юьллуш, карара герзаш охьадуьллуш схьадеъна вайн къоман. Оцу зударийн сий оццул лекха лерина вайн къомо. Зуда хуьлийла иза, йо1 хуьлийла иза, цо гоьл т1е ког боккхуш хилча оцу зударийн мог1арера д1айолу-кх иза. Ша оьзда цахилар, шеца х1уъу мегарг хилар гучудоккхуш йолчу йо1а бен боккхур бац гоьл т1е ког. Вай къоман оьздачу мехкарийн, оьздачу йижарийн, оьздачу нанойн г1иллакх т1ера д1а а яьлла, шен ламе а хьаьвзина, оьзда цахилар гучудаьккхина-кх цо.

Доьзалхо я ц1ийнда цхьанхьа воьдучу хенахь нанас (х1усамнанас) царна х1ун до1а дича дика хир ду?

Доьзал а, ц1ийнда а 1алашбан г1ерташ болу х1усамнаной ма эшабойла вайна Дала. Уггар хьалха оцу х1усамненера оьшуш дерг ламаз карахь долуш кхача хьакхор, шен доьзална ламаз карахь долуш бина кхача баор ду. Шоллаг1а, шен ц1ийндеца шен юкъаметтиг оьзданиг гойтуш хилийтар, ц1ийнда – доьзалан да лара шен доьзална 1амош хилар, и некъ лелабар ду зудчуьнан декхар. Кхозлаг1ниг, масала, и ц1ийнда цхьанхьа воьдуш велахь, доьзална а хозуьйтуш, Дала маьрша лелавойла хьо, Дала  г1оза-декъал юха ц1ент1е верзавойла хьо олуш хилар ду. Нагахь доьзалш цхьанхьа боьлхуш белахь, Дала иманехь нисдойла шу, Дала маьрша леладойла шу аьлла, иштта и до1а деш хила еза берийн нана. Доьзалан хьокъехь ден-ненан до1а Пайхамара (1алайх1и-ссолату ва-ссалам) шен умматана деш долчу до1ех тера ду боху аимматаша. Дас-нанас шен доьзалан хьокъехь дина долчу до1ина Дала жоп луш ду. Дала и до1а дар лойла царна.

Коьртахь х1ума а йоцуш ламаз эца мегар дуй зудаберана а, зудчунна а?

Коьртахь йовлакх доцуш ламаз эца мегар ду, нагахь санна и ламаз оьцуш йолу зуда кхечу зударшна юкъахь елахь, мегар дац чохь божарий болуш йолчу меттехь-м. Т1аккха масхьу дечу хенахь шен йовлакхана чухула куьг кхачахь чухула, т1ехула куьг кхачахь т1ехула шен масхьу дича ер ю иза, коьртара йовлакх д1адоккхур дац божаршна юкъахь елахь.

Ша йитина яц, йитина а йоцуш ц1а яхийтина ша. Т1аккха нахехула хезна шена ша йитина ю олуш, амма шега схьааьлла х1умма а дац. Йитина хуьлий ша? Ша маре яха мегар ду я мегар дац?

Оцунна билгало гучуяллалц шари1атехь маре яха бакъо луш яц, ша йитина ю я яц хьажа еза, хатта деза. Шена лерга схьахезна хила деза, йита езачо йитина хуьлийла иза, я цуьнан векало йитина хуьлийла иза, я кехат даийтина йитина хуьлийла иза, я цунна мила ву хууш девзаш долу аз хезна хуьлийла цунна – оцу кеппара йитина шена билгало ца хилча зуда маре яха бакъо йолуш хир яц. Йитаран билгало гучуяьллачул т1аьхьа юха шен маре яхарца цуьнан шен дег1аца айа дезаш долу 1ид айина хила еза, цул т1аьхьа 1идах (1ид-оьрсийн маттахь аьлча противопоказание бохург ду) ша парг1атъяьлча т1аккха маре яха бакъо хир ю цуьнан. Билгало гучуяллалц бакъо яц.

 

Комментарии  

 
+1 #1 Вах 04.08.2017 14:42
Ассаламу 1алайкум зуда марер ц1аеан кхобутбаьлча йитлуш ю аьл йита езчо йитин аьл хезна доцщ шена кхечанхьа маре яхнаьхь цахуаш мега йа цамега цахуаш цо худа деза и мегш доце хианчулт1аьхь. Дела реза хил.
Цитировать
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.