http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дахалахь тхо балех хьалха Печать Email

 

/Назма/



Хьара Назма Iаьрбийн маттахь дIаязйинарг Иорданехь вехаш волу СаIид Бено ву. Хезна Парижехь, 1959-чу шарахь, Чермоев Тапин вешин йоIа Зайнапа олуш...

(1990-чу шеран июнехь Иорданехь дIаяздина Мусаева Заремас)

 

 

Я Раббана*, хьан ницкъ кхочуш,

Тхо дисна-кха т1ехь да воцуш,

Зама йоьхна, 1едал доцуш, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Тайпанаш ца къаьсташ лаьтта,

Бертахь доцуш дисна лаьтта,

Бусалба дин т1амца лаьтта, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Шайна-шайна тхьамдалла дезаш,

Шайла хьалха кхин ца везаш,

Дуьне къуьйсуш валар дезаш, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Хьарам-хьанал вовшахдетта,

Ницкъ ма-кхоччу дууш лаьтта,

Шайн оьздангалла юхкуш лаьтта, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Ахь кхоьллина кериста ву,

Хьан рицкъан т1ехь Хьо шиъ веш ву,

1адуваннах** ша леташ ву, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Ахь х1оттинчахь паччахь хир ву,

Хьан хьукманца*** нийса хир ву,

Нехан безам болуш хир ву, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Ахь ч1аг1вича, ч1ог1а хир ву,

Ахь г1елвича, г1ийла хир ву,

Хьуна лиъча ша водур ву, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Тхан балхаца хьукма хилац,

Шайн йоланца нийса хилац,

Хьо воцуриг хьукман да вац, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Шайх ма ала дуьне дезахь,

Дуьне марзо шена езахь,

Дала шена нур ца деллехь, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Харц шайхаша дуьне дохий,

Тобанашца дуьне дохий,

Доцург дуьйцуш, шайн дин дохий, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Коьртачу наха ахча ийци,

Шайн дог1машна бала ийци,

Динехь боцу машар бийци, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Зама парг1ат шайхаш бара,

Мурдаш бацош, дууш бара,

Дуьне гулдеш хьийзаш бара, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Зама йоьхча, боьхна хилар,

Дохар, тодар къайлах хилар,

Шар1ан некъал арахь хилар, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Зама еана г1иллакх доцуш,

Шен г1иллакхашкахь беркат доцуш,

Дахна**** дайна, тешам боцуш, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Некъан маршо д1аели-кха,

Дег1астан чу ц1е ели-кха,

Хьо воцуриг г1оьнча вац тхан, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Алар, дийцар дукха хили,

Пайда боцу хабар хили,

Адам доххол г1айг1а хили, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Бакъдерг доцуш зама ю хьо,

Дела вовза тергам бу хьо,

Адам делха г1айг1а ю хьо, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Дикчу к1ентийн наной билхи,

Ярташ ягош, бахарш дуьхи,

Зудрийн, берийн дегнаш дуьйхи, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Майра бериш лаьтта бирзи,

Осал бериш зуламе леци,

Бусалба нах бале леци, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


К1ентий бара коьрта белахь,

Майра бара низам делахь,

Г1азот дара дезаш делахь, -

Дахалахь тхо балех хьалха.


Я Раббана, хьоьга кхойкху,

Хьан элчане г1о дар доьху,

Хьукмане да тхаьшна воьху, -

Дахалахь тхо балех хьалха.



* Раббана - Дела; ** 1адуванна - мостаг1; *** Хьукма - лаам; **** Дахна - г1иллакх.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.