http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Мархин бутт Печать Email

 

Кадиев Руслан

 

Хастам бу Везачу Далла,

Мархин бутт баларна вайна, –

Шена чохь доссийна Къоръан,

Бусалба нахана совг1ат.

 

 

Хастам бу Везачу Далла,

Мархин бутт баларна вайна, –

Шен вонах шайт1а а доьхкуш,

Ялсамани не1 вайна йоьллуш.

 

Хастам бу Везачу Далла,

Мархин бутт баларна вайна, –

Иманехь нисдала хьовса,

1амалехь сов дуьйлуш г1овта.

 

Хастам бу Везачу Далла,

Мархин бутт баларна вайна, –

Хьо баре сатуьйсуш 1ийна,

Масне да эхарте вирзи.

 

Хастам бу Везачу Далла,

Мархин бутт баларна вайна, –

Хьадисе ладоьг1на дагца,

Ойланца хазло вай тахна.

 

Хастам бу Везачу Далла,

Мархин бутт баларна вайна, –

Къоръанца нисйина амал,

Комаьрша декъа вай саг1а.

 

Юха а вай Мархин батте

Кхачинчу Далла бу хастам.

 

МАРХИН БАТТАХ ЛАЬЦНА IЕЛАМНЕХАН КЪАМЕЛ

 

* Делан дуьхьа, къайлаха, ца кхайкхош кхаба беза Мархин бутт.

* Далла декхарна уггаре аттаниг – Мархин баттахь марха хилар ду.

* Мархин баттахь мел дина дика – парза санна деза ду.

* Дала вазвина ваитина веза хьаша ву Мархин бутт. Хьешана хьошалла дар вайна т1ехь ду.

* Мархин бутт т1ебог1уш самукъадаьлла, чекхболуш г1айг1ане хилар – бусалба нехан хаза г1иллакх ду.

* Мархин баттахь Делера къинхетам а боккха бу, беркат а доккха ду.

* Марха кхабар – боккъалла а вай Делах тешар ду.

* Делан дуьхьа марха кхабар – шайт1анна дуьхьала т1ом бар ду.

* Ялсамани не1арш йоьллу, жоьжаг1ати не1арш къовлу, шайт1анашна буржалш туху Мархин баттахь.

* Мархин баттахь шена гечдар ца лехнехь – шо эрна дайна ду.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.