Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Урдунан махкара нохчашкара МЕРЗА Маршалла Печать Email

Салам Iалайкум!

Урдунан (Йорданин) махкара нохчашкара доккха Маршаллица дIадоладр ас сайн дуьххьарлера къамел, хIокху вайн «Нана» журналахула. Дукха хан яра со нохчийн зорбанан хьостахула вайн Даймахкара хьоме Нохчашка къамеле вала лууш волу. Иза хIинца нисдели, Далла бу хастам.

Урдунан махкахь тхо дехаш долу бIе ткъа шо (120) гергга хан ю. 1901-чу шарахь кхаьчна нохчий Урдуне. Цу хенахь дуьйна, нохчийн мотт, ламаст Iалаш дан гIерташ схьадогIуш ду хIора тIе мел кхуьу чкъор. Шуна ма гарра, деша-яздеш, ма хуьллу вайн орамах ца хада гIерташ деха тхо кхузахь. Цул сов, нохчийн юкъараллаш а, Кавказан цIарах клуб а, цхьацца кхин болу дIахIоттамаш бу тхан Йорданин шахьаршкахь.

Суеле шахьарахь, гуттар Даймахкаца юкъаметтиг латтаян Iалашо йолуш, Нохчийн ДоттагIаллин Юкъаралла ю, массо хенахь цIерачу а, меттигера а вайнехан жигараллаш дIакхоьхьуш. И санна Заркъерчу шахьарахь ю божарийн а, зударийн а юкъараллаш.

Ма-хаъара, мехаза до гIуллакх гена ца долу. Цу бахьанехь, юкъараллийн жигараллаш дукха ца хуьлу, ерш а цхьана ханна бен дIа ца кхоьхьу. ХIетте а цигахь ала догIу, зударша юкъара гIуллакхаш дика леладо Йорданехь. Шайга кховдийна балхана тIелацам дика хуьлу вайн нанойн. Цуьнца дуьстича, масала ло Маликан, Йорданин коьрта гIалин радиогахь цкъа а хилла доцу, Нохчийн маттахь цхьана сохьтехь къамел (программа) дIахьош йолу Нохчийн нана. Делан пурбанца, шолгIа а шуьга къамел дан аьтто балахь, къоман дог лоцуш гIуллакхаш деш болчеран дог-ойла йовзийта хьожур ву со.

Вайн культура а, ламасташ а дендарехь, арахьарчу нохчашна чIогIа зIе оьшу Даймахкаца. Фольклорин эвсаралла сов яха лууш а лела и юкъараллаш. Делахь а, кхузахь нохчий кIезиг хиларна, боккха аьтто ца болу цу хьокъехь. Гуттара тхан тIаьхьенаш меттигерчу культурах ийна дIаяларна, нохчалла дIадаларна кхоьруш сингаттам лаьтта тхоьгахь. ХIара санна Даймахкаца зIе хилча, и гIомато гIеллур яцара аьлла а хета.

ХIара сан къамелца жимма вайн Iер-дахарехь а, дуьненаюккъера вайн халкъан уьйр хоттаъяларехь пайдехьа хир ду аьлла а хетахь, сан хьоме нохчий, кхин дIа Йорданера тхайн аз хазийта хьожур ву со.

Дала Iалашбойла вайн хьоме Даймохк. Дала кхин вон ма гойтийла вайна.

 

Ларамца, Хьамийд Бакир

 

 
©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта