Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Вайн дай-наной Печать Email

Кимаев Юсуп

Вайн дай-наной къанлуш, к1елбуьсуш бу, ерриге шайн могашалла, берриге а шайн ницкъ вайна схьа а белла. Я цунна дуьхьала вайга мах а ца боьху цара.

Шайн дахаран хаза хан, х1окху исбаьхьачу дуьненах самукъадолу къона хан ерриге а шайн доьзал ирсе хиларе а хьажийна, къанделла долу да-нана, ваьш кхиъна девлча, вешан доьзалш хила болабелча, вешан доьзалшка баханчу безамна вайн дай-наношка болу безам ларамза хербала болало вайн. Амма диц дан йиш яц вайн, церан и бухбоцу безам ширлуш ца хилар цкъа а. Х1оранна а хуур ду иза, шен доьзал шена мел дукха беза хиъча… Вай 1еха деллачу х1окху исбаьхьачу дуьненчу вай даккхидерца баьккхина болу ког самукъа а долуш, дагабог1ург да-нана бен дац! Даима шайн нуьре яххьашт1ехь къажар а долуш, дагадог1у царна иза, дуьненан баланаш шайн мел дукха байнехь хьан жималла шайна дагаеача, и баланаш бицло вайн наношна, дайшна. Иштта дагадог1у царна ахьа дуьххьара аьлла дош, ахь диначу дикачу г1уллакхех даима баккхийбе уьш. Хьо мацвелча, вузо сихлуш, хьо шелвелча, вохван сихо еш… Терго елаш, марха досту де, массо хаза духарца кечло де герга г1оьртича, шайн доьзалшна керла-керланиг т1еюху цара, ткъа шайна – шира бедар. Ваьш кечдалар хьалха а долий, вайн дай-наной кечба дицло вай. Нийсо яц иза!!! Хьуна наб кхетча, хьуна т1е моза ца хоуьйтуш, хьан наб ларйеш, чуьрке къовза ца войтуш, хийла вайна улле а хевшина буьйсанаш яйина цара. Ойла е вай оцу белхан!?

 

Да… вайн наноша вайна даош долу хьанал рицкъа чудохьуш верг ву иза! Вай а, вайн нанойн а сий лардарехь шен корта къежбелларг ву иза!!!

Иштта, вайна дукха сагатдина вайн дай-наной тесна бита бакъо яц вайн!!!

 

Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Хьан Дала омра дина, Ша воцчунна 1ибадат ма дойла аш, деца-ненаца дика а хилалаш, аьлла. Хьуна гергахь цаьршиннах цхьаъ я ший а къаналле кхачахь, ахь цаьршинга ма алалахь «уффай!», чеха а ма делахь и шиъ, ахь ала цаьршинга хаза дош. Ахьа цаьршиннах къинхетам беш охьата1абе (хьайн) сийсазаллин т1ам, ахьа ала: «Сан Дела, ахьа цаьршиннах къинхетам бехьа, жима волуш цаьршимма къинхетам беш, со кхиорах терра». «Аль-Исраъ», 23-24

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.