http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Шайх Бетаран Махьмад Печать Email

Шамсадов Муса

 

Гергарчу хьесапехь 19-г1а б1ешаран шолг1а ах долалучу муьрехь Итон-Кхаьлан к1оштара Хьаьлда юьртахь, Селет1а олучу меттехь, вина (билггал маца хууш дац) шайх Бетаран Махьмад. Цигахь ваьхна а, д1аверзина а ву иза. 2001-чу шарахь Хьачарахь (Ведучи) ваьхначу (116 шо дара цуьнан цу хенахь) Амаев Махьмад-моллас дийцира, шена шайх Махьмад гина а, вевзаш а вара, дика дага а вог1у аьлла. «Юккъерчу дег1ехь, хаза товш стаг вара Бетаран Махьмад», – бахара цо. Шайхи к1анта, Магамадов 1адрахьмана дийцарехь, Бетаран Махьмадан кхалхар хилла 1918 шарахь. «Со аганахь а волуш кхелхина сан да», – элира 1адрахьмана, х1инцачул 20 шо хьалха. Тахана шайхан коша т1ехь дина зератан ц1а ду. Зерат дан цуьнан коша т1е дукха генара нах а оьху.

Шайхах лаьцна дийцарш, хаамаш ас д1аязден 30 шо герга хан ю. К1еззиг х1ума ду сан дан ницкъ кхаьчнарг. Нохчийчохь а, Г1алг1айн махкахь а дукха нахана вевзаш хилла ву Бетаран Махьмад. Генара бог1ий, наха масла1ат дан вуьгуш а, наха лоруш а хилла иза. Цунах лаьцна дийца дуккха а х1уманаш хир ду аьлла хета суна, тахана д1аяздаза а шуьйрачу гонна довзаза а. Айса д1аязйинчу материалех цхьаерш йовзуьйту ас шуна. Шайхах лаьцна суна дийцинарш бу: Олхазаран-К1отарахь вехаш хилла волу Бетаран Махьмадан к1ант Магомадов 1адрахьман, Хьачарахь ваьхна Амаев Махьмад, х1инца Ч1аьнтахь вехаш волу Зулаев 1алсолт, Ч1аьнтара вахархо Кетиев Абубакар.

................................................................................................

Теса ц1е йолуш дуй биъна доттаг1 хилла Бетаран Махьмадан. Цхьана дийнахь Са1ди-К1отарна уллохь долчу Куслан Ирзу олучу меттехула вог1уш, цхьа боккха к1аг гина цу шинна.

«Х1ара х1ун к1аг бу, Махьмад?» – хаьттина Тесас. «Охьавоссалахь, Теса, динара! Кхузахь юрт бухаяхна меттиг ю хьуна. Ахь жимма ахкахь кахьар (куьйга хьовзош йолу хьера) карор ю хьуна, юккъехь бисина жарж а болуш. Цу т1ехь гона (крестовина) а ю, ко (т1ам) а бу хьуна», – аьлла шайхо.

Цхьа хан яьлча Тесас цига вахана латта аьхкина. Махьмада ма аллара хьера карийна цунна. Иза цо ц1а а ехьна, дукха шерашкахь лела а йина. Цунах ч1ог1а пайда баьлла Тесина: даьхни дебба, корта бахон малар муьйлуш, кехатех ловзуш хилла виъ к1ант имане а веъна, ламаз-марха а долуш д1авахна.

И кохьар ц1ера дохуш Кхазахстане ехьна, куьйггал юткъа яллалц цигахь цунах пайда а эцна.

Куслан Ирзиехь цхьана гу т1ехь Тесин говр урх лаьцна саца а йина, шен доттаг1чун белша т1е куьг а тоьхна, хьалха д1а куьг тесна Махьмада аьлла: «Дег1астанара адам цхьана дийнахь, 1уьйранна д1алоллу бажа санна махках доккхур ду. Сарахь ц1а бог1у бажа санна юха ц1а а дог1ур ду. Адамех кхо дакъа хир ду. Цхьа дакъа ц1а дог1ур ду – и декъала а хир ду, важа дакъа бухахь дуьсур ду, кхозлаг1ниг дакъаза дер ду».

Куслан Ирзиел т1ехваьлла охьавог1уш, цхьана кхелана т1ехула дуй баа кечбеллачу нахана т1екхаьчна Тесий, Махьмаддий. Шу х1унда гулделла аьлла хаьттича, вукхара дийцина бахьана. Дуй баа кечвеллачуьнга Махьмада аьлла: «Къера дуй а ца бууш нехан кхела д1ало».

Цу стага даре а дина, ша кхела д1алур ю аьлла дош а делла нах д1асабахна.

Олхазар к1отарахь, Алдаман Яхьян х1усамехь буьйса а яьккхина, шолг1ачу дийнахь Са1ди-К1отара вахана Махьмаддий, Тесий. Кешнашна т1ех волуш, цхьана кошан барз гайтина аьлла шайхас: «Цу кошахь 1уьллуш Соьлжа-Г1алара яьшкичохь схьавеъна г1азкхи ву. Кхузахь д1авоьллинарг-г1азкхийн кешнашкахь а ву».

.................................................................................................

Цхьана дийнахь дукха 1уьйранна, са ма хиллий, Хилдехьа ваха кечвелла Бетаран Махьмад.

«Х1унда воьду хьо цига?» – хаьттина х1усамнанас Шайлас. «Соьга кхойкхуш цхьа борз ю цигахь», – аьлла шайхас.

Махьмад вахана д1акхаьчна Хилдехьа. Бага гаьл а йиллина цхьана стеган кертахь д1айихкина лаьтташ карийна цунна борз. Махьмад гича берзан б1аьргех хи даьлла. Х1усамда кхайкхина ара а ваьккхина хаьттина Мьахьмада: «Х1ун дан волу хьо кху барзана?»

«Борз ен а йийна, цуьна ц1оканах ахча даккха воллу со», – аьлла цу стага.

«Ц1оканах хьуна лун долчул сов ахча ло хьуна ас, д1ахецахьара ахь иза», – дехар дина шайхас.

Реза ца хила важа.

«Ахь боьхху мах ло хьуна ас», – юха а дехна шайхас.

«Х1ан-х1а, ца хоьцу», – дуьхьал ваьлла хилдехьаро.

Т1е куьг а хьаькхна, Махьмада аьлла барзе: «Сан карахь кхин х1ума дац. Делан кхел хилла яьлла. Дала декъала йойла хьо!»

Ткъа стаге: «Кху барзах хин йолчу санах Дала лар войла хьо», – аьлла дог доьхна д1авахна Бетаран Махьмад.

И борз йийна цу стага. Итон-Кхаьла вахана берзан ц1ока д1а а елла, ц1а воьдуш, говр къаьхкина цхьанхьа чу кхетча, гехь йоллу топ яьлла. К1есаран к1аг чу кхетта х1оъ коьртах чекх а болуш, валар хила цуьнан. Ког луьйтана чуьра схьа ца болуш, говро текхош эрча даьккхина, ц1а деъна цуьнан дакъа.

.................................................................................................

Хилдехьахь стаг д1авуллуш, кешнашкахь гулбелла нах хилла. Бетаран Махьмад кхаьчна цига.

«Шайх ву вог1уш. Хьовсалаш, х1инца ас иза 1ехош», – аьлла цхьаммо.

«Юьхь1аьржа х1уттур ву хьо, ма делахь иза», – аьлла цуьнга вукхара.

Махьмада т1е вахана кадам бина нахе.

«Кхузахь д1авоьллина сан да ву, цуьнгахь х1ун хьал ду алахь, Махьмад», – харц каш а гойтуш вист хила цхьа хилдехьаро.

«Кхузахь д1авоьллинарг хьан да вац. Кхуьнгахь дика хьал ду. Ас вуьгур ву хьо хьан ден каш долчу», – жоп делла Махьмада. Цул т1аьхьа шен ден коша т1е вигна цо и стаг.

«Кхузахь д1авоьллинарг ву хьан да, Гуьржех жа лачкъо вахча, харцахьчу (эхьечу) метте топ а кхетта вийна волу. Кхуьнгахь вуон хьал а ду хьуна», – аьлла Махьмада.

Цу стагана циггахь вуон хилла, багах чопа а беш воьжна. Иза наха айвина вехьна кешнашкара.

.................................................................................................

Хуландара Дада хилла Къоръан эца араваьлла. Эткхаьлахь иза кара а дина ц1а воьдуш, Хьаьлдана генахь йоцчу 1анк1ара олучу метте иза кхаьчча бода боьлла, дог1а а доладелла. Четара Къор1ан дог1ане даша ца дайта, букар а таь1на вог1уш хила иза. Цуьнгара хьал хиъна, цунна т1етаса истанг а эцна, дуьхьал вахана Бетаран Махьмад.

«Дада, воха-м ца воьхна хьо?» – олуш, шегара истанг цунна белш т1етесна шайхо.

«Хьаша веъна вайга», – аьлла Махьмада шен х1усамнене, Шайлига.

«Хьан хьеший-м к1ордийнера суна», – реза йоцуш йист хилла зуда.

Ша худар а дина, хьешана кхача белла х1усамдас.

«Зуда хала стаг ю хьан, д1аяхийта езара ахь иза», – аьлла Дадас.

«Ма аьллахь, Дада, иза бахьанехь делла ду хьуна суна шайхала», – аьлла Бераран Махьмада.

Шолг1ачу дийнахь Дадица Доркъалч олучу метте вахана шайх. Цигахь г1ожаца билггал йолу меттиг а гойтуш аьлла Махьмада: «Дада, хьажал, кхузахь даьтта а нехча а йоккхуш завт хир ю хьуна. Кхузахь туька а хир ю, чохь болх беш гуьржи а волуш. Цхьа хан яьлча и завт йоха а йийр ю наха. Пхийтта стаг лоцур ву. Царах цхьаберш Сибрех а бохуьтур бу. Нах дакъаза а бевр бу».

Бетаран Махьмада ма аллара Доркъалчохь завт а йина, иза 1едална дуьхьал г1евттинчу наха йоха а йина. Кхин д1а цо мел аьлларг а кхочуш хилла.

..................................................................................................

Бетаран Махьмад волчу цхьана дийнахь ши г1алг1а веъна. Цхьаммо Махьмадан к1антана ши шай делла. Буьйсана д1авижча, г1алг1ачунна дагадеъна, цу шина шайнах мачаш буха тоха ши айра дог1ура, уьш эца дита дезаш хиллера ша и ахча аьлла.

1уьйранна Махьмада ши шай шен долчу дега д1аделла.

Цецваьлла г1алг1а.

«Хьуна дагадеарий цу шина шайнах айраш ийци делара аьлла?» – хаьттина шайхо. Дагадера шена аьлла воьхначу хьешо, велха а воьлхуш.

Цул т1аьхьа мацца а юхабаьхкина г1алг1ай, Махьмадана дакъийна жижиг, нехча, атлаз, г1овтал яхьаш.

...................................................................................................

Ч1инхахь ши стаг дов а даьлла вовшах летта велла хилла. Шайх Махьмад кхаьчна цига.

«Цу шиннах цхьаъ декъала хилла, важа декъаза ваьлла. Цхьаммо шаьлта йиттина, вукхо 1иттина. Шаьлта 1отта мегаш яц», – аьлла Бетаран Махьмада. Ч1инхой цу сахьта бахана каш а даьстина, хьаьвсина. Махьмада аьлларг бакъ карийна царна.

«Ас бохучух а ца тешаш вуо ди аш и х1ума. Делах тешаш нах дац шу», – аьлла, оьг1азвахана х1ума а ца юуш, цигара д1авахна Махьмад.

...................................................................................................

Зумсара цхьа стаг веъна Махьмад волчу, ши сту байна шен, уьш мичахь лаха беза ша аьлла хатта.

«Зумсахь Кхеречу олучу меттехь маънаш юккъехь д1абихкина лаьтташ бу хьан ши сту. И динарг хьенех ву. Цуьнга х1ума а ма ала, дов а ма леладе. Хьайн даьхни ц1а дига», – аьлла Бетаран Махьмада.

Цо аьллачу меттехь стерчи кара а дина, шен даьхний а эцна ц1а вахана зумсо.

...................................................................................................

Бетаран Махьмадан ши етт байна хилла. Шен лулахо 1ума вахийтина цо цхьа стаг волчу, хьелий ца узуш ма дита, шаннаш телхар ду церан ала аьлла. Шега и хабар схьакхаьчча, бехкечо Махьмадан ши етт д1абигитина.

...................................................................................................

Б1авлочо Мурдал-Хьажас, цхьа дов д1адерзо, Б1овла вигина хилла Бетаран Махьмад. Новкъа воьдуш, Махьмад цхьана меттехь сецна. Цига т1улгаш дехкина, билгало йина цо аьлла: «Х1ара некъ кхечахьахула баккха, кхузахь д1айоьллина жима зуда ю. Цуьнан г1азот а ма дохаделаш». Дов д1адерзийна, машар а бина д1авоьдуш, лаьмнашка б1аьрг а тоьхна аьлла Махьмада: «Делла ма довла шу лаьмнаш! Цхьана хенахь, салават ала стаг а воцуш буо дуьсур ду шу, хьакхарчий а ловзуш!»

Мурдал-Хьажа вилхина: «Х1ун хир ду вайна, Махьмад?»

«Халкъ махках доккхур ду. Боккха бала буссур бу вайн махка», – аьлла шайхас.

Бетаран Махьмада билгал йина меттиг аьхкина б1авлоша. Каш карийна,чохь нур а догуш. Хазачу йоь1ан дакъа хилла цу чохь талхаза, наб кхетта йолуш санна, коьрта т1ехьа дехкина куьйгаш а долуш.

Мацца а, Мурдал-Хьажа дуьхьалкхетча Махьмада аьлла цуьнга: «Сох боккха бехк баккхийти аш и каш а даьстина. Вуо динера аш и х1ума».

..................................................................................................

Т1еди лазарх 22 я 23 шо долу воккхах волу к1ант велла Бетаран Махьмадан. Иза д1авуллуш, ша коша чу а ваьлла, д1анисвина цо. Докъана т1ехула куьг а хьаькхна Махьмада аьлла: «Са ма гатделахь, т1едог1учу п1ераскан дийнахь цхьана хир ву вайшиъ». Юьртахочо Къедара: «И ма дийцахь, Махьмад», – аьлча, – «И ган вехийла хьо, Къедар», – элира боху шайхас.

Ша ма-аллара п1ераскан дийнахь вала а велла, оцу дийнахь коша а верзина Бетаран Махьмад.

/Суьрташ т1ехь: Бетаран Махьмадан зиарт/

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.