http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


1аламан нур ду хьо... Печать Email

 

/Назма/

 

Мел дийци сов дуьйлу хьан нуьре жовх1араш,

1аламан нур ду хьо, Дала хьо ц1андина,

Х1ара дуьне дуьзна-кха беркате хьан нуьро, –

Шапа1ат ахь делахь,

Хьабиби Мухьаммад.

 

 

Вайн Делан нуьраха нур ду хьо даьлла,

Цу Макка шахьарахь Дала хьо кхоьллина,

Нур-дашо малх бу хьо х1ара дуьне хаздина, –

Тхо хьоьца дог1ур ду,

Хьабиби Мухьаммад.

 

Хьо вог1у заманаш хазъелла яьхкира,

Оршота ва 1уьйре тоелла еара,

Хьан нуьре байракхаш дуьненчу туьйхира, –

Тхо хьоьца дог1ур ду,

Хьабиби Мухьаммад.

 

Хьо вина 1уьйренаш беркате яьхкира,

Маликийн тобанех х1ара дуьне дуьзира,

Ахь къамел динера малхаца, баттаца, –

Тхо хьоьца дог1ур ду,

Хьабиби Мухьаммад.

 

Бодане 1уьйренаш хазъелла яьхкира,

Дуьненчу сов чехка хьох дийцар даьржира,

Мел мерза хьехам бу ахь тхуна бинариг, –

Тхо хьоьца дог1ур ду,

Хьабиби Мухьаммад.

 

Мерзачу набаро х1ара дуьне дуьйхира,

Тхан дегнаш тодира хьан сийлахь вийцаро,

Аренан масаро балхам бира хьоьга, –

Тхо хьоьца дог1ур ду,

Хьабиби Мухьаммад.

 

Паччахьийн цамгараш сов йийла юьйлира,

Шайн динах дог диллина, уьш арабевлира,

Т1аккха царна хиира шайн дин доха доллийла, –

Тхо хьоьца дог1ур ду,

Хьабиби Мухьаммад.

 

ДОГ1УР ДОЛУШ КЪЕМАТДЕ ДУ

 

/Назма/

 

Ладог1ийша, х1ай вежарий,

Элчанан хьадис дийца волу;

Вайн Элчано ялхийна йолу

Зама х1инца вайна кхаьчна.

 

Дейтта б1е шо зама хьалха

Х1ара далхийна Элча ваьлла,

Шен асхьабаш белхийнера,

Цара дийцинарг вайга кхаьчна.

 

Маьхьрин доцуш зуьрет хир ду,

Динан мостаг1ий кхуьуш хир бу,

Дин сийсаздеш кхайкхош хир ду,

Бохуш воьлхуш Элча хилла.

 

Ийман дериг к1езиг хир ву,

Ийман дериг эшна хир ву,

Ийман лардан хала хир ду,

Бохуш воьлхуш Элча хилла.

 

Эццахь ийман долуш вериг,

Ийманан дакъа лоцуш вериг,

И шул дукха веза шена,

Бохуш воьлхуш Элча хилла.

 

1уьйрен ийман долуш вериг

Суьйрен ийман долуш хир ву,

Дайх доьзалаш къесташ хир бу,

Бохуш воьлхуш Элча хилла.

 

Дагца ийман долуш вериг

Ийман дакъа лоцуш хир ву,

Харц хьехамах водуш хир ву,

Бохуш воьлхуш Элча хилла.

 

Вай кхоьллинарг и Дела ву,

Шапа1ат дан ша Элча ву,

Дог1ур долуш къематде ду,

Бохуш воьлхуш Элча хилла.

 

 

ХЬО ВЕЗАР ТХУНА МАРЗДЕ АХЬ

 

/Назма/

 

Делан Элча кхелхина дейтта б1ешо дуьзна дог1у,

Дела хьехор лаг1делла, дуьне лехар сов даьлла,

Элча везаш ц1е лелош, веза бохурш хили,

Адам динна дицделла, эххар зама т1е ма кхаьчна,

Хьан къинхетам сов ца балахь,

Хьо вицвала гергахь ду-кха.

 

Я-Рабби, Хьо везар тхуна марзде Ахь.

 

Везан Дела,

Хьо везаш вериг

Даг чохь дин долуш вара-кха,

Сийлахь Элча везаш вериг

Ша Элчанна везаш вара-кха,

Эвлаяаш безаш вериг

Хьарам дериг дуьтуш вара-кха

Мел дукха дин хиларх а,

Хьан дин доцург доьхна ду-кха,

 

Я-Рабби, Хьо везар тхуна марзде Ахь.

 

Везан Дела,

Х1ун дер-техьа,

Хьан ц1ена дин г1елделла доьду,

Сийлахь Элча, хьоьга кхойкху:

– Х1ара къадари беркат ду-кха,

Эвлаяаш, дина орцах шу ца довлахь,

Тхо тиларна гергахь ду-кха.

 

Я-Рабби, Хьо везар тхуна марзде ахь.

 

Везан Дела, х1ун дер-техьа,

Хьан къинхетам сов ца балахь,

Бусалбанаш бу бохурш

Хьанал-хьарам доцуриг

Хьоьгара шукра доцуш ву-кха,

 

Я-Рабби, Хьо везар тхуна марзде Ахь.

 

Лаилах1а-иллаллах1и,

Ва суьйренаш, 1уьйренаш

Хьайн карахь йолуш,

Х1ара беркате 1аламаташ

Латтош волу Дела,

Тхан дахар Хьо реза волуш,

Беркате дехьа,

Тхуна юкъахь Хьо реза волуш

Ийман тодехьа,

Х1ара дуьне дитина,

Тхо Хьайна дуьхьал

Даьхкинчу дийнахь,

Айхьа 1аламна вазвина ваийтинчу

Хьайн сийлахьчу элчане

Шапа1атан дола дайтахьа.

 

Лаилах1а-иллаллах1и, лаилах1а-иллаллах1и,

Мухьаммади расулуллах1и,

 

Лаилах1а-иллаллах1и, лаилах1а-иллаллах1и,

Мухьаммади расулуллах1и,

 

Ва тхан Дела,

Тхан дехарна жоп лохьа.

 

Лаилах1а-иллаллах1и, лаилах1а-иллаллах1и,

Мухьаммади расулуллах1и.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.