http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ГIЕНИ Печать Email

Гуьйрена цхьа 1аьржа буьйса яра арахь. Пхьор лелина пхьег1а йилина хи д1акхосса йоьду к1ента йо1 сацайо Батурас:

– Йо1, ахь х1ун хан йоцчу хенахь ведар эцна?

– Хи д1акхосса йоьду-кх, – олу йо1а.

 

– Кхана кхуссар дара иза-м. Эцца уча д1а а х1оттадай чуйола. Буьйсана хи д1акхосса ца мега...

– Йоккха Нана, суна кхин а хи чу дотта ма оьшу х1ара. Сан Асланий, Султаний кучамаш а, сайн наскеш а ю йитта езаш, – олу Разета. (Йоь1а ц1е ю иза. Шен шийттех шо бен хан яцахь а воккхий, жимий шина веши 1унал деш, чохь, кертахь г1уллакх дан хиъна ца 1аш карх долуш ю иза. К1ента йоь1а тидам бен Батура йоккха йийна а ца йолу.) – Ой, х1умнаш а юьттур ю-кх кхана. Ва Йоккха Нана, уьш кхана ишколе доьлхуш оьшур ма ю тхуна, – олу Разета.

– Астаг1пирлах1, хьо йоь1а болх. Хьажал, кертахь к1аг болчу меттигах ларлуш, айеллачу метте, бисмалл даккхий, меллаша д1а1анаделахь. Варийлахь, ластош, бен доцуш д1а ма кхоссалахь… Я собардел, со а йог1у хьоьца, – олуш, ша пхьуьйра ламаз деш йолу ц1окан т1ера, хьовзочуьра суьлха ца сацош, цкъа-шозза узар деш хьала а г1оттий, йоь1аца ара йолу йоккха стаг.

Кхано, дечу г1улкхана ша парг1ат яьллачу хенахь дагдог1у Разетна денанас аьлларг.

– Йоккха Нана, – хотту цо,  – буьйсана хи д1акхосса х1унда ца мега?

– Буьйса иза джиний, г1ени, кхин дег1 доцучу синойн хан ю бохуш а дуьйцу. Шайн хам ца беш, шаьш нисделлачу метте нех, я боьха хи кхоьссина, я кхечу аг1ор цатам бичи цара оьг1азло ян там бу. Дала лардойла вай цунах...

– Йоккха Нана, джинаш олуш-м хезнера сунна, вукхера ц1е муха яьккхира ахь?

– Г1ени.

– Х1аъ-х1аъ. Иштта ч1ог1а вуо х1умнаш ю уьш? – хаа лаьа Разетана.

– Джинаш бусалба а, керста а хуьлу. Ткъа г1енех цхьаъ ала хала ду. Цхаболчара шайт1анаш ду боху уьш. Хила там бу. Уьш адмийн вуочу ойланех хуьлу х1умнаш ю-кх.

– Йоккха Нана, и бохург х1ун ду?

– Ладог1а делахь. Цхьа к1ира хьалха, дагдог1ий хьуна? Хилдехьара Сапетера поппар хьокху белхи хилла. Дуккха адам ма дара цига деана. И санна йолчу метте вог1ург а ше-шен цхьацца ойланца ма вог1у. Цхьа берш г1уллакхна, вуьш г1иллакхна, ца бевла, карх ца доллушехь, шайн болх д1атеттина. Х1етте а, цара массара диначух Сапетарна доккха г1уллакх хилира: ц1ийна пенаш хьаьхира, тхов т1е ц1аьнкъа яьккхира.

Т1аккха, диканна лелларш а боцуш, ц1ера-суьртана лаьллачера ойланех тера х1умнаш ю бохург ду-кх и г1ени.

– Йоккха Нана, цу джинашший, г1ени бахарий ахь... цара яа х1у юу? – хотту йо1а.

– Бусалба джинаш дикчу балхах, керста джинаш вуочу балхах дузу, ткъа г1ени рицкъ адмийн синош ду, – жоп ло Батурас.

– Йоккха Нана, со кхетам ца кхета. Ахь цхьа тамашийна дуьйцу.

– Муха ца кхета? Хьо ца кхеттал тамашийна дуьйцу ас? Дика ду х1ета. Хьажал, Сапетарна динарг дика г1уллакх дарий?

– Дара.

– Цу дикчу г1уллакхо вуно дукха бусалба джинаш дузийра. Ткъа белхе ца кхайкхича а бахка декхар доллушехь ца баьхкинарш а бара. Керт, некъ бен юккъехь доццушехь куьг бехдеш поппаран карчолг айина г1о ца дина лулахой а бара. Цу неха г1иллакх дацаро керста джинаш дузира.

Стагехь г1иллакх ца хиларал доккха вуон х1ума дан а ма дац.

Белхи а баьхкина – «эхь, сан юкъах диснарг; хьажахь, ма ваха везаш вара со; цхьа бахьна лехна ца вог1уш висан велар со» бохуш, я кхечу цу басахь ойла кхобучу неха синоша г1ени дузадо, – дуьйцуш, йо1 кхето г1ерта йоккха стаг.

– Йоккха Нана, цу г1ениша синош ца дуу нах бан а буй, – шена хезначух цецъяьлла Разет.

– Дера бу, дера бу. Х1ора юьртахь мел к1езга виъ стаг хуьлу боху, нахана я царна шайна хаа а ца хууш. Эвлияаш олу царах. Царах цхьаъ мукъане воцу юрт ч1ог1а кхераме лору дешна наха. Къаьсттана царна гондхьа хьийза дукха г1ени. Массо а хьолехь уьш зуьйш, х1уъу дина а цаьргара цхьа вуон ойла яларе сатуьйсуш, церан синна т1екхача некъ лоьхуш. И некъ ца карош к1елдисча г1ени х1аллак хуьлу.

Дала лардойла вай г1илкх дацарах а, вуочу ойланиех а.

Д1аяло, сада1а хьайна. Вайна хан яьлла, хьан 1уьйрана г1атта еза, – олий, чекхдоккху йоккхачу стага шен къамел.

 

 

Кечйинарг ­ Кадиев Рауслан

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.