http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Стихаш Печать Email

Баби йиш

 

Малх, малх, хьо ма хьежа,

Корах чу ма хьежа,

Баби йо1 цхьаъ бен яц,

Ша хьуна гойтур яц.

Шен йо1 мел хаза ю,

Ахь бате дуьйцур ду.

Седаршна хезар ду,

Уьш т1аккха доьлхур ду,

Шен йо1ах хьоьгур ду.

 

Мох, ахь кор ма детта,

Суна не1 ма етта.

Баби йо1 цхьаъ бен яц,

Хьуна а гойтур яц.

 

Хьан некъаш дукха ду,

Ахь нахе дуьйцур ду.

Нах кет1а х1уьттур бу,

Дехарш дан оьхур бу,

Шен баба хьийзор ю.

 

Д1айижа, д1айижа,

Баби йо1, д1айижа,

Д1айижа, д1айижа,

Диканиг, д1айижа.

 

 

 

Иштта а хуьлу тидамаш

 

 

Сих-сиха новкъахь машено дарцаш тохар – гуьйре т1екхачаран билгало ю.

 

Ц1ахь дарс ца 1амош ишколе ваханчуьна некъ ца нисло.

 

Ца хууш цициган ц1оган т1е куог балар – кхеравала ду.

 

Куог шершана 1ам чу вожар – ц1ахь лийчина хилар ду.

 

 

 

 

*    *    *

Дехачу шен ц1оганах

цецйолу тиекхарг,

Олу цо: «И х1ун ю

суна т1аьхьа тиекхарг?»

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.