http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Бер кхиор нохчийн доьзалехь Печать Email

Зара Шатаева

 

 

Лаьмнашкахь 1ер-дахар даима хала хилла.

Ц1ийнан дукъ д1акхехьаре дукхахьолахь зудчунна т1ехь дара: хи дар (ирхенаш йохуш), ков-керт лелор, и.д1.кх.

Бера кхетош-кхиош а, дукхахьолахь, нана ю. Ц1ент1ехь йоь1ан, к1ентан декхар а  шен-шен ду. Нуй-горгам хьакхар, чоь ц1ена латтор, ага тахкадар, вешина т1аьхьара г1уллакх дар, и цул жима велахь а, и ларар – йоь1ан декхар ду нохчийн доьзаллехь.

Йоь1ах жоп нанас луш хилла. Шен аг1ора, дас дукха хьалхе к1ант ц1ийна хьашташна кечвеш хилла: мангал хьакха, дечиг даккха, даьхни 1алашдан..

Ворх1 шо кхаьчча дуьйна берана ламаз дан 1амош а,  и дар т1е  дожош а хилла. Стаг чувеача хьалаг1атта, воккханиг вог1уш некъ бита – и дерриге кхетош-кхиоран ламаст ду.

Жимахверг хьостуш 1едал хилла, дада кхобун верг, нана кхобун ерг  ву х1ара олий. Жимахволчунна жима волуш дуьйна дагчу дижош хилла цуьнан декхар, баккхийчу вежаршна хьоьхуш хилла, уьш шайна бевлла охьахевшича а, церан да ваьхна керт юйла а, жимахчунна г1о дан дезий а.

Шемалан заманахь пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа  к1антана зуда ялор т1едожийна дара. Вайн Нохчийн 1едалехь зуда мелла а т1аьхьо ялош хилла, к1ентан 21 шо кхаьчча, зуда а, доьзал а кхаббал хиллачул т1аьхьа. Пхийттара яьлча нехан ц1ент1е яла езаш хилла йо1 а Шемалан омарца, амма вайн г1иллакхца дог1уш дерг йо1 «даь1кан т1ум хиллалца» бер лоруш хилла.

Йо1 кхиъча нанас хьоьхуш хилла цунна  нахаца лелон деза г1иллакх.

Жимчохь хьехнарг беро д1алоцу, доккха хилча т1аьхьа хуьлу.

Вайн дайн кица а ду-кха: «Серах ца бина х1оз хьокханах балур бац».

Иштта, оцу кеппара, кхетош-кхиош хилла вайн дай-наноша доьзал.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.